Николай Сергеев. ЦIий чуьра малх

«Тхо маьлхан бераш ду. И бу тхан цIий чохь богуш берг.»
                (М. Горький.)
«Даймехкан сийлахь къонах. Лен воцу Кавказан турпалхо, маьлхан кIант, аьрзушна йукъахь а аьрзу, пулеметчик- комсомолец Нурадилов Ханпаша. ТIемало-наьрт, тIемало-аьрзу, бIехо- къонах—уьш ду-кх цуьнан долуш долу даржаш, турпал-пулеметчикан, гвардин лакхарчу сержантан, комсомольцан Нурадилов Ханпашин. И вара майрачарна йукъахь  тIех майраниг, доьналла долчарна йукхахь  тIех доьналлехь верг. Иза мостагIна тIевоьдура, йухахьежар доцуш, майра, каде а. Ханпаша Iожаллех ийзалуш вацара, цо кхерайора иза. Нохч-ГIалгIайчуьра тIам тIе веанчу оцу кIантехь гучудевлира нохчийн къоман доьналлин, оьздангаллин а аматаш: цуьнан   турпалалла, майралла, хьуьнар а. Шен къоман иллийн турпалхох тарлуш схьавеара Нурадилов. Дуккхазза мостагIашца нисделлачу тасадаларшкахь толамца чекхволура иза.
Хьажал, тIемало, нартан востехь гучу тIемалочуьнга, ламанан аьрзуне НурадиловХанпаше!
ХIокху Кавказан турпалхочун, нохчийн къоман кIентан тIеман доьналлий, майраллий, хуьлда хьуна а, хьан накъосташна а, къонах тIамехь муха хила веза гойтуш долу, масал. Доьналла долуш хила, цкъа а лен воцу Нурадилов Ханпаша санна, Iожаллех ца ийзалуш, иза эшо ницкъ кхочуш хила, нохчийн гIараваьлла кIант санна.»
(Донскойн фронтан политурхаллин газетан агIо.)

Ма доца дахар ду адмана делла:
Минотийн идарехь денойн чекхлелхар...
Амма и халкъ ирсе дигаре хьовзош,
Къам марша даккхарна йовхо луш даьгнехь,-
И санначарна ло халкъо шен иэсехь,
Ца вицван дуненахь, дакъа абадехь.

Ши некъ бу биллина дахарехь дIахьош:
Текха цхьаъ хих, тийна, партала Iенаш,
Сап- сов цо жималлера къаналле кховдош,
Каш-лахьте верзарций уьйраша вицвеш;

ШолгIачо историн йочанехь вахчош,
Чахчавой, цIий Iеначу тIамах чекхвоккху,
Толамо дог хьосту, мостагIий эшош,
Йа жеррахь кхалхарца сийлалла йоккху.

Оха тахна сий дарца хеставо хьо-
ШолгIачу некъан кхаж баьлла турпалхо.

                ХАЛХАРА  ДАКЪА

«Цунна дезара Хьамзатах лаьцна иллеш. ДIаоьхур ду шераш.Керла, бIаьрлачу басаршца лепар ду вайн дахар. Нохч-ГIалгIайчоьнан ирсечу кегийрхоша а,Дон-хица болчу мехкарша а,Украинерчу кIенташа а лоькхур йу шайн эшарш, бохур ду иллеш а гвардин лакхарчу сержантах Нурадилов Ханпашех лаьцна.»
(«Известия», 31.Х.   1942 шо.)

ВИНЧУ МЕХКАН ИЛЛЕШ.
      Чаккхе йоцу кIоргачу стигланан соне,
Кховдийна шайн кура мокхаза белшаш,
Къармазчу маршонехь, ца каглуш вонна,
Гуттаре лехна Iа шира нохчийн лаьмнаш.

Моьтту уьш ойлане эгначохь севцца,
Хьалхенгахь мел хилларг дага а лаьцна:
ТIемашкахь тасадалар, къонахий эгар,
Дуьтуш вайн иэсана деналла дийца.

Ма аьхна лекхало пондаран мерзаш,
Ширачу дийцарша долош дог хьеста.
Хьомечу Даймехкан мукъамийн марзох,
КIац тесна го сирла илланчийн корта.

Пондарх пIелг тийсало цхьа маса, говза,
Инзарчу самонгахь дIатийна лаьмнаш,
Тем боцу мох а ша бацалахь баьржа,
Керлачу мукъмашна илланчех Iама.

      Йист йоцчу стигланан кIоргачу соне
Кхийдайеш шайн кура мокхаза белшаш,
Къармазчу маршонехь, ца каглуш вонна,
Гуттаре лехна Iа шира нохчийн лаьмнаш.

Хетало, декарехь зевнечу мерзийн,
ДIаяхна ширалла йерриге денло:
Дин- берийн ковранаш, тобане йоьрзий,
МостагIийн ардангах латарехь иэло.

«Тхо даима кураллица дездетташ хир ду, тхаьш цуьнан нийсаройн чкъурах хиларна.»
(Любомир Дмитерко «Сийлах турпала къуонах Ханпаша Нурадилов».
«Вперед за Родину»газета, 17.Х11. 1942 шо).

                Некъан  йуьхь.
      ЦIерпошта кхоссало бодашка некъан,
Йовхачу Iаьнарца можа буц морцуш.
Вагонан кора тIе Iаьржо кIант летта,
Цкъоцкъамийн куьцаша аьрхалла гойтуш.

Хьоькхучу моха кIел лоьцу цо балдаш,
Йаьгна го аренаш бIаьргашца толлу,
Гуш санна эзарни чаккхармаш дехьа,
Гуьйренан суьйренийн баланан хола.

Сингаттам сов боккхуш, дийно бо хорам,
Тов беттан суьйрено тIехоьцу бала.
Жимха дIавоьхуш йу баьхаллин зурма,
Схьаоьхьуш цу некъахь гIалартийн гIала.

      Ц1ерпощтан боларо садеIар лаьцна,
Карзахе цIий даг чохь зов декош Iена.
Ойланехь кIант тIеман байракх кIел лаьтта,
Мохо кхес ловзочу динахь гуш денна.

ЦIерпоштан чкъургаша некъан йиш лоькху,
Болар шайн сихдарца гарманан арахь.
Жима кIант, кхаъ хилла,дездетташ вуьгу
Хинйолчу йоккхачу кхолламан хьарма.

Хих довлуш цIен панар, йовш, къайлайели,-
Тешар вац аьчкан некъ баьстина гIарол:
Тахна дIахьовсочу кIенташна йукъахь.
Ву аьлча Ленйоцчу Сийлаллин Турпал.

Дукха бара дIабуьгуш хинболу бIаьхой-
Самукъне, гIовгIане, аьрхачийн шалон.
Цу йукъахь сибатийн  цхьаннен йац тидо,
БIаьргаш чохь вовшен гуш лаамийн алу.

Шераш дIауьдура, герз дуьйлуш кIуьрлахь,
ТIеман цIе кхерстарехь хьовзийна зама.
Дуккханна цу кIентан сов хьоме сибтахь
Дезало, дог чIагIден, майраллин амат.

Генарчу йарташкахь маьркIажа хенахь
Къаноша иза хьехош къамелаш до.
Ламанхойн мехкарша  и майра къуонах
Шайн зевнечу эшаршкахь ма хеставо.

Шен Даймохк безарна, ваьхна тем боцуш,
Воьжна и вайн къоман сий, маршой лардеш,
Цундела, цу дахарх масал а оьцуш,
Вай Iама декхар ду къам вонах лардан.

                Сирла –цIен Iуьйре.
       ХIоранна Даймохк бу хьалха сов хьоме,
Духхьара ког боккхуш лазийна латта.
Маьлкъаз йа докхан дитт шайн куоран сонехь,
Йа иллеш аганан шен ненан маттахь.

Iожалло хьовзийна тIаьххьарчу сохьтехь,
Дог соьцуш, кхачалуш сил мерза дахар,
Дуьненан серло йовш, бIаьрг боьдуш тIеттIа,
Украинцанна го цIа стоьмийн бешахь,
Казахна- шайн малхо йагийна  аре.

