Дуьсийла соьца безамца чагIар 101-200

101
ТIадамех IаьIна Iапказ41 инзаре бу боккха.
Ченан хIуьрах кхоллалуш схьадогIу латта.
Дуьненчу хьан вар, дIавахар дац маьIне кIадда.
Мурстана42 корах чу, моза эккхар санна, –

41 1апказ – масийтта х1орд шена чутардина хин хьарма (океан)
.42  Мурстана – мурст – баьрган нег1ар тухучу йукъан хан (миг, мгно-вение).
                102
Дог хьоьстуш, заздоккхуш йолу бIаьста массо кол –
Малх-Аьзнийн дилх-ченех, хьалайевлла лаьтта.
Когашца вай хьоьшуш долу хIора бецан хал,
Синхаъмех дуьзначу даг чуьра гIаьттина.
103
Мискалла ловш Iийнарг бен кхочур вац сийлалле.
Дог цIийла карчийтахь, кхочур ву лараме.
Йеса ойла ма кхаба, сатесна кхиаме!
Хиънарг шен урх лело– кхочур ву лакхене.
104
Йуха йуьйли латта тIе бIаьрхиш Iено мархаш.
Мелла воцуш, хала ду, и хьал лан суна.
Тхо бай тIехь даьржина ду тахана-м, садоIуш –
Баца кIел, цу лахти чохь, 1охкур ду кхана.
105
Ма хала ду дахар сан: дац гIулкхаш нисделла,
Доцуш керт йа ков, даг чохь лаьтта сингаттам,.
Кхоор доцуш кхолламо бала суна белла.
Х1ун дер ткъа, Хайям, бе цунна Далла хастам!
106
Дахарехь кхолламо ло суна  мийра беттар,
Лаъмана дуьхьала нислуш ду сан вахар,
Марзлуш ду цундела, сайн дегIах са д1акъастар,
Мохь бетташ: «Кху г1ишлон пенаш ду ледара».
 
107
ЧагIар мала! Вайна дехкахь дезар дар цунах,–
Стиглано кхел йина, вай дайина дендан. –         
Декъийн х1урна тIе йаьллачу бацала вожий,
ЧагIар мийла! Эшац оьмар лоьллуш сихйан.
108
Довр ду дерриг – денлур бац дегайовхон буьртиг,
Шай43 пайда ца хуьлуш, довр ду ахь гулдинарг.
Нагахь айхьа, шен хеннахь, нийсонца ца бекъахь  –
МостагIийн кара гIур бу хьан бахам берриг.
109
ЖовхIарна оьшуш ду буьззина бода латтар –
Иштта бала лар оьшуш ду хьекъалца сина.
Мел долчух велча хьо, бассалой те хьан кийра?
Балийн кад карош хилча, юха тIех буьзна!
110
Довлале кхолламо44 вайна буьзна кад мелла.
Хьоменаг, кхин кад мала хьовсий вай цхьаьна.
Iажаллин марахь – тарлуш ду и къурд хила,
Стиглано бар хадоийна, къизачу кхоьлехь.
111
Дуьненчу валале йацара хьан цхьа хьашто,
Дуккха хьашташка вужу. ваьлча схьакхаьчна,
Хьоь дитлахь, цкъа кхачо хир йоцчу, дегIан Iазат45,
ТIаккха вер ву марша, хьо Кхоьллинарг санна.
43  Шай – ахча 5 капекан барамехь. 44 – безачу мехехь башха т1улг.
45  1азат – хьийзор, дег1ана ца бог1у ницкъ барца дацор, нехан долахь волу г1арбаш санна (гнёт, угнетение). 
                112
Жаннате нисбинарш, жоьжахата кхиссинарш
Дуьненчу царех цхьа вирзина вац юха.
Къинош дерш я сийлахьниш, хьоладай я къенаш –
Букъ тоьхнарг дуьненна – вогIийла дац вуха.
113
Сан юьхьан куц-сибат ду алцIензIамах тера,
Амма дуткъа дегIан гIад, – поп санна тайна.
