Халонаш эшош кхочу къонахчун дарже

ДЕШХЬАЛХЕ

Иза дара 1851 шо чекхдолучу хенахь. Лахьан (ноябрь) беттан шийлачу суьренца, баго болийначу гIийн кIур чуьра буьйлуш йолу, маьрша йоцчу нохчийн йуьрта, мурдашца чукхочуш вара Хьажа-Мурд. Иштта дIайолайо Л.Н. Толстойс шен роман «Хьажа-Мурд».
Дуьненна а вевзаш волчу оьрсийн йаздархочо йуьйцуш йолу йурт Бас-хица, шира нохчийн аре йолалучохь, йиллинарг ду доккха вайнехан чермойн тайпа. Оцу тайпанан туш хилла лаьттина, Сулейманов Ахьмада шен «Нохч-ГIалгIайчоьнан топоними» цIе йолчу жайни тIехь дийцарехь, Чермойн лам. И лам Хулло-хица йолчу Хорача эвланий, Бас-хица йолчу МахкатIе эвланий йуккъехь Iуьллу, къилба-малбузенций, къилба-малхбаленций. Дукхе-дукха ширачу заманашкахьлера адаман дахаран билгалонийн лараш йисина оцу ломан лекхачу басешца, баххьашца а археологически талламаш биначийн тоьшаллашца. Дахаран хьелийн халонаша, тIе Россис Къилбаседа Кавказ дIалаца болийначу колониальни тIемаша а, кхидолу нохчийн тайпанаш санна, чермой а шайн туьшара, Чермойн ломара, шерачу аренга бехира. Геннарчу заманашкахь шайн-шайн тайпанийн мехкашка бекъабелла баьхна нохчий, гондахьара тIелетачу мостагIаший, тIе шайна йукъахь Iитталучу Iотта-баккхамаший балош, вовшашна йукъа детташ долу дозанаш дIадаха дезаш хиларан кхетаме балийна, цхьа нохчий хилла ца дахахь, мостагIаша декъаделла къам шайна кIел хьарчориг хиларх цхьа а шеко ца йуьтуш.Тайпанашка декъаделла даха таро цахилар къеггина гучуделира Россин геополитикин Iалашо Кавказехьа йирзина, шен эскарш чулоьхкуш Мазлакера ГIизлара кхаччалц, Теркаций, Соьлжиций шен чIагIонан гIепаш йахка йолийча. Оцу муьрехь гIевттинчу мехкан тхьамданашна хууш хилла тайпанийн, Мехкан кхелан институтан а арахьара тIамца тIегIерташ болу ницкъаш йухатоха кхачам болуш цахилар. Цундела болало, Делан лаамца, нохчийн къомах бусалба динан идеологин байракх кIел цхьа къам деш, кхидолчу Кавказан къаьмнашца цхьаьна бусалба умматан пачхьалкх кхолла дагахь, шайх Мансуран, Таймин Биболатан, ГIеза-Махьмин, Шемалан а боламаш. Оцу кегайеллачу заманашкахь Мехкан кхелан чIагIо хаьрцира, тайпанийн дозанаш дуьйхира, уьш иэделла, нохчий цхьа кьам хиларе дерза дуьйлира, амма таханлерачу дийнахь а хилла даьлла дац.

                МАХКАТIЕ
                1
Пешхойн ломан хьаьвхехьара схьадаьлла Бас-хи ширачу нохчийн аренга шен паргIатчу боларе долучу аьрру агIонан бердаца йаьржина Iуьллу МахкатIе цIе йолу йурт. Иза йиллина чермоша. Оцу йуьрта берзале уьш баьхна шайн цIарах болчу лам тIехь. Чермойн лам вайн мехкан къилба-малхбузера хьаьвха-малхбале баьржина Iуьллу Бас-хиний, Хулло-хиний йуккъехь, малхбалехь Хорача, малхбузехь МахкатIе а дозанийн шиъ шу а болуш. «Нохч-ГIалгIайн топоними» цIе йолчу шен жайни тIехь Сулейманов Ахьмада, Iилманчийн талламашна тIе а тевжаш дечу тоьшаллица, дукххе -дукха хьалхалерчу заманашкахь дуьйна а даьхна оцу Чермойн лам тIехь адамаш. Амма тайпа дебаш, доьзалш мелла а алсам буьйлуш, тIекхуьуш, дахаран хьелаш халонга довлуш хийцаделча, чермой оцу лам тIера шерачу аренга дIасабаржа хIуьтту, дуьйш, дерзош латтанаш долче гIоьрта Бас-хица охьанехьа.