Бецан тхи иэгадеш, бохийна кийра,
Ханпаша Iовжийча, кхачалуш гIора:
Го цунна шен Минай-Тугай ма-йарра,
Схьахеза геннара Ямсу-хин гIовгIа.

Мехкарша тийжаме эшар шайн йолош,
КIудал шен цIеста зовца узам бан хIутту…
Мурстана шен Даймохк дуьхьала ухьий,
И йух-йуха мостагIий дIачовхо гIуьтту.

И кхиъна Аухехь Iаламан тойнехь,
Ламанхойн хелхарийн кхехкачохь асар,
Зевнечу иллешца,къонахийн туьшахь,
Стиглане кхевдинчохь ламанийн аса.

Цу махкахь хIора тIулг историн теш бу,
Шайн маршо къийсинчийн лараш тIехь йисна,
Къомо шен турпалхой иллешкахь хьоьсту,
БIешерийн йохаллехь латтабеш иэсехь.

       Доьзалах Нурадил ма хьалхе къаьсти,
Ханпашехь дисале хьоме ден сибташ,
Дахаран абат шен кхиале йовза,
Йахале лаьтта тIехь хьалхара гIулчаш.

Аьхкено йаржийча йоьалгIа тIамарш,
КIантана делалуш Кавказан Iалам,
Ханпаша тIаьххьара къовлуш шен мара,
Вежаршка йистхуьлу леш йолу нана:

-Ас дечу весетан хIора дош аша
Кхочуш деш дахарехь, лардеш чекхдаха.
Бохамехь собаре, ткъа тIам тIехь -майра,
Доьналлехь хилар ду къонахийн дакъа.-

-Тийналло йесаллий, матар а гулйо…
Хьиэкъачу беркатца хуьлда шун бIаьсте.
Ламанан хьост санна, шун дахар хуьлда,
Алссам шун диканех хазлуш вайн латта.-

-Ларделаш вайн къоман гIиллакхаш оьзда,
Сий дарца ларалаш къежбелла корта,
Ткъа махка тIом багIахь, луур ду суна,
Шаьш тIемлойн хьалхарчу магIаршкахь гайта.-

-Дахаран мах хуург хьакъ ма-дду леш ву,
МостагIчун дIаьндарго къовсамехь вожош.
Ишттаниг иллешка вала а хьакъ ву,
Хиларна  кхалхарца Iожалла иэшош.-

-Цу лахьтин шелонан хIо хъаьдда суна.
Байн къаьхьа декъах шу лардойла Дала.
Комаьрша вайн Даймохк хилда шун нана,
Дог цIена нохчийн къам хуьлда ден метта!-

IиндагIаш дийшира ГIизарун йуьхь тIе,
Наб кхеттачу хьесапехь и лацало.
БIаьстенан Iуьйренца нана луш лахьте,
Суьйренца вежарий йуьртара дIагIо.

БIаьстено, байракхах вежаршна тIоьхла,
Даржийра хьастарца стигланийн дари.
КIентийн некъ болало кхолламна дуьхьла,
Ирс леха, йист йоцчу дахаран арахь.

ГIайгIа йоцу, хIай бералла!
Заз-патарлахь боьлуш малх,
Йаьржа, дахар луш хьан дола,
БIаьсте х1утосург баттахь.

Чомехь хьожа бецех гIуьтту,
Сацац олхазарийн йиш.
Лаьмнийн баххьаш стигла уьду,
Шайн-шайн тархех ледош хиш.

Наггахь гIаргIийн гаьннех хьаьрчий
Мархаш гулло кхолош де,-
Йуткъийн настарш сеттош, аьрха,
Хьаьвза догIа хелхарехь.

Хих къаьстина мархаш йаьржа,
Стиглахь гIотту стелаIад.
Нускалх йекхна, бIаьсте къиэжа,
Малхо тхилахь теIош бIарг.

Зезагийн дохк-мархийн хIуьрлахь
Бераллехь идийна мур,-
Оцу шерийн гIенийн хьурмат
Ду хIоранца коша гIур.

Хьо саьнгарчу вулуш тIамна,
Дарцо узмаш лерехь беш,
Дагна тамехь берахь хезна
Илли хир ду хьо вохвеш.
…………………………………….
КIезиг дац дог цIена  адмаш дуьненахь,
Ткъа байшна-м тIех тIалам оьшуш бу денна.
Хьегарна жимчохь дуьйна марзонах ненан,
КIант кхиъна-кх хеназа гIайгIанца ийна.

Ма хьалхе кхиира къайленех иза:
Доцачу дахаран экам мах бовза,
Къастабан довхачу дешнийн кхаъ цIенна,
Нийсонца хьесап дан боккхучу коган.

ТулгIешца кхехкачу хин бердийн ломахь,
Нислора, гIаж карахь, жа дажош латтар.
Массо стаг ирсе ван, долий са тIома,
Ойланехь кIант къовса харцонца гIотту.

Ирсе бан дахаро йаххьаш кхолийнарш,
Берш, хьаьжча, тIех хийра, ткъа дагна герга-
Хууш берш, йистйоцчу безамца хьостуш,
Боберан даг чуьра чиркх, хIотто къага.

ТIекIавеш, тIаламца вохварна наха,
Муьлххачу хIусамехь неI чIагIар доцуш;
Нийсаройн наноша наналла дарна,
Чуьрчу шайн доьзалех дIахервар доцуш-,

ДIалур йара жималла сагIа деш цо,
Шен дегIах довха цийн тIадам ца буьтуш,
Цу нехан ирсана, эшайан харцо,
Зуламца, ца къарлуш, къовсаме хIуттуш.

Иллеш тIехь кхиънера доьналла кIентан-
Уьш дезаш йара Аух-м даима шена.
КIантана хуьлура деза де дендар
Илланча кху йуьрта воьссинчу хенахь.

              Илланчин  иллеш.
ХIай ширчу мукъамехь ламанхойн иллеш,-
Цу халкъан маршоне бIешерийн лазам,
Нохчочун баланаш аш балхий хийла,
Цо шера арене латтор сатийсам;

Цу лаьмнийн чIожашкахь мохаха тийжар,
Халоно бIарздича стигланах къекъар-
Шуьца ду, чагIаран, сингаттам байбар,-
Шун говза мотт хууш волчунна кхоччуш;

Лермонтовн кхолламна баьлла шух пайда,
Шун башха хазалло йийсаре вожош.
Шун сийлалла Пушкина дуьнене кховдий,
СовгIатна, Росси чохь Толстойс шу даржош;
      Аш массо могIанехь турпалхойн сийдеш,
БIешерийн йахаллехь церан йахь йийци.
Къонахийн доьналла гайтина кIентий
Халкъалахь бохуьйтуш-Iожалал толий.
……………………………………………………..
Буьйсано седарчийн гIагI дуьйхи стиглахь,
Дато турс къагадеш серлонгахь беттан.
Набарна тийначу йуьрта чохь илли
Долало, пондаран мерз бекош тIеттIа:

-ДоттагIна кхуьийла йеза йоI эвлахь,
Вайна церг хьекхочух тийсалуш мостагI.
      Дагна там бо илли диэкийла вайлахь,
ХIусмашка кхачадеш догйовха коста.-

-Сема ла догIалаш, дог майра кIентий,
Диц ца деш варх1аден весетан сагIа:
Къонахий, вайх къастош, лахьтичу бахкарх-
Белла бац, бисарна иллешкахь баха.-

-Шен къоман иллеш ца хезнарг-
(Уьш-м декаш бIешераш ихна)
Дахарехь хир вац ка долуш,
Йа йуьхкIай хIуттур вац тIамехь.-

-Лечарчий, сема ла догIа,
ВархIадайн дахаран гIулкхе,
Церан лар хьаьшна вай долхахь,
Сийлаллин йоккхур йу лакхе.-

-Малх бIаьстех, жий Iахарх санна,
Дахалаш ца хедаш  къомах,
Болх, гIорий, къуоналла цунна
ДIалолаш, шайн мел дерг долахь.-
      -Иллига ладогIа, нохчий,
Цкъан цкъа а довр доцу къам,
БогIу мах хаддолц Кхоьллинчо,
Бехийла шун иллин мукъам.-

Буьйса йу, исбаьхьа жовхаршца беттан
Ло тесна, ламанийн лакхенаш кхолуш.
Илланчас болабо мерз-пондар хьаста,
Аьрзо йу стиглахь шен маьрша тIам тухуш.

