Дуьсийла соьца безамца чагIар 301-400

301
Нехан тIоьхленца чоь тIехь нийса гуш волчунна,
Вон, дикий гур ду – дешин, детин башхаллехь.
И шиъ ший адмашна делла ду цхьана ханна,
Iажалло къаьстош буьгу диканех, вонех.
302
Къанвелча со йуха лоцу безаман гуро,
И ца хилча хир варий марзвелла мийла?
Бехкамаш ас бохий, хьаьстича со йезаро,
Цундела со воьлху, сайн тиларна гIийла.
                303
ЧагIар схьада! Бац кхузахь бах - бахаршна меттиг.
Йезарган барташ141 ду суна даар, молха,
Йезаран ал142 балдаш ду соь д1акхойкхуш, догуш,
Безаман марзо ловзу чIабанийн143 ховхехь.
304
Алсамо долчу дарбанех цхьаъ далахь суна,
Мускусан144 хьожа кхетарг суна д1аделла,
Хьайна Хайям ваккха лиънехь балина гена,
Iуьйренций Хайямна чагIар охьадилла.
305
Дарбане шовданаш бухдуьйлу хIара агIо –
Вайна кечйина жаннатах йуй те тера?
Кху бецийн куза тIехь ма-тов, паргIат, Iилла хьо,
Похмел йеш, бIаьрг тоха хIуьрлIанан мехкаршка!
141 Барташ – хьостуш, берена, стенна обанаш йахар (поцелуи).  142 Ал – къегина ц1ен  бос. 143 Ч1абийн – ч1аба – зудберийн, зударийн к1ажарш, месаш.
144 Мускусан – мускус – хаза чомехь хьожа йолу т1уналла, 1ат1ар, духи.
                306
Набарха со валарций бете лоцу кхаба.
ЧагIаран бос эцна, йуъхь-сибат хилийта.
Мер ду ас, ткъа хьуна, реза боцу сан кхетам,
Хьожур ву бухадиснарг йуьхь дуьхьал тоха!
307
ХIара дахар хIета-вета145 чекхдериг хилча,
ГIайгIа-бала эккхош чекхдалийта деза!
Дахаро-м тем бийр ма бай, самукъне хьо хилахь,
Ткъа воьлхуш лелахь, тем бойуш довр ду доьза.146
                308
Вахарна ир-кара веш долу малар мийла,
Къоналле башха вуьгу молха дIамала,
ЦIеран йовхо латтош долу и чагIар мийла,
Сингаттам самукъне боккху дарба лара!
309
Хьайн гIеллуш лаьта йахь, йуха чIагIйала лаахь,
ТIебеъна сингаттам чагIар чохь бен хьажлахь,
Ткъа нагахь хьайга зовкхан чам кхаьчна Iан лаахь –
ЧагIар, хих ца иэдеш, д1амийла марзлолахь!
310
ЧагIар мала хьан, адамийн доттагI ду иза,
Бьуьйса йаккха хIусам йу к1адбеллачарна.
Дуьне хьулдеш хIорд баьтIча, бIаьрзечу синошна –
Орцан кема ду и г1айг1анийн х1ордалахь.
145  Х1ета-вета – мухха хилла хила дезаш долу х1ума (так или иначе).
146  Доьза – буха х1умма ца дуьсуш,х1у кхачадалар. Доь – х1у ду.