Сулейманов Ахьмада шен жайни тIехь МахкатIе йилларх лаьцна далийна цхьа шира дийцар ду. Имам Шемалан заманахь Шемална шен пачхьалкхан (Имаматан) кхерам боцчу кIоргенехь говраш, кхидолу даьхни кхио а дика дежийлаш долуш, мостагIийн карадахарна кхераман шеконаш а йоцуш, къайленгахь меттиг йезаш хилла. Цундела имама чермошна Бас-хица шерачу арахь шайна керла йурт йилла, меттиг луш, бакъо йелла. Чермой, оцу меттигна реза а хилла, лам чуьра охьакхелхина. Уьш кхелхина охьабогIучу хенахь шайна дуьхьала богIуш нисбеллачаьрга цара олуш хилла: «Тхо керлачу махка тIе дIакхелхина доьлху». Чермоша шайна дуьхьала нисбеллачаьрга луш хиллачу жоьпах кхоллайелла, тахана а йолуш йолчу йуьртан цIе – МахкатIе. Оцу дийцарехь вайна мехала дерг ду имаман лаамна нах дуьхьала гIерташ цахилар, цуьнан буьйр кхочуш деш хилар а. Цул сов адам Шемалан заманахь шайн тайпанийн туьшашкара тIеман хьелаша бухдаккхарна иэдала долар,  бусалба динан бух тIехь цхьана къоме дерзаран новкъа далар, тайпанийн Iадаташна тIетевжина йолчу Мехкан кхелан тIеIаткъам кхоччуш бохар, цхьана Iедалан низам кIел дерза дезаш йа хIаллакьхила дезаш хиларан къастаман дозане кхачар. Оцу хьоло адамийн йукъараллин бакъонаш, декхарш лардаран агIо Iедалан (бусалба хуьлда йа кериста паччахьан хуьлда иза) карахь йита йезаш, дерриге тайпанаш цхьа къам хилла, мохк, Iедал, законаш массарна цхьаъ долуш, дахаран къепе дерза дезаш дара. Шемалан омранца йа дехарца делахь, йа дацахь а, амма  чермой оцу МахкатIе йуьртахь баха-м ца буьтура сих-сиха, цIоз санна, тIелетачу Россин паччахьан эскарша.
1832 шарахь итт эзар мохкдIалацархо йукъахь волчу эскарца Орга, Марта, Бас хишца йолу йарташ йохош, йагош чекхвелира инарла Розен. Оцу йохийначу йарташна йукъахь йара хIетта чермоша йилла йолийна  МахкатIе а.
Чермойн лам тIехь даха хаарх, чермойн тайпа схьадаларх лаьцна а ду шира дийцар. Шайн тайпа схьадаьлла бух чермоша Маьйста лоруш йу. Маьйстара меттахбевлча Нашха кхаьчна хан йаьккхина цара. Ткъа маьйстхойн шайн схьабовлар гуьржехарчу пхьой (хевсураш) олучу къомах долуш бу. Цундела чермоша, шаьш Маьйстахь бух болуш ду бохуш хилча, оцу гуьржехарчу пхьойх схьабевлла хуьлуш бу уьш. Схьадовлар миччара делахь а, тахана мотт, дин, гIиллакх-оьздангалла, ламасташ, мохк цхьаъ хилла, Нохчийчохь мел дехаш долу тайпанаш цхьа къам ду – нохчий. Тайпа, вирд, йуьртахо бохучу уозабезамаша йийсаре лоцучу дахаран уьйрашка тийжар, шен-шен схьавалар цIена хетар, гIийла-мискачех цадашар, ийман-оьздангалла бехдечу хьарамлонех ларцадалар – уьш нохчоллица йогIуш амалш йац, уьш вайх дIакъасто йеза, ун долу цамгар санна. ХIунда аьлча оцу амалша вайн барт, ницкъ, цхьаалла а йохош, иэшайо. ТIейогIучу ханна вайн къоман идеологи, Iалашо, къилба а цхьаъ долуш – ваьш муьлш хила гIерта, мухачу дахаре кхача лууш ду, хууш хила деза вай. ТIаккха бен хир дац вай вешан йуьхь, йахь, бух, Iилма, экономика йолуш, дош лелаш, кхечу къаьмнаша сий деш, арахьара нах вайх хьоьгуш, Делан некъахь нисделла къам. Нашхахь да-нана, гергарнаш белла, дог доьхна цхьа чермо, шена ца тайна Нашха а йитина, кхин бегIийло ваха охьахаа меттиг лоьхуш волавелла, бохуш дуьцу. ВогIуш цхьана лома буьххье валар нисделла цуьнан (хIинца Чермойн лам цIе йолу меттиг хилла иза). Лома буьххьера кху дуьнене бIаьрг бетташ хIара Iашшехь, малх делкъана гIушлакхе болуш, де чIогIа дохделла. Шена гена доццуш бухдуьйлучу шовданан гIовгIа хаайелла чермочунна. Биначу некъо гIелдина, тIе йовхоно боддинчу дегIана, кхо шовданан шийла хи меллачул тIаьхьа, дIатовжа лиъна. Чермо шен гоьмукъ лаьттах йоьгIна, садаIа охьалахвелла. Кхузахь наб озийна кхо дика хан йаьккхинчух тера ду, ткъа самаваьлча, шен гоьмукъа тIехь цхьана олхазаро бина бен гина кхунна. И бен бар, шена Делера хилла хаам а лерина, шен доьзалций кху лам тIехь ваха хиъна и чермо. Цул тIаьхьа кхиболу чермой а схьагуллуш, оцу ломах Чермойн лам хилла. Амма дебначу чермошна гатбелла и лам, цундела уьш дIасабаржа буьйлало, маьрша, цхьаммо дIалацаза латтанаш дол-долчухула.
                IАБДАЛ-КЪЕДАР
2
МахкатIера боьхначу чермойх цхьаберш Цоци-Юьрта а кхочу: Ирасхан, Исраилан, Бегин а некъий. Цоци-Юьртан махка тIехь кIотарш йохкуш баха хевшина цхьацца кхолладеллачу  бахьанашца (Iедалца йа вовшашна йукъахь нисбеллачу Iотта-баккхамашна) шайн тайпанийн бухера боьхна нах.