       Илли хьоду, нека деш,  йуьртана тIоьхла,
ДIаIенаш хIаваан йист йоцчу панахь.
Хетало: лаьмнаша цу иллицанна,
ГIиттайеш дIахьош йу йерриг хан иэсехь:

Гуш хета бIаьргашна майра Бийболат,
МостагIех, сий лардеш, тийсало Муьстарг,
МостагIна йахь ца луш, кхелхина Хьамзат,
Адин кIант Сурхо а кIиллойн топ кхетта;

Маршонан бIон коьртехь вогIу Асланбек,
Маржа йаI! Го вужуш, довха даш кхиэтий.
Iожаллех ца кхоьруш, ца буьтуш тIехь бехк,
Кхайкхадо илланчас кхалхарах кIентий.

Iинах ирх дохк теIа, тийсалуш тархех,
Сетта и лаьхьанах сакхмакхийн лорах,
Ламанийн лайн баххьаш кхолу, мотт хьоькхуш,
Хьулдина стиглара малх хьожу кораш.

ТIам каде олхазарш-илланчийн пIелгаш
Сов каде пондаран мерзаш тIехь ловзу,
Башхачу иллино, чохь дохуш гилгаш,
Синтокхо дегнаш чу хьодуьйту говза.
       Пондаро Iенадо дог хьосту мукъмаш,
Тийжамаш лелхабой, толаме хьовду.
Аьрхачу къоналлин схьагулйой амалш,
Илланчин аз доцург гIар-тата соцу:

-Ца ваьлла дуьненчу хьуьнаре къонах
Шен мачийн айраш кIел дерзалуш Латта
Йа стигал вертанах белшаш тIе кхуллуш,
Куй санна, малх коьртан бIаьштиг тIе тоттуш.-

-Ца хезна ву бохуш нуьцкъала турпал
Стигларчу седарчех беш чоин бустам,
Хьайречу дарц-мохах йузалуш кIудал,
Йа динна лан динарг кхеттачу баттах.-

-Вина вац хIинца а зуламхо лаьттахь
Кху лаьмнех ларийнарг йан кешнийн хьарма,
Баккхалуш и Башлам шен куьйга меттах,
Йа нохчий къам лоллехь ницкъ кхаьчнарг къарбан.–

-Кад малий, цIий доладалийта сиха,
Цунна мутт IаIош йу малха кIел хорха.
Хуьлийла вайн кхалхар Даймехкан дуьхьа,
ТIом бечохь Iожалла вайх уьдуш хьалха.-

-Мехкан сий лардечохь товш хуьлу кIентий,
Ма теша, турпалхой эгча, лен бахарх:
Кхехкарна богу малх мелачу цIийлахь,-
Iожаллин ницкъ кхачац уьш халкъах баха!-

Лам гезбеш Ханпашас дIайоьду буьйса,
КIант ларвеш, гIаролехь, го кхетта бетса,
ТIелата кечйелла кондаргаш куьйса,
Хетало тебна бIо, хин бердех летта.

      Илланчас айинчу ойланийн вайлахь
      Гуш ву кIант герз детташ. Тийсало бIехой.
      Лета уьш мостагIийн ковранех майра,
      Шайн цIераш йазйойтуш Лензалле йаха.

      Къоман эхь шуьца ду, хIай нохчийн иллеш,
      Дозалла, самукъа, йу маьрша ойла.
      Аш кхиош хийла кIант махкана велла,
Шен валар ирс хеташ Даймехкан сийна.

Иллеш чохь йу оьзда нохчийн син алу,
Царна чохь-болатал чIогIа син амал,
Ханпаша цу кха тIе, йукъ йоьхкий, волу,
Дог дахчош, цу иллийн турпахойх Iама.

Къоналла.
      Даьржинчу даьхнеха гуьйнашца керчаш,
РегIанийн басешкахь йеш баьрзнийн оьла,
Цу аьчкан тхевнаш кIел, латийна кхерчаш,
Йурт йеха, бIешерийн гIайгIанел таьлла.

Куьг кхевддехь йуьртана йу нефть тоттийла,
Заводийн дог ду и бIон некъана геннахь.
Кхузара дIауьду, йоцуш социйла.
Мехкадаьтта, дуьйлина биргIанийн пхенаш.

Чуьйначу эмкалшна Iуналлехь хьийза,
Мазото Iаржвина, мукъам беш, жимха,
Тидамца дIадоккхуш машенийн цIийзар,
Цаьрца мотт буьйцу цо, уьш кхетош шеха.

Дуьнене бIаьрг биллинчу Минай-ТугIайра
Кхочу кхуза Ханпаша белхан гIулч йоккхуш,
Iамадо моторийн инзаре гIора,
Гондхьарчу белхашна пайдехьа даккха.

Машенийн цеха чохь хьийзаш ду бернаш,
Эшаршца лекхалуш, мохтухург хьийза.
Хазхетар совдоккхуш, ду дагна там беш,
КIанта хьуш долу сурт вежаршна дийца.

Оьшшуче даьттанца кхачойеш лелаш,
КIур, гIовгIий лаьтта чохь, хIун ду те хаза?
Ханпашин-м, шел ирсе цхьа стаг ца хеташ,
Самукъне мукъамаш деш хуьлура аз!

Къинхьегам цхьа вон бац, ду адмаш шога,
Мел хаза кхаъ цо лахь а, уьш белалац.
Гонах дерг гуш беса, йайна дегайовхо,
Уьш лела балхабеш баланаш цхьацца.

Пайдениг кхоллалаш, кхетамехь айлуш,
Ма доха дахарехь нисйелча хало.
Къар ца луш къовсало, хьалха ког боккхуш,
Иэшамехь иэхье къурд ала ма сихло.

Дахаран уьйриг ша Ханпашех хьаьрчи,
Кху аьчкийн чолхечу меженех ийна.
Цо лоьху адамийн кхетаман баьрчче
Балха тIехь, къамелехь, садоIуш тийна.

Тахана  самукъне аз декаш хета,
Ханпашин кху цехехь зов даьржаш шен,
Ламанан шовданах, кху чухла дедда,
Чекхъиккхи цуьнан башха дахаран де.

Барт, безам, марзо йу белхалойн гуттар,
Ишттачийн вовшашца  йахь ма йай, чIогIа,-
Дахаран къилба ду церан цхьатерра,-
Даймохк шайн балехь гар ду царна деза.

Комсомол тобанах кхузахь и кхета,
Вагарехь - малх санна, аьрхаллехь-мох,
Духхьарчу безаман цIе кхузахь летта,
Кхолламо эскаре а кхузара хьо.

БЕТТАН   ТУЬЙРА.
      Дара и йевзачу луларчу йуьртахь,
Баьццарчу ахки чуьра уьдучохь хи…
Бутт кхийда дуткъачу мерзашца лаьтта,
Цу мерзех, Iад хьоькхуш, мох меттах хье.

БIаьрг бузош бIаьстено, тIеуьйзуш, хьосту,
Беттан сехь дуьне дерг туьйранах дузу:
Ламанийн тархаш тIе жовхIараш хIуьтту,
Дато варкъ даьккхина, некъ-тача узу;

Iинах чу воьсси кIант, хин бердех хьерчаш,
Кегдарца чукарчий кондаргийн генаш.
Зезагийн вахош хIо кхачарна коьрте,
Стоьмашлахь гуш лаьтта садоькъу гIенаш.

КIайн бурош хьийзадеш, чуоьгу шовда,
Цу буха хи иэца мехкарий хьовду.
Шира йиш ийзайеш, йоI йолу новкъа,
Цуьнцанна лекхалуш хетало кIудал:

«Сийна алу корех
Туьйсуш кхочу де,
Хьажар кхолош маьлхан
Йогу йаьлла цIе.
      КIилло къайла воьлла,
К1ант майра лиэта.
Нана коьрта Iуьра
Ара йаьлла лаьтта.

Цо кIант тIаме воккху,
МостагI иэшаван,
Iамийта  кадоккхуш,
ТIеман хало лан.