                311
ХIуьрлаIанех тера йоI бузуш сан кад чагIарх,
Охьалахлахь ша йуххе бецан кузалахь.
Туйнаш суна тIедетташ, аш иэве диларех,
Нагахь ас ойла йахь кхечу йалсаманих!
312
Бакъонан зIийдиг йац денлур цкъа кху лаьтта т1ехь,
Дахаран урхалла йац нийсонан карахь,
Ма мотталахь долу дахар хуьйцур ду ахьа.
ХIай адам, хадийнчу гах ма тасалолахь.
                313
Харабате боьду некъ бицбеш Iан йиш йац вайн,
Дикаллин, сийлаллин цIе йаккхац мах баларх,
Самукъне хилийша, хIай! Дикаллин кирхьа вайн
Зарзделла147 – дац ц1инлур, йоманаш вай йахкарх.
314
Вай къинош летадо, деза чагIар хIаллак деш,
Уьш летош вай  1арна йехаш йу чагIарне.
Волчо Къинхетаме148 гечдойла вайн къиношна!
Гечдеш бен кхочий къинхетам т1****аре!
315
 Балуран стакий, цунна бухахь долу тачий,
Хуьлда суна хаам беш керла де кхачар.
Цхьаболчара-м чагIаран чам къаьхьа бу бохий,
Т1аккха иштта и делахь, цуьнца ду-кх бакъдерг! 

147  Зарзделла – иэт1а доьлла, тишлуш 1уьргаш девлла к1аде, кирхьа (занавес)
148 Волчо Къинхетаме – Къинхетаме верг – Дела, Аллах1.

