Дахаран хьелаш

      Йиш йац вайна хиндерг хилале довза,
Кхолламо хьанах мила тухур ву хаа,
Хьанах хир доттагIа йа чалтач къиза
Йа вуьшта, бен дацарца, нисвелларг вовза.

Ирсен хьан вийр ву те, вухкур хьан ву те?
ЧIана воккхург нислур те, йа шен дерг схьалург.
Мила хир те шогачу дашна каде,
Йа нислур кхалларца туьха вайца доькъург?

Нислой те тешаш, шайца маьрша леларш,
Йа дезарш, къийлалуш, бита безарш хийра.
Хир те шайна хьалха ков къовла дезарш,
Йа, са реза, деган неI дIайоллурш шуьйра.

Цхьаволчух, тешар ду хьоьца, хьайх санна,
Цхьаверг, хьайна ца везахь, лан везаш хуьлу.
Цхьаволчуьнца вонийн мур лало хьоь атта,
Кхечуьнца ловзаргахь лаьтташ хуьлу куьйла.

Мурст хьалха хиндериг хууш дац вайна,
ХIун кечдина дахаро дуьненахь гайта?
Вуй хьакъверг кхолламо сийлалле ваккха,
Йа къинош дукха динарг йуьхьIаьржа вита?

Аьтто тIехьаьвзина нислурш бу дахар,
Баланаш ца хедаш лаьтта цхьаболчаьргахь!
Цхьаболчийн тIамца ду шайн бакъо толор,
Кхинболчийн пуьташ бу бакъонан баьрччехь.

Иштта Iа вай дехаш кху лаьттан букъ тIехь,
Диканийн беркатехь йа зуламашна кIел.
Балина бехкен йеш къоналла наггахь,
Йа заманца хьал хуьйцуш хIоьттина Iедал.

Наха до гIалаташ хьесапе оьцуш,
Вешанаш хьулдо вай мукIарло дар доцуш.
Гергара нах хьийза бо бехкен боцуш,
Там бо ваьшна, доьхна хьал доттагIех окхуш.

Орца даккха дезачохь тап-аьлла Iаш,
Тийна Iан дезачохь мохь бетташ хуьлу вай.
Ларамна хьакъ долчун сий дан эхь хеташ,
Ткъа цхьана хIела-хIуьлина хьестало вай.

ХIораммо кхиадо шена чохь «ас, со»,
Наггахь реза доцуш, ваьшна йаппарш туху.
Тем байна гIулкхашна вай уьду массо,
Хьалхалера адмаш ваьш доций ца хууш.

Сахьт хьалха хиндериг таро йац довза,
Хаац ваьш йуьхьарлаьцна некъ мичахь соцу.
Дахаро-м дIахьо шен болар тIех говза,
Муьлххачу хьолехь шена гиечонаш доху.


Рецензии