Дуьсийла соьца безамца чагIар 201-300
Харц жайнийн хьехамашна валалахь хьо гена.
Цул пайдехь ду денна йезарца бай тIехь Iер.
Кхолламо хьайн дилха дIаьIахкех даккхале –
ГIолехь хета, чаг1аран кад буйнахь латтор.
202
Схьахилал, леллачунна вайша тийжа эшац,
Кад бассош хьовсий вай, кху дийнан дай хила.
Амма кхана гIур ду вай, балачийн лар эцна,
Цу некъан ларча91цхьаьнатоха сихделла.
203
1аламан хийцамашна тIехь тидам ма бита,
Безамций, маларций сакъоьруш Iе бертахь.
Хьаштонца хьоьжуш йац стигла вайн муьт1ахьалле–
Мехкан хIуьрлаIанийн дог эца хьажалахь!
204
Хьийза ма вайталахь хьо ойланашка йеса –
Маларан кхаба марахь хан такха92 еза!
Таьллинган93 хорхех94 долу мутт – ди вайна хьарам,–
Йеза магош йоцу йоI бу-кх дагна лазам.
205
ДIаихначу шерашкаш дуьнен чохь баьхнариш,
Йуха кхуза боьрзур бац хьажа - хIитта цкъа.
Схьада вайна чагIар, Хайяме ладогIа:
Хьикматхойн хьехамаш – хи ма хуьлу деккъа.
91 Ларча – оьшур йолчу х1умнех некъана кечбина мохь. 92 Хан такха – хан йайар шен лаамехь. 93 Таьллинган – таьллинг – кемсийе диттан г1одах олу.
94 Хорха – кемсийн бууш болу кан.
206
Боссахь бала башхо йац: цхьаъ йа эзар цхьаьний.
Къиза йу ВорхI сайрат95 дуьненахь болчарна.
Дийначарна базлуш бу Iаламан Биъ хийцам.96
ТIаккха чагIар чохь кедал дац хIумма аьхна.
207
Дукха къиза бу кхоллам, вайн дохош хьесапаш.
Тоьхна сахьт кхачарций ду дегIах са къаьсташ.
Сих ма ло, бацалахь хаий Iе, кестта цунна
К1ел Iилла висале, ирс эца цкъачунна.
208
ЧагIар мала, хьайн дахар цо дахдеш хиларна,
Леш доцчу син кIорге цо йузу серлонах,
Зезагашца хорханийн, малархойн заманахь
Самукъне хилар цо магадо массарна!
209
Цкъачунна чохь ваха хьуна цхьа кIаже йелахь –
Вайн йамарт хенахь йаан баьпкан юьхк йелахь,
Вацахь хьо нехан лай йа бацош гIарбаш97 айхьа –
Хаалахь, юьхь кIайн йолуш, ирсан да хьо вуй.
210
Йалсаманахь йу боху исбаьхьа стоьмийн беш,
Моз уьду татолаш, киселан бердашлахь.
Чагаран кад схьало, дезац иштта бах-бохарш.
Суна гуш дерг ду деза, 1ачу дуьненахь.
95 Ворх1 сайрат – варх1 дуне, царах цхьаъ вайн Латта долуш. 97 Биъ хийцам – шарахь хийцало йиъ 1аламан зама (б1аьсте, аьхке, гуьйре, 1а). 98 Г1арбаш – йийсаре балийна йа декхар токхуьйтуш бацош болу нах (рабы).
211
Ницкъ кхочур бац мархийн лакхара малх д1асацо.
Самалха даьллла дог эшор дац балано.
Довзазчу цу эхарта кхача вай стен сихдо?
Кхузахь муьйлуш 1ар тоьла, ловш йелахь гIело!
212
ЧагIархо, сан кеда цIеран алу йоттахьа!
Деза деттачу хьешийн кIордийна хабарш.
ЦIе латточу тIуналлех йуьзна кхаба лохьа,
Купчаша сох йале – цхьа кхаба, го хьийзош.