Декъийн поппарх со Воьттинарг, со висна кьера:
Ца хууш и васт46 ахь суна стенна делла?
114
Со кхетта хилча хIокху дахаран бахьанах,
Кхуьур вара хир йолчу чаккхенан дуьхе:
Дийна волуш сайна, хаанза мел дисинчух, –
Велла шух къастахь-м, вац кхиарна догйовха.
115
ХIай стигал, ахь кхетабехьа энжаде и нах:
Мичахь бов, бух боцуш, вай дегнийн лехамаш?
Алоне мел синош даьгна довш – чим хуьлуш шайх!
КIур ма бац? МаьIна хIун ду? Йуй бехказлонаш?
116
Кху кедана кхетамо ловцарш 47 д1акхайкхадо,
Везаро барташца токху цуьнца буьйса,
Ткъа исбаьхьа и кад, кхетам байна куьпчичо
Гина суна, бан бой, юха отуш кхоъмаза.

46  Васт – куц-сибтан, оьздангаллин адаман я кхечу са лолчу х1уманан сурт.
47 Ловцарш, ловца – бер я муьхха адам хесторана олуш долу дешнаш. 
                117
Малончаш алсамчохь дахар хуьлу юьхьIаьржа,
Синкъермаш бицбинчо гIалаташна геч дац.
ДIамийла, тIулгах кхетта,  и кхаба йаржале!
Йа зевне пондаран аз мерз хада саццалц!
                118
Стоьмийн бешахь цхьаьна къайла даьлла вайшимма
Чаг1арх кад бузур бу, ламазаш а дина.
Кхолламхочо безнариш вовшеха къастийна,
Цул т1аьхьа куьпчичо пхьегIашка берзийна!
119
Къаналла дитта ма ду орам бакъабелла,
Хено сан цIен балдаш, хьач санна, сендина.
Дахаран сан биъ пен буххера схьа тишбелла,
Муртйоьла торпашца тхов чубожа боьлла.
120
ХIокху лаьттал, тIехула йолучу стигланел,
Дуьнен чохь сутарий, къизий бац Iазапхой,
Цкъеллиг-цкъа дузур доцу гай датIийча лаьттан:
Хазна48 йер йара гуча боккхачу механ!
121
Кху дуьненан ши неI ю: чувогIуш, дIавоьдуш,
Вайна хIун кхочу – даларан кхерам,  г1айг1а?
Йа ирсан зовкх? Ирсе бу цхьана мурстехь баьхнарш,
Кху Лаьтта ваза виснарг-м – ву кхочуш ирсе.

48  Хазна – деши, дети, мехала мел йолу х1умнаш цхьаьна кхетта бахам.
                122
Соь хоьттуш хиллехь, со вогIур вацара кхуза.
Сайн лаамехь витча я дIа гIур вацара.
Цхьанххьа дIа гIур вацара, ницкъ хилча-м кхузара,
Я цкъан-цкъа юха дуьненчу вер вацара.
123
И стиглагнаш ю юха лаьтта тIе язъелла,
Безамца кеде кхийда сурила49 санна.
Амма лаьттана тIеIенарг дац кемсийн мутта,
Адаман тIаьхьенийн ду цIий, цIарулла цIен.
124
Ши бIе шарахь я эзар шерашкахь хьо вахарх–
Мел ваьхча, хир ду хьох зингатийн дуу пхьор:
Дареш я тиша бедарш хуьлийла хьан духар,
Яц белла – хьо паччахь я маларча хилар!
125
Дуьнено хазалло, Хайям, вина хьо йийсар,
Дог хьоьстучу аьхналло вахийна лаьтта.
Зевне Iийдалахь, дахаран хьоста ду лекъар,
Мел леранна хьо гIортарх, кхоош и латто!
126
Къайлаха, хьоьга бен, дуьйцур дац аса цхьаьнгга:
Кхетам чу тарлац нахера балин маьIна.
Вай кхуллуш поппарх Дала иэйи теша гIайгIа:
Боданера далош схьа, – бодашкахь ле1а!

