Омар Хайямах лаьцна хаамаш
(декабрь) беттан 4-г1а дийнахь 1123 шарахь гIажарийн Нишапур – гIалахь. Омар Хайяман бакъ йолу цIе ю Гиясаддин Абу-ль- Фатхь Омар ибн ИбрахIим аль Хайям Нишапури. Таханлерачу дий-нахь и гIала Иранехь, Хорасанан провинцехь ю. Омаран да четаршна оьшуш долу гатанаш деш йолу мастерской долахь йолуш хилла. Оцу гатанан кIаденах «хаййама» олуш хиларна иштта цIе йахана Омаран а. Гатанаш дархочун кIант бохург ду иза. Церан доьзалехь кхин цхьа йоI хилла, Iайшат цIе йо-луш, Омаран йиша. Шен 8 – шо долуш дуьйна Омар кIорггера Iамо волало бусалба динан, математикан, астрономин, хьикматаллин (философин) Iилманийн белхаш. Шен 12 шо долуш, дагахь хууш Къуръан до-луш Нишапуран хьуьжарехь деша волало Омар. Цул тIаьхьа доьшу цо Балхера, Самаркандера, Бухарара-г1аланийн хьуьжаршкахь. Цигахь лаккхарчу хааршца чекхйоху цо бусалба динан бакъонийн, лоьраллин говзаллаш луш йолу дешаран хьукматаш. Лоьраллин балхе лаам кIезиг хиларна, иза Iамо вуьйлира кхин дIа кIаргдеш математикан, астрономин Iилманаш, къаьсттина Сабит ибн Куррин йазйина математика, желтойн (грекийн) Iилманчийн белхаш а. Омаран бераллин шераш туркойн пачхьалкх дIахуттучу тIеман шерашна кIел нисло. Цуьнан 16-шо кхочуш хьалхий – тIаьхьий да, йуха нана д1акхалхар нисло. Омар шайн цIа, ден мастерской дIайухкий Самарканде дIакхелха, цигахь хиларна цу хенахь тоьлла Iилманчаш, дешаран хьукматаш а. Самаркандан цхьана хьуьжарехь дIадоладо цо шен дешар, амма дукха хан йалале кхуьнан хаарийн барам лакхара хилар шайна гучудаьлча, кхунах хьехархо во цигарчу Iилманчаша. Деа шарахь Самаркандехь болх бой, Бухара–гала дIакхелха Хайям. Бухарахь 10-шарахь дуьненайукъара жайнаш гулдиначу библиотекехь болх бо Хайяма. Оцу 10 шарахь цо йазбо лаккхарчу математикан теманашна 4 болх, тахана а Iилманчаша шайх пайда беш болу. 1074-чу шарахь Омар дIавоьху туркойн пачхьалкхан султана Малик-шаха шен шахьаре Исфахане, цунах шен дагавалархо веш. Цул тIаьхьа ши шо даьлча иза хIоттаво оцу гIалара абсер-ваторин куьйгалхо. Абсерваторехь Хайяма кхинбол-чу Iилманчашца цхьаьна хIоттийра маьлхан рузма (календарь), григорианский календаралла нийса а йолуш. Кхузахь хIоттийра седарчийн таблица, йазйира Евклидан математикина оьшу комментариш, терахьех лаьцна Iилма мелла шордира цо. 1092 шарахь кхалхар хуьлу Малик-шахан, Омарна дика Iуналла деш хиллачу везиран Низам аль Мулькан а. Уьш дIабевлча, Омарца Iоттабеллачийн мотт-эшарца, хIара Iесаллехь бехкен вой, вохаво шен даржашкара. Хайяман дуьненан дахаран некъ берзарх лаьцна йаздина цуьнан къоначу заманхочо Байхакис, Мухьаммад-пайхамаран (I.с.с.) хьадисийн гулдархочо. Байхакис йаздина: «Абу Iали ибн Синин «Лоьралла дар» жайна доьшуш Iаш волуш (90 шо сов шен хан йолчу) Омарна шен валаран сахьт тIехIоьттиний хиънера. Цо шен дешар сацадой, схьакхойкху шен гаргара нах, мутаIеламаш а. Циггахь дIакхайкхадо шен ве-сет. Цул тIаьхьа шен кийра ца дохуьйту я хи, я рицкъа. Пхьуьйра ламаз дой, ша сужуде вахханчохь олу: «Сан Дела! Сайн тароне хьаьжжина Хьо вовза гIиртир-кха со! Гечделахь суна! Суна Хьо вевззинчулла, со хьайна герга хиллачулла!» Циггахь дегIах са дIакъаьстира цуьнан». Омар Хайяма йазбиначу астрономин, математикан, хьикматаллин, поэзин хьокъехь болчу Iилманийн белхийн буьззина мах хадийна бац вайн заманахь а. Рубаин байташ шен дехачу дахаран муьрехь Омар Хайяма даима хилла йазйеш. Дуьненчохь лаьтташ йолчу харцонаша, зуламаша, къизаллаша Омара шен байташкахь, хIумма ийза ца луш, дагаваларца олуш хилла Нуьцкъала Кхоллархо волчу Деле, хIунда ца оьцу техьа Цо чIир зуламхошкара дуьненахь, царна кхел йар ца тоьттуш эхаран замане. Оцу кеппара нислучу байташна тIедоьгIна, Омаран рубаиш Iасалла яржош, эхартан дахарх цатешам кхуллуш, гедонизм1 чIагIъеш лерина цуьнан цхьаболчу заман-хоша. Оцу бахьанина, цуьнан поэзи 19-гIа бIешерийн зама чекхяллалц ала мегар долуш, йицйина лаьттина. 20-гIа бIешерийн йуьххьехь Омар Хайяман рубаиш тIе нисвелла Ингалс пачхьалкхан яздархо-поэт, Эдвард Фицджеральд. Цо уьш хьалха латынийн, йуха ингалсхойн матте йахар бахьана долуш, уьш йаьржина дуьненан къаьмнийн меттанашка гочъеш. Х1инца нохчийн маттахь кхеран исбаьхьалла гучуйолу аг1о муха нисло хьовсаран 1алашонца, оьрсийн маттера вайн матте гочйина оха Омар Хайяман рубаиш, лараме жайнаш-дешархой, тхешан белхан жам1 шун кхоьле дуьллуш.
1 гедонизм- оьздангаллин мехаллашца боьзнлчу бехкамашна адамаш маьрша дитарна т1е доьг1на хьехамаш беш йолу фмлософи..
Свидетельство о публикации №225082401292