213
ЧагIарча, сан кад бу-кха йуха баьсса лаьтташ!
Декъа балдаш ду хьаьгна тIуналлехь кхета,
ХIинца доттагI висна вац-кха цхьа йукъахь тхуна,
Иэхье хIума далаза, дешеха цIена.
214
Кортош лозуш тхо хилча, доттахь малар кеда.
Вехча кхочу бакъо Кхоьллинчуьнга нисса,
ЧагIар схьадотта тхуна, дахар доьду хьаьдда,–
Цул дехьа, дуьненахь дерг, ду хабарш деса!
215
ГIаттарций керла денца декъал вейша Хайям,
ЦIеран алу йоттий, балуран99 кад буза.
Диц ма де: дуьненан дIайоьду цхьа минот хан,
Мел лаарх, вайн хир бац ницкъ и йуха йерзо.
99 Балуран – балур – дезачу механ аьнгали (хрусталь).
216
Вехна воцуш 1емина со, этмаьIигах лечкъа,
Маларо-м со кхетамна эргIада воккху.
Наггахь богIу йукъахь мур – кхетамна, вахарна.
Оцу муьран зовкхана со лолла вужу!
217
Дагца лелхачу лазаршна чагIар ду дарба.
ГIайгIане ойланаш дIайоху чагIаро.
Массо бала, цатемаш бицбечу молхано –
Х1ай чолакха100 заьIапхой,101 шу тодо-кх цо!
218
Цкъа ленверг, кхерам хьайн дагца бацахь – къовсало.
ГIорасиз велахь, къера хила кхоьлана.
Амма декъийн ченах пхьегIаш йан, хьавзийнчух го,
Шех латта хирг хилар бакъ ца деш, къийса ма ло.
219
Дуьне – боьгIна гур бу, тоьлларг ду цунах вадар.
Цул тоьлларг – хьайн йезарца хан бай тIехь такхар.
Баланийн мохь байбеш са тедечу чагIарца.
Iажаллин мохо иэвале беллачаьрца.
220
Вах ма лолахь сингаттамехь, гIайгIнехь, сан доттаг1,
БIарз ма ло карара долучу дахарна!
ЧагIар мийла, сакъера хьайна Iабар хирриг,
Са малхехь йаккха хьажа йелла хан хьайна!
100 Чолакха – дег1ан меже болх ца беш йисина са долу х1ума (адам, дийнат).
101 Заь1ап – дег1ун меже сакхте хилла йа д1айаьккхина йисина са долу х1ума.
221
Маржа яI, хьо Iуьйре! Катоххе, суна йоттал
Сийсара йисначух цу кхабина бухахь.
ХIокху Iуьйренан беркатах са Iабо хьажал –
Сеш хьоькхуш, тIулг бина хьо нисвале пенахь.
222
Цхьа хийцам бац сайратийн шерашкахь хьийзарехь.
Луьстуш йов дахаран жайнин цхьацца агIо.
ГIайгIа лалла маларца, «ДIовш г1айг1а вахарехь,–
Цунна лор чагIар ду», – боху говза лоьро.
223
Хьайна кхаьчначу балийна стигалшна ма ле.
Леткъаш ма велха, гIо кешнашка доттагIийн.
ДIадахна, тIедогIучу ма хьежа хьо дийне,
Хьажа гIорта мах хадош, уьдучу мурстийн.
224
Кхетам ирсехьа кхийда, чIагIдеш ша даима:
«Пусар дехьа цу мурстийн, хьо мел ву дийна!
ХIунда аьлча, хьо буц йац, цундела «д1ахьаькхча»,
Лаьтто хьо йуха гIаттор ма вац – денвина».
225
Дахар цхьа мурст йу. ЧагIар гIайгIа йуьйш ду молха.
Вон данза де даг1ахь, хастам бе стигланна!
Хастам бе Дала белла кхолламан декъана,
Хьайггара иза хийца ма гIерта эрна.
226
Тахана буьззна кад санна тодаларх дахар,
Ма сихло, йемал бай, чагIран кад дIататта.
