Дуьсийла соьца безамца чагIар 1-100

                1
Шерашкахь ас йи ойла лаьтта тIера дахарх,
Кху батта кIел довзаза дисна дац хIума.
Билггала, кхетта со, сайна хIумма цахаарх-
Изза ду-кха, со духе кхиъначух жамIа.
2
Дешархо ма ву со кху башхачу дуьненахь.
ТIех беза бу сан болх, хьехархо ву шога!
Дахаро къежви-кха со Iамархочун даржехь,
Ца туьгуш соьца буза говзанчийн могIа…
3
ХIара ченан цинц хилла цхьана хенахь са чохь.
Аьрха чIаба я луьста – цIоцкъамийн полла.
Йуьхь тIера чан дIайоккхуш, экаме хилалахь,
Тарло иза исбаьхьчу Зухрах4 йу хилла.
4
ГIоддаха кхайкху и: «Со ву шуна хIара!»
Дешин бохча декош, баху: «Вай со-м хIара!»
Ткъа дозалча ша вовзуьйтуш кхайкхина ваьлча¬ –
Iажалло корехь боху: «Со йу-кха хIара!»
5
Зуда кхелхина стаг санна, мохь хьоькхуш, бIаьрза,
Туькан чохь тем байна, йу цхьа шира кхаба:
«Мича вахна со йина пхьар, йоьхкинарг, эцнарг?
Байна-кха уьш, ца кхуьуш, кху дахарх Iаба!»
4  Зухра – Сахуьлу седа ц1е йолу сайрат (планета), хазачу зудчух жила боху иза г1ажаройн барта кхолларалло).
6
БIаьста мархаш йелхарна ма хила саготта,
ЧагIаран кад хьалха ахь хьайна биллийта.
Вайн лаьттан бIаьрг хьоьстуш буц гой хьуна тахана,
Вайх хилла, иза арахь гIаттур йу кхана.
7
Мискачун стоьла тIера и тишйелла кхаба,
Везиран дарж долуш лелла бIе шо хьалха.
Амма сан куьйго лаьцна, аийна болу кад, ––
Хилла цкъа хаза йоьIан – бесни я накха…
8
Мотт буьйцуш йолу кхаба эцнера цкъа сайна.
«Паччахь хилла лаьттина со! – хьоькху цо мохь.
- Чан хилла лаьттачуьра пхьеро со гIаттийна, 
Малархойн пхьегIане йерзош сан сийлахь чалх».
9
ХIокху дуьненан йуьххьенан хиллий те хьоста?
И хIетал – метал ду–кх вайна делла Дала.
Хьикмат дерш-м ма-торру гIиртина иза даста,-
Цхьанне ца хиъна цунна кхоччуш жоп дала.
10
ГIум ловзош, бIов йуттуш волу, д1о кIант гой хьуна,
ХIай къена хьикматхо? Кхетам бала г1атта:
«Экам хила,- алахь цуьнга,- кегош хиларна,
Безначийн, хьекъалчийн догIмех хилла латта.
 