Цундела Цоци-Юьртахь тахана бехаш бу шовзткъе итт тайпанах схьабевлла векалш. Цоци-Юьрта нисбеллачу чермойх Исраилан некъий дечиган, Ирасханан некъий аьчкан пхьераш хилла хьалхенгахь, ткъа Бегийн некъий латтаца бечу белхашна охIла хилла. Йуьртахь, цул арахьа лоруш къонахий бевлла царах: Ирасханан Мохьмад, шен пхьалгIа йолуш, аьчкан пхьар хилла, цуьнан кIант Жунайд – хьалхара зуькаралархо, цуьнан ши кIант (Асланбек, Илес а) – изза говзалла йолуш, хьалхарниг – электромеханик, шолгIаниг – слесарь, говзаллаш йолу белхалой хилла. Ткъа Исраилан Хьасан – дечган пхьар, цуьнан кIант Дауд – шофёр, вешин кIант (Саламу) – тракторист. Къаьсттина гIараваьлла, шен цIарах масех гектарашкахь, нахана тахана а рицкъа луш долу,  ирзеш даьхна, Бегин некъех волу Виткхин Iабдал-Къедар, цуьнан кIентан Iумаран) кIант Якъуб а. Iабдал-Къедаран да, Виткха ву дуьххьара цоцанхойн лаьттахь ваха хиънарг, МахкатIера воьхна бухваьлча. Хулло-хина гена воццуш, гонахара кIотаршкара наха санна, шена зIарийн хIусам йина хилла Виткхас а. Виткхин цхьаъ бен воцу кIант Iабдал-Къедар кхиъча, и кIант балхана мало йоцуш, хIайт-аьлла, сема стаг хиларна, кхара тIулгийн бух буттуш, буьйдачу кибарчигийн кхо чоь йолу цIа а, цаьрга терра пурхе а до. Чохь оьшуш долу истангаш, палсаш, дабагIа  йина уьстагIийн а, гезарийн цIокарчий, ворда, цунна дужу сту-говр а нисдо къоначу Iабдул-Къедара. Даьхни кхабарций, латта лелорций, йохка-эцарна, вахар-варна мало цайарций кара сом-ком йарна аьтто хуьлу агIонаш карайирзина волчу Iабдал-Къедара дукхах болу белхаш мехах бойтуш хилла цхьаццанхьара тIеоьхучу нахе. Ши бIе шо гергга хьалха мехах суьйлашка Iабдал-Къедара, дохуьйтуш, дIацIандайтина  ирзеш тахана а нахана рицкъа луш ду, дуьйш, дерзош долчу йуьртарчу госхозан латтанашна йукъахь. Карарчу хенахь Iабдал-Къедаран ирзеш цуьнан кIентан кIанта, Якъуба, аренде схьаэцна, дезар деш ду». Оцу ирзеш тIехь шен заманахь Iабдал-Къедара, Iаламат леранна: стоьмийн го ахкар, хи диллар, молханаш тохар, генаш кхадор, кхиболу белхаш а шен хеннахь беш, йоккха стоьмийн беш лелош хилла. Оцу ирзешкахь йина хIусам  а хилла Iабдал-Къедаран, хIинца Мескар-Эвлара йуьрта богIучу некъаца долчу «Цоцанхойн шовданна» кхо-йиъ бIе метар лахо. Цу бешахь тоьллачу тайпанийн кхораш, Iежаш, хьечаш, оьрсийн баьллаш (черешня), суьйлийн даккхий хьаьмцаш хилла, гуьйранна Соьлжа-ГIала, БуритIе, ГIизларе, ХIинжа-ГIала а ворданашкахь дохка а кхоьхьуш. Оцу ирзешкахь накхармозийн мазлагIа а хилла. Iабдал-Къедар хIайталла, доьналла долуш, цIена Делан лай хилла. Цунна тоьшалла ду, иза гIаш масийттаза ХьажцIа вахана, закат даккхарна тIехь ледара воцуш, сих-сиха сагIа доккхуш хилар. Советан Iедало беш схьа а йоккхуш, кертара даьхни дIа а дуьгуш, кулак вина, валлалц йолу хан Къилбаседа Казахстанехь, Семипалатински областехь йаккха дIахьажийра Iабдал-Къедар, доьзалх а ваьккхина. Доьзалх дерг аьлча, иза башха боккха бацара цуьнан. Хьалха йалийначу зудчун (Эвтарарчу ПетIаматан) ши йоI а, шолгIа  йалийначу зудчо вина 12-13 шо долу, цхьаъ бен воцу, хьоме кIант, цуьнан нана а. Ши йоI-м нехан цIентIе йаьлла, шайн доьзалш а болийна йара. Оцу шина йоIах цхьаъ кIант хиллехь а зуда йалор йолуш вацара Iабдал-Къедар. Амма шен тIаьхье хедаш хиларна саготта вара, цундела йалийра шозлагIа зуда. Доьзалх ваьлла ша Казахстане кхаьчча а Iабдал-Къедар воьхна ца хьаьвзинера. Цигахь а карийнера доьналла долчу нохчочунна, цигарчу хьелашка хьаьжжина, нахах