Нисделлачун дай бовлу, галдаьллачунна бехкениг лоь

2005 шеран тIаьххьарчу деношкахь зорбане довлу Кацаев Сайд-Хьасана гулдина «Дудаевх лаьцна» (халкъан дийцарш). Адмаша муьлххачу а куьйгалхочух йа хьаькамех лаьцна дохуш долу беламе кегий дийцарехь, эххар анекдоташ, забаре дийцарш хуьлий дIадоьлху. Ишттачу дийцаршкахь, вайна моьтту, халкъо, цхьана ша стагах лаьцна дуьйцуш хилча, веккъа оцунах белархьама уьш даьхна. Иза бакъ дац. Къомо, шен гIорасизаллица доьзна собар, ша цхьана муьрана Iехадаларан гIалатлонаш, оцу беламе ваьккхинчу «турпалхочух» хьерчаш хиллачу «шуьнан йа текхан накъостийн» эгIазе «хьуьнарш» цхьаьний гучадохуш, йемалдо. Кацаевс халкъан Дудаевх долчу дийцарийн «Дешхьалхенехь» нохчийн маршонехьа болу болам йуьххьера дуьйна ца бийцина. Амма вайна хаан декхар ду, Нохчийчоь маршонан гIаттамна хьаьхна айайалар Горбачевн перестройкера дуьйна схьа дуй, халкъан «фронтийн» боламна тIера  (Бисултанов Х-А., Салигов Л., Яндарбиев З., Удугов М. кхин берш а партеш, боламаш кхолла хIиттича). Цул тIаьхьа хуьлу Нохчийн къоман конгресс 1991 шарахь. Цигахь вевзира, Кацаевс йаз ма-дарра, инарла Дудаев Джохар Мусаевич Нохчийчоьна. Вайн къоман конгрессе хьешан цIарах кхайкхина велахь а, инарлас цигахь майра диначу къамелца вайн къоман «тхьамданийн», хазачу хабарех Iехабала кийчачу «патриотийн» а доьналлин шовкъан хьал асаре далийра. Со хилла цу конгрессехь Джохаран къамеле ладоьгIуш, делегатан цIарах. Оцу конгрессера дуьйна денйелира, ширйелла лаьттина «Маршо йа Iожалла» боху лозунг, цигахь ала долийра, дуьххьара: «Тхо цкъаъ а цхьаннна а къарделла совцур дац, Iожалла йа маршо – шиннах цхьаъ йоккхур йу» боху илли гимнехьа дерзош. Цигахь далийра къам ир-кара хIуттуьйтуш, йохье доккху дешнаш: - Шен кочара лолла дIадаьккхина, марша вала ца гIерта лай, шозза лоллина хьакъ ву!-  Вайн санна йахь йолчу къомана, йуьхь йагош, Iоттар йара оцу дешнаш чохь. – «Шен лоллера дIадала ца гIерташ долу къам, шозза лоллина хьакъ ду», - бохуш санна хIоранга. Иштта дегабаамаш, оьгIазло вайн къоман дегнашкахь йиссал Россин Iедало лела йинера харцонаш вайна тIехь. Конгрессан шозлагIий, кхозлагIий этапашкахь, харца доьллачу советан Iедало хецна йитина, Нохчийчоьнах, зингатийн туьйлиг йа сагалматаш санна, дийнахь, буса митингашкахь адам сийсаш пхьоьханаш лаьттара. Къамелашца вовшен марса дохуш, даар, малар, гIовттар, дийшар Соьлжа-ГIалин майданашкахь долуш, вай имам вира Джохарах. Ткъа цо, ша романтик хиларе терра, кегий бераш санна, хазачу хабаршций, Нохчийчоьнан хиндолчу дахаран туьйранийн суьрташций, къонахаллин кхайкхамашций, «АллахIу Акбар» бохуш, дерзош дара берзалойн амале. Амма вайна, вешан имам-инарла, керла бевлла къоман баьччанаш