Далла муьтIахь хилар ду цуьнан са тедеш Руслан Ахт

МагIарби-Хьажин,
цуьнан ден Абст-Хьажин,
деден Назар-Хьажин а сийна.

Дешнашкахь бен ца беха Iазапхочун безам –
Бен дац: иза хуьлийла мехкан да, паччахь,
Герзан лаг ду цуьнан кхуллуш берг ларам:
Цунна тIе пIелг биллина Iа иза баьрччехь.
Кхечуьнгахь кхоллайелла, мел оьзда ойла,
Цуьнан даг чу Iадоран кхерамца кхочу,
Хьекъална башханиг – цо вер лору дарба,
Шен лаамна гонахберш ца гIертийта коча.

Дин доцчу чекистийн телхина гIеранаш
Нохчийчоьнна Iожаллин го лаьцна йевлча,
Советски дожалан къизалла тIекховдош,
Къона МагIарби, цара хIоттийра холча,–
Иза сийлахьчу оьздаллин хиларна гIала,
Эхарта бирзинчу шен дайшкара дуьйна:
И дара хIорш Iедало хьийзоран бахьна,
Хиндерг гучу хьикмате дайша далхийна.

Доь доцуш, ГУЛАГЕХЬ ши ваша вайра,
Сихонца Даймахках бехира бисинарш,–
Боккху ког маьрша бац, йац арздан меттиг
      Кхойтта шарахь къиза кхел лаг лаьцна лаьтти.
Нахаца цIа дерзар а дихкина дара
Дендайша Iен, даха а йиллинчу йурта,–
Къизачу Iедалан Iазапаш лан дийзира
Зуламо урх кара йерзийначу муьрна.

Далла муьтIахь хилар ду цуьнан са тедеш,–
Стиглара диссинчу аятийн дарсаш а.
Жималлехь йевзи цунна оьздалла церан!
Цу Ницкъаца къийса дац дажалан гIора,
Велахь а даржадеш шен зулам тахана,
Карзахе боьхна лела нохчашна йукъахь.
Шайхаша бина некъ вайн иэсехь латтахь,
Ларлур ду вай кIелонна боьгIначу гурах.


Рецензии