ца хьоьгуш ваха аьтто хуьлу агIо. Муьлххачу акхаройн цIоканах, бежанан неIарх дабагIа даран гIуллакх карадерзийнера цо кхузахь. Цунах цунна хене вала, жим-тIам шай-кай вовшахкхета гIуллакх хуьлура, цундела цо, шена шарахь цкъа тIаьхьавар нислуш волчу, шен ши йоI йахана волчу шина невце, Дудхьаьже, Идале а, шортта цIа совгIаташ доуьйтура: кхо милт йолу мехкадаьтта дагош йолу пеш, зударийн пухан бойнаш, холхазаш, берашна цхьацца ловзоргаш, бедарш а. Оцу хийрачу махкахь хеда Iабдал-Къедаран дахаран некъ, вайн къам дохадале диъ-пхи шо хьалха. Казахийн льттахь карийна цуьнан дегIан чорхана дуьненан тем, 1944-чу шарахь цIера баьхначу вайн дуккха эзарнаш махкахошна санна. Адаман лар йайна дIайолу дуьненчуьра, нагахь цо шел тIаьхьа тIейогIучу тIаьхьенна дийца, пайдаэца диканаш ца дитинехь йа цIе ца йайта боьрша доьзалхо ца витинехь. Ткъа вай лакхахь вийцинчу Iабдал-Къедаран ший а агIо йара дуьненчуьра цIе йайта. Дуьххьара йалийна зуда, ши йоI хиллачул тIаьхьа, кхин доьзал хир боцуш йисинера. Десте а йалийна доьзалан дог ца дохо, и ши йоI нехан цIен тIехь дIатарйаллалц, Iабдал-Къедара зуда ца йалийра. Амма кертахь ша висар а дацара цунна чIогIа дазделла. Дазделларг дара, ша велча шен хIу кхачалуш хилар, шел тIаьхьа керт-ков нехан кара гIуриг хилар, тIаьхье хадар. Шен шераш къаналлехьа дирзинчу хенахь ала мегар долуш, тохавелира иза шолгIа зуда йало дагахь захало меттахдоккхуш, кху йуьртахь беношха болуш ,бевзаш болчу вежарийн – Асхьабан, Ахьмадан а йишица, Небица. Iабдал-Къедаран и захало кхочуш хиларх лаьцна ду башха дийцар.  Онда, зоьртала дегI долуш, нахана йукъахь сий-ларам болуш, маттана говза, хьал-таро йолуш, комаьршонца билгалваьлла, дикка хан тоьхна волу хьажо, Iабдал-Къедар хIинца а зударийн бIаьрг тIехьсоцуш, безамехь стаг хилла. Зударшкахула Iабдал-Къедар шегахь безам болуш, ша йига ойланца захало шена тIекхийдош вуй хиъча, Небис аьлла хиллера: «Сан хеннара маре дахана зудабераш долуш, тIе вирдехь а воцчу воккхачу стаге, со муха гIур йу? ХIан, ханна воккха хилар-м ца дуьцур вай, иза-м кхехка а вина ваа везаш-х йаций со цуьнга йахча!» Неби Эвтарахь вирд долчу нехан хилла, ткъа Iабдал-Къедар Илсхан-Юьртахь. Вирдашца долу хIума оцу заманахь мелла а экам хилла, цундела ша хаьржинчу йезаран дагара шена хиъча, Iабдал-Къедара аьлла хилла: «Ой, вирдах гIоьртина бен кхин дуьхьало йацахь, вирд-м хийца хала ма дац. Кишин-Хьажина тIаьхьа хилча, Iовдина тIаьхьа ваьзча а, Далла герга вуьгучу некъахь галвер волуш хIумма ма дац! Эвтарахь вирд долуш волчу Бакалан Хьасас шена Иласхан-Юьртахь вирд долчу нехан йоI йезайелча, оцу йоьIан керташкахь тезет даьлча, цигахь дечу зуькарехь, йукъа а вахана, чIуг хьийзийнера и барам дIаберззалц. Цул тIаьхьа цхьа а дуьхьало а йоцуш и йоI цуьнга йаханера. Неби сайга маре йаийта, аса а йийр йу-кх, корта лестош, ирх лелхаш шовкъ, и бахьана дIадаккхархьама. Со-м вац цхьана а вирдан тобанашца хьагI-гамо лелор йолуш йа цара йеш йолу Iамал йорах, лахара хетар йолуш а. Дала лардойла вай ишттачу ойланех. Массо а тобанашкахь зуькарш деш болу нах Дела реза ван гIерташ бу-кх, Цуьнгара меле, йоле сатуьйсуш». Iабдул-Къедаран и дешнаш шена тIедеъча, Делан йоза хьаькхна даьлла хилар бахьанехь, Небис кхочуш дира и захало.

                IАБДАЛ-КЪЕДАРАН   IУМАР
                3
Оцу захалонан беркат дара Iабдал-Къедарна Небис вина кIант Iумар. Небиний, Iумарний тIедирзинера Iабдал-Къедар-Хьажин безаммий, дегайовхой.
