Керла шо

Стиглахь левси кховсуш, идош суйнех,
Дарцо лайца хьовзий чимийн хIур;
ЦIенойн тхевнаш, тохкуш месал куйнаш,
Сийса туьнкалг – луьлех гIиттош кIур.

Iалам кхоъца, воссош динан бере,
Кечло тойца даздан Керла шо.
Даьржаш гонах чилланан кIайн дари
Лайн Баба йан гулло берийн бIо.

Керла шо, хьо хуьлда тхуна кховдош
ХIора цIийне синтем, машар, барт.
ХьогIца леларш диканаш дан гIовттош,
Сацош зулам дечийн пхьагал-йорт.

Хуьлда хьо дIаерзош нанойн чевнаш,
Балош цIен тIе тахна йайнарш лар.
ХIора хIусмехь кечдеш ловзарш, кхаьънаш,
Ирс кхаьчначу берийн хезаш «гIар».

ГIура-Дада, ЛайнйоI шеца йолуш
Лелар вац те доькъуш совгIаташ?!
Вайн буоберийн эгна дегнаш декхош,
ТIом ворхI ломал дехьа дIаэккхош!

Керла шо! Хьо хуьлда беркат долуш,
Тхан Даймахка боссош къинхетам.
ЧIираш йостуш, нохчий куьйге боьлхуш,
Ца божуьйтуш махкахь цIийн тIадам.


Рецензии