Йиша декъала йар

Кхузткъей цхьаъ шо кхачарца декъала йо ас хьо,
Ирс, аьтто могашаллица доккхуш кхин бIе шо.
Доьзалийн, гергарчийн агIорхьара ца гуш вон,
Дог къона, ца тишлуш йахийла, Барет, хьо!

Дозалла до ас шух, сан хьоме йижарий,
Ларамца доладеш хиларна вай вовшийн.
Цамгаро со лацахь гIевланга хьовший,
Со Деле вехалаш къинтIера довлий.

Доьху ас бIаьрхишца сайна ца тийжар,
Йуьхь сирла балин шад шайн даг чохь худар,
Ткъа хилахь эххара сан дегIах са къастар,
Дехалаш вайн Деле йалсаманахь гулдар.

Кхузткъей цхьаъ шо кхачарца декъала йо ас хьо,
Ирс, атто могашаллица доккхуш кхин бIе шо.
Доьзалийн, гергарчийн агIорхьара ца гуш вон,
Дог къона, ца тишлуш йахийла, Барет, хьо!


Рецензии