Дай бу денна ларбеш
ТIом бо кIентий шайн,
Сийлахь верг дIайазвеш
МогIанехь къонахийн.

Когашна кIелхьара тIулгаш дIахаьлхи,
Хи чу уьш кхечира, ирх тухуш дерз.
Кхин сацар доцуш, кIант а чуваьхьи….
ЙоI йолчу Iинах чу, - хьаьнга де арз?!

Туьйранан хазалло Iадийнчо олу,
Хададеш цу йоIа шега ден къамел:
«Хьайна  кхул доьхна де дахарехь дагIахь,
Къонаха къаставан хилалахь сема!»

Кур ойуш, цецйаьлларг бIаьргаш чу кхевди,
Царна чохь-м седарчех заз-патар лаьтта.
(Дагахь а доцу ирс  ма йуххе хIоьтти!)
Мел бIешо деди те цу муьрехь ваьшта!?

Ма туьйранахь санна хета
Сатийсамаш бераллин,
Сирла-кIайн йа стиглан басахь
Беттан дато бIарлагIийн.
      Махмарна тIе IиндагI дожий,
Тем байначу кIажарша.
Ховха, экама и хьоьжу,
Хи чохь гучу липпаршха.

      Тов хьийзачу Къилбазенан
Нохчийн буьйсан совгIато-
Седарчийн нур дIадаржорна,
БIаьргаш чохь го йоI дашо.

ТIома тIема довла девдда
Дуткъий, деха цкъоцкъамаш.
Барт балаза балдийн алу-
Арахь догу зезагаш.

Шина татолах, дIахьаьдда,
Чам тайначу хьостанех,
Ломан тархийн белшех къаьста
Iаьржа чIаба - чухчаре.

Дахарехь и саннарг гойла
Цкъа бен-м хуьлийла а дац,
Сингаттамо огуш ойла,
И ган ца лиънариг вац.

БIаьргийн хьажар цуьнан лаца
Цхьа бIешеран мурсташна,
КIожамах хазхетта вага
Йа  вожа ирсан хорамна.

ДегIаха са къаьсташ, маллуш,
Дагахь хьоме йаха  цIе,
Цу цIаре дохдойтуш балдаш-
Хьежа-кх даллалц къемат-де.
      Къегина Iуьйренах тера йоI лаьтта,
Йогучу йуьхьа тIе сингаттам хьаьдда,
БIаьргаш чохь догу нур эсала леста,
Эккхабеш цу чуьра кхерамийн бода.

Диканиг, ховханиг, хьоменаг саца!
Дахаро совгIат деш, ло шуна минот.
И-м йуха йоьрзур йац, ахь мел мах белча,
Ткъа иза йицйайта дина дац молха.

ХIаваэхь кIайн тIомах йаьржина марха,
ТIам беттий, сакхмакхийн хьийзарехь йеша.
ЙоI къайла йелира кхиъле дог далхо,
Хинболчу безамна дош дуьтуш теша.

Зевнечу декарехь, кхехкаш ду цIий,
Хинболчу кхиъмашна кечйеш шат1лакхаш.
Цо шен са, токхонах дузарна логгалц,
Латтадо къоналлин зазан патаршлахь.

Вагон чу валале доттагIех къаьста,
ХIораммо куьг лоцуш, довха дош олий…
ЦIеххьана чахчавеш, шина малхо хьосту,
Перонан тобанна йуккъера  хъожий.

И йеъна вокзале! Со новкъа ваккха.
Туьйра-йоI, хIуьрлаIан бошмашкахь кхиъна…
Кхо эр ду хьалхенгахь ала ца кхиънарг
Йа бIаьргийн хьажаро эли те, мел дерг!?

Вагочу тулгIенца дешнаш
Гулдели цу меттан буьххье,
Амма уьш, мел литтарх, оьшшурш
Ала ца кхачало бухе.
      Дахарна - оьшшуриг къасто
Хала ду. Миноташ уьду,
      Тхо вовшех сихйелла къасто.
Сацац хан – хьалхахьа йоьду.

Алазчу цу дешнийн Iеха
Хьаьрчина гIорасиз маттах.
Пхенаш чохь цIий маьхьарца Iена:
-Ватталхьан…Ватталхьан…Ваттахь…

Шакаро тийналла эккхий,
Кхо йоьIе цхьа дош ца олуш.
Ткъа маь1на ца дайдеш дешнийн,–
БIаьргаша аьлла айкхбовлуш:

–ЙоI, тешаш хьежалахь кIанте,
Безамца ларвеш и вонах–
Де кхачахь майралле кховда,
Хуур ду-кх и хиллий къонах–

Iаьржачу бодашлахь дешна дайн лаьмнаш,
Ц1ерпошто йорт оьцу шерачу ара,
Цо хьош ву жимха Украинин кхашка
Хинболчу боккхачу кхолламан мара.

                ШолгIа   дакъа.
«Ханпаша санна, мостагIца тасадаларехь кхерам боцуш хилар» И кхайкхам кар-кара луш дIабодара. Оцу кхайкхамца боьлхура ЦIен эскархой тIеман кIуркIаманенна йукъа, туола а тоьлура мостагIел.» «ЦIен эскар» 21. Х. 42шо.(Красная звезда –газета)

Украинехь йагIац дага
Иштта дашо аьхке:

Йуьзна зазан кедех,
Къона нускалх - аьхна;

Каде, маса кIен кан бузуш,
Литтина дешех, цIена.
Дагчу зевне иллеш хьовзош,
Гуш беркате гIенаш.

Эшарш лоькхуш Украина
Заздаккхаре йаьлла,
Къона баьллаш, хорха санна,
ЖовхIарех йу бIаьрла.

Мох бу, кхаш тIехула арахь,
Огаран цIов техкош.
Цуьнан эшарш стоьмийн бешахь,
Хесаш тIоьхла  йекош.

ЙоьIан аз ду, там беш дагна,
Йуьзна пана аре,
Тешош хиларх токхе йалта
Йолуш ирсен кхане.

Букъах шаьлта Iоьттина, беш тешнабехк,
Дожийра кIентан ирс, бертала харцош.
Зуз хьаьдира, Iовжабеш заздаьлла мохк,
Iуьйре тIекхечира, малх цIийла карчош.

Ханпаша вол-волуш кхечира хьалха,
ГIорийнчух вогIалой, ладоьгIуш соцу.
Йиш хаьлла радиос, иэтIайеш бага,
Садукъдеш, дIовш санна, шийла кхаъ тосу.

-ЛадогIа, ладогIа, ладогIа сема,
Буьйсанан бодашкахь, къайлаха, тховса,
Йолийна Iаьржачу къийгаша Iено
Бомбанаш, дийшинчу бераш тIе къиза.-

Iуьйренца дохк доькъуш хьаьжначу маьлхан,
КIуьралахь сийсачу гаьннех бIаьрг кхета,
Чевнаш го даьгначу цу оьрсийн лаьттан,
Дайинчу берийн цIий херцорех летта.

Йогучу цIерийн мотт ийало лаккха,
Мехкан дог долчухьа нисдина болар.
Вайн доза дохийна, мохк дола баккха,
Эхь доцчу мостагIчо долий шен талор.

ТIингарш йолу танканаш, лечкъийлаш йитна,
Йарташ хьен йуьйлало, зIенех цIий ледош,
Керла заз даьккхина и баьллийн дитташ
Кхоъмаза шайна кIел хоттала дийшош.

Тахана къоначех цхьа гIарол вуьйжи,
Тешнабехк тIехьашха тоьхначо бина.
Тахана  дуьххьара сирена тевжи-
Нана шен вийначу кIантана йилхи.

Тахана цу тIамо шен тIемаш даржий,
Вайн махкахь дIайоьллуш къизаллин пхьалгIа.
Ткъе ШолгIа Июнь де вайн иэсе дижий,
Цу ткъолгIа бIешеран, шо Шовзткъей ЦхьалгIа.

И де дицдойла йац Ханпашин йанне,
БIаьрхин чам бовзуьйтуш, хьодуьйтуш зуз,
Кхачарна, беш санна, тешнабехк нанна,
КIиллочо бодашкахь даьккхина урс.
       Цу кирзан боьхачу эткаша хьаьшна,
Аьнгалех йохайеш хьан кура ойла,
Шен цIийша дуьзначу куьйгашца лаьцна,
ЙоьIан лаг мостагIчо Iуьйдуш ма гойла!