Iумарх-м боккха кхаъ хиллера цуьнан дена йиначу шина йишина Умматна, Кулсамна а, церан нанна ПетIаматна а. Ала догIу кхузахь, Iабдал-Къедарна хьалха йалийначу зудчо пурба деллера шена тIе зуда йало. ПетIамат сонта стаг ца хиллера, йеккъа шен бен ойла а ца йеш. Ша кхин доьзалхо хьарча охIла йоций хиъча, шен шина йоьIан ойла йира цо, шен шина йоIана кху кертахь бух латто Iабдал-Къедарна кхечу зудчо кIант варе сатесна. Дала оцу доьзалан сатийсамна жоп делира – дуьненчу Iумар а ваийтина. Доьзалехь цхаъ бен воцчу Iумарна, бIаьрг ца хилийта, лергах дато чIуг оьллинера, карара, марара ца воссош лелийра массара, амма ворхI шо кхаьчхьана дас, балучу балхана кхоа ца веш, къахьега Iамо-м волийнера човхаварций, реза воцуш дIахьажарций, тоха ца тухуш, шех озавала, гонах болчаьрца гIиллакхе хила Iамош. Жимчохь дуьйна Iемира Iумарна баккхийчеран багах даларций бохург дан, мел халачу балхах ца къехка, шен хенна ламаз дан а. Iабдл-Къедар ша хилла бечу балхана тIера, сутар ала мегар долуш. Цуьнан куьйгаш тIехь даима (Iай, аьхка а) хуьлуш хилла берчаш. Иза цец волуш хилла пхьоьханашкахь мукъалла гуллучу нахах, цундела цо олуш хилла: «Шен кертахь а, арахь лелочу кхаш тIехь а, ирзешкахь а кхобучу даьхнина гонах а бан болх боцуш, адам муха дуьсу ца хаьа-кх суна». Шена лай воцург, нахана эла хир вац, бохуш долу кица хилла цуьнан багах долуш сих-сиха. Ша нахе мехах бойтучу балха тIехь а шега далуш долу гIо-накъосталла деш хилла Iабдал-Къедара, оцу белхалошка терра болх а беш. Цундела жимчохь шен деца болх беш эцначу марзоно кхиийра Iумар дечу гIуллакхна мало йоцуш, хIайт-аьлла хила. Советан Iедало да кулак вина Казахстане хьажавале-м дахар шен хорша нисделла дIадоьдура Iумаран, кхечу нехан санна. Амма да махках ваьккхича, ирзешкара хIусамаш йохош, даьхний, накхармозийн мазлагIа, стоьмийн беш советан Iедало дерриг а дIадаьккхича, йуьртарчу шен керта воьрзуш, колхозехь къахьега дийзира цуьнан йукъарчу даьхнин фермехь. Берахь дуьйна деца дохнаций, лаьттаций къахьега Iеминчу Iумарна дика хаара бежнаш сиха кхиийта дан дезарг, дита дезарг а. Цундела Iумар бежаIуьнан даржера ши-кхо бутт балале йукъара даьхнин фермин заведующин дарже ваьккхира. Iумар, бечу балхана санна, тIера вара Далла йечу Iамалшна а. 1942 шарахь ша трударме ваккхалц, хьалхарчу 5-6 шарахь шайн куьпахь туркх а лийлира иза, ткъа назма, нехан дагах кхеташ, хазачу мукъамехь олуш хиларна, йуьртахоша тезеташкахь йа мовладехь, сих-сиха олуьйтура Iумаре. Зуда, цо йина ши йо11ий, шай – диъ адам дара уьш доьзалехь. Шина йоьIан нана, Iаламат тайна, хаза зуда йара, амма нехан бIаьрг хилча санна, коьрте цхьа эргIадалла йеана, цомгаш йара, цундела дукхах йолу хан шен де цIахь йоккхура цо. Шен дена Iабдал-Къедарна санна, гIайгIа-бала кхечира Iумаре а, хIунда аьлча боьрша доьзалхо вацара кхуьнан а йа зуда талур йолчух тера гучудолуш хIума а дацара. ХIуъа дарх а кхин лоьрийн дарба а ца нислуш 2-3 шо делира берийн ненах кхунна, туойелла ваьшта а йеана, хIусамнана ца хуьлуш. Нахалахь цомгаш зудчунна тIе зуда йалийна боху цIе а ца йезаш, чохь, кертахь дан дезачунна цунах накъост ца хуьлуш, наггахь богIий йижарша цIенна тIера хьашташна катухуш, дIалелара Iумар, нийсароша хьийзош. Эххар а, гIуллакх ца хуьле даьлча, Iумар тIехьевзира йуьртахь, цул арахьа а дика вевзаш волчу Тимарсолта-Хьажин йоIана Аминатана. Амината, йалийна шо кхочуш, кIант вира Iумарна.
Амма кIантах (Якъубах, цунна тиллинарг и цIе йара) воккхавер деха ца хилира Iумаран, Якъубан кхо бутт кхочуш,  1умар дIахьажаво армех, Германица беш болчу тIамехь саьнгарш йаха. Ша доьзалх къаьсташ Iумара, аганчохь волчу кIанте аьлла хилла, воккхачуьнга санна вистхуьлуш: «Якъуб, вай кхин вовшен гур дуй ца хаьа, хьалха Делах, шолгIа хьох а тешна дуьту ас хIара керт-ков, вайн мел долу хIума а! Вайн дIабаханчу дайн цIе ларйеш, къонах хилий йаккхалахь дуьнечохь йоккху хан! Дала Iалашдойла-кх шу!»
Оцу хенахь дIабигначу берхIийттий, шовзткъей пхийттий шерашна йукъарчу хенан нахах, наггахь верг бен йуха цIа ца вирзира. Оцу дIавахарх Iумар а, кхин цхьа а лар йоцуш, вайра. Цхьаболчара немцоша йийсаре вигна хир ву, вукхара,шайна цхьаццанхьа вийна бохуш, дийцара, амма билггала дерг кхин гучудаьлла дац.
Iумар арме дIавигначул тIаьхьа, цуьнан зуда Аминат, Якъубций шайн децIа а йоьдий, цигахь Iа. Цул тIаьхьа ненахоша кхиаво Якъуб.
И Якъуб  вайн Соьлжа-ГIалахь, Нохчийн Республикан адвокатийн палатин президент болх беш схьавеана 2010 шо чекхдаллалц. Цо дукха кехаташ йаздеш лар лехна шен ден, деден а, амма царах хIумма а цунна билгал-м ца даьлла. Амината Делан пурбанца Якъуб вина ца хиллехь, Iабдал-Къедаран, Iумаран а тIаьхье хедаш йара. Оцу кIантах ваша  а хилла схьайеана Дудуг, Залпаъ а, Iумара хьалха йалийнчу зудчо йина ши йиша а, дайн цIийнан бух дийна латтош, хьалха цаьршиннан дейижаршна, Iумарх санна. Амма Якъубан цхьа шо ах шо кхочуш, вайн махка Iаьржа ун хьаьвзира, карахь-куьйгахь доцуш нохчийн къам нуьцкъаша махках даьккхира. Якъуб шен ненаца ненахошна висира. Якъубан бералла ненахошна йукъахь ГIиргIизойн махкахь дIаихира, цара санна массо а халонаш ловш. Якъубан ненан да, Тимарсолта-Хьжа советан Iедалца гIуллакх догIуш хилла, йуьртахь колхозан куьйгалхо лаьттина, зуькаран тобанан тхьамда а лаьттина стаг хилла, майраллица, доьналлица цIейаххана, Далла йечу Iамалехь само хиларца билгалваьлла а волуш. Цуьнан доьзалехь хилла диъ бер: кхо йоI – (Аминат, ЯтIаш, Бала а), цхьа кIант а – (Нажмудди). Виъваша а хилла Тимарсолта-Хьажин: Мазаза, Iалсолта, Iусман, Дуру а. Хорачойх болчу оцу ненахошна йукъахь кхиъна Якъуб махках даьхначу оцу кхойтта шарахь.