Тахана бахам хьуна кхолламо тIетаттар –
Хила тарло кхана цо вохош дан тохар!
227
Аса балдашца хьастина кхабанан бертиг,
Сайн дахар дахдар доьху, чагIарна тийжаш.
«ДIамийла,- бах кхабано,- ма дехьа сов хеттарш,
Хьоьх хиндерг тоххарехь ду сецна лаьтташ».
228
Кху йуххера йа генара пачхьалкхаш нагахь,
Йохийна, эшийна чан хилла харцахь,
1ажаллех хьалха вер вац хьо, х1ай веза паччахь,
Наханачух хьуна ду кхо аьрша102 латта.
229
ЧагIар дота, синкъерам латтийта йист йоцуш,
Лаьттара жаннатан хIонан зовкх довзийта!
Мерз зевне пондар ба йа хьожа чомехь бецаш.
Байн мукъамца цанийн чам аьхна103хилийта!
230
Къанвелла муьрехь безамо вожийча гIелвеш,
Эс дойуш малар муьйлу, гIайгIанех уьдуш.
ХIай чагIар дохкархой! Зен дой теша аш мах беш?
Буй те аш цу сурсатан104 боггIу мах боккхуш!
102 Аьрша – йахаллин бараман (бустам, метар). 103 Аьхна – дег1о т1еоьцуш долу тамехь х1ума. 104 Сурсатан – сурсат – са долчу х1уманашна дахарна оьшуш долу рицкъица дозуш долу х1уманаш (йуург, молург, садо1ург и. д. кх.).
231
Дита сутара бахамца дозалла лехар,
Цу вочу амалан ма хилалахь йийсар,
Барташ луш, мас шарйеш йезарца мала чагIар:
Самукъне довш денош – уьдур ду хьан дахар.
232
Суна къаналла цайезар хууш ду хьанна.
Со чагIар дезаш вуй хууш ду массарна.
ЧагIаро йухайерзайой ца хаьа цхьанна:
Къоналла – къаношна, баьсте – г1ийла дагна!
233
Соь балац дахарехь некъ чагIарах ца кхеташ,
Лелалац когашка дегI маларан кеп йоцуш,
Сатосу ас чагIарчас ша вехча олу даше:
«Со метта валлалц, дIамийлахь, айхьа дуттуш …»
234
Х1ай сонтаниг! Схьахетарехь, лаьцна хьо гуро,
Дийнан бен барамехь доцчу кху дахаро.
ХIай ленверг, синтем бовш, х1ун ду теша хьо вуохо?
Цкъа чагIар тIедай, дIаьндаргах105 тийсахьа го.
235
Сеттина букъ нисбе, Хайям! Бер ма бац аьтту,
Iаржа балин хьо охьа таIо, сих хьерчаш.
Хьо, коша ваххалц, йуьхь тIехь хазахетар латтош,
Сийна кхашка, уьду хе хьоьжуш 1е воьлуш.
105 Д1аьндаргах – д1аьндарг – цхьана кога т1ехь хьуьцзуьйтуш йолу ловзораг (юла).
236
Дакъаваьлларг Iамалех хаьдда хилла веза –
Са къоьруш къинойх воьлла 1аш хилла веза.
Вайн беза мах болу дахар чекхдолу сихха –
Ира забаршца оьмар106 цо йело йеза.
237
Лара беза къонахий бисна бац тахана,
ЧагIарх бен там хилац, пхоьхана хьо кхачахь.
Кхабин тIам лаьцна куьг йуха ма ийза, воьхна,
Къаналлехь хьайн куьг лаца стаг висна вацахь.
238
ХIуьрлаIанаш бу шуна кечбина эхартахь,
Ткъа суна-м лаьа хьевала кху дуьненахь.
Тамехь хуьлу вотанийн гIовгIа, мелла генахь.
Деса хабарш ца лов ас. ЧагIарх кад бузахь!
239
Лаьттана генахь седа – БIалл107 стиглахь бу къегаш.