      ОьгIазе алоно кийра  бузийна,
Пхенашкахь цIий уьду, боларехь маса.
Садеттар, дегбаъмаш – шадерриг ийна,
Мал ца ло кхехкачу ачонан аса.

Къоначу даг чохь цIе йолийла марса,
Ма хуьлда цIеххьана йаьгна йан летта.
Церга балда лаций, чIагIло Ханпаша,
Даймахке безам хьан лаьттар бу меттахь.

МостагI цавезаро тIам тIехь ка доккху,
Iожалло дарц уьйучу кIуркIаманехь,
Майралла тIетухий, гIора совдоккху,
Хьан шаьлта хьовзайеш мостагIчун даг тIехь.

Украинехь йагIац дага
Иштта тIеман аьхке,
Килсийн горгалаша стигла,
Балхош, бала баьхна.

Арахь дера хьешна йалта,
Iаьржа анен йист мел йу.
Цу мостагIийн декъех леташ,
Къийгийн жатташ а лела.

Iаьржа стиглахь кхехка буьрса
ЦIарах ийна  йочанаш.
КIен хиллачу кено туьйсу,
БIаьрхих ченала буьртигаш.
      Тевжи йоьлхуш Украина
ЦIаро йагош гатйарна,
Нанойх кIентий дIакъастийна,
ТIамо цIерга лаьхкина.

ЦIийнах бевли партизанаш
Цу огаран арахь бовш,
Ца кхайкхинчу цу хьешашна
Хийра махкахь кечдан каш.

Эккхар делира, стигла иэтIош дера,
Цу цIийн хьоькхнаша къарздира седарчий.
Дагийна латта, тийжаш,  эргIаддаьлла,
Ца ловш декъийн хьожа адамийн.

Оцу деношкахь мостагI малх-аккъара
Гайта ларийра шен экхаллин амалш:
Кхоъмаза дойуш бераш аганара,
Къанойн цIий т1ехь Iенор деш шайна хьанал.

И бетнаш ду-кха шерийн мехха масал,
ТIеман кIуьрлахь тIемалойн ачо чIагIлуш,
Толам баьккхича, кхочуш даге асар,
Накъост вуожийча дерриг дуьне  къахьлуш.

Шен вешел чоьхьа ву доттагIа тIамехь,
Накъостийн каш тIехь дош ала ду атта.
Ханпашин бIаьргаш чохь бекхаман алу
Йогура, и дарвеш,  мостагIех лиэта.

Вер, лазор даржочу даш-дорцал маса,
МостагIийн ардангах тасалой оьра,
Халоно гатвинчохь велалуш таза,
Толаман лаамо валарх ларвора.
      Ханпашех бIаьрг бузий, командир, къоьжа,
Вистхуьлу хастайеш цуьнан тIеман шовкъ:
-Цу кIанта Iожалла эшийна, тешна,
Дуьненчу ваьлла и турпал хила хьакъ.-

Мел дара цо тIамца гездина некъаш,
Хьесапе эцна дац тасдаларш дерриг.
Цхьабакъду, хууш ду, ца оьшуш тешаш,
ТIемалойн йахь ларйеш, ваьгна и верриг.

БIаьхошна и даг чохь висина иштта:
МостагIех таслучохь толамна маса,
Массаьрца гергарло лелалуш ваьшта,-
Ваша веш къастийна, башха, Тарас.

БерхIитталгIа шо. Тарас вара салти.
Ткъа шовзткъей цхьолагIчо–кху тIамах хьарчий.
Къизачу мостагIчо шен хIусмах къастий,-
КIант, зудий дерзадеш цкъа тоьхна лахьте.

Дуьненах дог даьлла, къамеле воцуш,
Тарас Iа даима пулемет кегош,-
Ханпашас шен аьрха амалшца оьций,
Тарасна гIора ло, деган ша башо.

Днепр-хин аренийн къонахчо хьоме,
Шен веш, тIеийцира ламанхойн жимха.
Кхелхинчу шен воIан метта и лорий,
Везало Тарасна и нохчо сихха.

Украина керчаш йу шен цIийлахь денна,
Кхаьршинан дагна и лазам бу дера.
Мохк безар, мостагIе ачонах ийна,
Даздеш ду кхаьршинан марзонан терза.
      ТIом бечохь зийна ду гергарло церан,
Дусталац и адмийн барамах тешна….
Ду довха-нускалан безаман цIарал-
Iожалла-м цул шозза гIоранца иэшна.

Ханпашас шен доттагI кIелхьара вохуш,
Iожаллин бага ша хийлаза кхийси.
ДIаьндаргийн дорцалахь цуьрриг ца вухуш,
Ханпаша Тараса гехь текхо дийзи.

Iай совцар нисделча, цIе йагош гонехь
Уьш бохбора цIарочул довха дашо,
Ханпашас «батько» шех аларна шайлахь,
Тарасан гIийла дог хелхаре дора.

Сел чIогIа гергарло доттагIийн хадо
Ницкъ кхочур бац моьттура Iожаллин шен.
Амма цкъа дог дагош, бIаьргех хи хьоду,-
Шийла кхаъ кхачарна гергарло зен.
                Дагалацар (кошедовлар)
      ЭттIачу  мархех чекххьоьжуш,
Лечкъош гIуро човхийна йуьхь,
Бутт бу шийла зIаьнарш хьоьрсуш,
Пурха гIерташ лачкъа сихха.

Ца хIуттуш набарна товжа,
Лаьтта ша тахкийна дарцо,
Пурхахь лечкъаш, милла хебна,
Кхайкхаза хьаша, гIарол-немцо.

Сингаттамехь дитташ тийжа,
ГIорийна шайн меже саттош.
Баланаш сов бохуш хьийза
Дера мох кху тIеман хьаьтта.
      Лерг Iадош мохь хуьлий кхочу,
Йаьгначу йартийн чимийн хIур,-
Дуьне Iаьржа дарцо морцу,
Даьгначу адмийн баьржаш кIур.

Iаьнан дарц цхьа дера дог дахьош угIу,
Къизаллин гIенаша ца дуьтуш тховса.
Окоп чохь кхо накъост набйан ца туьгу:
Тарассий, Ханпаший, «Максим» олу герз.

Йиш йац-кха хеба дегI набарна товжо,
Шелонан халоно хIорш къарбийр бац.
Йу кхеран палатка, хIусам йеш йаржо,
Тарасан луьлано эккхор ду дарц.

Сахуьллуш лайн чимаш ийалуш гIовтту,
Дижначу лаьтта тIе ийзалуш оьгу,
Тийна мох, денбелла, схьахьекха хIутту,
Карзахе хелхарехь цо ижу лоьху.

Зарзлучу Iуьйренца, нисйина тоба.
МостагIий тIегIерта, лар йуьтуш лайлахь,
Хьалхара хIоъ божий йоккхачу тоьпо,
И оьккхуш, долало тасдалар дийнахь.

Фашисташ гIевттина атаке бовлу,
Дуьйлучу герзаша къайлах гIакх лоьху,
Лайн хIуьрца йилбазмох хелхаре болу,
Ханпашас Тарасе: «ТIейахийта!»-боху.

ДIо аьрро агIорхьа хезаш ду «Ура!»
Вайнаш бу мостагIца «буй-тIаре» бахна.
«-Сан кIант, хьо сих ма ло, - Тараса олу,-
-Сихдала вай иэшац, кхерам бац вайна.»
Ша оьзна луьла цо дIацIанйи, йассош,
Мекхаш тIехь бина ша кегбеш дIабаьккхи.
Ханпашас аларций: «ХIаллак де йовссарш!»
Шен лента чухьарчош пулемет Iеттий.

Iожаллин мох хьаькхи кIайн лайлахь даржош,
ДIаьвшечу дитташ тIера и Iаьржа гIаш,
Хьан эр ду наношка, цхьа кIант ца къастош,
Iожалло дебадира декъашца кхаш;

Хьан дуьйцур уьдучу маса дIаьндаргех,
Мохо тIаьхьа ца бешаш лестадарх тIемаш,
Бистина, бахкалуш мостаг1ий Iахкарх,
Халаташ тIе летта цIийн хьоькхнийн йомех!?

