Незаконное потребление наркотических средств, психотропных веществ и их аналогов причиняет вред здоровью, их незаконный оборот запрещен и влечет установленную законодательством ответственность.
Хайяман рубаиш оьрсийн матте гочйиначу Герман Плис
Омар Хайям санна волчу поэтан стихех лаьцна дешахьалхе оьшуш яц. Амма цуьнан кхоллараллин заманий вайний йуккъе исс бIе сов шо хан йоьлла хиларна, ала лиира суна масех дош оцу гIараваьллачу Iилманчех, математиках, астрономах, хьикматалла долчу философах, поэтах а. Цуьнан кхолларалла йовза лууш ас къахьегначу балха тIехь, суна цунах лаьцна девзинарг – и дерриге рубаиш гочйарна чохь дисна. Оцу белхан жамI хьуна хьалха ду книгашйешархо. Суна лаьа дийца О. Хайяман ру-баишна тIехь болх бечу хенахь, сайн цунах лаьцна, доцца аьлча цуьнан вастан сурт хийцадаларехь дерг. Цуьнан стихашкарчу байтийн логически ойланаша, цунах кхоллабелла кхетам къага болалора керлачу агIонашца, серладовлура шерийн боданера цунна тIелетта, цуьнца доцуш долу сакхташ. КIорггера ой-ла йан а, иза йича нийса жамI дан а, ца хуучийн эла-дитанийн тIекхийссарех къаста таро хуьлуьйтура. Дуьненчохь дукхах болчарна, царна йукъахь суна, цуьнан васт гора – маларан кад карахь, бен д1а во-цуш лелаш, наггахь шегара хьикматаллин ойланаш йалош, зударийн, маларан бен кхин бала-гIайгIа йо-цуш, лелла воккха стаг санна. Оцу суьртахь Омар Хайям гар нийса доций хиира суна, айса цуьнан биъмогIанаш гочдан долийча. Сайн балхаца доьзна, суна тIедиллинера О. Хайяман итт стихотворени гочйар, цуьнан ткъа стихотворенешна йукъара, сайна луъург, схьакъастош. Аса сацам бира уьш йерриш гочйина, т1аккха царалахь гIолехь хеташ йолу итт схьакъасто зорбане йахийта. Хайяман стихаш тIехь бечу балхо схьагайтира, авторан йуьхь, цуьнан васт билгалдохурш цуьнан самукъ-адаккхаран, сакъераран дахаран агIонаш цахилар байташкахь. Шен байташкахь автора дегалазамца, адамийн телхина йоьдучу гIиллакх-оьздангаллина гена йевла амалш, сакхтен белхаш гайтар хилар. И дерриге ледара хIумнаш шена тIеуьйзу цо, йа «шен», я «хьан» цIарах байтийн кхайкхамашкахь гучудохуш. Шен заманан адамийн сакхташ Iорадахаран болх гайтархьама тIелаьцна бу байтийн барам а. Гочдаран балха тIехь, мел кIаргло гуш дара, молуш долу малар, синкъераме кхайкхар цуьнан поэзехь жимлуш цахилар. Амма оцу кхайкхамийн маьIна доьрзура авторан коьрта Iалашонан бустаме, гонаха йоккхуш йолчу тикмане2, тире3 а. Цундела оцу байтийн могIанашна йуккъехула схьакъедара кIорггера кхетам болчу стеган, маларна, синкъерамашна аьттехьа доцчу адаман сибат. Делаца дагавуьйлуш, наггахь къовсалучу кепехь нислуш байташ йу Хайяман. Ша хьекъална кIорге йолуш хи-ларна, туьйранашкахь бен хила йиш йоцуш долчу хIумнашка ша Iехавойтур волуш цахиларна, олучу дашна говза, маьIница уьш шайна догIучу хорша дIанисдан охIла ву Хайям. Ша хьекъалан к1орге йо-луш хиларе терра иза массо хIуманан дуьхье кхиа гIерта, цундела цо шен байташ дIанисйо математи-кехь хоттош йолу формулаш, уровненеш а санна. Коьрте хьаьвзинчу цхьана ойланна гонах кхуллу цо керла-керла биъмогIанаш.
2 Тикма – бес-беасара тешца бедарна, кузана йа к1аденна т1ехь куьцаш дахар.
3 Тир – к1аденан йистошна гонах тоьгана дар.