               
                316
Шен кепара ду Далла Iамал йар хIоранан.
ЦIерга ца кхача, жаннате йеза вайна,
Кхиа воьллла хьикматхо ойланех вай Делан:
Кхерац жоьжахатах, къежаш вац жаннатна.
317
Мехкаршца сакъералуш хилар тоьлу мелла,
Ламаз-мархица лехахь а гечдаран некъ.
Безам, малар дезарна бен и Iазап дацахь –
Муьлш бу те йалсамане бига хилларш хьакъ?!
318
Шайн доттагI цу эхартан охIлане вирзича,
И дага лацалаш цIена чагIар молуш.
Амма гонехь лела кад Хайямна тIекхаьчча,
ТIекIел тоха сихонца, бух тIоьхла боккхуш!
                319
Леш санна, вай гора иэгац латкъамца доьлхуш, ,
ЧагIар муьйлу Делан къинхетамах тешаш.
Ре1анал149 тоьлаш хета тхайн цхьадолу къинош, –
Гечдан к1адо йу-кх Делехь – къинхетам гойтуш!
320
Дечу вонийн чаккхе йоцу, хIай зуламе нах,
Дала гечдийр ма дац шуна къемат-дийнахь!
Йа вонаш, йа диканаш ца динчарна гечдарх,
Гечдац Дала волчунна харцонех ийнехь.
149  Ре1ала – ре1 –ц1архазмана деш долу х1ума, г1уллакх (показное дело).               
                321
Ойланийн стогар, къинхетаман кад бу вайца.
Лаккхарчу хаарийн гулдалар ду вайца.
ХIокху Делан мухIар тIехь далийна дешнаша,
Кху дуьненан хьозна т1ехь вай хьехош деца!
322
Розин меттана мегар ду и декъа баь11аш.
Сирла жаннатал Iаьржа эхарт ду мегар.
Нагахь т1е куьг кхочехь моллица маьждиг дацахь,
МозгIарца нехан дин ду оха могуьйтур.
323
Хохкучу хьан динна, хIай, стиглахь хаьржина шахь,
Дашо хьостмашца ленаш150 тоьхнарг ву АллахI,
Хьо лелачу некъаш тIе Цо детин ло тесна,
Беллачех хилла чан дине151 ца хьешийта.
                324
Соьца цхьаьна доцуш, малар мала шу гуллахь,
Аш шайгахь ларделаш гIиллакх, хьекъал гайтар.
Ткъа нагахь чагIарчас шун кедаш дуьзна хилахь,
Кхелхинарг хьахаве, малале шаьш чагIар!
                325
Леш санна ас сагатдарна, Дела, гечделахь,
Маларх васталучу балина гечделахь,
Харабате со лелийна когашна гечде,
Кад буйна къуьйлуш Iийна куьгашна гечде!
150  Ленаш – лан – говран когий бергаш 1ай ша техь, лайлахь ца шаршийта туху г1ирс. 151  Динна – дин – хохкуш, хьалхайала кховсуьйтуш лелош йолу гопо
                326
Сиренан152 басахь мархано баьццарчу арахь
Дийно сарралц даржий ц1ен жасминан153 патарш.154
Зезагах тера чагIар сан кеда дотталахь,
Маларшлахь тоьллариг, цIеган155 басахь долуш.
327
Нагахь, дагахь доцуш, беркат хьайна тIехьовзахь,
Хьайн долахь мел дериг, бакъонах дIалолахь.
Амма, хIай, сий долу стаг, хьайн оьгIазлонийн мохь,
Бакъонна бен воцчуьнан ги ма биллалахь!
328
Китай-пачхьалкан мах лору чагIаран кедан,
Жаннатин бердан мах бу кедан чагIаран.
Чам къаьхьо хуьлуш бу кедахь долчу маларан –
И къахьо йу-кх мехехь дуненан марзаллийн.
.                329
Дог шийлачу йезарге, хьо веза ма баха,
Йамартчун кор лардеш, эрна хан ма йаккха.
СагIадоьхург санна, сина маьрша хилалахь –
Хьоь безам баха там бу цу йоь1ан т1аккха.
                330
Ханна долчу кху дуьненан маьIна ду валар,
Ма хила, Iехалой, кадбоцчу хIумнийн лай.
Баккъалла, лара дезарг-м аьрха лела са дай,
Кхнн долчун санна, цуьнца дац хийцадалар.
152 Сиренан – сирень – орамат, кондаргийн тайпанах къорза зезагаш долуш.
153 Жасмин – кондарг, к1айн йа ц1еган басахь зазца.  154 Патарш – зезаган ботт (почка, бутон). 155 Ц1еган – х1уманан бос, сирла ц1ен бос
                331
ХьогIах дуьзначу кху лаьттахь ма хила сонта:
Теший тIе ма товжа гонаха болчарна,
БIаьргаш сирла хьажалахь хьайн доттагIчун хотIе –
Там бай цо-м гIулкхаш дан хьо цавезачарна!
332
Ницкъ, бахам болчарах ма хилалахь хьо хьоьгуш.
Маьлхан Iуьйренна тIаьхьа кхочу маьркIаже.
Цкъа доIчу син барамехь долчу хIокху дахарх
Возуш 1е, лело елла хIуманах санна.
333
Шал шийла дог долчу дег1ехь бу боккха бала,
Цунна бовзац безам йа йац цунах ойла,
Безамо дуьзна дагна, ма тоьаш ду цхьа де:
Йезар бIаьрга ганза де хетарна дайна!
                334
ЧагIар молучийн дегнаш чохь лахло куралла,
Дуьненан маIна девзий, уьш довлу серла.
ЧагIаран кад малийна иблис хиллехьара,
Адамна, дог реза, сужуде г1ур дара.
335
ЦIен жовхIарх тера чагIар пелина чу доттахь,    
Пела-м – дегI бен дац, ткъа чагIар – цу чуьра са,
Самукъне, бела х1утту кад, буьззина хилча,
Деган бIаьрхих леша156 и, ахь чохь дерг мелча.

156  Леша – т1еда муьлхха х1ума 1ийдалуш хилар.               

