Дахарехь 50 шо цхьаьна

       
Шовзткъей итт шо кхечи вай вовшах кхетта,
Ма сиха тIехтили къуоналлин зама,
Дахарх ирс эцале къаналла летта,
Цу шерех хили-кх гIенах гина гIала!

Бес-бесар нислора ирс лоьху некъаш,
Сих-сиха бух боцчу Iинах чууьйзуш,
Дала ницкъ баларна, сакхмакхаш текхарх,
Безаман тIемаш тIехь ирхонаш йохуш!

Дегнашкахь чов йуьтуш къастар нислора,
Берийн сур кхиадарх хан йоккхуш цхьаьна,
ХIетте вай кхолламо диц ма ца дуора,
Марзонца цхьаьна деш йисинчу ханна!

Халачу дахаран, деган ах, накъост,
Баркалла боху ас даггара хьуна,–
Хиларна доьзалехь барт ларбеш хьоста,
Хиларна даима са догуш тхуна!

Баркалла ийманехь доьзал кхиорна:
ЙоьIарий эвхьаллехь, доьналлехь кIентий;
Йоькхане марзой даъим тIеэцарна,
Кхиношца йолу уьйр латторна хьена!
Баркалла, лулахь бекорна экам мотт,
Йуьртахойн ларамах хиларна ийна,

Хьешан сий дарна, йоькхуне йоцуш чотт,
Чохь долу тоьлла шун цунна кечдина!
Баркалла, куьг марша сагIа декъарна,
Вайн долчух тоам беш, Далла беш хастам,

Халонна ца чIеIаш, собар хиларна,
Вай цхьаьна тоьхначу Далла бу хастам!
Iожаллин аненгахь лаьтта сан ойла,
Кхи цхьаьна вай мел йоккхур хууш дац хан,

Ас йинчу весашна къинтIера довла,
Шуьгарчу цатемех дог цIена ду сан!
Шовзткъей итт шо кхечи вай цхьаьна дехаш,
Дукха сиха дIатили къуоналлин хан,
      
 Шовзткъей итт шо кхечи вай вовшах кхетта,
       Ма сиха тIехтили къуоналлин зама,
       Дахарах Iабале къаналла летта,
Заманах хили-кха самах гина гIан!
                02. 12. 2015 шо.


Рецензии