49  Сурила – хи я коча х1ума чу юттуш лелийна кхаба г1абакхах йина.
                127
ХIуьрлаIанех50 йоIа хьуна барт боккхуш белахь,
Деган накъост51, Iийса санна, хьикмате велахь,
 Зухра санна товш, пондарча хьан хаза йелахь –
Ирсана дац – шадерг, эхь цIена шун дацахь!
128
Стиглано латтадо адамаш шен Iазатехь,
Дахарна, хан йелла, шерийн чот тоьхна.
Йийсар вечу цу бехкамах со кхеташ хиллехь – 
Кху дуьненчу со вогIур вацара ваха!
129
ХIай сан дог, къинхетам ахь-хьайна ма лехалахь.
Бакъо ма леха, аьшпийн мах болчу махкахь.
Бала буьйш долу молха ма леха кху дуьненахь,
Молха лехар ду эрна, – цунна къарлолахь.
130
Шен бIаьрахица латкъам бо роза-зезаго:
«Сох хIунда доккху, Iаьвдина мутт деш, даьтта?» –
Безаман балехь долчу зарзаро шен жоп ло:
«Сатийна цхьа де ду кхузахь беза мах лаьтташ!»
131
Мала чагIар лоьхуш вара со синкъерамна.
Iуьллу роза го суна, 1аржделла, хьешна.
Аьлча ас: «Пекъар! Хьо стенна хилла те бехкен?» –
Цо: «Со-м дарий, урх йайна сакъерлуш, дехна!»

50  Х1уьрла1анех – йалсаманехь хир болу мехкарий.
51 Деган накъост – хьоьца къамел дог1уш новкъахь нисвелларг (собеседник).               
                132
ВорхI стигал йа бархI йу, тайп-тайпана ду дуьйцуш.
МаьIне ду, цара сох, аьхьна, йерг хилар чан.
Башхо йуй те суна: кошахь нIаьнаша вууш
Ца берзалоша арахь сох шайн пхьор52 дича?
133
Хьикматхо! Хьайн дахар чаг1аран тоьличу хьо,
Д1анисло, элийн ченах бина кад карахь.
Онда, ч1ог1а хетташ дерг дац йолуш тIаьхьало, –
И хилла Iехош гIан – йилбазгIала53 анехь…
134
Цхьа лар йоцуш довр ду вай – йоцуш цIе йа б1алг1а.
Ткъа дуьне-м лаьттар ду кхин эзар шерашкахь.
Вай-м кхузахь ца хилла хьалха йа хир дац тIаьхьа.
Дуьненна-м бац эшам йа пайда латтарехь.
135
Нагахь хьер йа бани, йа хьоладен гIаланаш
СовгIатна лахь Iовдална йа йамартчунна,
Ткъа хьакъверг цу совгIатна, хилахь лолле вожош –
Харцвеш ас йемалво, и нийсо магийнарг!
136
Иштта беркъа бу теша вайн декъаза кхоллам:
Вешан догIмийн лаъмаша, леш дина дацош?
Азаллера кху дуьненахь баьхначех цхьамма   
Дог Iебаш бина бац, дегIан лаам кхочуш!
52 Пхьор – буьйса йоьлча бууш болу кхача, даар, рицкъа.               
53  Йилбазг1ала – г1амарийн йа йист йоцчу шера арахь, къеггинчу малха к1ел гуш йолу б1арлаг1аш (миражи). 
                137
Пайда буй хьекалах, хIайталлех тIаьхьалонна,
Йухалург, ханна бен, дахар луш ца хилча?
Буй те пайда хамталлийн набахтин тутмакхна,54
Дуьненчу ван хьевина – жерахь55 д1а вигча?
138
Х1уъу дан г1ора долуш кхоьллина хиллехь со –
Стигла ас хуьйцур йара эккхийна мало,
Кхуллур йара кхин, самонца, ларйешйерг Нийсо,
Бакъдолчун накъост бен ца лоруш дуьнено!
139
Латкъам беш мел дийцарх шен хенахь дала деза.
