Дуьненан хьошалгIахь

      Цхьа Дела ву йоцуш азаллица Шен чаккхе,
Ша дуне, кхин мел дерг а ду тоьхна зама.
ХIоттийна оьмаран зама йирзича йистте,
Синош дайх дIакъаьсташ, кхочуш ду барзахе.

Йалсаманахь даа-мала долушшехь шортта,
Беккъа ша цхьа стом бина тIекховда хьарам.
Дала зуьретан да нисвира токхонан хьаьтта,
Iамал йеш Хьаваца, байта Шена хастам.

Хьарамчуьнан къайле йовза, лаар сов доккхий,
Иблисо Хьавака марздо кхалла и стом.
Адам хьожу цуьнан чоме ца ваьлла, тIаккха:
Дужу эвхьаза меженаш лачкъина ков.

Эццигахь вайн да-нана къила дожар бахьнехь,
Дала уьш биссийра Жаннатара лаьтта.
ТIаьхьенашца къахьоьгуш хан йаккхийта кхузахь
ХьошалгIахь, Iамал йеш, тоьхна зама йаккха.

ГIаланаш йугIу вай, хIусмаш кхолу тIех кечйеш,
Йохьиэ дуьйлу бахамехь массарел тола.
Ца кхуьу охьалахдала, вовшен дог оьцуш,
Т1е сих довлу, марчо бен далаза дола.

Мича баьхна нуьцкъалчу пачхьалкхийн паччахьаш, –
Йитинарш тIаьхьенаш бахамаш тIехь йажа?
ГIамарийн паналлехь йайна церан бIарлатIаш,
Мел гушдерг хиларна кху дуьненан хьаша!

Дала лоьIур ду-кх дуьне, йеш Махьшеран майда,
Лахьти чохь чан хилларш, барт хатта денбина.
Делан некъахь хиллачара оьцур бу пайда,
Харц некъан тобанаш дакъазлонга кхачна.

Дуьненан хьошалгIахь Дела реза веш даьхнехь,
Эхь, ийман, нийсо цхьаьна лардан ницкъ кхаьчнехь.
Ламаз-марха, закат, хьаждар – цIена нисделлехь,
ЙуьхкIайнчу охIланца хир ду вай эхартахь.

Мел долу хIума хиларна дуьненан хьаша,
Дуолалой, лиэлий, кхача а лой, дов доьза,
ХIара дуьне, Шен Ницкъаца Кхоьллинчо башха,
Къуръан чохь Дош дела ду-кх, дIалеIа говза.

Дахаран гуттаре йина Дала эхартахь,
Ша реза винарниш йалсамане кхачош,–
Дуьненан гIайгIанаш гур йац царна гIенашхкахь,
Жоьжахатин Iазапаш хир дац цкъа кхачош.


Рецензии