          IАБДУЛ-КЪЕДАРАН IУМАРАН ЯКЪУБ
                1
Якъубан нанас, Амината дийцарехь (Дала гечдойла цунна, иза Деле йирзира 2001-чу шеран 27-чу Хьаьттан (август) беттан дийнахь. Iумар эскаре вуьгучу хенахь ши-кхо бутт хан хилла Якъубан. 1942-чу шеран Г1уран (декабрь) баттахь вигначух тера ду Iумар эскаре, ткъа цул тIаьхьа цунах лаьцна цхьа а хаам хилла бац Iедалехьара йа нахехула а. Вай лакхахь ма-аллара, Аминат майра эскаре ваьккхича, шайн доладан майрачун кхин йуххера гергара нах цахиларна, меран ши йоI, шен карара кIант а хене баха ден цIа йахара. Амма ден цIахь а кхеран дахар дах ца делира, кхуьнан дас (Тимарсолта-Хьажас, кхиболчу наха а) баккхийберца тIеэцна долчу, Советан Iедало йамартлонца нохчийн халкъ махках даьккхира. Махках баьхча хIорш кхечира ГIиргIизойн Республикан Фрунзенски областан, Панфиловски кIоштан Бухара цIе йолчу эвла. Йурт ламанийн шера йоккхачу басенца, йуххехула охьадоьдуш доккха хи а долуш, Iаламат исбаьхьа, хазачу меттехь йара, шортта даа-мала долуш кхуза кхаьчна хилча, мелла а могашалла тойеш, садоIуш, самукъадоккхуш Iан тамехь дуьненан кIаже а хеташ. Амма мацаллой, махкаллой, цамгарша, Iожаллой буса, дийнахь а дала иэгош долчу адмашна пайда бацара оцу Iаламан башхаллех. Белларш дIабохка гIора дацара. ГIелделла, гIаддайначу, адамаш аьлча, гIаларташкахь – адамийн куьцехь техка IиндагIаш хиллера дийначех а, малх хьаьжча халла айалуш, лечкъича – къайла довлуш. Дуьххьарлерчу шерашкахь ца леш бисинчарна дагахь дацара кху махкахь Iен, даха дуьсур ду бохург. Цундела шайна ден къастийна латта ца доьра, дIаден делла хIу (хьаьжкIийн, йа мекхан, йа кхидолчу йалтийн) кохьарх чекхдоккхуш жарж а бой, коча чоьрпеш йа худар дой даара. Ткъа тIаьхьалонан ойла йечара шайна деллачу лаьтта тIе дIадоьра. ДIадийнарг леладаре терра гуьйранна тIедеара. Оцу рицкъанах жимма хене довла напха хуьлура массарна – лелийначарна йуьхькIам а болуш, ткъа царах ца баьшнарш йуьхьIаьржа болуш.
Жима, воккха а колхозехь болх бан дезаш вара, ткъа цабийриг, каменданте дIахоуьйтий, чувуллура. Вайнахах ши стаг йа зудий вовшахкхеттачохь салам-маршалла дIадаьллачул тIаьхьа хоттуш дерг: «Вай цIа дохуьйтур ду бахий, цунах лаьцна хIумма хезний?» Цхьана колхозера луларчу колхозе а ваха йиш йацара комендантера бакъо йаьккхина бен. Оцу кехат тIехь билгалйаьккхина хуьлура стаг воьду меттиг, цIера ваьлла хан, йухаверза веза хан а, сахьт, минот а билгалйеш. Кху махкахь бехаш болу гIиргIизошна йукъахь бовлара наггахь берш, Iедало вайнахах лаьцна даржийначу эладитанех тешнарш, амма дукхахдолу къам оцу эладитанех ца тешара, вайх къа а хетара, шайга далучу агIор йуучуьнца, духарца, йагочу хIуманца, дашца а гIо-накъосталла деш бара. Делахь а уьш шаьш а бацара йаккхий таронаш йолуш, уьш баьхнера советан Iедало чIана. Цундела оццул шайна тIедоссийна халкъ кхаба, доладан ницкъ бацара церан а. Шаьш Iийначу Бухарана гонахара йарташ дика дагайогIу Якъубана, шен дерриге а бералла цигахь чекхдаьлла хиларна. Царах цхьайолчийн цIераш хIорш йу: Эркинсай, Олтукаирма, Кхум-Арыкх, Эференос, Кхаирма, Кхара-Балта-ГIала и. дI.кх. Бухара эвла нисбелларш, Гуьмсера ши доьзал, Гермчигара цхьа доьзал боцург, берриге Цоци-Юьртахой хилла. Оцу шина доьзалх Загин, Падаман цхьаъ бен йоцу йоI цоцанхочо, Алиев Увайса йалийнера маре. Якъубан ненахойн доьзалш бара кхузахь дукхах берш: Алсултанов Махьмин, Темирсултанов Нажин, Мазазаев Ахьмадан, Кидин. Церан нанас Айбикас тIелаьцна кхобуш дара шен кIентан (Нохьин) ши бо Турпаллий, Жарадат а, да, нана делла дисина долу. Кхуза кхаьчнера Цоци-Юьртара дукхах берш шонойн тайпана доьзалш: Мусаев Iумархаьжин, Хасиев Жамаьлдин, Эльдаров Доцахьаьжин, Ахматов Дадин, цуьнан шина йишин (Поханин, Хорханин),Умаров Жунайдан, Зайндин, Орцуев Солтин и. дI. кх. Якъуба дийцарехь и лакхахь билгалбаьхна доьзалш вовшашца чIогIа бертахь, вовшашна гIо деш, гIайгIа-бала цхьаьна йокъуш, наггахь нислучу хазахетарех вовшийн ца хьегош, мерза хан йоккхуш чекхбевлла оцу къизачу заманан зиэрех. Якъубан бералла, кхиболчу цуьнан вайн къомах болчу нийсархойн санна, хала, декъаза а