Самукъане грамматика
I. Нохчийн Абатехь Iаса гIертош лелаш долу 7-элп? Жоп:(ГI, КI, ХI, ЦI, ЧI, ТI, ПI)
2. Нохчийн Абатехь мотт ца хууш долу 1-элп йуххетесна лелаш долу 6-элп? Жоп: Аь, Оь, Уь, Яь, Юь, Хь.
3. Шелонан кхерамаш туьйсуш, жIаьла хьовзош йолу Iаса хилла лелаш долу элп?
4. Нохчийн маттахь цхьана дашехь шайн аз доцуш, Абатана баь11аш санна тIелетта лелаш долу 4 элп? (Ы, Ф, Щ, Ё)
5. Шелонан хIу дIа ца къаьсташ, мерах луьйш дисина элп? (Н)
6. Дийна хIумнаш чохь долуш, бода эккхон ницкъ болуш, пен хьовзочохь чуьчча гIош, хила тарлой те иштта дош? (СА)
7. Хуьлу цунах шехь йозалла, бежнийн кийрахь – хьаналла, амма и кхайкхахь – Iадаво. И хIун дош ду хьажал хьо. (МОХЬ)
8. Цу тIе вуьжу, луьйш и оьшу, дегIан меже хилла лела, цунах хадахь къам ду довш. Хаахь лахал иштта дош? (МОТТ)
9. Иза къамелан жима цинц бу, гойтуш жима, йоккха ойла: айдарца, дийцарца, хаттарца а. Йаккхал цуьнан цIе сихонца?
10. Цабашарца «цIоьмалг» олий, бен дацарца кхуьйсу дIаса, ницкъ бу цуьнан йиллахь нийса, Iожаллера тутмакх ваккха. Хьажал хьо и кIелхьараваккха? (Ирхъолла йиш йац вита!)
11. ХIумнийн цIераш йу цуьнан долахь, классаш, терахь, дожарш ду. Муьлхачу дожаран чаккхенца къаьста цуьнан легар? Коьчалниг.
Свидетельство о публикации №225082000832