Цкъа дахкалург вай хилар, бац боккха бохам,
Буйннал хатт хир бу цIий, латта ийна дог1мех, –
Дуьне ганза ларий, ма бе дагна баллам?
140
Гуро56 лаьцна хьоза санна, дуьнен чохь ду вай.
ЛадоьгIуш б1аьрза 1а – догйовха йа шийла.
Амма хIокху, неI йоцуш, горга цIелиг57 чу-м, хIай,
Бертахь кхачна даций вай-м – лаам а хилла.
141
ХIокху дуьненан дахар, ду чомехь кIайн лаьттан,58
Дегнаш денна дузош гIайгIанех валаран.
ХIара хьалххе шех дуьсуш верг ирсе ву шуна.
Дуьненчу ванза виснарг– хир ву да зовкхан.
54  Тутмакх – чудоьллина, набахтехь долу адам.  55 Жерахь – хьалхе, хьеназа.
56  Гур – акха х1ума: олхазар, кхин йолу дийнат лоцуш болу г1ирс. 57 Ц1елиг – жима х1усаи, чоь. 58 К1айн латта – туьха ийна долу латта (солончак). 
                142
ХIай, сан са! Ахь-м сох, хьийзавеш, лай виний нехан.
Хьан Iазат ловш ву со, ас мел йоккху гIулчехь.
Дуьненчу со мича бахьнина ваьккхи техьа,
Кху чохь со хIумма хийца охIла ца хилча?
143
Хьекъал дерг, хазаниг хержарца къа ца хьоьгуш,
Стиглано лаьтте ло, орамах  дIахадош.
Къа ду вайн! Дахка лур ду пайда йа мах боцуш.
Дахаран чам бовзаза, хир ду-кх дIадахнарш.
144
Цхьа зовкх ду-кха дахарехь суна диснарг: чагIар.
ЧагIар чохь хилла кедахь, цхьа тача59 йисна.
Мацах шуьнехь сакъийринчех-м йисна йац цхьа лар.
Мел хан йу, хууш дац, суна ваха тоьхна.
145
Корта кертах д1атовжийна, со валла воьжча,
Г1ур ву, тилон бад санна, Iажаллин кара –
Весет ду: соьх хиллачу ченах кхаба йича,
И шайца хилийтар гуллучохь сакъера.
146
Дукха дезар дуй теша букъ сеттош лела сан,
КесталгIа доьгIний те садаIар суна ган –
Синош дохуш оцунна, оьшуш дац сагатдан,
Ца хилча хууш сайн садаккхал йу, йац хан -?

59  Тача – т1уналло ша хиллачу меттехь йитиа лар.
                147
Дахар – бIарлагIа. Х1етте хила самукъане,
Маларан кепехь латта безаман шовкъехь,.
Дахар хьан дахделла мурстехь – кхин воццуш ванне.
Оцу хенан йукъана хила хьастамехь.
148
Iуьйренций чагIарнера60 аз дека вайн маттахь:
«ХIай Iовдал, сама вала, ду доца дахар!
Хьан туьтанах кечбина кад бу бузур лаьттах. –
И дале, бузийта, кад вахочу чагIарх!»
149
ЧагIаран кедаша дог хьоьстуш диэлар тоьла,
Йахана хан хесточул,  гIайгIано хьаьшна.
Сирлачу кхетамо буржалш детта хьан сина.
 Малоро, уьш хедош, хьан са дуту маьрша.
150
1есаллера Деле верза тоьа цхьа мурст хан.
Хьесапан жамIе ноль йала оьшу цхьа мурст.
Ларйелахь и экам, дешин мехха йолу мурст:
Дахар – кIезиг, дукха, йац хьуна мурст бен хан!
151
Наб озийначу суна хьехам беш хилла шайх:
«Вала сама, хир ма вац гIенаш гарх ирсе.
Iад бита хьажахьа валарх тера болу болх.
Велча кхочу, Хайям, набарах Iабаре!»      
 
60  Чаг1арне – вахош долу малар духку меттиг.