                336
Вахош долу чагIаро суна чIогIа гIо до:
Воно дог лаьцча цо, дицдеш, доккху паргIат,
Цунах, хIунда аьлла теша, дихкина тало?
Бала эшош цо хилча, деш дагна совг1ат!
337
Хилийтахь дуьненахь стиглана ледар ваьцна,
Хилийта сан къинош терзано ца оззал–
Со догйовха ву Дала бечу къинхетамах,–
Аганца дIакъаьстарна соьх йуьхьдагалла!157
338
Цхьана дийнан барам боцу дахар ма дайа:
 Волччуьра дийна, чагIарца де гергарло.
Гуш ондда хета, гIишло лаьтташ хуьлу халла –
Вехча ма гIерталахь когашна йан гIело.
                339
Суна валар гина ду, дахарехь йац къайле.
Буххара хьала телли ас хIара дуьне.
ХIокхунах ас зийначух иштта йу сан лакхе:
 Кхочуш дац цхьа хIума, вахаран мехалле!
340
Iуьйренца алцIензIамийн сендаргийн158 а йаххьаш
Тхиналахь хуьлу, тIеда, кхин бIаьрла йоцуш, -
Заз датIа доьлла роза хуьлу суна-м там беш,
Халла къаьста шен йух, жимма хьала уьйзуш.
157 Йуьхьдагалла – ши йуьхь хилар, багахь дуьхьала хаза дуьцуш, букъ берзийча кхин дуьйцуш, лелар (двуличие, лицемерие) 158  Сендаргаш – орамат, зезаг, кхечу бецийн дег1ах хьерчаш хьала доьду (василёк).
                341
«Берта волахьа, - боху соь дехарца даго:
Хьайна девзинчу бакъдолчух со кхиийтахь!»
«ХIа!» – олу ас, - «Тоьар ду!» - олу соь даго.
Дукха хьекъал оьший те, тIаьхьа дало: «Х1а..!»
342
Дог бIаьрзе хуьлу вайн – боьгIна гур чу ша гIерташ,
Цкъа лаамех Iехало, йуха йо Iамалш.
Хала ду маьждигехь болазчарна йан 1амалш ,
ЧагIарнехь Iе, Хайям, кхузахь ду хьан сий деш!
343
ЧагIар ду кедахь, жасмин, розех ийча санна,
Къеггина цIен гуш, овкъаршлахь алу санна.
Оьшуш дац дустарш чагIарца дуста дац хIумма –
Дахарехь бале дала, там бу и хьанна!
                344
ХIай ленверг, ахь ма йехьа ойланаш кханенан,
ЧагIарх ирс хьарчийта ойлане эгий вай.
Дала со воккхур вац дохко волучу новкъа,
Цо иштта совг1ат дича, сан хIумма нислой?
345
Къанваллалц ваха витарх Дала хьо ларвойла!
Вехна хьолехь дIахьолахь вахаран денош,
Хьох – хьайха куьпчичо цхьа кад йа кхаба йале,
Карахь кад латто хьажа, охьа ца божош.



                346
Дагахь дерг кхочуш деш, ма хьулбе хьайн лаамаш.
Хьан лаамаш дIабовр бу Iажаллин марахь.
Тхох хIинца хилла ма дац сих къаьстина декъаш –
ЧагIарча, малийтахь тхоьга и мутт са чохь!
347
ХIай, дахаран хала хьал чагIарца дицдийраш,
Буьйсанийн тийналлехь Далла Iамалш йийраш,-
Шу-м дай, гIенах санна,– цу кIорга Iинна йистехь:
Наб ца йеш цхьа Дела ву-кх дуьненан баьрчехь!
348
Адамийн ловцашка159 ма эцийта хьайн корта –
Кхолламан тур ма ду тIехула айдина.
Вазвар мел мерза делахь, дIовш ду цуьнца шортта,
Кхолламо кечдина, ларло – дууш хьовла!
                349
Валарх со кхоьруш вац, хамталла йац кхолламна,
Жанната кхача-м йац йанне дегайовхо,
Леш доцу са вайна цхьана ханна даларна,
Хан тIе кхаьчча, арз доцуш, лур ду дIа йуха!
.                350
Дала деллачу хIуманех харжам беш сайна,
Къастийна Iаьржа бепиг, цхьа тиша тоьла.
ГIерташ сайн са лардан, мацаллица бала лай,
Къийвелча-м, хьал долчел, таронехь со тоьлла.

