Иймане

                «Чомана, басана
                ца  хуьлу хьеший»
                Кица.
Кхоьлина ойланаш серлоне йохуш,
ХIуьрлаIан мехкарел, маттана говза,
Экаме синпхенаш мукъаме дохуш,
Ийман, ахь дог даьккхи хIордаха ловза.

Дуьххьара ден цIера йалар галдаьлла,
Кхолламо, дог Iовжош, човхийча дера,
Адмаллех ца йохош, собар хьуна делла,
Хастам бу, хастам бу-кх кхоьллинчу Далла!

Балха тIехь, цIахь, арахь, цIарна цIе йахна,
Дог дохош, бIаьрг боьлхуш, ца хьакхлуш питна,
Дуьненан, эхартан  ирс сецна керта
Хьовзийла хьан, Ийман, дахаран рицкъа!

Уьйрашца тIекере хуьлу хьан мерза,
Духарций, леларций йоI йу хьо оьзда.
Чомехь кхача кечбан хьо хиларна говза,
Йуьгур йу хьо кестта «седарчехь ловза».

Жижигца йан хаьа ахьаран гала,
Ткъа демах-м–хингал, далла йа иэшахь торт,–
Цхьа сахьт хан йалале–чIепалгийн гIала,
Чам тайна даарш ахь тIетотту шортта.

Балха тIехь, цIахь, арахь, цIарна цIе йахна,
Дог дохош, бIаьрг боьлхуш, ца хьакхлуш питна,
Дуьненан, эхартан ирс сецна керта
Хьовзийла хьан, Ийман, дахаран рицкъа!


Рецензии