                152
ЧагIар дайша суна схьа, хи мийла кIордийна!
Дахаран къаьхьа кад буьзна сан шераша.
Молуш вац моттийтар товш ма дац къаночунна.
Ас хIинца ца малахь – маца мер алийша?
153
Декъашна бен ма дац: минот хир йа дийна сахьт,
Хиларх хи, чагIар, БагIдад61 - гIала йа Шираз,62
ТIебогIучу керлачо хуьйцур бу буьзна бутт –
Вай делла чул тIахьа масийтта оьзарза.63
154
Ца къаьсташ хьох даим хуьлийла чагIар цхьаьна!
Йолуш йуххехь йезар, кад бузуш – дIамала
Кемсех дуьйлу цIий; стиглано вай дайина,
Кошахь 1аьржа поппар бина, – дIалеIале.
155
Дала вайна дуьстуш нисдина дерг, доттагIий,
Алсам даккха йа иэшо дац цхьаммо тарлуш.
Ваьшна делла хьекъалах вай дезар дан хьовсий,
Ца хьоьгуш нехачух, –  ваьшна т1е ца доьхуш.
156
ЧагIарча, кад сихонца барз боккхущ бузалахь!
Со вахо лаарна туналло64 дарбане,
Сайн ледара дилханах хиллачу поппарах
Куьпчаша цхьа бен йоцу кхабанаш йале.
61  Баг1дад – 1иракъ пачхьалкхан коьрта г1ала.  62 Шираз –г1ажарийн (иранхойн) г1ала.  63 Оьзарза – эзар – терахьан барам (тысяча). 64 Т1уналла – т1едалла (жидкость, влага)
                157
Схьадахьа кхаби чуьра алмаз46 санна ц1ен  мутт –
Къежваллалц и цхьаъ ду-кха хьехамча, накъост.
Дахаран заз дужуш, г1айг1анехь со ца вуьту,–
Схьадайша, суна дарба до – дахаран хьаст!67
158
БIаьрг бета со марзвелла бос хаза мехкаршка,
Марзвелла чам тамехь цу кемсийн муттане.
Схьаэца гIерта царах сайна доьгIна дакъа,
Дерзале сайн долахь дерг йукъарчу декъе.
159
БIаьстенца лаьтта тIе дукха догIанаш Iийни,
Кху дуненан дог тохадели самукъне.
Хьайн йезарца сийна бай тIехь чагIар дIа малий,
Кеп хилла68 иллица кошахь берш гIовттабе!
160
Самукъне цу тойнехь, доттагIийн гона йукъахь
ДIамер ду чагIар ас, охьавожжалц вехна!
Чекхдаллалц мер ду ас – кхийрачу пхьегIаш чуьра,
Поппарна чан хилла, куьпчийн кара вахле.
161
ГIайгIане зIийдигаш хьайн кийрахь ма кхиае,
Самукъне жайна хьайна дагахь Iамаде,
Малар мала, ваха хьажа ладугIуш даге:
Вайна даха тоьхна хан йац хууш цхьанне.

66  Ц1ен алмаз – беза, мехала ц1ен т1улг (брилиантан тайпана). 67 Хьаст – шовда.  68  Кеп хилла – вехна, маларо корта галбаккхар (опьянение). 
                162
Шадерриг сан меттана ду лакхахь къастийна,
Дечунна цхьа ца вогIу соь х1умма хатта,–
ХIай чагIар дуттушверг, борзах кад бузахь суна:
ЧагIарлахь баланаш булкъаш69 йеш балийта.
163
Кхетаман йийсарлахь, мел Iа волу, хьекъалча?70
Хьан оьмар-м йоца йай – аьршане71 ца кхочуш.
Хьиэ ца луш хьоьх хир йу-кха цхьана пхьегIий лар-ча,
ЧагIаран чомах вола, бале ца вужуш!
164
Дуьненан харцонашна гIайгIане ма хила,
Валар тхуна дуьйцуш, догIанах ма велха,
Йотта сирла ал басахь йолу и тIуналла,
Накха кIайн хаза йоь1е дог дайта 1еха.