11
Дуьненан урх лелайо – Деаммо, ВархIаммо.
Лоьруш деза терахьаш, ас чаг1ар молу.
Т1аккха ВархI Сайрато5, йа аьрха Беа Ницкъо6,
Маьрша болу сан лаам чоьте-м ца лору.
12
Аганахь бер хуьлий, амма коша чохь – дакъа:
Вешан кхолламах хIумма кхин хаьий вайна?
Бассабехьа боьттина кад – и ду вайн дакъа:
Йуьйцуьйла дац Хьоладас къайленаш лайна!7
13
ХIума довзарх йоьзна йу-кха сан корматалла,
КIезгаллин зуламех, сийлалин бакъ къастош.
Дахаран дукха чолхе шеддаш ас даьстина, –
Валар доцчун – и шед боста некъ бац-кх карош.
14
Цкъа ленверг, селханийн дарашна хьо ма велха,
Долу хьал ма дуста кханенан бустамца.
ДIайахана, йогIучу минотех ма теша,
Гуш йоьдучух теша – ирсе хила хIинцца.
                15
Дуьнено бутт баттаца хийцина вайл хьалха,
Вайл хьалха хьикматхой хийцалуш лаьттина.
Делла 1охку тIулгаш тIехь вайн когаш кIелхьара,
Ду хазчу мехкарийн йоьIбIаьргаш цкъа хилла.
5 Варх1 сайрат – варх Латта, планеташ.. 6 Биъ аьрха ницкъ – Далан 1аламан ницкъаш: ц1е, мох, хи, т1епанг, мохкбегор йа б1аьсте, аьхке, гуьйре, 1а..
7 Лайна – вай (адамаш, са чохь мел долу х1ума) леш ду-кх Делан (рабы).. 
                16
Нур-олхазарх8 тера йа туьйранийн йоI санна,
Бакъ деган къайленгахь лардеш хила деза.
Нощдаларца жовхIарна лепарехь ша къага,
Мелла кIорга бух байна шен къайле еза.
                17
Ма дийцахьа, чIагIдеш тхуна, йалсамнин зовкхаш,
Цул сихха даийта вайна чагIаран кедаш.
ХIуьрлаIанаш, хиш, бошмаш – эрна къамелаш…
Мийлар тоьла, эхартахь хиндерг ца дуьйцуш.
                18
Тамаш бу-кх, дIабаханчу хьикматхойл хьо толахь,
Тамаш бу абаден къайленаш ахь йастахь.
Лаьттарчу сийна байн йалсаманел хIун эшна?
Тамаш бу-кх, велча хьо цул тоьддачу кхачахь…
19
Хаалахь, хIай кхолламо хьаьстинарг, веш дуьйна:
Четаран гIортораш хьайн йуйла муртйоьлла;
Дег1а чохь хьан са Iарх, четар9 кIел санна, тийна –
Ларлолахь, гIортораш йу цуьнан тишйела!
                20
Нийса некъ карор бац бIаьрзе дин лелочарна.
Ойла йан хуучийн шеконаш йу коьртехь .
Ма кхоьру со, цкъа мацца, вайна аз хазарна:
«ХIай жехIалш! Некъ бац шуна – эхартахь, кхузахь!»
8  Нур – олхазар, туьйранийн башха олхазар (Жар-птица).
9 Четар – томма гата т1етухий йеш йолу х1усам, бун (палатка).

                21
Тоьлаш ду къен волуш меца лелаш, дар къола,
Эхь дайнчу, мотт хьоькху, тобанах ца кхета.
Йажар тоьла даьIахкаш, токх кхачех ца вола,
Хьарамчу хьаькамийн боьха шуьнах кхетта.
22
Кхерамашна кIел дегI туьйсург, мозанах тарло,
Муьлхха шуьнна тIехийшар ду сий довш хIума.
Хайям, хьуна висар тоьла, цуьрг доцуш кхалла,
Сий доцчара кхобучул, вен вустош санна!
23
Хьацарлахь къахьоьгуш воллучу цу пекъарна
Ша хене ваккхал хьал тIедогIуш ца хилча -
Иза хIунда къежа веза хIела – хIуьлина10
Йа хIумма шел цуьрриг тIе тоьлаш воцчунна?
24
Тем байна гуш ду латта – и хIусам баланийн,
Лийр долу адмаш сихделла каш чу кхача,
ЦIе йахна паччахьаш йа исбаьхьа мехкарий,–
Ловзийнарш зама – го хилла наьнийн кхача.
                25
Ленволчуьнга стигланна тIехь баккхалац толам.
Ца хьоьржуш адмаш дуу сутара лаьтто.
Хьо цкъачунна дийна вуй? Цунна белахь хастам?
Зингатийн кхача хьоьх бан балале аьтто!