Лаьтта кIел кхин Сту108 бу Кхоьллинчо.хьулбина
Стерчашна йуккъера кхаш тIехь, хIун гуш йу вайна?
Сонта варраш, уьстагIий – шортта хьесапна!
240
Кхахьпане моллас олу: «Муьйлу ахь дайна эхь,
Т1е божаршна эвхьаза хьайн дег1 духку ахь!»
«Ахь боххург йу хьуна со-м, – аьлла кхахьпано..
Суна ву моттийта гIертарг, вуй теша хьо?»
106 Оьмар – дахарна Дала йелла хан. 107 Б1алл – стиглара седанан ц1е йу иза (сохвездие Тельца). 108 Сту – вайн Латта шена т1ехь сацийна г1орторан.сту (хапкъан бартан кхоллараллехь).
241
Мехала ду мийлар, бух боцчу сийлахь цIерел,
Мийлар герго ду Далла ре1ан 1амалел,
Дехча оха лоькху йиш, дасталуш до узарш,
Шеко йац, уьш хир ду, Далла куьйла109 ца йеш!
242
Со маьждиге бакъонан дош ца веъна лаха,
Йа динан баххашка йац сан кхийда ойла.
Ламазан куз баьхьира кхузара ас хьалха,
И тишбелла, керланиг бахьа со волла.
243
Дуткъачу дарех йина йухкур йу вай чалба,
Дехначохь паччахьан таж лур йу луччух д1а,
Ц1ерхазман суьпа нехан мехала суьлхьанаш,
Аттал мах ца къовсуш, кад чагIарх лур ду дIа.
244
«Чаг1ар чохь лийр йу хьо, Делах йаьлла, хIай хIума!»
– Боху соь. Молу барам лахбан, хьехарш до.
Iуьйрехь ма мийла, бах. Реза ма вац со цунна:
Сахуьллуш-м «похмел»110 йан, суна лаар марзло.
245
ЧагIар мала, хьо вижале бIешерийн ханна.
АлцIензIамо заз доьллучул доца ду дахар.
Малар духкучу тоьли чохь, доттагIийн гонехь –
ЧагIар мийла! 1ад дита Iажалла хьехор!
109 Куьйла – кула – адаман коьртана к1ордош, корта лаза боккхуш, деш долу х1ума. 110 Похмел – малар муьйлучу неха, хьалхарчу дийнахь мийлинчу маларо лаза баьккхина корта д1атебан, шолг1ачу дийнахь т1емаларх олуш ду иза.
246
Нагахь Дала пурба ца лахь батте д1ахьажа,
Хьожур вац цуьнга, Цунна муьт1ахь хиларна.
Къизалла ма йу и, - буьззина кад чаг1арах
Бете оьхьча, чам баккхар дехкар санна!
247
Йаккхий пачхьалкхаш кога кIел йахкинчийн санна,
Маларчийн дог доккха де, чаг1ар д1амалахь.
Мийла дезара: оршотехь,111 шинарехь,112 шоьттахь,113
Доцца аьлча – кIиранчохь, мел долчу дийнахь.
248
Ца молу бохучийн хьо ма теша хабарех,
Муьйлучарна эхартахь цIе хир йу бохуш, –
И Iе безамхой, малархой баго латйинехь, –
Жаннате хир йу йеса лаьтташ, мох лоькхуш!
249
Ялсаманехь мийла кийча чагIар ду боху.
И бакъ хилча, дац къилахь кхузахь и мийлар.
Безамна вай тIера хилар - м дахарца догIу,
Т1аккха и бакъо ю-кх вайна Дала елла.
250
Сайн хьайналлин114 хьаштана ас марха дохадахь,
Ма мотта, со цхьаъ ву массарал декъаза.
Баккъалла-м: мархийн де ду тера буьйсанах,–
И къа вай буса латор, дац данне къилахь!
111 Оршотехь –оршот – к1иранан 7 денойх хьалхара де (понедельник).