165
Дуьне совгIатна Лушволчо  ирсе болчарна,
ТIаьхь – тIаьхьа баланаш базбо мискачарна.
Ма хилалахь саготта кIезга сакъерарна.
Воккхаве нахачул зенаш сов цадарна.
166
Мел исбаьхьа, хийцамза, бу уьш гуш т1ех б1аьрла:
Йезаран йуьхьан бос бай кхолу бецашца!
Сагатдан иэшац – дIадахнарг д1атилла даьлла.
«Байттамал я1!» – Ма баха цунна бIаьрхишца.
69  Булкъаш – хи йа кхинйолу коча х1ума сих кхийсар, кийрара йуха г1ертар.
70  Хьекъалча – хьикматхо, хьекъале адам (мудрец, умница). 71 Аьршанал – аьрша – йахалла гойтуш лелош йолу метар (аршин).
                167
Iуьйренца меттахдаьла, куьйгаш лаьцна вовшен,
Минотана бицбина баланаш вешан,
ЦIенчу кху Iаламах буьззина пайда оьцуш,
Мерза хан йаккха хьовса диссале коша.
168
Дахарехь цхьа де ца даьлла со мелла воцуш,
Махьшаре72 вохьур ву-кха со вехна волуш!
Малх кхетталц ас мийлара могашалла йоьхуш,
Хьоме кхаба, гIоддаха,73 сайн мара къуьйлуш.
169
Ре1ан74 Iамалш йитий, чагIар да, йуьхьдагалхо,
ЦIенкъа75 тесна йожор вай сийлахь йаьхна цIе.
Хьайн кхолламан йух хьоьга лацалур ма йац схьа –
Лацахь т1аккха куьцех йоьIан йух мукъане.
170
ХIай, баттал хаза гушйерг! ЧагIарца къинойн кад
Мала хьажахь хIинцца – тешам бац кханенах.
Кхана кху лаьтта хьоьжучу къона баттана
Сан сийлахь цIарца байташ карор йац цхьанхьа.
171
Мелла, самукне хилар – Iадат ду ас лелош,
Мунепакъ йа Iелам вац со хила лууш.
Ас хаьттира кхолламе вайн махин барамаш,
Жоп: «Хьан дог ду йуьхьк1оман маха ларалуш!»
72  Махьшаре – Дала барт хатта къемат-дийнахь гулдийр долу майда.
73 Г1оддаха – ницкъ ма-ббу ч1ог1а х1ума дар.  73 Ре1ан –ре1 – моттарг1а.
75  Ц1енкъа – х1усаман когашца хьоьшуш йолу  меттиг (пол в доме).
                172
ЧагIарча, кечъелахь бух боцу кхаба суна!
ЦIузмехула76 ца соцуш мутт кхуьйсуш ара.
Хилира цу маларх тешаме доттаг1 суна, –
ДоттагIчуьнца йезначо тешнабехк барна.
173
Бецаш лепа. Кондаргашна т1аьхь къега розаш…
Iуьйренан токхаллехь кхерам бу лечкъииа,
Вай д1асахьавсина дуьйлале тидмаш буоза –
Хьокхур йу и бецаш, чIана доккхуш роза.
174
Кеп хилча, са чIагIдеш долу чагIар ло суна.
Хилийтахь со вехна, цунна бIаьрса дайна –
ЧагIаран кад схьало! ХIара дуьне-м туьйра дай:
Мохах тера ду дахар, ткъа вай – пухал дай.
175
Беде хотту чIеро: «Юха догIур дуй те хи,
Селхана охьадахнарг? Ткъа – дагIахь - маца?»
Бедо цунна шен жоп ло: «Вайх кхарзар йичхьана,
Дистхир ду йалгIо хьоь, жоьпаш луш нийсонца!»
176
Стигаланийн го ма бац заманца хийцалуш,
ЧагIаран кад санна, тIехаьрцина вайна.
И кад бу, са оьцуш, т1оьхула го туьйсуш.
Латкъамца77 ма тийжа – бер бац и тIех хьуна.