10  Х1ела – х1уьла – х1умма йоца х1ума, йаьсса х1ума.
 
26
Йеккъа цхьа бIарлагIа бен йац, мел гуш дерг вайна.
Ма гена йукъ йу-кх дуьненан бухе кхача.
Дуьнен чохь гуш дериг ладаме, бакъ ма хета,
Къайлах дух11 хIуманийн гуш дац хьуна лаца.
27
Кхетамна даима сирла долчу адамийн
Ницкъ ца кхаьчна эккхо д1а, го лаьцна бода.
Буьйса Iехо дийцина масех туьйра вайна,
Уьш д1абоьлху, вай санна, набаре кховда.
28
Делан белхаш баккхий бу, Iаламат цец воккхуш!
Къахьонех дуьзна латтош вайн дилхан дегнаш.
ХIара дуьне дуьту вай, тIекхиъна доцуш –
Доладаларх, чеккхенах цхьа кхетам боцуш. 
29
Стиглано вайн бIаьрса дойу, дашо нур лепош,
Цуьнан чаккхе йа йолор вайна гуш къастац.
Цуьнан барам хьекъалан бустамца бац бустуш,
Вайн кхетаман ницкъо  цуьнан маьIна дастац.

Хьесап доцуш дукха йу стигланийн серлонаш.
Хьо хIоттош гезйо цара стигланан майда.
Шеконийн ойланашца тилвелла хьо лелаш,
Хьикматхо, къилбан тай хьажалахь ца дайта.

11  Дух – х1ума хиларан билгалонан йуьхьаг (суть)
 
31
Бакъдериг хьан карара кхерамна дIаидахь –
Довза халачух кхета ма гIерта, доттагI,
Энжадхо12 хилла Iийча, чагIаран кад карахь,
Пайдехь ду, Iилма ахь Iамочул доггаха!
                32
Варийлахь, тешалахь, сих къаьстар ву хьо кестта,
Къайленийн неI хьоьжу хьоь кирхьана тIехьа.
ЧагIар мала! Хууш дац – схьавеъна мичара.
Сакъера! Дац хууш – верзар хуьлу мичхьа…
33
ДегIаха мерза са дIакъаьстича хьан тийжаш,
Хьо дечган уппагнашца хьулвийр ву лахьтехь.
Латта хилла хьан дег1ах, дIаоьхуш бIешераш,
И хьашташна т1аьхьено долор ду ахка.
34
Мичахь ву девзинарг дуьне г1аттаран бахьна,
Дахаран маьIна лехча, мел йу шен оьмар?
Делилица ч1аг1дан дац карийна цхьа хIума –
Цхьа марчо доцуриг – вайн хир долу духар!
                35
Хьекъалах тешначо  – маша13 дан уьйзу старг1а,
Шеко яц, хьикматан мах боьжна тахана!
Санехь ду кху заман чохь, ша гайтар эрг1ада,
Хьекъалан мах берзарна саьрмсекхан меха.
12  Энжадхо – дешар, йоза 1амоза, бодане, г1илкхана ледара адам..
13  Маша дан – маша – шура йккхар.

