Нийсоне сатуьйсуш вехарг
I
Пхьоьхане ладоьгIуш йа шуьне хуьйшуш,
Цхьаьна марзо оьцуш ца довзарна вай,
Галвала там бу со хьан амалш йуьйцуш,–
Адаман васт кхоллар-м тIех хала болх бай!
2
Дуьнен чохь хинйолу говзалла къасто,
Синошна пурба ло бохуш ду, Дала, ¬–
Йоьг1начу гечоне уьш кхачар нислахь,
ЙугIур йу хIораммо дикаллин гIала.
3
Къоначу шерашкахь, дуьйлуш са тIома,
Хьан наха дийцарехь, ахь байташ йаьхна,
Ткъа доьзал боларна бахамал туола,
Напхина вацна, хьо хьайн похIма хьаьшна.
4
Кхолламо ненаха къастор ца тоьъна,
Къизачу Iедало Даймахках хадор,–
БархI шо бен кхачазчу хьан дагна хьаьхна,
Iаьн чиллахь цIерпошто аьчкан некъ идор.
5
Аьхкано, чукерчаш, лийчина Хулло,
Шарахь сов дарс хьехна ишкол гуш гIенах,
Хьийзий хьо махкаллин, мацаллин уьно,
Нах санна, самаха ГIум-Азин генехь.
6
Кхоьллинчо, гIиргIизойн махкаха дуолош,
Ларди вай, кхиуьйтуш мотт, гIилкхаш Iама,
Ткъа синош-м бус-буса Нохчийчоь толлуш,
Дуьссура дайн чIагIо-Башломан хьарма.
7
Цу лома буьххьера ирча сурт гора:
Вайн кхерчийн туьнкалгаш – къарбаза бIаьхой,
Некъаш кIел тийжара дайн чарташ къорра,
Шайна тIехь лар йанза айаташ делхош…
8
Iедалан харцоно мухIажарш бинарш
Тезетахь, базарахь вовшашна леткъа,
Сих-сиха тIунлора хIораннан бIаьргаш,
Амма цакъарбалар-м ду дагчохь сецна.
9
Цкъа цхьаьнакхеттачохь, харцайан харцо,
Ахь ло дош къаношна Даймахка кхача,
Сел луьра, хала некъ ахь йуьхьарлоцу,
Шек воцуш киснахь хьайн цахиларх ахча.
10
Хаьттича дIагайта цхьа кехат доцуш,
Нохчо вуй хаийтар-м, тIех луьра долуш,
Некъ би ахь вайн цIехьа шелоно морцуш,
ЦIерпоштан социйлехь баьпкан йуьхк кхоллуш.
11
Кир лело вагонийн тамбурш йа тхевнаш,
Маьхза мотт бара хьан, жоьлкашца къуьйсуш,
Царах цхьаъ урс тоха хьайна тIекхевдаш,
Хьан Дала гIо дира, дов тIекIел тухуш.
12
ЦIерпоштех хьо хадош, базбелча бала,
Лайн тоьли чохь токхуш, гIоравеш, буьйса,
Даймахке гIерта дегI доьналле даьлла,
Дара кийча Iожаллица ницкъ къийса.
13
Даймахке бIаьрг тоьхна валар ирс лоруш,
Къона дегI кхерамех ца лардира ахь,
Къуй-нехан курхаллаш буй-тIаре довлуш,
Кхоьллинчо хьо ларви йамартхойх новкъахь.
14
Бохоза Iаьндашка воссале йуьрта,
Духаран куц хьалха тодира тIера,
Лийчира, кхиира тIехь дериг дитта,
Дайн оьзда гIилкхашна хиларна тIера.
15
Кхо де дIаделира Даймехкан тойнехь:
Шовданийн хих Iебаш, хIох бузош кийра,
Доггаха вилхира ненан кошан гIовлехь,
ДоIица и Деле йоьхуш хьо Iийра.
16
Дийхира Деле ахь, Iаббалц дог делхош,
Кавказе хьовзадар нохчийн къоман рицкъ,
Боберех гIайгIане эгна вайн лаьмнаш,
Шайн хилла дайх дIахотта кхачийтар ницкъ!
17
Даймахках къаьстина шийтта шо кхочуш,
Хьо Iедалх лечкъаш, Цоци-Юьрта кхочу.
Дог доьлхуш хьисти ахь херцийна кхерчаш,
Нанас йай кхехкийна тишделла очакх.
18
Iедалан бертаза Даймахка кхачар,
Дара тIех турпалчу толаман тIегIа,
Ткъа ненан кашан барз цкъа маракъовлар,–
Хетара вахаран оьмаран меха.
19
Цу денойн ирсан зовкх дезачех ларар
Хьан «дагалецамийн» могIнаша гойту,–
Йозанехь лаьттар ду хьо нахана вовзар:
Йозанан хIолламо иэс доьза ца дойту.
20
ВуьрхIитта шо кхочуш ахь, Мцырис санна,
Даймахке хьайн безам кхерамехь зийра.
Цу некъан халонийн теш хилла Дела,
Iожаллин киртигех хьо ларвеш хийла.
21
Дахарехь нийсой, бакъ дара хьан къилба,
Цу некъахь хьо ларвеш тиларах йуьстах,
Цундела хьерча хьох дахаран гIиба,
Ца малъеш дуьненан халонийн дуьрста.
22
Лелла хьо виллина харцонца къуйсуш,
Харцонан къур бойу хьо салти хеташ…
Доьхнарш мел лайна, нийсонга сатуьйсуш,
Ца кхачош адамийн хIилланийн кепаш.
23
Хьаькамаш низамехь нисбан хьо гIирти,
«Нах буурш» совцабан, цаьрга гIо доьхуш,-
Хийла, бакъ волушшехь, йуьхьIаьржа хIоьтти,
Къуй каде кхуьуш хьаькамех кхаъ тоха.
24
Толамза къовсамо накъостех хедош,
Дог цIена ойланех доьзал ца кхеташ,
Гергара йиш-ваша хьо тилла хеташ,
Къаьхьа къурд бан дийзи, жоламхой белош.
25
Хьарам дерг, йемал деш, доьхку ахь гонна,
Цу сакхтех хьакхалург веш мостагI хьайна,
Цундела уьш хьоьжу даима гома,
Пе бетта, хьо хеташ шайл кхетам байна.
26
ТIамо хьан байинчу кIентийн бу-кх кхоам,
Къа хета, кхета со хьоьгарчу хьолахь.
Ишттаниг лан оьшуш ду собар ломан,-
Собарой, доьналлой кхиош ву-кх къонах.
27
Долу сакхташ дийцар, гIибат дар лору,
Ткъа доцурш тIекхоллахь бухIтане довлу,
Шен кхачамбацараш девзаш ву хIора,
Хьайгахь тамбоцчунах къасталахь, Мовла!
28
Вайн фольклор, мотт, литература йезаш,
Зорбано луш болу кхетам тIеоьцуш,
Дебийла хьох тера дешарх цаIебарш,
Хьо санна, муьтIахь, нийсонна тIегIертарш.
29
Къаналле таьIна дег, цамгарш тIеевлла;
Весаша бераллин хьесапе воьху,–
Човхаво воьдуш верг гIилкхах галваьлла,–
Берийн сур, хьо везаш, хьуна тIеоьху.
30
Мекарлой, хIиллий ца хуучу берийн
Ларамо гойтуш ду, царна хьо везар,
Ахь церан дог оьцуш хилла йал, меллий
Махьшарахь хуьлда хьан даздина терза.
ГIиба–дахаран халонийн тохарш.
13.09.09 шо.
Свидетельство о публикации №225082000847