Даймахкахь

И леча т1ехьийзарг-
Сан ден чурт ду хьуна,
И кхокха т1ехуьйшург-
Ненан чурт ду хьуна,
И ши чурт т1ехь лаьттарг
Сан Даймохк бу хьуна,
Хьоьга со вистхуьлург-
Ненан мотт бу хьуна.

Автор Алимхажи Италагов


Рецензии
Хьо мичара веара? Вовзийтахь суна.
Хьо мича сихвелла?
Собардехь соьга.
Дош ала сих ма ло, сатоха жимма...

Хазахета нохчийн байташ карийча.
http://proza.ru/2025/10/01/339

Зура Итсмиолорд   02.10.2025 07:17     Заявить о нарушении