                36
ЦIе йахна мехкан дайша зовкхаш хьегна кхузахь –
Йортахь царна гонаха хьадалчаш хьийзаш.
Иза дерриг мичахь ду? Кху бIаьвнийн саьлнашлахь14,
Боберах, атйокх йу царна г1ийла тийжаш.   
37
ХIокху ширачу петарах вай олу дуьне, –
Паччахьех дисна х1ара, царна латтош той.
ХIокхо хуьйцу буьйсанан Iуьйкъенца сирла де,
Базбина лелийнарш лахьтичу д1анисбой.
38
Хьуьнаре Бахрама15 сеш лецначу кху меттехь,
ЧагIалкхаш, цхьогалаш бен Iаш гац тахана.
Ижуна16 гур бугIуш вайни шуна таллархо,
Цул тIаьхьа кIоргачу 1инах ша вахана?
39
Оцу боьха хьайналлин17 лай хилла хьо висахь –
Йесачу хIусмах тера хир ву къаналлехь,.
Айхьа - хьайха бIаьрг кхарсторца, хаттаре ваьллахь:
Хьо мила ву, мичахь ву, сацар хир мичахь?
                40
Ченан хIуьре18 кхолламо берзийнарш го денна,
Лаьттах дIаийна Iаш, дIасабаьржина уьш.
Доза доцчу бодане бIаьрг богIарх леранна,
Декъий бен, декъий бен – цхьа хIума дац кхин гуш.
14 Саьлнашкахь – г1ишлойн харцораш.15 Бахрам – г1ажарийн паччахь.16 Ижу-ижуна – таллархочо дуьйш долу акхаро. 17 Хьайналла – зударшка болчу безамна т1ех сутар хилар.  18 Х1ур – х1уьре – атайелла, чене йирзина х1ума.
                41
Олхазар го хиъна гIалин пенан дукъа тIехь,
МIарашца къуьйлучу туьтане хоьтту цо:
«Мичахь бу толамна кийча хилларш, Сийлахь Шахь!
Мичахь дека, бIо гIиттийна, ватанийн г1ов?»
42
ПхьегIаш йен го хьийзаш, тидам би ас селхана,
Куьпчичо19 ца лоруш сийлаллийн даржаш,
Кедаш до, коьртех хилла чан – поппарна хьийна,
Маццах цкъа хиллачех паччахьаш йа г1арбаш.
43
ХIай куьпчи! Цавашарца, мел хьийзо волу хьо,
Декъийн ченах бина поппар, х1ай зуламхо?
Фаридунан20 куьйгаш, суна схьахетарехь,
Волу-кх хьо бечу балхана йукъа хьакхо.
44
Ницкъ ма-кхоччу тIулгах тоьхна, ас эти кхаба.
Цу сарахь, гуш малар сов даьллера суна.
ХIай, хьайн  ирс дайинарг! – аьлла, леткъира пхьег1а.
- Ахь суна тIехь динариг, дийр ма ду хьуна!–
                45
Куьпчичун пхьалгIи чохь сан лергашна хозуьйтуш –
Поппаро шен къайле схьайийца йолийра:
«Ма хьеша т1ех дера со! – иза бара доьхуш,-
«Со, хьо санна, селхана адам ма дара».

