Ненаца къамел
Хьайн хилла жималла ахь йуьйцучу хенахь;
Сайн декъаза бералле воьду со хийла,
Хьан кучан йух лоций, гIенах санна, самах.
Со карахь доьдуш го вайша боьра йисте,
Лаьттаха ах йахна, эрз тIе тоьхна хIусме;
Шога берчаш куьйгашца дадас со хьостий,
Цхьаъ дуьйцуш вовшашка, шу доьлу ирсе.
Карара воссарций татол тIе со хьоду,
Левзинче, хатт кегош, тахьталгех хийла,
Оьрзах дина кема ас цу хорша хоьцу,
Лууш, сайна геналлин, цо бIилиг дилла.
Цхьабакъду цу меттехь гIалартийн сан гIала,
Ойла сан йухайерзош, цIеххьана хеда…
Ахь балхош, кочара цкъа ца болу, бала,
Доьзалхойн дехаршна хьо хиларна кIеда.
Кхолламаш, рицкъанаш карахь долу, Дела!
Йац а йай сан оьмар, йахийтахьа, нана,-
И мел цу, когашIуьйра бералле лелаш,
Заз даг тIиера ца дужуш, латтийта зама.
Хийла со човхийна, сераца Iовжийна
Бераллехь вон а, дика довзуьйтуш суна.
Сан даг чохь оьгIазлой, мекха ца йисна,-
Со бехкен лерина йукъа йоьжна хьуна.
Коьртан пха шен хадарна, иэс дайна дада,
КъинтIера тхуна валар хазо ца кхиъна.
Бакъду шен весет тIехь-м йаздайтина хаддош,
Ледарлонашна тхан ша хилар гечдина.
Свидетельство о публикации №225082100647