159  Ловцаш – луцаш – адам хестадеш, даздеш, сийлалла ойуш, хастош олуш долу дешнаш
                351
Дуьненахь хIун ду те шира чагIарца дуста?
Ширачу чагIаран буьзначу кедаца?
Кхин хIун ду оьшуш гIеметтарчу стагана,
Гергарло чIагIдар бен ширачу чагIарца?!
352
Делан ойланех кхета хала ду, воккхастаг,
Гуш йолчу цу стигалан бац тхов йа цIенкъа.
Тийначу кIажа хаий, тоам бе кIеззигчух.
Б1аьргашна хуьлуш дерг – гуш велахь хьо жимма!
353
Маларо вахийна со гинехь гора оьгуш,-
И Далла йеш Iамал йу, доцуш айп160 кхарда.
Делан йозанна йиш ма йац сан йуьстах вийла:
Маларча хир ву аьлла, кхел йина хилча!
                354
Мала хууш боцчарна дихкина ду малар,
Эс дойтуш хьаьнц-хьаьнца муьйлуш болчарна.
Ткъа хьикмате болуш, шайн барам хуучарна
Хьарам дац, бехкамаш цара ларбичхьанна!
355
Шен кхетамах берахь дуьйна бIо булуш хилларг,
Бакъо талла г1оьртина, вакъалой вуьсу.
Берахь дуьна дахаран къайлене гIиртинарг,
Кемсан кан шех хилале, кишмише воьрзу.

160  Айп – сакхталла, кхачамбацар т1ехь долуш хилар (дефект, недостаток).

                356
ХIай чагIар! Массо муьшал хьо ма чIогIа хилла,
Къовлуш маша бузий муьйлучийн кхетамна.
Урх лаьтта хьан церна т1ехь, гарбашна т1ехь санна,
Марздеш цу синошна, шаьш ма-дарра диса.
357
Дийна Къуръан, байттамал, дукхаммо дац доьшур.
Синкхачина хьаьгначо ду дерриг доьшур.
Цу кедийн гонехь цхьа байт йу, сирла нур хьерчаш,
Кад молуш болчара шаьш-шайн дагахь йоьшуш!
358
Шедаган161 тайна мукъамаш бу лулахь лоькхуш.
ЦIен маларх йуьзна пела хьайн бете лаций,
Хьикматхо, молуш Iехьа, дог доккхаде дуьтуш,
Вита ца молу Iелам, тIум Iийша тIулгийн!
                359
Розано мохь бетта: «Юсуп162 ву со Мисрара,163
Бераллехь цу махка воьхкина, лай вина».
Ас бах: «Роза, схьагайтахь хьо бакъ деш делила».164
Цо жоп ло: «Сан коч йу-кх, йерриг цIийша йуьзна!»
                360
Массарна хьалха со ахь ваьккхира нахала:
Малархо, Делах ваьлла луьра къу, бохуш!
Со-м кийча ву бакъ йан, ахь мел йина чIагIонаш.
Хьо вуй те хьакъ165 дIахIотта, и мах сан хадош?!
160  Шедаг – чу х1уп олуш, лоькхуш долу ц1уз (свирель). 161 Юсуп (1.с.) – пайхамар.  162 Мисар –  пачхьалкх (Египет). 163 Делила – бакъ хиларан тешалла. 164 Хьакъ – ц1ена, бакъ хилар (быть достойным). 165 Муса (1.с.) – пайхамар
                361
Iелам нах IаьIна вайна инзаре хIумнаш деш:
Латта Iаба дойтуш йочанах стигнане,
Оцу диттийн генех куьг хьоькуьйтуш Мусага,166
Бецан хIора хелигца гIоттуьйтуш Iийса.167
364
Тоьла тхан Макка йу, ткъа чагIар – безам дегнийн,
Кхоьруш дац декъазчийн тобанах тохарна,
ЧагIарх тача синойх эйта, – Iаббалц мийлина,-
Карзахе Iаламан Iаткъамна168 ду генна!
365
Деса къамел дац безаман бозбуунчалла,
Шелйеллачу овкъаршлахь йайна цIе санна.
Даггара безам богу алонан тов хила,
Синтем, садаIар, де-буьйса – дерриг дайна.
                366
ДогIано дашийна роза тIадийна лаьтта.
Сан деган хьогаллина хилла бац хьаам.
Жерахь ма ду чагIарча ахь дIакъовла тоьла–
Корехь бIаьргашна маьлхан серло хаало!
                367
Дешица детин, жовхIарийн, маржанийн метта
Оха тхаьшна хоржур ду башха кхин хьелаш:
ЦIена духарш дIадохуш, тIелхигаш тIейухуш,
Амма оцу духарна чохь –эла вуьсуш!