хилла. ГIиргIизойн махкахь шайна деллачу ткъе итт соти лаьтта тIехь дуьххьарлерачу бIаьста Якъубан нанас, Амината, тоьла йаьккхина хиллера, меран шина йоIана а, кIантаца шена а,  чохь Iан. Йоккхах йолу йиша, Залпаъ, исс шо йоккха йара Якъубал, жимах йолу Хьавраъ – ши шо. И ши йиша, цхьадика, шайн-шайн доьзалшца дIанисйелла 1аш йу таханлерчу дийнахь. Амма арадаьхначу оцу хьалхарчу шерийн халонашка ладоьгIча, и доьзал таханлерчу дийне бер бу-м эр дацара цхьамма . Делахь а, Дела ву Ша кхоьллинчу синошна Iуналла деш, рицкъа латтош а. Бакъду, оцу шерашкахь массо а беций, баь11ийн бист кхаччалц, чамма-м бевзира, мацалла ца леш, хьалхадовла гIерташ.
ЦIера даьхна кхо шо кхочуш жимма чу са догIуш, когаметтахIитта дуьйладелира Бухарара адамаш. Кхузахь ламанан хи тIехь электростанци йира, урамашка, нехан чу серло, радиокедаш, арахь бIогIамашна тIе репродукторш йехкира, довза йиш хилира махкара, дозанал арахьара а дика хIумнаш. Бухарахь гIиргIизойн маттахь бен йацара школа, цундела кхузара нохчийн бераш оцу школе деша дахара. 1955 шарахь гIиргIизойн маттахь йолчу школехь ворхI класс йаккхаран «Тоьшалла» карахь долуш, оьрсийн мотт Iаламат ледар хууш, Бухарара школа чекхйаьккхина велира Якъуб. Оцу школехь дешначу берашна гIиргIизойн маттах шолгIа ненан мотт хиллера. Якъуб пхоьалгIачу классехь дуьйна школан гIиргIизойн исбаьхьаллийн самодеятельностан декъашхо хилла. Цо хаза олуш хилла церан иллеш. ГIиргIизошна чIогIа тайна хилла Якъуба къоначех лаьцна олуш долу илли «Жастарай» цIе йолу. Иллин дIадоладалар иштта хилла: «Жайлаунун башы жарыкх таш, жанн ачылгIан жастарай, жарыкх нургIа турмушкхан, багIачылгIан жаштарай». 1956 шо чекхдолучу хенахь, вайн къомана цIа дахка бакъо йаларций, Даймахка схьагIоьртира нохчий. Оцу шарахь Цоци-Юьрта цIабирзира ЯкъубгIеран доьзал а. Оьрсийн мотт ледара хаарна Якъуба, цо санна гIиргIизойн школа чекхйаьккхинчара а пхоьалгIачу классера дуьйна йуха дешар дIадолийра Нохчийчу кхаьчча. ЦIахь ворхI класс йаьккхина, 1959 шарахь Соьлжа-ГIаларчу педучилище деша вахара Якъуб. Оцу училищехь доьшуш волуш, цо кечам бира экстерни экзаменаш йелла «Аттестат» даккха. Училище чекхйоккхучу шарахь, Эвтарахь экстерни экзаменаш дIа а йелла, «Аттестат» схьаийцира Якъуба.
Педучилище йаьккхинчу 1962 шарахь школехь 3-4 баттахь йуьхьанцарчу классашна хьоьхучура йукъахвоккхий армех вуьгу Якъуб Ленинграде. Советски Армехь гIуллакх кхочуш до цо 1962-1965 шерашкахь. Ша хьехархойн училищехь доьшуш волуш дуьйна Якъуб, шен дех хилларг хIун ду хаа гIерташ, кехаташ кхоьхьуьйтуш вара СССР-ан массо а маь11е, амма сатедеш жоп дацара цхьанхьара. Бакъду, СССР-ан Минобороне кехат дахьийтича цара жоп даийтира, Абдулкадыров Iумар 1943 шеран май баттахь лар йоцуш вайна, аьлла. Ша Ленинградехь армех волуш а гIоьртира Якъуб ден лар каро, цо кехат йаздира СССР-ан Миноборонин архиве (иза хиллера Ленинградехь кхо гIуллакх кхочушдечу эскаран декъана йуххехь). Цара хьалхалерниг санна жоп даийтира кхунна: «Хьалха санна хоуьйту хьуна, хьан да 1943 шеран май баттахь лар йоцуш вайна хилар». Цул тIаьхьа догдиллина-а вогIуш вара Якъуб шен ден лар карор йу бохучух. Амма цхьа-ши шо хьалха дагадеара цунна «Жди меня» цIе йолчу передаче орца деха, дех лаьцна шена хууш дерг цаьрга, мел кIезиг делахь а, дех лаьцна дIа а далхош. Цкъачунна цигара а цхьа жоп кхаьчна дац. Амма дегайовхо дIакъаьсташ йац Делан къинхетаме сатуьйсуш. Армехара цIа веача кхаа-деа шарахь школехь болх бира Якъуба Цоци-Юьртара йуьхьанцарчу школехь хьехархочун, йуха директоран а даржашкахь, цуьнан ойла адамийн бакъонашларйаран органашка балха ваха хьаьвзина йаьллера. Цундела ша армехара цIа варций иза заочно Къилбаседа ХIирийн пачхьалкхан университете деша вахара. Цигахь доьшуш ша йоьалгIачу курсе ваьлча, 1969 шарахь, Шелахь адамийн бакъонашларйаран органашкахь балха хIоьттира. 1971 шарахь кхиамца чекхйаьккхира Къилбаседа ХIирийн пачхьалкхан университетан юридически факультет. Тайп-тайпана даржашкахь,  НР-ан кIошташкахь а 2000 шо тIекхаччалц адамийн бакъонашларйаран органашкахь болх беш схьавеана Абдулкадыров Якъуб.
