Йиша
к1ирно бут буза
батто шо дуза
ишта хан йуза
Дайша ч1аг1 дина
Наноша лардина
Къаноша дийцина
Гергалонаш дисина
Гергаллойн г1айг1ан ц1охь
Шаьш нац1къар кхиссарна
Сан йишас туьйхи мохь
Кхуоьраш со висарна
Гергалох хиер ваьлла
Г1иллакхах галваьлла
Нахала сов ваьлла
Со шиенна везарна
Сан марзо соьца йу
Вай дайша йитина
Йишина ваш хила
Весет ас ч1аг1 дина
Свидетельство о публикации №225082101855