Вицлур вац цкъа Хаджиева Минара

Дегнаш Iовжош, тхох къаьстина,
ЦIавар доцчу вирзи Дада.
Лелар дац тхо хьо вицвина,–
Ма йиш йацар тхан хьох хада!

Шерийн хало хьуна гина,
Къиза бала лайна шортта,
Дахаро хьо ца Iехийна, –
Нехан дуьхьа лезна куорта.

Са ца лоьхуш кху дуьненахь
Лийли беркат гуонна даржош,
Хилла  доггах тешаш Делах,
Цо доIийна хийла жоп луш.

ГIаьттина нур сирла гора
Хьан йекхначу хазчу йуьхь тIехь,–
БIаьргаша ма синтем лора,
ГIайгIа хьулйаларна кIуоргехь.

ТIеоьцура везаш наха,
Ларам барца вохуш баьрчче.
Цхьа шога дош доцуш багахь
Кхалхарна тхоь къахьо кхаьчна.

Цкъа мукъна, ладугIуш, хьоьца,
Оьцуш ирс, къамеле бевлларш
Хьоьца марзо тосий, мацца
Кхочура Iаларойн–Эвла.

ДIайахна хан йицлац суна,
Ма жима со йара хIетахь!
Голаш тIе дIанислой хьуна,
Луьйчура хьан бIаьргийн Iомахь!

Хьан тIаьхьенах хилар суна
Дозаллин лакхе йу сийлахь,
Воккха-Дада, дош ло хьуна
Дахарехь хьан лорах лиела!


Рецензии