Асланбека Гайтукаевс Р. Ф. журналистийн декъашхочо
Редакцино шегара тIетоьхнера хIара дешнаш: Лахахь оха шун кхоьэле йуьллуш йолу поэма авторо Сайдселимов Мовлина лерина йазйина йу. Кхин дIа долу йоза Гайтукаев Асланбекан ойланаш йу.
ТIаьххьарниг (цхьана агIор ойла йича) вайн мехкан могIарера вахархо ву аьлла хетар ду. ТIеман арахь хьуьнарш гайтина мидалш, орденаш йолуш вац иза некха тIехь кхозуш, Iилманехь йа спортехь кхиамаш баьхна таьжнаш йац цунна кхайкхийна. Шен нийсархойн санна, 1944-1957-чуй шерашкахь Сибрено бералла лачкъийна цуьнан. Халкъ Даймахка цIа дирзинчу шерашкахь мохк йухаденбеш хьанала къа а хьегна Мовлас. Нехан шех лаьцна ала вон хIума ца дита хьожуш, таханлерчу дийне кхаччалц схьавогIуш ву. Кху тIаьхьарчу 15 шарчохь Нохчийчохь хилачу шина тIамо дукха вонаш гайтина цунна а, цуьнан доьзална а (цхьаъ–дена хьалхха вийна, хьалхара ведда аьлла, цхьаъ дIавигна вайина салташа, шина вешина хилларг ла ца дела, кхолагIчо ша-шена тIе куьйгаш дехкина). Уьш дерриге а лан собар делла Мовлина Дала. Кху тIаьхьарчу хенахь лерса (хазар) доцуш висина, бала хьоьгуш ву иза. Бакъду, кхин цхьа хIума ду Сайдселимов Мовлица, иза дуккха болчу кхечарех къастош. Нийсоне сатийсар, ницкъ кхочучу кепара цуьнгахьа къийсар, нохчийн мотт, нохчийн мохк барам боцуш ала мегар долуш безар (тхуна хетарехь) делла цунна Везачу Дала. ВуьрхIийтта шо кхачаза волу Мовла ша цхьаъ 1954-чу шарахь, Сталин велла цхьа шо кхочучу деношкахь, (инзаре-йаккхий халонаш лан Дала аьтто а беш) Нохчийчу а веана, кхузахь жимма хан а йаьккхина, шен гергарнаш болчу йуха ГIиргIизойн махка дIавахар – вай аьллачунна бIаьрла тоьшалла лара мегар ду. (Оцу дерригенах болу Сайдселимов Мовлин «Даймахке сатийсар» боху дагалецамаш республикански № 2 «Орга» журнало 2011 – чу шеран февраль баттахь шен 31- 57 агIонаш тIехь зорбане бахна бу). Дела реза хилийла «Орга» журналан белхахошна, Мовла дийна волуш уьш зорбане бахарна. Мовла 2016–чу шеран февраль баттахь дIавалар нисделира . Дала гечдойла цунна, йалсаманин хьаша веш. Ша Iожалло дIавиггалц гергарло латтийра цо «Зорбанан цIийнаца» цу чохь мел болчу белхалошца цаьрга ларам болуш. Книгаш, журналаш, газеташ, тайп-тайпана календараш йиллина йоьшуш вара иза, эс сема стаг вара, цундела муьлххачу темехь лаьцна хьоьца къамел дан охIла вара. Даима кисанаш дуьззина конфеташ хуьлура цуьнгахь нахана шен берашна тIера дIасадоькъуш, къаьсттина кегий берашна. Шен йуьртахочунца, Хамерзаев Заурбекаца долчу гергарлоно сих-сиха валавора Мовла тхо долчу Гуьмсе ,«Путь» издательствон редакце. Цигахь нисделла тхан вовшен довзар а. Iаламат ийна, самукъне, дуьненан керла хIума довзарах хьаьгна, сема, мало йоцуш стаг вара, шен 81– гIа шо ду эр доцуш.
А. Гайтукаев Р Ф журналистийн
Союзан декъашхо.
Свидетельство о публикации №225082000809