Хьан саций те Iаьнан теш?
Оьмаран шу хьошуш, бедда,
1аьна Г1уран бутт бара бовш,
Кху заман чохь хоттан метта
Ма гIура йара арахь товш.
Моьтту, Iалам, дегI бодделла,
Ду д1ахецна шен гIулкхийн урх;
Гуьйре йаьлла тIех бакъонел,
ДогIа т1есерсош раззий, пурх.
Некъ а когаш кIелахь сийса,
Йоху г1улчашна, латкъам беш.
Берийн коьрте хаттар хьийза
Хьан саций теща Iаьнан теш?
Берийн ховха бишех хьаьгна,
Салаш Iохку шайх хилла байх.
Маржа, тахкош дорцан ага,
Iабо-кха аре бамбийн лайх!
Берийн даг чу хьаьжча санна,
Самонца Iалам меттах хьай:
Лелина ткъарш г1уро лаьцна
Лайн-полларчийн айарца вай.
Стигал лахлой дIаоь лаьттах,
Шано лецира Iаьмнийн кад.
Шен зIокберг-зIок диттех йетташ,
ХенакIур йара йахна гIад.
Берийн дегнаш ловза девлла,
Тишчу мачех хиларна дой.
Гух чухехкалуш йу эвла –
Салаз йоцчара шаршош гай.
Хастам хуьлда, Iалам, хьуна,
Оьцуш кхачарна берийн дог…
Церан догIмаш лардеш уьнах,
1аморна заманца билла ког.
Свидетельство о публикации №225082000860