76  Ц1узмехула –ц1узам – чайникна, г1уммаг1ана, кхабийна чура х1ума охьа йутуш йина шолг1а бертиг.  77  Латкъамца – латкъам – адамо ша реза доцчунна йетташ йолу бага.   
                177
Йаххаш78 иэтIийча розанийн бIаьстенан мохо,
Кхаба малар шинна доькъург ву хьикматхо,
Накхош кIайн шен йезарца сийначу цу бай тIехь,
Маларх йаьсса пхьегIа сих ца луш верг йохо!
178
Iуьйранна хьала гIаттарций буззий кад ботта,
ГIайгIа ма йе дуьне дузарна харцоно.
Низам х1оьттина, дуьненахь чIагIйелча нийсо,
Цу тойнехь латта хьакъ болчех ма ву хьо.
179
Вахочу таьллингах къаьстина вахар – дац кIадда.79
Аз зевне мерзех къехка дахар – дац кIадда.
Дуьненан балхах кхета гIертарах со г1оддах:
Секъерар ги пайдехь, кхиндериг дац кIадда.
180
Г1арг1а80 санна дегI долуш, жовхIарх догу балдаш
Долчу стеца81 беша гIой, маларх кад буза.
ТIех ца туьлу Iажалло, цу берзан ка детташ,
Марчошлахь каш-лахтичу хьовсоле къиза!
181
Хьайн цIе йицлург хиларна саготта ма хила.
Синтем бойтуш хила кеп йечу маларе.
Йахкалуш, меженаш вовшеха хьайн къастале,
Экама йезарца, и хьоьстуш, дог теде.
79  К1адда – даьсса, х1умма доцу х1ума.  80  Г1арг1а – нисса ирх дег1 доккхуш  долу дитта.  81  Стеца – сте – зуда, йезар, х1усамнана. 
                182
ГIайгIа йоцчу маларчийн тешаме новкъа гIо:
Пондарчаш гулбай, назбарш тIехь паргIатвала,
ГIевлангахь кхаба йита, кад айа йеш сакхо,82
Мотт лебар дитий,– чагIарца йохье вала!
183
Г1ертачулла доккхачу декъан да хьо хила,
Хьайн «ас-со» нахалахь чIагIдеш къа ма хьега,
Ц1е йожийна, сий дайина гIаларт83 ца хила,
Г1олехь ду гIенаш гуш, 1ар маларна эгна!
184
Аренан мохах тера йа доьду хи санна,
Де даха, кхин цкъан-цкъа догIур дац и йуха.
Сан йезар, даха хьовсий вай гучуьнца тахна!
Хиллачунна сагатдеш эшац къахьега.
185
Уьдуш ду хи. Цунна дехьа каш. Зезагийн бай.
Го суна: тIехбуьйлу хIуьрлаIан мехкарий.
Схьада суна чагIар, 1амалш йан ма кхайкха.
Молчунна чаг1ар бен – дац дагахь Iуьйренций!
                186
Кхайкхош дерг борг1алша хууш ма дац хьуна?
Беллариш г1овттор бац бохург дуй те иза?
Кхин а цхьа буьйса д1атили цкъа йуха ца йан,
Дийнаниш-м, шек боцуш, бийшина 1а г1оза!
82 Сакхо – тидаме хилар, доладар, 1уналла дар.  83   Г1аларт – кхеравелча,г1енах йа буса дуьхьала х1уьттуш долу х1умнаш (силуэт, призрак, привидение).
                187
Хьайн даг чохь ма гулйе дегбаамашца, гIайгIа,
Зевнечу ахчанна эшац бетта корта.
Тахана ахь вуза ца вахь тешаме доттагI,
Верасо хьоьх дуьсу хьал хохкур ду йорта.
                188
Оьг1азе стиглано шен хьукма до вайна тIехь.
Цо ма вийна Махьмуди,84 Джамшид85дIавуьгуш.
ЧагIар мала, велча бац лаьтта верза кхин некъ,
Цу буха мел бахнариш бу бухахь буьсуш.
