Нене

      Iаьнан чилла йолийна хьалхара буьйса,
Хьомсара сайн ненах со воккхуш хьо кхечи,
Хьовзийначу лайн дорцах сан кийра буьзна,
Заза дожош, сан дагах ахь гIура хьарчий!

БIе шерел дукха йаьхча безам бу нана,
И мел лаьтта, массарна хетта шаьш къуона…
Ас хьаьнга дуьйцур теша дагара кхана,
Синтемана хьанна тIе товжор бу корта?!

Хьо кешнашка йерзийна, дог доьлхуш, тийна,
Сайн хьашташка воьрзу со, барз хьуна бина.
Мила хир ву хIинца сан кхиъмех кхаъ хила,
Иэшамийн сайн ас хьаьнга балхор бу бала?!

Доьзалшна йукъара дIакхелхича нана,
Йиша-вешин уьйр-марзо хаьрцина йоьду,
Нисделча дика, вон гуллур бу уьш цхьаьна,
Ткъа цул тIаьхьа марзонаш косташца йовлу.

Iожалло къастор дуй-м хууш дара вайна,
ХIетте иза лиънера, дIатетта генна,
Тхоьгара хиллачу цатемашна хьайна,
КъинтIера йалалахь, даим санна, нана.

      Дуьненчохь лайначу гIайгIа– балин къина,
Даймахках къастийча ахь гатдинчу сина,
Ийманехь тхо кхиорна, дин къилба дина,
Хьакъ йойла Кхоьллинчо хьо йалсаманина!

Хьо жима бер долуш, хьагIйолчо мотт барна,
Тутмакх винчу ден марзох йаккхарна йелхош,
МухIажар шераша гергарчех къасторна,
Йойла хьо вайн Дала йалсаманин хьаша.

Хьомсарчу тхан дадин дог оьцуш леларна,
Ца лоьхуш там-товр хьайна, тхо кхиадарна,
Йахь, ийман лардеш тхуна даха Iаморна,
Нана, Дала эхартахь хьо йуьхкIай йойла.

ДоIанашкахь дадица хьо Деле йоьхуш,
СагIа ло, Йасин доьшу, шу дагахь долуш,
ПIераскан деношкахь кашан барзе хIуьттуш,
Нана, тхо ду хьуна шун лар хьаьшна догIуш.

Дуьненахь йоккху хан Дала билгал йина,
Тоьхна оьмар чекхйаьлча, вутур вац ца леш,
Хилийла тхан кхалхар Дела реза вина,
Фирдавус йалсаманехь вай цхьаьна гулдеш!?
                17.01.2011шо.


Рецензии