19 Куьпчи – поппарх кхийра пхьег1аш йеш волу пхьар.
20  Фаридун – г1ажарийн паччахь
                46
Хьовсийша оцу куьпчега, поппаран пхьере:
Мел лорий поппар хьоь, цо говза хаарца.
Дика тидамца хьовсийша шу цуьнга лоре21
Цо хьуьйш берг поппар бац–дайн дилха ду цIийца!
47
Къехочуьнан стоьла тIехь чагIар чохь йу кхаба,
Иза, къуьйсуш кIант хилла, мацах зударша.
Цунна хьавзош латийнарг, тIам бац кхаба лаца,
Езарган куьг ду и, везачух хьаьрчина.
48
Йа пачхьалкх, йа цу чуьра мел долчу дешин пунт,
Кхачац дикачу чагIаран кедан меха!
Кей – Хосрови22 дашо таж йа Фаридунан гIант
Дац чагIар дуттучу кхабин туьсан меха!
49
Хоросанан23 цу махкахь баьццарчу кузашлахь
АлцIензIамаш24 кхуьу дебаш паччахьийн цIийх,
Тобалкхаш25 кхуьу хаза зударийн х1уьрашлахь,
ЦIоцкъамашна йукъахь лаьттинчу тIеданех…
21 Лоре – леранна, б1аьран са ирдина.  22 Кей – Хосров – г1ажарийн къоман барта кхоллараллин (фольклоран) турпалхо.  23 Хоросан – г1ажарийн область. 
24  Алц1енз1ам – орамат, зезаг (тюльпан). 25  Тобалкхаш – орамат, зезаг (ромашка). 
                50
ХIокху дуьсучу дуьненахь тоьхначу хенахь
Адамаш, зезагаш дов хуьлуш шайх ченаш.
Амма белларш, Iаь хуьлуш, хьала гIовттуш хьилахь –
Стиглара кху лаьтта йоьлхур йу цIийн Iовраш!
51
Мерзачу набарах Iуьйренца долу роза,
Хьоькхучу мохан хIонна делало хаза.
ХIай стигал! Доьлуш цуьнан самалха далале –
Жаззаш26 шен Iенаш, кхачалуш ду-кх цуьнан заз.
52
Сан хиллачу доттагIех ах лахьте бирзина.
Изза кхаж кечбина бу балаза биснарш.
Дахаран деза денош тхоьцанна даздинарш,
Оьмарна богIу кад бу тхол хьалха мелларш.
53
Дахаран сан тептар чекхдели-кха листина!
БIаьстенех, синкъерамех гIайгIанаш йисна.
Жималла – олхазар соь кхаьчна хан йац дагахь –
Шен байн тIам ластош соь, мича генехь сецна?
54
Хьекъалан тайх тоьгуш четарш дан, Iемина пхьар,
Хьо кхоийна т1ехбер бац тIебогIу бода.
ХIай, Хайям! Мела тай санна, хедар ду дахар,
Базарахь цуьнан мах хатта ца волуш да.