166 1ийса 1.с.) – пайхамар. 167 1аткъам – хийцам бар.  168  Маржа я1! – дохко-валаран, цхьана х1уманна ницкъ цатоаран  дешнаш.

                368
Лакхахь волчу цу Далла сан доIа ца хазахь,
Сайн дехар ас тIаккха иблисе ду хьажор.
Цхьабакъду, сан лаамаш вайн Далла товш бацахь,
Гуш ду-кх тIаккха, суна уьш иблисо хьехар.
369
Аса къа латийнехь – дац иза деш сайггара.
Дахаран некъ ма бац боккхуш чекх сайггара.
Мичахь, мила хилла? Бодашкахь ваьхна со,
Дала йаздинарг деш, кхин доцуш сайггара.
370
Сий долчунна дIакховдо дац хьакъ доллу совгIат,
Ас са кхоор дац ларам бан хьакъ волчунна.
Хаа лаахь: ду йа дац те эхартан Iазап? –
 Iазап ду-кх, йукъахь Iар, нах боцчу нахана!
                371
Сан кхетам нуьцкъала бац, йа кIорге йац цуьнан,
Делан лаамийн уьйриг баста дац хьекъал.
Iамал йо вай Далла, сибтех кхиа ца гIерташ –
Хуур дац Иза вовза – Цунна Ша-Шен бен.
                372
Хаттаршлахь хаттар ду: хIун йу теша и адам?
Делан васт. Логика  Цо - чоьте ца эцна:
Цо йеса к1оргенера схьадоху дой адам –
Т1е йуха бодашка дуьгу гуттаренна.


                373
ГIайгIа йоцуш, самукъне, чот йоцуш къиношлахь,
Делан къинхетамах дегайовхо ца йовш,
Велча санна, ву йуха со керта кIел Iуьллуш.
Воьрзур ву лаьтте – Дала докъана гечдеш!
374
Безаман лаамийн гIайгIа лаьтта – маржа йаI!169
Ваьхна ваьлча, дохко ваьлла ву – маржа йаI!
Веза Къинхетамечу Дала гечдича суна,
Цунна хьалха дIахIоттар, эхь ду-кх – маржа йаI!
375
ХIай стигал, ахь-м ирсе волчун къамкъарг схьалоций,
Цунна тIехь, веш хилла бедар этIа йо ахь,
Мох – алуга, йа  хиэ – декъийн чене дерздойтий,
Са даккха, хи мала и паргIат витац ахь.
                376
ЦIена са, хьо латтади боьхачу пхьегIи чохь,
ДегI делча-м хьо гIур ду цу стиглан Iаьршашка!
Цигахь хьо-м цIа кхочу, амма кхузахь йийсарехь
Йаьккхинчу ханна, хила там бу йуьхьIаьржа.
                377
«Дита малар. Лоцур ву, - бах соь, – г1ан-набаро:
Къематан-дийнахь гуш со эхартан цIергахь!»
Бакъ ду и, – жаннатан гуттарелла ду гIолехь,
Вехча гIенахь гина, – бакъдерг гина хилар.