Нохчийчохь шайггара лелаш цахилар тIаьхьо бен гуча ца долу. Уьш, ССР йохо, цул тIаьхьа Росси Iанайахийта гIертачу цхьана ницкъанаша ир-кара хIиттийна нах хилла. Цунах лаьцна дика дуьйцу Келиматов Ахьмада «Чечня в когтях дьявола или на пути самоуничтожения» цIе йолчу книги чохь (ша хьалхарчу тIеман оппозицина йукъахь декъашхо хиларна, спеслужбийн кехаташна тIекхача аьтто хиларна). Вайн къоман маршонан боламна хьалхабевллачара, халкъана марзвеш, Эстонера цIаверзийра Дудаев Джохар. ТIеман инарлина чул хьанна дика хуур дара Россин эскаран хьал? Ткъа цо дийцарехь, Росси чIогIо дIататта меравала стаг воцуш, йахкайелла пачхьалкх йара. Цуьнан кеманаш, танкаш, ракеташ, кхин долу герз нохчийн доьналло аьтта д Iайохур йолуш хIумнаш бен йацара, уьш-м шо кхаьчначу беро ягор йолуш яра. – Нохчий – Дала хаьржина къам ду. Дала тIамна кхоьллина бу нохчий! ХIокху дуьнен чохь дац нохчашца доьналла, майралла, яхь, оьздангалла къовса кхин къам. Вайн Дайша кхаа бIе шарахь тIом бина Россица… Ислам – вайн байракх йу. Вежарий, йижарий! Марша боккхур вай вешан мохк! Ишштта бу Делан лаам. АлхьамдулиллахI! Дала сий дойла шун! - Кацаевс шен дийцарийн дешхьалхенехь далийна Дудаевн митингехь диначу къамелан дешнаш шайн чулацамца, хотIца.  И къамел, немцойн къам тIамна кечдеш, Гитлера Германехь дийцинчух тера догIуш ду. Хайль Джохар, тIеалар бен, оьшуш хIума доцуш. Оцу къамело гойту Дудаев дипломатин говзаллица йаккхийта воллуш ца хиллий нохчийн къоме шена маршо. Иза хир болчу тIамна, нийса аьлча-м хIаллакхиларна, къам йукъатосуш къамел ду. Россина тIамца дуьхьало йан вайн ницкъ боций-м къомана гуш дара. Амма маршонан боламна коьртехь инарла хилча, наханчул тIеман хьал цунна девзаш хилча, нохчашна моттара, Дудаевн, Россега вай дIахецийта, шех дIакъастийта, цхьа къайле йу. ТIе вайн цхьаболчу махкахошна инарла, кIайчу дийнахь, вукхарна кхечу куьцара, Далла тIе некъ беш ма гора сих-сиха. Цундела, маршо вай йоккхург хиларх, шеко йацара оцу митингашка марзбеллачу нехан. Ткъа вайн толамах шекберш, уьш мунепикъех йа оппозицех дIатоьхнера гIовттамхоша, байина дIабаха хьакъбеш. Цхьаболу нах шайн гIорасизалла гуш, оцу гIуртана цукъа ца гIерташ, шайн цIахь Iаш оппозицехь бара, шина декъехь митингаш дIакхоьхьучарна дан хIума доцуш. Оцу хенахь, шайн сил дукха Iедалан даржаш дезначу наха Россин эскар Нохчийчу доьхура, Дудаевгаьргара гIенташ схьадаха, Кацаевс ма-дийццара дешхьалхенехь. 