КъинтIера йалалахь
Кху доккхачу дуьненахь хьан амат дайна,
Ас хьийзорна дезаршна паргIат ца йуьтуш,
КъинтIера йалалахь, со вина нана.
Йаха, йан а ца юьтуш, хьан лар эккхийна,
Со тIаьхьара ца волуш, холча хIитторна,
Йаппарш йарца, нах кхардош, оьгIазло йинехь,
КъинтIера йалалахь, со вина нана.
Берашлахь доьзалехь со хиларна воккха,
Кегирчийн Iуналла хьан дара сох тешна.
Уьйреха Iехалуш со вийларна акха,
КъинтIера йалалахь, со вина нана.
ГIум-Азехь ишколехь «талорхойн кIант» аьлла,
ТIехтохам сайна бечех тийсалуш денна,
Сайн эттIачу бедарех хьайна бала барна,
КъинтIера йалалахь, со вина нана.
Нохчийчоьнан коьртачу шахьарахь дешна,
Со валлалц, нускал вайна ца далош Iарна,
Пхеа шарахь хьайн сина хьаам ца барна,
КъинтIера йалалахь, со вина нана.
Бовдевли хьан бераш шайн доьзалш кхиарна,
ЦIийнан тхов, вайн гIортор – дIакхелхира дада:
РагI йоьгIна хьайца тхо цхьацца бен цаIарна,
КъинтIера йалалахь, тхо дина нана!
ТIевеънарг ца вевзаш, са гар хьайн гIелделла,
ДIааьлларг ца хезаш лергашна къорйоьлла,–
Сан оьмар йацйина а, тарлахь вайн Дала,
Хьо тхуна йахайойла, хьомсара нана!
Оханан бутт (апрель) 2009 шо.
Свидетельство о публикации №225082100648