Гадин Мохьмад-Салахье

(вина 100 шо кхачаран сийна)

Кхузткъей кхаа шарна веш, дуненан хьаша,
Цу хенах тIехь ахзама, набахтехь хьеша,
Кхолламо хьийзавар хьайн иллешца хьаьшна,
Къар ца луш лелла хьо, сан хьомсара ваша.

Дагах дог д1ахIоьттина, доттагIа воцуш.
Ойланаш тиешош йекъа ца карош хьаша,
Даймехкаца хьайн къоман сий айдан вуоцуш,
Бакъоне кхийди хьо, сан бусалба ваша.

Вовшашка вистхуьлуш ирс эцна вац вайша,
Дайн орамаш тасаделларг цхьаъ делахь латта,
Хьо виначу бIе шеран тIекхочуш денош,
Кхечи со Чуьрч-Ирзе, хьоь маршала хатта.

«Ассалам Iалайкум, «Буьйсанан бере!»
Хьан иллийн весеташ кхочуш ди-кха Дала,-
Маьрша йу Нохчийчоь, ЦIен-Бердан боьре а,
БIешерийн къизаллех вайн къам паргIатдаьлла.

Хьуьжаршкахь ислам хьоьху, ишколехь доьшу,
Маьждиге дерзийна жамаIатца рузба,
Вайн кханенга нохчийн кам догйовха хьоьжу,
Жаннатахь цхьана кхеташ хилда вайн хьукма!


Рецензии