Сайдцелимов Мовла
поэмин авторх, лаьцна байташ
Йух-йуха ца Iебаш йийши
Ахь соьга йелла поэма.
Йу иза поэмийн нана, –
Ваьхьира цо стигла со тIома.
Соьгахь-м башха похIмалла дац.
Дош говза со вацарх, Дала
Хьоь ларам сан лахбойла йац.
Дог хьостуш даьккхинчу дашо,
Дош шовкъе далийтир-кха сан.
Вайн Даймохк иллешца хьехо,
Ницкъ кхочийла-кх бIе шарахь хьан.
КIоргене кхийда хьан хьекъал,
Цхьаболчийн байина синтем.
Хуьлда и даима декъал,
Шерашца ца геллуш кхетам.
Мерзаниг, къаьхьаниг къасто
Цахуург семан тIехь ма вац.
Сийдериг ма-варра хасто
Маттана со ма говза вац.
Хьа похIмин йоза ас дешна,
Сан хаарш дика тIекхетта.
Хьо-м хир вац сан байтех тешна, –
Хьан иллеш-м сан дагах летта.
Хьо волчу йукъ-кара кхачар,
Дозаллин йуьхкIам бу-кх суна,
ЙухкIола – хьехам луш хилар, –
ТIе мехала кхача сан сина.
Хуьлда хьо ойланаш гIиттош,
Вайн къоман истори йаста.
Махкана син дарба латтош,
Лайн амалш тIаьхьенах къасто.
Поэма ца Iебаш йийши,
Со цу тIехь мел долчух тийши.
ДогIанах бIаьргаш сан лийши,
Дийцинчун сурт иэсехь диси.
Атта дац дегнийн хьал гIаттош,
МаьIнечу иллийн байт кхолла…
Адмашна син кхача латто,
Кхоьллинчо хьо вахавойла!
Сил дукха безачу мехкан
Хир йац те сох а пайден меже?
Йисина диттан гIах техка,
Некъахо IиндагIе товжа…
Мовлас сан поэмех лаьцна йазйиначу байтин тIаьххьарчу биъ могIано гойту цунна ша махкахойн иэсехь, мелла висина, виса лууш хилар:
Сил дукха безачу мехкан
Хир йац-те сох пайден меже?
Йисина диттан гIах техка,
Некъахо IиндагIе товжа…
Кхин хIумма ца хилча цо йозанехь битинчу «Дагалецамаша», йаьхначу байташа, йозадешархойн иэсехь латтор ву иза, жайнашка безам болу адамаш дуьненчохь мел ду. Дуьне гIийла диънехь, Дала эхартан зовкхе кхачавойла хьо, Даймохк, нохчийн халкъ, тхо а дукха дезаш дIавахана, тхан накъост, Мовла. Автор.
Свидетельство о публикации №225082000852