112 Шинарехь – шинарин де – к1иранан шолг1а де (вторник). 113 Шоьттахь –шотт – к1иранан йолхалг1а де (суббота). 114 Хьайналла – зударий т1ехбезар.
251
Чаг1аран къурд дуненан олаллин меха беш,
Бакъонан мехе нисби мах хуъчо цуьнан.
Хьаьжочун, ло санна кIайн, чалбин мехе кхочуш
Мехехь ду чагIар – йовлакх т1ехь и тIа1аьнна.
252
ЧагIар оьцу ас, ткъа ду боху зовкх жаннатахь
Эца луучаьрга аса и оьцуьйту.
Хир йолчу йалсаманех тешахь, хьайна лаахь,
Ткъа кхузара валахь д1а, со молуш мел ву!
253
Велча со мича кхочур ву хууш дац суна:
Йалсаманин беша йа жоьжхатин цIерга.
Кху дуьненахь мел ву-м, хир ву со хьалха санна,
Стоьмийн бешан бай тIехь кад кховдош йезарга!
254
КIадда дац хил хьоме хетарах суна чагIар,
Ду доггах кхечу балхал безамна вацар115.
СовгIат деш лур дац Дала суна дохковалар.
Т1е со вац дезна цкъа, со къарвелла висар!
255
Малар дита поэта оьшуш дац йан чIагIо.
Хир долуш дац гечдар ч1аг1о къарйинчарна.
Заз даьттIачу розин го зарзарша116 ирсе бо…
Цу хьолехь бакъо йуй – и дита дуй биъна,?!
115 Вацар – къахьегар, болх бар доггаха. 116 Зарзарша – зарзар – олхазарийн тайпа, царна йукъахь тоьлла илланча (соловей).
256
Кешнашкахь хуьлу дакъа соь кхаьчначул тIаьхьа,
Шун бIаьрхиша, хабарша дац суна дан гIо.
Чан хилла, со поппаре верзаре сатоха,
Цул тIаьхьа сох йер аш шайна луъу пхьегIа!
257
Малдейша суна, со кхаччалц ца молчу хьоле,
ЦIечу жовхIарийн баса йоьрзуьйтуш сан йуьхь!
Са даьлча, сан дакъа аш чагIар чохь лийчаде,
Ткъа барам, дIаверзош, таьллингех кемсийн бе.
258
ЧагIар чохь лийча дейша сан дакъа, беш аьтту
ХIоранна шен до1ица латта сан каш т1ехь.
Хайяман каш ма леха, хьожа яккха лаьттан,–
Харабат117 – тоьли118 чу буса нах гуллучохь!
259
Сайн оьмар чекхйаллалц воллу со лела вехна,
ЧагIаран хьожа йогIуш сайн каш хилийта,
Мала мелла веанарг, сан кашна тIехIотта, -
ГIуьттучу Iаьнархь вахарехь сов вийлийта!
260
Ламаз, марха, маьждиг, молла – йуьстах теттина,
Кад буззуш дIамелла, хастам бер вай Далла.
Вайн догIмех бина поппар пхьерашкахь ловзале:
Цкъа лоцуш кхабин суьрт, йуха доьрзуш пелле.119
117 Харабат – адмаш чаг1ар мийла гуллуш йолу меттиг, г1ахарийн маттахь.
118 Тоьла – латта охкий цу бухахь йеш йолу г1ишло (подвабное помещение).
119 Пелла – чай молуш лелош йолу пхьег1а (пиялка).
261
Риндах120 тера муьйлучийн хилалахь хьо хьаша,
Даима вехна, буржалех121 волуш маьрша,
Талор122 дан мегар ду хьолахой лела новкъахь:
Талабеш сутархой, хIонс - къехошца йекъа!
262
ЧагIар мелча, лам бала там бара ша хелха.
Миска ву-кх, ца дезарг вахош долу малар.
ДIадаккхийша бехк биллар! ЧагIар ду-кх молха.
Нехан дикаллин йуьххьехь – хилларг ду чагIар.
263
ХIара чIогIа хьагвалар узур дац терзано.
ЧагIаран боги чохь мекхаш ас дашийна.