26  Жаззаш – зезаган го кхоллуш делладелла патарш (лепестки).
                55
Мут1ахь тайнигаш хилла вай Кхоьллинчун карахь!
Бахуш дац аса иза, тамехь дош хазо.
Бодашкара вай сцени тIе дохуш ву АллахI,
Хан чекхъяьлча, лахти чохь т1аккха тедо Цо.
56
Кхолламан сийлахь тажца27 – хьекъалан да велахь –
Чийрик28 хан бен йац цо йоккхуш йерг дуьненчохь.
Амма лаьттан киснашкахь, стигланан цу йух чохь
Адмаш дехар ду, стигал мел лаьтта ирахь.
58
Нисдели сан цкъа кхийра пхьегIаш йечу кхачар,
Поппарх бозбуунчалла деш куьпчи вара,
ЦIеххьана сан са кхиира: исбаьхьа хедар
Сан дех хиллачу лаьттах цо кечдеш хилар.
59
Роза зезаган мохехь йух, йетIаш, йасталуш.
Ирс оьцуш зарзар дара Iуьйренца бешахь.
Оьмар29 йоца розера там лаха хьовсалаш!
Розас бах: «Со далале, ирс эцца соьха!»
60
Дахар латтац вайн карахь, бода бу тIегIерташ,
Iажалло дог иэт1ош, дохадо дегI цоьстуш,
Беллачех цхьа вац йухавеана вайна гуш,
Дагавала вуй цхьа, цигара хьал хууш?
27  Таж – паччахьна йа цхьа толам баьккхинчунна коьрта туьллу х1ума (корона)
28  Чийрик – хенан, узучу йазаллин х1уманан доьалг1а дакъа (15- минот хан).
29  Оьмар – са долчу х1уманна йаха Дала бигалйина хан-зама. .
                61
Хьехархошкахь вай лоьхура бераллехь бакъдерг,
ТIаьхьо-м вайн неIаршкахь лоьху бакъонан тIам.
ТIадмах вай кхоьллина хилча, хIун ду те бакъдерг?
Вайх чан хирг хилар ду – бакъдолчун жам1, Хайям!
62
Энжаде, хIай, нах! ДегIан куц йац шуна хIумма,
Маьлхан дуьненахь йац тIаьхьалонна хIумма,
Чан хилла дIадовлале, хIай мурстийн30 йийсарш31,      
Сакъера, кху кIари32 чохь йац мурст хан хIумма!
63
БIаьрг хьастарца дуьненахь гуш дериг - дац хIумма,
Вай къуьйсуш, кхочуш до гIуллакхаш, – дац хIумма.
Лаьмнийн лакхенаш, йаккхийн аренаш – дац хIумма,
ХIусмашка, чуидош, гулдинарг – дац хIумма.
64
Массара хьекъалан да олу хьох. И хIун ду?
Хьехамца массарна масал ло ахь. И хIун ду?
БIе шарал т1ехь ваха, ойла йу хьан-м. Мегаш ду,
Там бу вала ши бIе шаре. Кхин д1а хIун ду?
65
Ирс хIун йу? Цхьа ладам боцу цуьрг. ХIумма йоцург.               
Дуьненан дахарх хIун дисна соьгахь? ХIумма.
Зовкхаш хьоьгуш, серло луш ваьхна со, хилла чиркх.
Хетара, шадерг сайн. Эххара дац хIумма.
30 Мурст, мурстийн – сихха, б1аьрган нег1ар тухучу йукъахь хуьлу х1ума (мгновение, миг).  31 Йийсарш – т1амеххь карабаьхкина нах (пленные).
32 К1ара – совнаха х1ума йа йалта чохь латто йиина жима чоь, ц1а.               
                66
Дахарехь даима хьажа зовкхийн не1 йаста:
Маларций, эшаршций, мехкаршций сакъоьруш,
Амма т1аккха, мел долчух, везар ву къаста,
Вайн дахар-м гIан ма дай. Iан йиш йац наб лоьцуш.
67
Бен воцу маларча, пуьтийн кIур, къаьркъанан кад,
Дахар, сий туьйсург кехатийн бола йукъа!
ШариIат йа Къуръан дац цуьнан кхетамна кIад.
Вуй те, вийцийша, цул «майра» кхин цхьа накъа?
68
Со пурха ма виталаш оцу Делан цIийнан.
1еса стаг ву со, иштта Дала кхоьллина.
Кхахьпа33 – зудчух ву со тера– зинах34 дин дина.
Жаннате йеза цунна¬ – некъ-м ца биллина.
69
ХIара дуьне, лекха лаьмнаш, тогIенаш, хIордаш,-
Сахьирийн35 фанарь хета, лампех тера зар36.
Хьан дахар сурт ма ду, аьнгали тIехь диллина,
Лацалуш, гIорийна, шишанца йисна лар.
70
Iибадат деш корта тоха меттиг бац карош.
Эхартан дахарх суна тешар ца делла.
Веллачул тIаьхьа денварах, вац ванне тешаш,
Ур-аттал сайх сийна бецан хелиг хилла.
33 Кхахпа – нахана ахчанах дег1 духкуш йолу зуда. 34 Зина– зуда, стаг бина моллица мах боцуш, цхьаьна 1ар, маре дича санна. 35 Сахьирийн – сахьир -жинашца тайна нах (чародей, волшебник). 36 Зар – 1уьйренан ц1оьлла (заря). 
                71
Ницкъ Болу тхан Дела! Кхолламхо – комаьрша:
Дуккха ду-кх дуьненахь, дохийна дегнаш Ахь!
ЖовхIаран ц1ен балдаш, чиллан кIеда ч1абанаш,
Хьулйойтуш кхоъмаза к1оргачу цу кошахь?
73
ГIум-аре йу дахар, и дерзана вай гездо.
Кураллех вуьзна, ленверг, беламе го хьо!
Харц йоху гIулчашна хьоь бахьанаш х1иттало –
Стиглахь-м ахь мел дендерг чулаьцна хьан кхоьло.
74
Маьлхан метта къагадан ницкъ ма бац сан дуьне,
Бакъдолчун къайленан неI йелла ницкъ бац сан.
Ойланийн хIордалахь жовхIар карийча маьIне, –
1уьрг даьккхина, цу чу хьажа, деналла дац сан.
75
Д1авоьду со, х1унда аьлча кху балин хIусмехь,
Ца хедаш, гуттаренна, хIумма дац дахарехь.
Мегар ду веллачунна тIаьхьа хьоьжуш вела, –
Эзар шарахь ваха ницкъ, ца леш, хьан белахь.
76
Ша лийр волу хан дIасатетта йиш йац цхьанний,
Азаллехь хан билгал йина вайн Iажаллин,
Йалуш ма йац балозах чаккхе йоцу хIума –
Цундела, доттагIий, делха иэшац цунна.
 