1994 шеран Лахьан (ноябрь) баттахь даржашка кхийдачу оппозицино федералийн танканиш Нохчийчу ца йалийнехьара, къам тIамна ца гатта там бара. Ткъа тетина эскар тIамца деана схьахIоьттича, къам ша болийна маршонан некъ ларбан, дерриг бохург санна, герзе кхевдаш гIаьттира 1994-1996  шерашкахь. Оцу тIамехь вайн махкахь далун зенаш, талолраш дина, Россин тIеман партин цхьа сане Iалашонан планаш кхочушйина, оьрсийн эскар Нохчийчуьра, ша эшна сурт кхуллуш, Хасав-Юьртахь машаран барт бина сурт х1оттош, араделира. Вайн куьйгалхой толаман синъайамехь шений-шений Нохчийчоь йекъа, йадо, тало буьйлира, керла каппаш йугIуш, хIорамма шен долахь. Вайн махка дуьненан массо маь11ера зуламхой, талорхой, къуй, Россин дозанашкахь цхьа дуьхьало йоцуш (вайн доза-м бIон некъахь бен лардеш дацара, - иза йал йаккхархьама таможнин цIарах). Оцу арахьарчу зуламхойх, вайн набахтешкара арахецначу, вайн махкарчу жоьлгех, шена тешаме го бира Ичкерин Iедало, нохчийн къам шена ма-луъу хене дала дуьтуш. Болх, алап, пенси, пособи махкахь хьехор дихкира. Нах хьонкех, ниттех, хьаьмцех йа къоланах, йа базар лелорца хене бовла безаш бара. Ткъа Iедалехь берш, герз карахь дерг массо завод, техника, нефть, металл дIадухкуш вара, моьттар дара Нохчийчоь кхечу планети тIе кхелхина дIайаха кечлуш йу. Цундела дара халкъалахь лелаш цхьа декъаза кица: «Къонах волчо – сатоха, борз йолчо – катоха». Оцу хьолехь долу къам лаахь, ца лаахь катохаре, сатохаре декъало. Бан болх боцуш, дIасалелар маьрша доцуш гатделла къам катохаре доьрзура. Делахь хIинца дегайовхо йайна йацара къоман доккхах долчу декъан, Россис вай марша довла дитахь, вайн махкахь нийсонан, беркате, ийманехь пачхьалкх хирг хиларх. Амма тIеман марсаллехь, цхьаболчара вийна бохуш, вукхара, дIавахана, вай тIеман цIерга тийсина бохуш, тахана вайна ма-дарра хууш хIума доцуш, Джохар къайлавелира, цуьнан шен вежаршна йа цIийнан нахана гина дакъа доцуш. Дуьххьарлерчу тIеман кхаа шарахьлера вайн фольклор схьагулйича, Дудаевх, Масхадовх, Басаевх, Гелаевх, Ханкаровх, кхечарах а лаьцна, дуккха иллеш, легендаш, назманаш, эшарш вовшахтоха материал гуллур йара. Уьш адамаша оцу тIамехь схьалаьцначу агIонехьа хьаьжжина хуьлу (позицига хьаьжжина) йа уьш хестош, йа йемал беш. Вайнаха, хьалхаваьлла стаг шайна жимма тамехь дерг шегара долуьйтуш хилахь, ларво, амма жимма цатаме валахь - бехво. Лаккхарчу тIегIанехь Iедалан балхахь волу стаг хесто сихло цунна гонах хIиттинарш, амма и шаьш дIатесча, цуьнан мостагIашца тан сихло. Иштта ду-кх дахар дуьне долмийчхьана. Дала, йекъа дика амалш бен адмашна ца йовзуьйтуш, вай кхоьллина хиллехьара, Иблисана бан болх хир бацара, къаьмнаш тIемаш, къийсамаш, йамартлонаш, къизаллаш йоцуш ирсе дехар дара. Амма Дала лаам, кхетам адмашкахь шайгахь битар бахьана долуш, ду вай Делан ийманан дозанаш дохийна лелаш. Цундела дуьненан дахарна гIоле йолу агIонаш лоьхуш, эхартан ойла кIезиг йеш бу вайн, адамийн, кхетам, лехамаш, деш долу гIуллакхаш, вай йуьтуш йолу дахаран лараш.