169  Маржа йа1!  – дохкопалар гайтаран дешнмйн цхьаьнакхетар (междамети).

                378
Лайн гIоьмех170 со воккхуш, къинхетам бехьа Дела.
Хьакъ йу уьш шайхашна, со вац царах тера.
Со йамарт ву-кх – Хьо вацахь йамартчаьрца дера.171
Сонта ву-кх - Хьо велахь Iовдалчаьрца кIеда.
379
Къа латийнчарна туьйсу эхартан кхерамаш,
Ма баха, Хайям, хир ву со царал цIена.
Далла стена оьшуш ву те доцуш верг къинош?
Къинош дерш беза Далла, Ша гечдан царна!
380
Х1ай дера стигал, оьг1азвахча тхуна Дела!
Т1едоьлху массарна ца къестош Цунан  во!
Шуна гуш дац те дегнаш чахчийна172 балано,
Шун дарба доцуш, дарделла хьаьвзаза мо?
                381
Сакъералахь. Саготтаберш бовлуш бу хьера.
 Седарчашлхьа къиэга оьмар йеха бода.
Муха воьр ву, цкъа мацца, са чохь хилла дилхех
Йийриг хиларх – кибарчигаш г1ишлош дотта?
.                382
Дареш махьмарца173 духуш цалеларг ву ирсе,
Дуьненан сийлаллин тептар цалистинарг,
Ву ирсе, Симурго174 санна, дитинарг дуьне,
Хайям санна, бухIанах175 тера цавелларг.
170  Г1оьмех – г1оьмаш – адаман куьйгашна, когашна лоцуш, д1авоьхкуш болу
г1ирс  171  Шога – нахаца оьг1азе, дера йолу йукъаметтиг 172 Дареш махмарца – к1аденийн тайпанаш: дари, махмар (щёлк, парча)
                383
Сонтачийн, сийдоцчийн, махбечийн кху дуьненахь
Хьайн лергаш къовлий, хьикматхо, дIатега батт,
БIаьрганегIарш дIакъовлий – гIайгIа бан гIорталахь –
Лардан мукъна: лергаш, бIаьргаш, багара мотт.
384
Йоьхначу пхьегIийн гаьргаш гахь, уьш ма хьашалахь.
Ларло! Беллачу нехан туьтанаш176 йу уьш.
ПхьегIаш йо царах, тIаьхьа – отуш, йохайахь.
Ленверг, ойла йе , – хьо ву-кх лаьтташ цу рогIехь!177
385
Сайн хIусам йохийна, цуьнан пенийн кибарчигаш
Сайн безам боцчу чагIарх д1алур йу йоррах.
«Ахь кх ана хIун лур те чагIарх?» –  ГIовталца чалба.178
Марем179 йац уьш тегнарг – мах-м хир бара вайлахь!»
                386
Ма тийжахь. Дитна вай Дала – цхьа харжам боцуш,
Мел велхарх, вайна кхаьчнарг ду дала дезар,
Поппаре дIадирзича хьекъале вайн кортош
Куьпчаша шайн когашца ду хьеша долор.

173 Симург – туьйранийн олхазар. 174 Бух1анах – бух1а – олхазар (сова)..                174 Туьтанаш – горга коьртан да1ахка (череп). 175 Рог1ехь – гийзигехь (оче редь). 175  Г1овталца чалба – суьпачу нехан духар: г1овтал – т1еюхуш йолу йеха халат, ткъа чалба коьрта т1е хьарчош к1аде ду. 176 Марем – 1ийса – пайхамаран (1.с.) нана ю
 