189
ДогIучунна сагатдан эшац ахь. Баланийн
Дакъа ду – йаздина лакхахь Кхане Гучо.
ХIара дуьне-м дац тахана адмашна готта –
Хиъчхьана схьакаро шена доьгIна гечо.
190
Ас хаьтти воккхачуьнга: «ХIун хьал ду эхартахь?»
ЧагIарах г1етакх86 деш волуш тоьлин кIажахь.
«ДIамала! – элир цо. – Гена ма бу цига некъ.
Жоп лур ду беллачех, цхьаъ мукъна схьавагIахь».
191
Нагахь сан лаамера дог даьлла мур багIахь,
Мича дала те и? Имса дац гондахьа!
ЭгIаза Iовдалаш, хьекъал доцу энжедхой,
Малар мелча гIовттуш берш Джамшидах тарлой.
84  Махьмуди – нуьцкъала султан, буьрса паччахь, Индера талорийн т1емашбархо. 85 Джамшид – г1ажарийн барта кхолларан паччахь –таллархо.
86  Г1етакх – боккхачу кхоамаллица дезар дар х1уманах(к1еззигчух тоам бар)..


                192
МогIа бина дIауьду денош шайн боларехь,
Лар хьаьшна дIадоьду малх бузарца гIаттар,
ХIай чагIарча! ДIадахнарг гIайгIане ма лецахь,
ЧагIар дотта, шераша сихдина болар.
                193
Исбаьхьа лаьтта денош: шийла йа тов доцуш.
Хьан бIаргийн нур гIелдеш, бецийн куз къегина,
Заз даьттIачу розина тIехь зарзар ду декаш,–
Кад ойуш самукъдолу зама тIекхаьчна!
194
Iуьйренций, хьомениг, вайна кад буззий ботта,
Пондаран аз тодай, бекийтахь дог хьостуш,
Джамшид, Кей87  д1ахьулвина доь дойуш лаьтта,
Уьш гонехь даима хьийзинчу деноша.
195
Буьйсанан йух88 йатIий оцу беттан серлоно.
ЧагIарча, стоьл тIе йал йуьзна кхаба, каде!
Дерриге делла дуьненчуьра дIадевлча тхо,
Х1инца санна, къегор йу батто д1о тогIе.89

87  Буьйсана йух – 1аьржа бодано хьулйина меттиган лаьттехьа йолу цхьа маь1аг, серла йолуш гучуфалар беттан серлонехь.
88  Джамшид, Кей – г1ажарийн шира дийцарийн турпалхой.
89  Тог1е – атаг1е, т1аь1ана чохь йолу шера меттиг.

                196
Сайн когаш куьйгашца Iемичхьана со къасто,
Сайн лаамехь уьш хьиэйан йацара бакъо.
Маржа! Барт хатта бехк боцуш и дайна шераш, –
Вахаза со волуш. хьийзийна хан цхьалло90  ,.
197
ЧагIар мала, хьан дегIан самукъа ду цуьнца.
Пондар беза, марзо йу стигланийн цуьнца,
Хьайца болу хьайн бала хазахетарх хийца,
Цхьа, цкъа, кхетар воцу Iалашо йу цуьнца.
                198
Кхолламо лур долчух вайна хIума дац хууш,
ГIайгIано ойла-м кхуллу хиндолчух кхана.
Мала, Хайям! Къурд беш долу малар ца Iанош,
Баланаш жимлур бу и кийрахь хиларна.
199
Хьайн деган лаамашна маршо йита хьажа,
Хьайн лаамийн беш кхио ма йелахь мало,
Батто къагийнчу буса бай тIехь хьайн зовкх хьега:
Малх бузуш дIавуьжуш, схьакхетале гIоттуш.
200
Зударийн ховха йаххьаш, бай тIера буц сийна,
Ирс оьцуш хир йу-кха уьш, со мел ву дийна.
Мийлина, муьйлуш ву, дагахь ву кхин дIа мийла
И чагIар,  беллачех д1акхетталц, дог тийна


Рецензии