Оццу дахаран философи тIехь кхолладелла халкъан «Дудаевх лаьцна» дийцарш ду-кх. Кхин дIа вай дуьйцун дерш а. Дерриг ткъе итт дийцар ду Кацаевс шен гуларехь далийнарг. Уьш дешча вайна го халкъо Дудаевх лаьцна бина тидамаш. И тидамаш, берриг  бохурш санна, инарлин сакхте, беламе, ша, «шен го а» цо нахана хьалха сийсазалле ийзочу амалех, леламех васт хIоттош, нисделла авторан. Мел хилла дика хIума шеца доцуш хуьлийла йац цхьа адам. Цундела, Кацаевна каро деза Дудаевх диканиг дуьйцуш долу халкъан дийцарш а. Цунах тешна ца хиллехь-м, оццул ницкъ цунна тIаьхьа хIуттур бацарий. Инарлин доьналла ган ма деза дийцаршкахь халкъана, цо тIаьхьалонан ойла йеш цахилар, нохчийн къам маршонан сагIийна ах сов хIаллакьхиларх иза шек цавалар а. Дудаевн васт кураллехь, накъостех, къомах цавашарехь, шен хьекъалх тоам бина, моттаргIанашна тIехь политика йан гIертарехь, го халкъана. Доцца аьлча, къомана мила ву, муха ву а ца хуу Дудаев, йеккъа шайн тобанан Iалашонна (Яндарбиевс, Удуговс, Арсановс, Умаровс, Сосламбековс, Гонтамировс и.дI.кх.) нохчийн къомана тIамна хьалха ваккха советски инарла, оьрсийн къоман нуц, нохчийн гIиллакхаш, дин дицделла волу баьчча – массо агIор къагош дIахIоттийра нохчашна хьалха, тIе дукхах долчу къомо дика тIе ийцира иза йуьхьанца, тIаьхьо оппозицехь севцначара тIехь.
Кацаевн дийцаршкахь инарла тIеман ойланаш, суьрташ, планаш, омаран буьйраш, бIехочун меттан терминаш коьрте хьийзаш стаг ву. Цунах тамаш бан  оьшуш дац, тIомах дерг Дудаевна Iамийна, цуьнан къайленаш йовзийтина, иза цуьнан корматалла, карабирзина баьлла болх бу. Цундела иза даима оцу шен белхан Iаламехь, тIеман аренашкахь ша гуш ву. Цунна масаллаш ду далийна шортта. «Инарла» дийцарехь лаьмнийн Iаламе ша садаIа вигча, шен накъосташка олу Дудаевс:  - Iийтта! Деллахь, тIом бан ма дика меттиг йу хIара!–  «Жоьлгаш» дийцарехь,  цхьаммо шега къайлах: - Жоьлгаш гонахара дIайаха хьайна,- аьллачунна Джохара коьртах пIелг тоьхна, хаьттина: - «Муьлха бара иза?-  ПIелг кхеттачо шега: - Ца хаьа,- аьлча,  Джохара: - Суна хIун хаьа, царах жуьлиг муьлхарниг йу? – аьлла.
Шена гонахара дIа ца бовлуш, ша болх бан ца вуьтучу «хьаьжошна», баккхийчу нахана  аьлла цо, Кацаевс далийначу дийцаршкахь: - Деллахь, со-м болх бийр болуш ма вара, и матросаш (песашна, чалбанашна, куьйнашна тIетийсина, матросийн лаба йоцчу т1апанашна санна, лентанаш хиларна – авт.) шайн-шайн цIахь IадъIахьара. – Кхечу дийцарехь уьш цIахь Iайта, Джохара телевиденихула ша дIакхайкхадо: - Дала шайна тIедиллина кхо ламаз деш, шайн цIахь Iахьара уьш, ма доккха гIуллакх дора-кх цара.–  Джохар, нисвеш, йуххехь Iачу Зеламхас, къайлаха муьшка  йеш: - Кхоъ даций уьш-м, пхиъ дай, - аьлча, Дудаевс: «ОйхI, пхиъ делахь кхин дика ду-кх. Пхиъ… Шийтта… мукъа хан кIезиг хир йу-кх, - вайн меркIел ца хьийза, иштта чекхдаккха догIура и къамел а. Бусалба динца йолу само ишттачу ладамехь, тидмаллехь долуш волчу шен президентан васт экама, сийлахь, деза хIума доцуш халкъана гуш хилча, мича дикачу балхе сатуьйсийла йу къоман бохуш, маьIна ду Кацаевс гулдинчу дийцарийн. «Билгало» дийцарехь корреспондента: - Господин президент, пачхьалкхан билгало йолу борз йижина хIунда йу шун, эр дарий ахь? – аьлча,, Джохара, дозаллица: - Дала тIе ма доуьйтийла иза хьалагIаттар! – жоп ло. «Борз, газа а» дийцаро гойту, мил-милла ца хиллий берзан даржана (статусна) къобал веш, Джохара, цуьнан гоно а. Цундела, оцу дийцаран катоха араваьллачу пекъар-турпалхочунна (садетта кIорда дина), тоьпаш тоха аьлла инарлас. Борз хила гIоьртинчо аьлла: - Хьо къонах велахь – сатоха, борз йелахь – катоха, ца аьллера ахь? -  –Хьо борз хиллехь, ка тоьхна, дIавахана хир вара, хьо, газа санна, вежаш Iа. Тоьпаш тоха, - чIагIбина сацам президента.