                387
Дикачу нахаца лело хьажа гергарло,
Ма дайа сий,, дозий вончаьрца 1умсталла.
Йамартчо делла молха – хьажалахь дIаIано!
Дикачо дIовш деллехь – сихлолахь д1амала!
                388
Четарийн пхьар, Хайям. Хьо ма ву вала везаш!–
Ботт йоцчу сина лаьттахь хIусам дегI хилла.
Iажалло дохор ду х1ара четар д1алоь1уш,
Дег1аха хьан лийр доцу са  д1акъастийча.
389
Цу къизачу кхолламо буьрканах эккхийна,
ТIевуьгуш, сих ма во хьо вуьйчу тохарна!
Оцу кхоьлан болар дац дехаршца хуьйцила,
Цуьнан бакъо йевза хьо ловзош Волчунна.
390
Хаьттира ахь долчуьнга хьекъал: «ХIун даьккхи ахь
Кегийначу тептаршкара?» Дуьхьала цо аьлларг:
«Ирсе ву хаза – ховха шен йезаран марахь
1аш бус-буса, цу жайнийн хьикматна гено верг!»
                391
Ас элира: «Чалтачан цIийнах ву чагIарча.
Кедаш чохь ду цIий. ЦIиймуьйлург-м – лаац хила!»
Накъостех цхьаммо олу: «Иза забар йарий?»
Бузуш кад, делира жоп,: «ХIаъ, забар йара!»



392
Мийларна дегI доьхча соь, ма ола: «Ма мийла!»
Мер ма ду ахь вийча, аса иза дарбанна!
Дуьненан бала байбеш дац цул дика молха –
Кемсийн мутт беркат ду, хьо х1оьттича холча.
                393
Хаьа вайна, хьекъал дуй лахарчу мехехь,
Баккъалла, Iовдал бен вахалац синтемехь –
ЧагIарчу таIо беза кхетам сайгахь биснехь: 
ТIаккха хьожур дац те соь дахар а ирсе?!
394
Хетарехь, Дела, Хьо ву оьг1азвахча  дера.
Хьайн лешна Ахь тохарш до дозанаш доцуш.
Йалсамане бу-кх бекхам муьтIахь болчарна,
Суна совгIат дан магац, бекхам а боцуш?
395
Хайяма, Дела Хьоь, шен къиношна гечдайта,
Марха кхаба ният ди, маьждиге воьдуш.
Цхьабакъду, ламаз деш дукха къийлаваларна,
Хьан лай вуху ламазех, наггахь мох хоьцуш.
                396
Малхо корах чухьаьрси177 шен зIаьнарш. Хьо беркат!
ЧагIарах лепа уьш. Гойтуш шайца беркат!
«Бусалбнаш, малийша! – маждигера аз хезча,
Кхаъ хир  бар-кха дуьненна – чагIарх дан беркат!»


177  Чухьарси – чухийци, чуйархий бохукрг ду.
                397
Хьан бIаьргана мел гуш дерг – бIарлагIаш йу хьуна,
Кеп бен и йац – бакъ йолу тIум йац цхьанне гуш.
Гуш долчу цу суьртийн маьIне кхиа ма гIерта,
ЧагIар дIамийла хьайн, йуьстаха хиъна Iаш,! 
                398
Суна чуьра, хIай са, хьо хьаша ду сан дегIехь!
Ас денна дуза до хьо цIена чагарца,
Хьо хорамах лардо ас, лийр йолчу хIусамехь,
Суна наб озийна, сох къастале хенахь.
399
Иэхье ма дац йа къилахь – харабат чуверзар!
Хьекъалца дикалла, муьйлучийн йу сийлахь.
Энжаде йамарт чкъор кхиош йолу хьуьжар!
Ас, кхоам ца хеташ, йара д1ахьокхуьйтур .               
400
ХIокху долчу дахарехь тоьлларг ду вехна Iар,
ХIуьрлIанан мехкарийн эшаршка ладегIар,
Хаалуш хьайн марша йаьлла ойланехь кхехкар,
Бехкамийн дозанаш дицдина зовкхехь 1ар.


Рецензии