Амма иза дац – йух-йуха цхьаъ дийцар. МогIанаш тера догIуш делахь а, жамI дар башхо йолуш хуьлу церан. Цхьайолу байташ Хайяман йоцуш санна хетало, хIунда аьлча цхьана байташкахь дийцинчунна нисса бIостанехьа дерг нисло вукхарна чохь. И галморзхаллаш бахьанехь, дукхахьолахь, иштта нисйелла байташ кхечу авторийн йу моттало Iилманчашна. Амма оцу галморзхаллаша гойту, мел чолхе болх кхехкаш хилла, оцу Дала похIма, Iилма деллачу стеган коьртехь. Цхьана агIорхьа Далла муьтIахь лай ву иза, вукха агIорхьара дахаран харцонаша, къизаллаша, нийсо цахиларо дарвина, Делаца къовсаме вала кийча волу стаг хетало иза. Хайям шен ма-хуьллу лоьхуш ву бакъой, нийсой, адмашна йукъахь барт, беркат, ирс, атто хуьлуьйту некъ. Хайям лоьхуш вац шен байташкахь исбаьхьаллин сурт къагош хIоттош йолу агIо. Цо х1оттош долу къамел авторан лехамашна жоп лоьхуш ду, математикехь формулица деш долу хье-сап, луш долу жоп санна. Цундела Iаламан сурт гойту байташ дукха йац поэзехь, цунна коьрта бу дахаран низам дIанисдаларан лехамаш. Хайяман байташкахь дешнашна йоккха гатто йу, ткъа ойла-нийн маьIнина шортта парг1ато йу. Дац цуьнан по-эзехь асар-дешнаш, цундела иза безамца лоруш ву Йуххерчу Малбалено, дерриге дуьнено а. О. Хайяман стихаш гочйан волалучунна хьалха чIогIа нисбина х1оттийна гур бу, цунна чуьра дIасатеIийла йац. Амма цуьнан байтийн хотIах кхетта ваьлча, оцу гуро ша гIо до гочдархочунна цхьадолу хIумнаш терачаьрца хуьйцуш, авторан ойланаш, лехамаш, жамIаш йозанехь гайта. Вай хьалха ма-аллара, цхьана хIуманах лаьцна далош хуьлу цуьнан цхьадолу могIанаш йа ах-могIанаш йух-йуха, амма цара вуьгу керлачу маьIне, жамIе а. Хайяма, ша ваьхначу 83 шарахь, йуха-йуха кегош хилла ша хьалхенгахь йийцина теманаш, амма дахаро шена зедалийтинчу, гайтинчу масаллашна тIетийжарца керлачу жамIе вогIуш. ХIора О. Хайяман гочдархочунна гучуйуьйлу цуьнан поэзина тIехь къахьега воьлча, хьалхалерчарна ца гина агIонаш. Оцу белхан, схьахетарехь, дуьне мел лаьтта чаккхе хир йац. Кхин цхьа хIума гучудолу кхузахь: ахь цхьана биъмогIанийн чулацам, маьIна кIаргдеш, тодеш хьайггара бахьанаш лелийча, тIахьадогIучу вукха могIаршна эшам хилар. Цундела гочдарш ара-хецале, цхьажимма хан йолуьйтуш, саца везаш хуьлу. Иза ду-кх ас динарг а. Ас къахьоьгуш нисдел-ларг шуна хьалха ду, аша хадор бу-кх нисделлачун мах, хьоме книгашйешархой.
P.S. Вевзаш волчу орсийн гочдархочун, поэтан Гер-ман Плисецкийн дешнашна, тхаьшкара уьш гIеххьа дузуш къахьегначул т1аьхьа тIе а тайна, нохчийн матте тхешан гочдаран говзаллин таронашка хьаьжжина Омар Хайяман рубаиш вайн матте йаьхна оха: Хамерзаев Заурбека, Кайсаров Сайд-Эмис а. Де-хар ду шуьга, нохчийн маттахь долу жайнаш деша-рехь безам лаьтта махкахой, шайна хетарг олуш мах хадор оха биначу белхан. Веза Кхоьллинчу Дала марздойла вайн къоман массо стагана, зудчунна нох-чийн маттахь долу дешар, къамел дар, гIиллакх-оьздангаллин дахаран дIахIоттам ларбеш шайн доьзалшка цIенна дIа а белла, цIийх болийтар. Бе-хийла вайн мотт, вайн мохк, вайн къам хIара дуьне мел лаьтта! Амина!
Свидетельство о публикации №225082401299