Iилма дуьйцу жайнийн долара д1а вели со,
Йоссайеш хIусаме таьллинган йоI сайна.
264
Кху дахаран зIийдиг сан бухйаьккхина йаьлча,
ТIаккха дегI гуттаренна чан хила даьлча,
Оцу ченан поппарх пхьеро кхаба кечйича,
Денлур ду адам – цу чу чагIар доттича!
265
Буьйсанна балано хьизош велахь – даийта
Малар хьайна. Кхолламе къинхетам беха.
Хьо-м деши даций, хIай йехна тентиг, цундела
Велча, хьо каш чуьра схьавоккхур вуй техьа?
120 Ринд – шен ц1е-к1ур доцуш, даима муьйлуш даьлла лела адам.
121 Буржалех – буржал – адам, хьайба дедда къайла ца далийта когех туху г1ирс.(оковы). 122 Талор – новкъахь лелачу нахера х1умнаш йахар бертаза.
266
Бакъонна тIаьхьа кхиа хьан деган ницкъ бацахь,
Иза хIунда лаьтта те гуттара балехь?
Шовк йоцчу кхолламна хьо къарвелла ца сацахь,
Азаллехь125 йаздинарг лелар ду вайна тIехь!
267
Кхолламийн жайни т1ера хуьйцила йац цхьа дош.
Бала лар тайнарш йац бохийла бехказа.
Муьйлуш бита къаьхьа стим шаьш чубахккалц коша:
Дахарна йелла хан йиш йац дIасаийза.
268
Дуьненчохь, ког мел боккху, доьгIна хьуна гураш.
Сайн лаамца ца ваьхна со цхьана дийнахь.
Соьга хIумма ца хоьттуш бина стиглахь сацмаш,
Цул тIаьхьа со кхайкхавеш хамталхойн126 цIарахь!
269
Дикалла, йамартло, деналлица тешхалла–127
Шадерриг долуш ду, деш дуьйна вай дегIехь,
Лийр ду вай хийцамза доцуш тоьлла йа эшна –
Шадерриш ма ду вай Дала ма кхоллара!
270
Ирс хьайна тIедирзинехь, сонталлех ларлолахь,
Ирс дайна хьо висахь, хьайх къа ма хеталахь.
Вон, дикий ца къастош Далла тIе ма тетта ахь:
Далла ма ду вайначул оьзарза хала!
125 Азаллехь – йолаяларан юьхьаг йоцу гуттаре (вечность без начала).
126 Хамталхо – реза воцуш цхьана х1аманна бага йеттар (бунтарство)
127 Тешхалла – кхоьруш, ийзалуш, даима гонах ладег1ар (трусливрсть).
271
Дахарехь дика, вон ши ах дина ду декъна.
Хьалхе дуьйна нисбина оьмаран кхоллам.
Вай мел боккхуш болу ког цу стиглахь йазбина.
Оьшуш дац вайгахь хила гIайгIа, сингаттам.
272
Малх санна, ца кхачош, богу бакъ болу безам.
Жаннатан олхазарх б1аьрла хуьлу безам.
Безаме кхочуш бац зарзарийн тийжаме балхам.
Ч1иркъ128 боцуш – вала вожош, бу ц1енна безам!
273
Стиглано бохуш ду хьан даге: «Суна хаьа –
Хьайгарчу балина со бехкен лорий ахь.
Дахаран боларан урх йелхьара сан карахь,
Хьо ирсе хир дара мел дог1учу дийнахь!»
274
Ахьа со кхоьллина, бах, хица хьакхош лаьттах.
Кхоллархо Хьо ма ву сан дегIан меженийн.
Сан дагара синхаамаш йазбина Ахьа.
Соьхь хIун дуьсу т1аккха? Хьуна хастам бар бен?
275
Стигларчу динна нуьйр Ахь тиллинчу дийнера,
Седарчийн гуларшна техкичхьана цIераш,
Хьайн Тептарна т1е тхан кхолламаш йазбичхьана –
Царна муьтIахь хилларна, ду тхо бехкен деш?