ХIора дийцарехь далийна Джохаран дешнаш – афоризмаш, чIичI-аьллачу кIентийн жаргонан аларш, кицанаш, дешнийн цхьаьнакхетарийн кочарш: «Цициг – мекхаш дац! Кеманан тIемаш ду», йа «Кеманаш хьена ду-м хаац, бомбанаш-м вай хир йу». Шен баже Завгаев Доккега телефонехь аьлла боху Дудаевс: - Докка хьан хIун ойла йу? И вайшиннан стунцахой кхачийна волуш ма лаьтта вайшиъ?–
Хьуьнчохь Iаламо луш долчу рицкъанах, хене вала гIерташ волчу шина пекъаре аьлла инарлас: - Хаац, ас аьлларг деш хIокху йоккхачу Нохчийчохь шуьшиъ бен гина-м вац суна.–  Шен накъосташ тешаме цахетарна, ша болийначу тIеман чаккхе ледара гарна боху: - Аслан, вай довдучу далахь (тIамехь эшна – авт.), ас-м сан мекхаш дIадошур дара, Зеламхас маж йошур йу. Хьан лергашна хIун дийр ду вай.–  Я –Эвлийааша бийцина тIом хIара бацахь, ма кидняк йу-кх хIара.– Дуккха беламе хIумнаш ду халкъо Дудаевгаьргара дийлина гучудохуш, шена иза ма-варра вевзаш вуй хоуьйтуш. «Тезетахь» дийцарехь, Зеламхас шена хьехна тезетан доIин дешнаш дицлой, Джохара, деанна тIе кхаччалц шен дагахь дагара дой, «патихьат» олучу меттана: – Огонь, - олу. Ткъа вертолет «лато хуур дарий хьуна» аьлла, шега хаьттича, –Iункар а дерзийна, цуьна беранца хьажкIаш-м хьокхур йара,– ша, латор-м стенна дийцара, аьлла. Шен эскарх бIаьрг тухуш лелаш, тIемалойн цIераш хоьттуш, шена «Борз-Iела», «Лом-Iела» цIераш йохуш хезча: –Хьажал, уьш йу хьуна къонахийн цIераш,- кхоссар йо. Нохчийн къомо исторехь даима даьхна шайна хьалха бевлла леллачу къонахех дийцарш, иллеш, назманаш, узамаш, сардамийн бист кхаччалц. Доьналлица, халкъах дог лазарца, чекхбелллачех дикачу цIарлах бисина иэсехь дагалецамаш, ткъа ледарлонаш алсам йийлинчийн сакхташ йемал деш буьйцу къомо. Дудаевх лаьцна дийцарш кхин дохур ду наха, замане хьаьжжина цуьнан керла агIонаш къагош. Амма иза ма-варра вийца цуьнца хьирчинчарна бен хуур дац. Кацаевс, кхин болчу авторша ма-дийццара, Дудаевца Iедал къуьйсучара (уьш нохчий бара), кхайкхина, оьрсийн эскарш чу далийра, къоман ойла ца йеш. Къам шена маршо йезарна, шен мохк ларбеш тIам кIел сецира. ШолгIа тIом Дудаев йукъахь воцуш, вайн баьччанаша вовшашца имамалла къевсина, ца дендолчу хIуманца ДегIастана воьду Басаев саца ца вина, йуха шолгIачу тIамна Нохчийчу кхайкхина схьадаладо оьрсийн эскар. Тхьамданаша шайна йукъахь, къомана йукъахь барт цабар бахьанехь, баьккхина баьлла маршонан толам хIаллакьбира. Уьш къоман иэсехь Дудаевл а вочу востара буьсур бу. Дала гечдойла Кадыров Ахьмад-Хьажина, шена тхьамданийн барт бацар, уьш бекъабалар, царна Нохчийчоьнан, цуьнан къоман маршонан бала къезиг буй хиъча, велира Ичкерин Iедална, оппозицин боламна, уьш (позици-оппозици) вовшех лоьтуьйтучу оьрсийн «тIеман партина» дуьхьал. Масех декъе къам декъначу тобанийн политикина дуьхьал, тIом гуттаренна вайн махкара дIабаккхаран, нохчийн къам гулдаларан некъа хьовзийра халкъ Ахьмад-Хьажас. Цо тешийра Москвара Iедал, Россин Президент Путин В.