Гочдархойх лаьцна масех дош

            
Хаьммирзин Мукин к1ант Заурбек вина 1942 шарахь, Х1утосург (май) беттан10-чу дийнахь Цоци-Эвлахь. 1964 шарахь доьшуш чекхйаьккхина Нохч-Г1алг1айн АССР-ан хьехархойн институтан филологически факультет, нохчийн, оьрсийн меттанийн, литературан а хьехархочун говзаллица. 1964-2008 шерашкахь ша вехачу Цоци-Эвлахь лакхарчу классашна нохчийн, оьрсийн а меттанаш, литература хьохуш болх бина, школехь долчу массо жоьпаллин даржашкахь. 2008-2012 шерашкахь Гуьмсе-г1алахь Кадыров Ахьмад-Хьаьжин «Некъ» ц1арахчу типографехь редакторан болх беш къахьег-на. Заурбекан коллараллин говзалла гучуйолу д1адаханчу 20-г1а б1ешерийн 80-чу щерашкахь вайн республикан газеташкахь, журналашкахь  статьяш, стихаш, дийцарш зорбане довларца. Хамерзаев Заурбек 2009 шарахь дуьйна РФ яздархойн Бартан декъашхо ву. 2008-чу зорбане йолу цуьнан дуьххьарлера стихийн гулар «Кханенах догййовха», 2018-чу шарахь стихаш, проза ийна гулар «Нохчолла – ийманан рамза». Карарчу хенахь зорбане яккха кечйина ю керла гулар «Дуьненан дахаран хьаша» ц1е йолу гулар. Кхоллараллин болх д1а ца тосуш тахана къахьоьгуш ву Заурбен тайп-тайпана гочдаршна т1ехь. Х1окху О. Хайяман рубаиш гочйаран гуларехь хьалхара 200 байташна т1ехь къахьегна Кайсаров Сайд-Эмис шен соавторца дага а волуш. Кхин д1а йолу рубаиш гочйарехь къахьегна Заурбека.
Къайсаран Сайдсалахьан к1ант Сайд-Эми вина Г1оьрдала юьртахь 1963-чу шарахь Кхолламан (ян-варь) беттан 9 –чу дийнахь. Г1оьрдалара юккъера школа чекхйаьккхинчул т1аьхьа Соьлжа-г1алара Г1иллакх-оьздангаллин дешаран училище, цул т1аьхьа Нохч–Г1алг1айн хьехархойн  институт чекхйаьккхина, Бас-Г1оьрдаларчу йуккъерачу шко-лехь хьехархочун болх бина лакхарчу классашна хьоьхуш 1987-1995 шерашкахь. Жималлин шераш-кахь дуьйна боккхачу безамций, тидамций гулйо Сайд-Эмис вайн къоман этнографин, историн а материалаш баккхийчу нахера, зорбанан тептаршна т1ера а. Карарчу хенахь Сайд-Эми ша бечу этногра-фически талламашца цхьаьна къахьега волавелла ли-тературни гочдаршна т1ехь. Х1ара кхуьнан дуьххьарлера кхоллараллин болх бу зорбане болуш. Мах хадор хьуна т1ехь ду-кх, лараме дешархо.
 


Рецензии