128 Ч1иркъ – имел къиза бала-г1айг1а шена т1ехоттарх, адамо ша доьхна цагайтар, багара аз даьлла, йуьхь т1ехь хийцадалаза сатохар.
276
Мичахь бу селхана онддий хилла и кIентий?
Ца кхоош, уьш иэгош, стиглан марс чекхбели.
Сагатдар эрна ду, ша хилларг хилла дели,
ЧагIар лол, цавуьсе129 кхачийта лензалле!130
277
ЧагIар, безам - тхуна, маьждигца, зиярт – шайна.
Тхуна кийча цIе ю, ткъа хIуьрлIанаш – шуна.
Тхо стенна ду те т1аккха бехкен, вайн кхолламаш
Хилча Дала вайн кхолламийн Тептар тIедаьхна?
278
Пайда буй те вай Iамал, Iибадат лелорах,
ЦIерга кхачазниг бен ца вахча жанната?
Муьлха йоза чулаьцна кхолламо х1ораннах –
Адаман зуьретера Тептар чохь дитна?!
279
«Ламаз, марха долуш, –бохуш ду вайга, – даха –
Даьхначу хьоле хьаьжна, – дендийр ду йуха!»
Со-м сайн йезарций, чагIарций ца къаьсташ ваьхна–
Цу хьолехь гIаттавайта къемата – дийнахь!
280
Суна вехна ву алахь– шеко йац, ду и бакъ!
Сий дайна хIума алахь – шеко йац, ду бакъ!
Со – со ву. Шайлахь со йемал ве шайна ма луъ:
Хилла Хайям хилла вуьсург хилар ду бакъ!
129 Цавуьсе – цавуьса – ленверг, гуттаренна ваха вуьтур воцург.
130 Лензалла – велча, адамийн дагахь виснар (бессмертие)
281
Вой, дикий дуьненахь ший лелаш ду башх-башха:
Кхоллалой массо хIума – долало доха.
Ма кхера хьо карарчу хьолехь, хьажа ваха,
Ма кхера хир долчух, даханчух ма велха.
282
Безаммий, чагIаррий сох цкъан-цкъа ма къастийла!
Ша хирг хуьлда: хьервалар, йуьхьIаьржо – бен дац!
Хила йаздина хиллариг – чекхдер ду хилла,
Кхолламан зилал131 иза тIехдала-м йиш йац!
283
Дуьненахь чот йоцчуш буьйцучу меттанашкахь
Кипарисо132 къамел дац, – хастам бу цунна!
Амма цхьаннал сов мотт боцучо шен кхин бийца,
Эрна бага ца йетта– марздойла шена…
284
Хьикматалла моллийн чул сов долу Iилманча,
Дозаллица133 велахь – хьакъ ву йемаллина.134
Амма мокхазан135 тархал дош чIогIа къонаха –
Хьикматхойл сийлахь ву, хестамашка вилла!
285
Синлаамаша хьийзош, кхехкаш берш ойланаш,
Дуьне талла хIуьтту, иза довза лууш,-
Буьзна кад дIамелча, тийна кхетамах къастош,
Набаро мара хьарчабо, эс даьхна буьтуш.
131 Зилал – зил – дехьа вала бакъо йоцуш сацаран доза. 132 Кипарис – хаза дитта. 133 Дозаллица – дозалла дар – кура валар, ша лакхара хетар.134 Йемаллина – йемалла – нийса доцург харц дар, сийсаза дар. 135 Мокхаз-т1улг.
286
Ирча, хаза къестадац цIеначу безамо.
Жоьжахата г1ур бу лаьцнариш безамо.
Безаман йийсарш 1ехабац башха духаро,
Буса кIел тосучо йа гIовле136 йуьллучо.
287
Куьпчичун пхьег1ийн го хьаьвзинчу заманан
Дуьхье кхиа ка даьлла Iилманца болчийн
Йа беххалц муьйлучийн – дуьне шайна хьийзарна,
К1еззига цуьнан маьIнех шайн кхетам боцуш!