2000 шарахь Якъуб хоржу Нохчийн Республикан адвокатийн Коллегин Призидиуман председатель. Оцу балха тIехь цо шен говзалла, хаарийн кIорге гойтуш, белхан кхиамаш хьалабахарна, Якъуб 2002 шарахь НР-ан Адвокатийн Палатин Президент хоржу деа шарна, ткъа 2006 шарахь балха тIехь дика ларалуш хиларна, йуха а деа шарна оцу Палатин Президент хоржу. Адамийн бакъонаш ларйарехьа йолчу Россин пачхьалкхан а, йукъараллин а тайп-тайпанчу хьукматийн цхьацца даржашкахь йукъараллин белхаш кхочуш беш а ву Якъуб. Масала: заместитель председателя Общественной палаты ЧР, член Исполкома Гильдии Российских адвокатов, председатель Комиссии при Президенте по вопросам помилования на территории ЧР, вице-президент Ассоциации адвокатов РФ, руководитель МРОО «Юристы за права и достойную жизнь человека, член координационного Совета управления Министерства юстиции по ЧР, член Совета ЧРО Ассоциации юристов России. 1999 шарахь дуьйна Якъуб лаьттина НР-ан адвокатура йухаденйаран йуьххьехь, массо а агIорхьара кхерам болчу тIеман заманан шерашкахь, цо хийла стагана, доьзална а гIо-накъосталла дина бакъон тIе нисбарехь.
Iедало Якъуба 40 шарахь сов адамийн бакъонашларйаран органашкахь биначу белхан лаккхара мах хадош дуккха а совгIаташ дина. Царна йукъахь йу мидалш: «Къинхьегаман ветеран», «Фашистски Германина тIехь толам баьккхина 20 шо кхачарна», «Доггаха болх барна шолгIачу даржан», «Россин адвокатийн Гильдин 10 шо кхачаран», «Лаккхарчу говзаллица цIена болх баран», «Белхан декхаршна, Даймахкана а тешаме хиларан», Адамийн бакъонаш ларйарехьа баьхначу кхиамийн»; орденаш: «Адвокатийн декхаршна муьтIахь хиларан», «Адвокатура кхиийтархьама йукъадалийначу диканийн» аьлла цIераш йолуш. Ткъа грамоташ, баркаллин кехаташ, кхидерш а дийца а ца оьшу. Якъуб Цоци-Юьртахь, махкахь а дика вевзаш стаг ву. Йуьртарчу дика-вона Iаламат сема стаг ву, йуьртахь тезет нисделча йуьртахойл хьалха тезета кхочуш ву, тезет лардеш ву. Суна Якъуб вевза 40 шо сов хан йу. Балха тIехь, аренца дика-вонехь а вевзина. Якъуб цIена бусалба ву, Къуръан деша хууш, доьшуш а ву, мовлад дагахь  деша хууш ву, ламаз, мархий цIена долуш ву, даима керла хIума довза лууш ву, халонех озалур волуш вац, ша йуьхьар лаьцначу Iалашоне кхача къахьоьгур долуш ву.
Якъуб нахаца ийна, хьакхавелла ву, оьшучунна накъосталла дийр долуш, шегахь долчунна комаьрша а ву. Якъуб даржо корта хьовзийна кура вер волуш вац, ткъа даржах къастахь, «Iаьржачу балхах» ца къехкаш, шена хьанал рицкъа лохур долуш къонах вуй а хаьа суна иза. Калмыкехь ченан раьгIнаш йеш, буьйда кибарчигаш йеш балхахь, школехь хьехархо волуш, йуха иза нехан бакъонаш ларйаран органашкахь волуш, Якъуб ша даима а хилла къонах хилла висина. НР-ан Адвокатийн Палатан президентан даржах мукъаваьлла иза таханлерчу дийнахь, амма цунна дуккха шерашкахь зеделларг, цуьнан хаарш а вайн махкана, къомана а пайденна хир долчу агIор хьовзо хуур ду Якъубна, хIунда аьлча иза къинхьегам безачу къонахех ву.
Якъуб, Дала хьайн деда Iабдал-Къедар, хьайн да Iумар а санна, нахалахь йахана къонахчун цIарна кIеллахь чекхвала аьтто бойла хьан. Хаалахь, жимма а собарх воьхча, куралла даг тIе йеъча а, къонахалла стагах къаьсташ йуй. Дала могаш, маьрша, кхеташ волуш кхин 50 шарахь вахавойла хьо, лараме йуьртахо!


Рецензии