77
Синкъерамийн, гIайгIанийн хьостанаш ду вайца.
Боьхаллий, цIаной чутарлуш чоь йу вайца.
Дуьненан суьртел т1ех сов куьцаш ду адмашца,
Сийлахьнаш, хIуьл-хIуьлаш – мелла бу бийца!
78
Лаамашна, гIулкхашна хьо маьрша вац хьуна!
И Делан лаам бу, реза хила цунна!
Кхетамца ваха: диц ма де, дегI лийриг хилар –
Суй, тIадам, моххий бен – и хIумма цахилар…
79
Сакъералахь! Вайга хаьттина дац селхана.
ХIара худар кегийна вай доцуш йукъахь.
Вайн лиъна дацара вай къинош деш селхана –
Вай дендерг цу стиглахь йаздина тоххарехь.
80
Дуьне дуьсуш ду алий, гIайгIане ма вожа!
Даго кийрахь бен болх эрна бацарх – теша.
Хилла дIачекхдаьлла, дайначунна ма тийжа,
Ма йе гIаIгIа хиндолчух: и дохк ду ирча…
81
Нийсачу некъан тай каро хилча сан таро,
Жанната37 кхача йелхьара дегайовхо –
ХIокху готта набахтехь ца ловш х1ара хало.
Вахаран меттиг хийца сихлур вара со.

37  Жанната – йалсамане бохург ду иза. 
                82
Дог1а тухуш къевлинчу кху горга дуьненан  –
Таро йац схьакаро йа йуьхьаг, йа чаккхе.
Кхуза схьадог1у, д1адоьлху – вай дай дац хенан.
Кхузахь бинчу некъан жам1 къасталац цхьаьнгге.
83
Вайн синош, догIмаш кхоьллинчу Нуьцкъала Далла,
Стенна ца лиъна теша вай ца леш кхолла?
Кхачаме кхоьллинехь, вай хIунда деза дала?
Кхоллар дацахь кхачаме – гал мила ваьлла?
84
ХIара кад беш къахьегнарг, т1ех говза пхьар хилла,
Ца бина и атийта сонта маларче.
Исбаьхьа дегнашца ма дукха кортош сирла,
Бен доцуш, кхоъмаза кхолхуьйту Нуьцкъалчо!
85
Йалсаманин неI чIаьгIна йу Кхоьллинчу Дала,
Поппарах шишанаш деш волчу пхьерана.
Ткъа туьтанех38 уьш йечунна, муьлха лур бу бала?
Ахь аьлла-м дац хIумма, Къинхетам Берг, царна!
86
Кирхьана тIехьа дерг хаа, ницкъ кхачац цхьанне,
Горасиз ду хьекъалш, цул тIехьа дерг довза,
БIаьргашна хьалхара кирхьа дужу йукъана –
Докъах чан, цхьа йоцург хуьлий – дов вай доьза.