Iуьйрено цIоьллийца хьаьхира стигла.
Тийналла йатIайеш татанаш девли.
МостагIчо схьахецна масийтта мина
Иккхира, мел йогIург йуххехьа теIаш.

Тараса дош кхуссу: «КIант, мал ма лолахь!»
Эццигахь, моттало, стигла тIейуьйжи,
Седарчех дIакхеташ, ирхдели латта,
Дуьненах, керчина, цIеран хIоз хили.
        .
      Мел Iилли  цу хьолехь: минотехь, кIирнах?
Стиглара сен дареш ма Iаржаделла!?
ГIоьрттина Ханпаша голаш тIе хиъна,
      Гуш гонах цецвоккхуш аьхна тийналла.
      
      Лайн хуола, лаьттан барз-дерриге дуьне.
ЦIен марха тIеоьзна иэдделла лаьтта…
      Вагийна чов йуьхь тIехь къастало куьйге,
БIаьрнегIарш деллалац, цийх тIеттIа летта.
      ЦIийн кховра иэтIадеш, диллича бIаьргаш,
Гулвелла, леранна хьалхахьа хьаьжча,
Го цунна, цIен мархийн зарзйалар йукъахь,
      ТIешерша мостагIий. Пулемет сецна….
      
      МостагIий йухатоха Тарас вац гIоттуш,
Iуьллу и, йуьхьах шен, кIайн махмар хилла.
Амма цу бIаьштиг кIел томмагIа хIоттош,
       Зезагах даьржинарг батькон цIий хилла.
      
      ЧангIалкхийн кIомсарех цамзанаш къиэжош,
Маларо кхерамна бахарна гена,
Фашисташ, кIур гIуьтту, окоп тIе богIу,
      Тарасан пулемет Iуьллу йиш хаьлла.
      
      -Батько, ва батько! Хезий хьуна гIовгIа,
Батько, хьуна ца го те вайн довхойн пхоьха?
      Биллинчу бIаьргаш чу оьгу ло ховха
      Амма и дашо йац царна чохь йовхо.
      
      Чекхдели дерриге. БIаьргаш цIийх дуьзна,
Балано сагатдо, некхаха леташ,
Тарасе алаза, мел дукха дисна,
      Амма ма герга кхаьчна-кх фашисташ!
      
       Хьалхарниг го цунна гIаьттина бага,
Маьхьарца чухьаьдда, саттийна ворта.
«Боберийн, зударийн лиънарш цIийх Iаба,
      Йохьуьйтур вай шуьга йуханехьа йорт.-
      
      -Батько, хьо хезаш вуй, пулемет схьало..».
Герз къовлуш, тIемаш тIехь гIорийна куьйгаш.
Хезаш, гуш вац батько. МостагIий гулло,
Окопна гонаха Ханпашех боьлуш.
      Хьайречу бIаьрзалло озийна балдаш,
Безамехь йуьхь-сибат, куц хуьйцуш, доьхна.
Дералло, чохь сийсаш, дIалаьцна логшад-
      МостагIна йиш йац ган доьналлех воьхна.
      
      Цхьа дера жIаьлеха пулемет лети,
МостагIийн гIакх ата сихделли лента.
ТIеман дов чекхдаккхар Хапаше дели,
      Шен куьйгаш даьстина, Тарас дIакерча.
      
      Болатан шед хьаьвзи фашисташ иэгош,
Iожаллин цIаро уьш берзийра хьалха,
Малхбузе уьш лоьхкуш, дIаьндаргийн догIа
      Дорцан мох хуьлий хьаьвза, махкаха баха.
      
      Iуьрг дайна дехкашха, немцой уьду арахь,-
Iожалло лаьцначохь хIора а дIатоь.
ЦIийх ийна хьацарлахь Ханпаша вара
      Герз дассош мостагIийн кхачадан доь.
      
      Ткъа сарахь, тIом боьрзуш, малх буза боьлча,
ГIовгIа-гIар дIатийча, доккха са доккхуш,
АстагIа вархI фашист командир волчу
Валийра Ханпашас, накъост вер доькхуш.
      
       Хьаькамо Ханпаше элира доггах:
-Къонаха, ахь гайти доьналла тIамехь,
Ткъа хIинца сихонца санбате гIо хьо.-
Ханпашас: - Дика ду.- Ткъа йуха: -ХIан-хIа!-

-Лазартне муха воьду? Цу тIе хIинццехь!
МостагIчо доттагIа вожийча вийна.
Хьомечу Тарасна гур ма йац цкъа а
Ша экам кхиийна шен Украина.-
      -Вуй теша Тарасан чIирхойх цхьа дийна,
Бойуш сан махкахой, шек воцуш шена?
Тарасан хьажаро со векал вина,
ЧIир эца мостагIчух мел динчу зена.-

Лазартне и гIур вац. Дог доьлхуш, тийжа,
ДIаьндарго чекхйолуш чов йича санна.
Командир кхийтира бIаьхочух, хьаьжча,
Даг чохь цуьнан дуй хии лазар и велла.

МостагIчух тасалуш, Iабахь чIир эцна,
И лазар дIадолу тIемалойн дегIах,
Цундела элира: - Хьайна луург дан
Пурба ду.- Дуьхьала Ханпашас: -Мега!-

Йуха а тийсало къизачу тIамехь
Ханпаша, ца туьйчу, луьстачу дорцах,
Герз дассош, летара дерачу шовкъехь-
Iожалла ийзалуш, лелара йуьстах.

Иттаннаш, бIеаннаш, иэгийна декъий.
-Батько, ас чIир оьцуш гой те хьуна ант?!
ХIорш бу-кх хьо вожийнарш, ца гIовтта иэгна!-
Аз хеза Тарасан: - Дика ду кIант!-

ЭттIачу мархашна гIийла чекххьоьжуш,
ГIуро дера човхош, йахьийна йуьхь,
Бутт бу, шен шийла зIаьнарш а хьоьрсуш,
Хьоьжуш хIоънаша аьттачу пурха.

Толаман йиш хезий, Iожалла дарло.
Пурхарчу лай кIеллахь Iуьллуш ву фашист.
Йийсаре лацазчу го йуьрта тIоьхла
ЦIен Байракх, малхбузе даьржина дисташ.
                КХОАЛАГIА  ДАКЪА.
«Валар  цо тIеийцира доьналлица, кура. Шозза чов йинера цунна, амма иза, шен гечо дитина, тIамна йукъара ца волу. Цуьнан тIаьххьара дешнаш дара: - ДIаиэцийша сан пулемет-.(Красная Звезда-газета).

              ЛЕН  ЙОЦУ  КЪуОНАЛЛА.
      Де-дийне мел долу майра бIехошлахь,
Ханпаша чIагIлора сийлахьчу меттехь.
Некхан куц къагийна, кхоъ орден башха,
Го гвардин лакхарчу чинехь сержантехь.

Цуьнан цIе, тIам чехка олхазар санна,
Фронташкахь, йорт эцна, йаьржира маса.
Дуьйцура: и волчохь эккхац хIоъ, мина,
МостагIчун дIаьндарган ницкъ бац и лаца;

Цул сов и хIуманнах уоза цавалар,
Атакехь накъостел ша валар хьалха,
БIеннашкахь фашисташ цо дера атар,
Даймахкахь вайн халкъийн даккха са малха.

Iаржделла, варкъ лоцуш болатах амат,
ТIехьаьжча, чахчавеш ду алун хьажар,
Лараме чевнаша йазйеш шайн гIомат,
ДIадоьду, уьш бахчош, тIемалойн дахар.

Иштта а хуьлура: малх буза боьлла,
Йаржайеш цо цIоьлла генарчу регIахь,
Цкъоцкъамийн и ши тIам хебча, гулбелла,
Сингаттам хьодура къуоначу диегIе.

Шен деган къайлахчу ойлане вужуш,
Машаре, толаме, ирсе сатуьйсу.
Овгарийн аренийн геналле хьоьжуш,
Иэсехь шен Кавказ гой, бIаьргех хи тосу.