288
Массарна ирс лохуш хьоьгучул ахьа бала –
ГIолехь ду йиша-вешех цхьаъ ирсе кхачор.
Тоьлаш ду: диканаш дарца доттагI тIекIавар,
Буржалех дуьненан хьалкъ даккха цаг1ертар.
289
Стигла лору ас дахар даьккхинарг дакъаза,
Дуьра хIордийн хиш ма ду беллачийн бIархиш!
Йалсаманин зовкхе кхочу – къахьегча г1оза, –
Жоьжахата – дуьненахь безамна баьгнарш.
290
Цахиларх хьикматхо пис, бахамна сутара,
Доцуш ахча хала ду хьекъалхолчунна.138
Керта уллехь тобалкх139 ду мархалдина къоьлло,
Ткъа хьал долу роза ду къегаш, комаьрша!
136 Г1овлехь – г1овла – д1атевжаш коьрта к1ел х1ума нисйар. 137 Хьекъалхочунна – хьекъалхо – хьикматхо, хьекъалан к1орге йолу адам. 138 Тобалкх – орамат, зезаг (ромашка).
291
Дуьненахь вуй теша наха масална вийца,
Безамах дег1 Iаба кхиънарг, доцуш бIаьрхиш?
Векъийтнарг уьнтIапхьидан140 уьнан ехкаца, –
Пурба лург – шена йуца йезаран к1ажарш!
292
Сий дайна, хьайлла сонта воцчуьнца малалахь,
Баттал тайна хьомечу йезарца мийла.
Барам айхьа меллачун цхьаьнга ма бийцалахь.
Хьекалах ца вухуш, доза лардеш мийла.
293
Ойланаш йу хьийзаш суна коьрте, ткъа амма:
Уьш гуча йахахь-м, корта бер бу сан дегIах!
ХIокху кехатах бен, бан ма бац, цхьаннех тешам.
Ма билла бехк, хьеший, шу дац хьакъ тешамна!
294
Йамартчу йезарца лаам бу хила шога,
Луш бакъо сайн дагна керла безам харжа.
И эрна ду, – сан хьажар кхолийна бIаьрхиша,
Цундела сан ницкъ кхачац кхин йезар харжа.
295
Безаман эшаршка бIаьста зарзараш девлча,
Айхьа мала, йезарна маладе чагIар.
Гой хьуна и роза, безаман шовкъе кхаьчна?
Безам кхаьчнарг, Iабаде хьайн дег1ан асар!
140 Уьнт1апхьидан – уьнт1апхьид – дийнат, гай т1ехь,букъ т1ехь маь1ан аннаш долуш (черепаха).
296
Дихкина малар аса мийлац иза дезаш,
Йа са декъадалийта дац муьлуш иза,
Муьйлу иза гуш долчунна вицвала лууш,-
Дуьненан декъазчу сайн дахарций цхьаьна.
297
«Делча д1адоьрзу хIусамаш стиглахь йу»,- боху,
Сан даго боху – и ду харц, эладита:
Дуьне кхолларан гонехь йац иштта ши гIишло,
Цундела йу и шиъ – сехь кхоьллина ши ах.
298
Хьекъалехь молу ас: цкъа ца волу гал вехна.
Сутара ас мийлахь, вац сутар,– ву хьогах.
ХIай ца молу суьпа стаг, ахь хьайх бен йац ойла –
Ткъа суна-м со вицлой, дегI дехаш малделча!
299
Ас чагIар муьйлу цу кошахь вовр волу дера.
Муьйлу буттучу аьшпех ца теша дера:
Эхартана кечдинчу къизаллин Iазапех,
Жаннатахь сийна бай тIехь хир долчу зовкхех.
300
Маларна цхьаьнакхетарш Хайямна тIехдетта.
Масална балабеш ца молу къонахий.
Цамалар санна, церан кхин амалш гича,
Тхох милла хир вара шуна царал хьоме?!
Свидетельство о публикации №225082401327