В. а Нохчийн къам Россин хIинццалцлерчу политикаша, тIекхийдочу харцонаша, кху махкахь лелайойтучу хьарамлонаша, дахаран гIелонехь ша латторо  бIаьрзе дина герзе кхийдина. Амма ша нийса накъост лерина, Россис шеца барт бахь, нохчел тешаме доттагIий нислур бац цунна, мел лехарх а. Ахьмад-Хьажас дечу къонахчун къамелах тийшира Россин Президент. Цигара схьа вай бийриг нийса некъ бу дендала, даха, тардала дуьненан къаьмнашца мегаш. Къомана маршо йоккхуш хеназа дIакхелхинчу Ахьмад-Хьажех (Дала гIазот къобал дойла цуьна) цуьнан некъаца къахьоьгуш волчу цуьнан кIантах, Рамзан–Хьажех лаьцна а дохур ду дицарш махкахоша. Везачара хастаме агIор, ткъа ца везачара – Iаьржачу дегнийн кIурз иэбина дийцарш. Вай, тахана къоман, мехкан а бала мел берг, Кадыров Рамзанан накъостий хилла дIахIитта деза ша вол-волчу меттахь, гечехь, балхахь. Вайна хIинццалцлерчу исторехь нисделла дац, иштта 1едал, къоман оьздангаллина, культурана, дешарна, нохчийн маттана, бусалба динна бала кхаьчна, шен накъосташка, доьзалшкара дуьйна махкахошка, Iедалан белхалошка а нохчоллехь нисдала деза бохуш, куьйгалхо. Нохчийн къам цхьаъ хилла дендала деза гIиллакх-оьздангаллин дозанаш шайн чуьра дуьйна нисдеш, Iедалан коьрте кхаччалц цIанлуш. ТIаккха бен вай сий-ларам айалур дац гонахарчу къаьмнашлах. Дешарой, вешан маттахь культура, экономика, Iилма, политика кхиарой бен дийр дац вайх, дуьнено лоруш къам. Кацаевн дийцарша вайна дуккха дIадевларш карладоху. Дудаевн цIарах делахь, вайн сакхташ, гIалатлонаш, кхачамбацарш, Iехадаларш а, ледара амалш Iорайоху оцу дийцарша. Вайна хIоранна ойлайан, шен хилла синлехамаш нисбан йа чIагIбан гIо дийр ду Кацаевн «халкъан дийцарша». Уьш деша атта хир долуш, чолхе философин маьIна леха дезаш доцуш, садоIучу миноташкахь шайх пайдаэцалур болуш, сюжет йоцу миниатюраш йу. Дудаевн, Масхадовн заманах хIинца вай истори хили, оцу замано шен дика, вон тIеIаткъамаш бина къоман кхетам кхиарехь (Дала мукълахь, и кхеташ), лакхабаккхарехь, вайна дахар, ваьш мелла кIоргера довзийтарехь а. Оцу агIор Кацаевн дийцарша вайн къоначу тIаьхьенашна нохчийн къоман хьежамехь, муха сурт дисина шайн тIаьамданех лаьцна, хаан гIо дийр ду. Дала кхин туьре кхийда имамаш ма лойла вайна, хьекъале, собаре, иймане, беркате, къоман, мехкан ирсе, адмалле, нийсоне кхийда болу къонахий эшна де ма гойтила Нохчийчоьнна.


Рецензии