38  Туьтанех – туьта – адаман коьртан даь1хк.
                87
Цхьа адмаш Iехало хIокху маьлхан дуьненах,
Ткъа кхиндерш ойланехь эхартана доьлху.
Iажалла, и-м – пен бай! Цхьанне, са мел ду дегIехь,
Хуур дац, долу бакъдерг, цу пенал дехьахь.
88
Дахарехь вай гездина ламанаш, аренаш,
ЦIа боьрзу некъ лехарца Iаламат хала.
Амма гуттаренна кхузара дIабаханарш –
Царах цхьа, вайна хууш, ца вели хьала.
89
Сан вахарх йа д1акхалхарх цхьа хIумма дац доьзна,
Дуьненан хьал тодала йа эша иза.
Хьожур ву тарлахь со х1окху хIусамах ваза –
Эхарта-м воьрзур ву, кхунах дерг довзаза.
90
Гал буьйлуш кхеттачех, ма хьажалахь хьо Iама,
Таразехь39 кхиъначу къона йоIах ийна,
Малар муьйлуш, безам бевзаш, сакъера, Хайям,-
Доь доцуш довр ду вай, лелла лар т1ехь йайна, ,.
91
Далла го-кх: цунах Iабанза, ас малар дитар,
Йуьхьдагалхошца40 барт хилла ца дитна и.
Молчу хенахь лоьхура ас бIаьрзе са тедар, –
Са лоцуш безам беъча, сох дисира и.
39 Тараз – г1ажарийн шира г1ала, х1инца Казахстанехь йу иза.
40  Йуьхьдагалла – йуьхьдагалхой – ши йуьхь йолу нах, (лицемеры), дуьхьала хаза дуьйцуш, т1аьхьашха луьйш. 
                92
Дог кIеданаш гIоралахь, - дог Iаьржанаш мело
Белхьара, гIайгIанаш хир йацара вайца!
Дуьненчохь низам хилла дIахIоьттича нийсо,
Кхолламан кхиссаршна арз дийр дацара вай.
93
Леш долу адам кхачац абаден къайлене.
Ткъа хIун дуьсу вайна? ЧагIарца безам бен.
Дуьненан чаккхе йелахь, йацахь –дуй вайна бен?
Доьлхуш хилча йуха – йуха дацчу пане.
94
Къежбеллачу къаношка, къона бос хазчаьрга –
Чаккхенгахь хьакхалуш дерг цхьаъ ду массарах.
Дуьненахь дийна виса атто бац цхьаненгахь –
Iажаллина къа хетац къаночух, берах.
95
Хетало дуьненахь, хьан дуьхьа заз деллалуш,
Ма теша цунах – 1ехаварца дерриг ду.
Адамийн чкъураш ду кхиарций – леш, дIадоьлхуш.
Доккху заз санна, хан кхаьчарца хьо хьур ву.
96
Iуьйренций, сан хьомениг, чагIарах кад бузлахь.
Д1амолуш, пондар лакха, самукъне йала,
Доца ду вайн дахар, кхин доьрзур дац вай кхуза.
И некъ вайна хаьдда, цундела – д1амала.
 
97
ХIай, лай веш, со лаьцнарг! Тера йерг ца йайна хьох.
Со вара хьо гале гIайганца сингатмехь.
Суна буьззина кад боттий, соьца д1амалахь,
Го хьийзочу куьпчичо кадаш дале вайх.
98
Сан хьехам: кеп йолуш, безамах ийна хила.
Сийлахь нахах хетийта, эшац къа хьега.
Оьшуш ма дац Ницкъ болуш Эла волчу Далла,
Ахь тодина лелочу можца хьан мекхаш.
99
Мел дика ду т1иэра духар тишделла доцуш,
Оьшу рицкъина ахь къахьегар дац къилахь,
Амма кхиндерг оьшуш дац ишттанехьа схьалуш –
Таронал, даржал а дахар ду мехалахь.
100
Вахаран ханна суна кхолламо бала лахь,
Ирс кхаьчна хьо хилахь тIаьхь – тIаьхьа самукъне.
Варийлахь! Кхолламах тешна, паргIат ма ваьллахь:
Мекара дугIу цо шен  гураш къайлене


Рецензии