ЦIеххьана тIом боьрзий, тийналла хIуттуш,
Лелхачу герзийн гIар геналлехь йуьжу,
Бехачу новкъахь цIеран суйнаш дудуш,
Ц1ерпошто Ханпаша шен йуьрта вуьгу.

Сихло и цу лаьмнийн баххьашка кхача,
Хьомсара вежарий шен мара къовла,
Довха дош аларца церан дог хьаста,
Дай, наний дагалоцуш къамеле кховда.

Бераллин дахаре верза ницкъ хилча,
Ца Iебаш шен даг чохь сацор дара дерг:
Вайн маттахь аьлла дош, нийсаройн хича,
Дуьххьарлера безамна, мел къежна церг.

ХIетте цхьаъ хаара - толам буй оьшург,-
И баккха доьналла хиларца денна.
Кхуо шена боьттина тIеман кад кхоччуш,
ДIамер бу Даймехкан толаман денна.

      Кхуо шен дог доккхур ду некхара иэшахь,
Граната санна, и мостагIна кхосса.
Хаьара: толаман сахьт дуйла генахь,-
И герга далорна дIахьош буй къовсам.

Нисдели-кх виначу лаьмнашка верзар-
И иштта нисдалар-м башха тамаш бац.
И кхунна моьттин чул хилира жерахь-
Кхуо даг чохь кхоьллинарг-м аьттехьа дац.

Ца вирзи таьлсаш гехь некъахо хилла,
Шен хьоме Аухан ховха буц хьошуш.
Вирзи и шех хилла Дозаллин Илли-
Лензаллин Сийлалла Нохчийчу кхачош.

Даймахкахь хууш ду: ша дийна волуш,
Шен дегIах тIаьххьара дIакъастталц гIора,
МостагIех летта и уосала воцуш,
Iожаллин кхерамо ца вожош гуора.
…………………………………………………..
Накъостий эгарна бIаьргех хи далар,
Чевнаша Iийжавен бIаьххаллин некъаш-
КIад боцург хетало, боуьйтуш бIагор,
Кху тIеман шолгIачу аьхкенан декъахь.

И денош къаьхьачу дийцарех ийна
Лаьттар ду вайн халкъан иэсан чов хилла,
МостагIий совцалац. Цара мохк хьийна…
Вайн бIаьхойн дегнаш чохь-м йац Iаьнан чилла.

МостагIчо дIалаьцна хIора дол лаьттан,
ЦIийн Iоврийн некъ хилла, гIертара тIаьхьа,
Мохь бетташ: «ХIай бIаьхой, шу муха хIитти,
ДIадаха, дуьтуш тхо мостагIна хьалха!»

Херцорех кIур оьхуш, ворданийн могIа
Кхоьлинчу Iуьйренца Малхбузе гIерта.
ХIусамех боьхначийн гIайгIанийн моха
Гулйелла бIаьргаш чохь, йазйелла лаьтта.

ДIадевлла даг чуьра самукъне денош,
Йийсаран каш чуьра кхойкхуш ву Тарас,
Толамца бекхам бар доьхуш Iа эгнарш,
ЧIир эцна верзаре хьоьжуш йу Кавказ.

Пулеметан бот чохь дисна йалх лента,
Эскар йухадалар Ханпашас лардо.
Дазделла цкъоцкъамаш гIелоно лаьцна,
Дог Iовжош, йуьхь тIехь ду цхьа шийла пардо.

Гонах бу байина накъостий-бIаьхой,
Хиллачу тобанах хIара висна цхьаъ.
Наг-наггахь, тIе нийса пулемет кIирйой,
Иччархо - тIемлочо йо довхойх бад.

Дисина цхьа лента лаьхьанах хьаьвзи,
Хьацарах ийна цIий чекхдели пхьуьйшах,
Ткъа киснахь, дог долччохь, йолучух са чохь,
Жим-жима меттах хьеш йу «Тэ-Тэ» шашах.

ТIаьххьара патарма…ХIара йу-те чаккхе?
Чов хилла. Цхьаъ ша ву. МостагIий гонах.
Иэсо бах: - Бисна хIоъ дагах чекхбаккха,
МостагIийн кхоьлана воьдучул кара!-

И муха воьрзур вара Даймахка йуха,
Муха дер мукIарло чуьрчарна хьалха:
–Эшна ницкъ, мостагI чекхвалуьйтуш Дон-хих,
Кавказе некъ бостуш йовссаршна хьалха?!–

ТIаьххьарчу патармин аз дижи тийна,
Йистхуьлуш йац «Максим», Iаш къанойх баьрччехь,
Куьг тIе хьо, дегI шелдеш йолчу тапчина,-
Ша-шен вен йитинчу патармин ларче.

Лелхачу стигланца хаьштигаш уьду,
Iаьржачу марчоха хьаьрчийна ардаш.
Йаьгначу аренгахь кIен кенаш доьлху,
Шайн дашо буьртигех цадарна дезарш.
       Вахаран тIаьххьарчу зил тIехь ша лаьтташ,
Iожалла, тIекхийдаш, йуьхь дуьхьла йайча,
Го цунна макхйелла боберийн йаххьаш,
Гур боцчу шайн дайшка бисарна хьиэжа.

Мел велларг дIахIоьтти тахна кху некъа.
Ма шортта кешнаш ду, ца далуш хьесап.
Мохь бетта массара: - МостагIна декха!-
Кхуо дош ло-кх, мостагIна ца иэшо тезет.

Iожалла, хьо йуха йалал,
Ахь ло тем, и оьшуш вац.
Хан лол лаъмаш кхочуш балла,
МостагI иэшош эккхавалц.

Хьоьца тIом цо бора денна,
Цхьа минот мукъа йоцуш шен,
Дахаран цундела хазна
Цо дIа ца ло леташ бен.

-Рус, карвола! - бах мостагIчо,
Окоп тIоьхла куьг даржийна.
      -Хьо галваьлла, ву со нохчо,
МаьIна ма ду церан ийна.-

Шена ларйеш хилла дIаьндарг,
И сов хьоме, деза совгIат,
МостагIчунна шех ца кхаьрддарг,
Дели, цуьнан тиейеш гIовгIа.

Воьжначу фашистан йукъах
Йоху цо гранаташ маса…
-Схьагулло, дижараш декъий,
Шайн герзах Iожалла лаца.-
      Герзийн лелхар, гIовгIа, ахI- дар,
КIозарш йаржош цIеран дарц…
МостагIийн цо герз лехьадар
ТIам тIехь гинарш кIезга бац!

Цу герзаца йеш дуьхьлонаш,
МостагIашца леташ денна,
Отуш Iожаллин кIелонаш,
Бохий гонаш лецнарш шена.

Диег1ера ницкъаш хьайн берг гулбай гулахь,
Синтемехь детталун дог шовкъе даккха,
Хьан цIий чохь бовха малх бетталуш белахь,-
Iожаллин шело йу-кх гIорасиз тIаккха.

МостагIийн могIанаш ма лустлуш лаьтта,
Ма буьрса хир бу-кх хIара де эшна тIом.
Чов хилла гIелделла, куьг дуьйжи лаьтта,
Ткъа къардала дагахь-м дац и майра лом.

      Леташ берш къастабеш йу лаьттан аса,
Мел долу дуьне шина декъе декъна:
Цхьана агIор гулделла Iожаллин Iазат,
Вукханхьа лардеш дерг - малх, дахар декхна.

Лелхачу герзаш кIел хала ду тиекха,
Ткъа шинна-м муххале-дIаьндаргаш уьдуш,
Буьйсанна кхочу и накъостийн метта,
Лазозчу куьйгаца пулемет уьйзуш.
               ТIАЬХХЬАРА ТАСАДАЛАР.
      ГIайгIане гуьйре, дуьйхина Iаьржа,
Эгначийн кешнашкахь ша-шена тийжа.
ЦIийх Iаьбна лаьтта тIехь сира дохк даьржа,
Бисинчу зударийн кIуозарел къоьжа.
       Шайн кестта хинболчу толамах тешна,
ЧутеIа мостагIий ловзарга санна,
Йовссарийн угIарехь эшараш  йаьхна,
Сталинград хетарна шайн дола йаьлла.

Днепр, Дон, и ши хи, мостагIехь диси,
ГIоба - хи шен бердаш ца девзе долу,
Буьрса Терк оьгIазе гIум тосуш дисти,
Мокхазан бердаш тIехь мостагIий оту.

Идал - хи тIехула баьржира кхерам,
Ткъа халкъо йо чIагIо, къизалла гарна:
-Кхин цхьа гIулч йухадовлар ду вайна хьарам-
Цул тIаьхьа туола Русь гIаьттира, чIирна.

      МостагIчо мел динчу зуламийн бекхам,-
ЦIий Iенош дагийнчу зударийн, берийн,
Хьомсарчу Идал - хин бердашкахь доькхуш,
Схьаэца болийра мостагIчух дера.

Исторехь дац масал, Сталинград санна,
Къизаллин доза деш, барамна дуста.
Цу денойн «Иллиада» хуур ду хьанна
ДIайазйан, цунна-м шен Гомер ма оьшу!?

Историн агIо йу вайн гIулкхийн могIа,
Къовсаман хIора сахьт ду толам кхиош.
Ханпашас толаме сатийсир-кха чIогIа,
Маржа йаI, цунна ма ца ги-кх и денош!

Дера схьадеттачу даш - дорца кIеллахь,
Фашистийн кхаж баьлча Iожалле кхача,
Эсаран цу баттахь Сталинград-гIалахь
ТIаьххьара тIеман дов дийзи тIелаца.
      Уьдура мостагIий ловчкъийла йайна,
Фашистийн туп тIоьхла хьаьвзира бала.
-Накъост сержант, хьан ког бу-кх чов хилла!-
-Салтий, хьо лач хьоьжу, верзал дIа хьалха!-

-Гой хьуна, цIийелла толаман Iуьйре,
Вайн къаьмнийн хиндериг къастош ду хIинца,
Къийсамехь вайн дахар, далар ду нуьре,-
Олушшехь, Iожаллин дIаьндарго лоцу.

Догучу лаьттехьа таьIира корта…
ХIун дуьйцуш, хьаьнга лоь, кхиъна кIен эшарш?
-Хьуна хIун хили техьа, накъост сержант!-
-Ма воха, бIаьхо, пулемет тIе шарша!-

Цу маьлхан йовхачу зIаьнарша хьоьстуш,
Къевкъина довха де дара аьхкенан,
Кхин ваха ма кIезга йисна миноташ,
Кхоам бу-кх валар – берхIитта шо хенахь!

Дахаран тIаьххьара къурдаш ду деза,
ХIоъ некхах  баьллачух хIаваъ чуийза,
Мехала ду стиглан гуш дисна киса,
Деринчу кху лаьттан буйннала гIорза.

Дуьне-м ша ма-дарра ду. И гIоттур вац кхин.
БIаьргаш чохь лиэтар йац челакха цIераш.
Стигланаш лешар йу дахкарлахь гIайгIин,
И вуьйцуш тийжар ду пондаран мерзаш.

Виначу ламанийн йуьртана генахь,
Жималлехь дIавоьду дитаза декхар.
Даймехкан дуьхьа цо цхьана а хенахь,
СагIа дан кхоийна дац-кха шен дахар.
      Сийна тIам тиллина хIуьрлаIийн суьртахь,
Даймохк бу къоначу бIехочун коьртехь,
Ца бицбан чIагIо йеш берзарх эхарта,
ХIара санна, шен дуьхьа дIабахна кIентий.

ТIехIутту, цо беъна бIаьргаш чохь безам,
Аганан иллин аз мукъамехь дека,
Куьг хьокхуш, верзаво набаре мерза,
ДIайазвеш Сийлахьчу шен кIентийн декъа.

-Маса хIоъ! Чахчочу эчигах бина,
Ахь вуожий со, гулйеш гонаха къийгаш.
Аса-м хьо мостагIна даим хьежийна,
Хьо суна, аьлларг деш, муьтIахь а Iийна.-

- ХIай шийла Iожалла, со вожий ахьа,
Довха дог шелоно дахьийна дели.
Ахь маьлхан де кхолош, бода тIебохьа,
ХIетте со хилла-кха даъим хьан эла.-

ЦIийн тIамарш тIехь йуьсуш, къарзйели бецаш.
ГIорасиз корта цо товжаби лаьтта…
Фронташа шийла кхаъ  кар-кара эцца:
-Ханпаша вожийна! Дуьненах хаьдда!-

Догучу кху оьрсийн лаьтта тIе тевжий,
Къовлу и шеллучу шен дегIан мара.
Малхбузехь сийдаран байракхаш техка,
Цу къона дахаран кхачалуш оьмар.

Санитар тIехьийзар хIинца ду эрна,
Iуьллу и нисвелла гуттаре лехна,
Гергарчийн кхайкхаршна ву иза гена,
Дуьненан дезаршна синхьаъмаш лехна.
      Йуьхь - сибат тайна ду, бац хийцам цуьрриг,
Iожалло ца хийци цкъоцкъамийн даржар.
Хетало, дегIаха са къаьсташ, дерриг
Цунна-м гуш ма хилла шен сийлахь кхалхар.

БIаьргех ца оьгура дуьра хин тIадмаш,
И Турпал дIавуллуш гулбеллачеран.
Толаман Байракхах, айина валош,
Массарна кечйинчу хIусме тIаьхьлонан.

Бекхаман айамехь детталуш дегнаш,
Цу бIехойн некха чохь тIеман цIе йогу.
Лахьти чохь дIакъовлуш упханийн аннаш,
Коша тIехь тIаьххьара довха дош олу.

Керлачу борза тIехь цIен тIамарш лиэтош,
Идочу алонгахь къагийна буьйса,
Гвардейски Байракх йу шен зIаьнарш лепош,
Кху кIентан Лензалла гуттара йийца.

БIаьхоша-вежарша каш тIехь йо чIагIо,
МостагIна чIир йоькхуш, шаьш толам баккха.
Ханпашин дуьненан дахаран агIо
Толамца кхача йан Лензаллин хьаьтта.

Нийсарой, шаьш хиларх гIалмакхойн арахь,
Цу Алтайн лаьмнашкахь йа тундрин шаш тIехь,
Диц ма де: и вожар, лардеш вайн дахар,
Йерриге а халонаш ловш шена тIехь.

ТIедогIу бIешерийн, хIай ирсе адмаш!
Шун йаххьаш къегаш йу, тIехь марха йоцуш,
ГIайгIане дац бераш, бIаьргаш дац доьлхуш,
Шун дахар ду иллеш самукъне лоькхуш.
      Цу ирсе шу кхаьчна, Даймехкан салтий,
Къиза тIом иэшабеш, летарна дера.
Белла уьш къоналлехь, доццушехь атта,
ТIаьхьенийн маршонна шайн са дIадала.

И вели, байттамал, ца вехи дукха,
ТкъайоьсналгIа бIаьсте неI йелла йоьлча,
Алахьа, Идал-хи, хьоь цо хIун эли?!
ХIун гIенаш ги техьа, хьо лардан  воьлча?!

Кху жимхин коша тIехь, хьийкъинчу кIелахь
ХIун эшарш йохуш бу тем байна мехаш?!
Дахарехь диканна и хиларх  тIиэра
Йа мехкан маршонна -Iожалла тIейехна.

Заздоккху жималло, дицдина туьйра,
Туьйране ладегIа-м  хьан йацара зама.
Хьан дахар самукъне цхьа илли дара,
Чекхдаллалц и ала, ца ви-кх хьо лара.

ДIадели комаьрша цо шен цIий къона,
МостагIца тIом бечохь вай толамна
Iожалло ца хьошуш, лаьттар йу бIаьвнех,
Лензаллехь чIагIйелла цуьнан къуоналла.

      Ма доца дахар ду адмана делла:
Минотийн идарехь денош чекхлелхар,
Амма и  халкъ ирсе дигаре хьовзош,
Къам марша даккхарна йовхо луш даьгнехь,-

И санначарна ло халкъо шен иэсехь-
Ца вицван дуьненахь дакъа абадехь.
                Соьлжа гIала. 1943 шо.


Рецензии