Дуьсийла соьца безамца чагIар 401-500
Ма чIогIа хала хуьлу, боху ас хеташ эхь,
Дошамна178 тIекховда кад меллачул тIаьхьа.
Хьо жайнаша вакъийна. Ткъа ас харабатехь
Ваххалц молу – эхартахь ца вага цIергахь!
178 Дошамна –дошам – луг1ат – дешнийн нийса яздар, маь1на гойтуш долу жайна (словарь).
402
Ловш ву со стиглан хьийзавар.вичхьана дуьйна
Там бу цо дан совгIат, сан тоарна собар –
Безамна хIуьрлаIанех йоI йоссош т1е кхана,
Цуьнца цхьаьна йуьззина кхаби чохь малар?!
403
ХIунда йу те хIара кхаба гуш йекъа, беса?
Мичахь ду са чIагIден рейханан179 цIен жовхар?
Цхьана ханна дихкинарг дицдайти хьайн иэсе,
Ца вухуш, шиннан метта – д1амийлахь малар!
404
Хьовсийша: Iуьллуш ву-кха къано, вехна воьжна.
Вац иза кхетам чохь, амма кхойкху Деле.
Иза некъан ченала Iа корта бижийна,
Шабарш деш: «Дела ву Къинхетаме Эла!»
405
Селхана цу тоьли чу воьссира со техкаш.
Вехна къано цу чуьра гIертара хьала,
«Эхь хета деза, къано, мийла, кхин де доцуш?» –
Ас аьлча, цо: «АллахI ву къинхетам болуш!»
406
Тхо тхайн ц1елгаш180 чуьра чагIарне чудирзира,
Цу пурхара181 ченашлахь ламазаш дира,
Хьуьжарехь, маьждигехь хIаллакдина тхайн дахар –
ЧагIарнин тоьли чохь тхаьш йуха дендира.
179 Рейхьанан – чаг1ар дечу г1ажарийн меттиган ц1е. 180 Ц1елгаш – кегий чоьнаш. 181 Пурхара – даккхий ц1еношна хьалха йина, дог1ацакхетийла (галерея) .
407
Хьайн когашна кIел ган там бу хьуна со кестта,
Цхьана нехан керта кIел Iуьллуш ган мега,
Боьха ченийн баьрзнашлахь, нехашлахь ган мега,
Нахалахь сийсаззий, цIарматтий ган мега!
408
Лаахь – дIамийла, кхетамах ца волуш вехча,
Синмехаллийн гурара ма вала, мелча,
Дика стаг йемал вийцарх ларлолахь хьо вехча,
Хьикматхойн гергарло ма херде182 кад мелча.
409
Сийсаздеш, энжадхоша тхуна доьху неIалт,
Молчу пелех, Iуьйренан ламазан хенахь,
Ламазан куз хуьцур бу оха, амма и кад,
Сахьирийн хи чохь, отур бу тIулгах тоьхна!
410
Iажалло хIуъу дича, вуьтур вац со ца вуьйш –
Кад боттийта чагIарче суна малар чохь!
Ма доца дахар ду-кха дуьненахь вайна луш,-
Леш долчу дагна бу-кх сагатдар эрна мохь.
411
Сий долчех волуш, гIаравала-м лаьа суна,
Дала къиношна гечдар – кхаъ хир бу суна,
Амма беркате кемсийн кан, и таьллинг кемсийн, –
Мел долчу совгIател, деза ду сан сина!
182 Херде – хердар – йукъа херо йолор, вовшашца долу гергарло малдар
412
Хье ца луш тIедогIу Дезде, бу хастам Далла!
Д1о бежнаш183 девр ду кестта, дисна шай184 мелла:
Йухауьйзу дуьрстанаш186 ламазан жуларшца186
Iийдан Дийно187 йохур цу варрашна тIера!
413
Нагахь хьоьга ца кхачахь Iамал йеш шовкъан хьал,-
ТIаьххьара баьпкан йуьхк къехошна ахь дIалахь,
Нагахь хьо доттагIашца тIе йамарт ца хилахь –
ГIур ву Жанната… Нагахь суна малар лахь!
414
Со кIадлур вац харц йолчу IиндагIийн театрехь
Айп доцу хIума леха, со мел ву дийна,
ЧIагIдо ас: хьо, малх санна, хаза йу йуьхь-сибтехь,
ЧIагIдо дегIан куц хилар гIаргIанал тайна.
415
МIаьри тIера хецалуш, доьза дай сан дахар.
Серло ца гуш йай – буьйсанаш, вехна Iийна,.
Дуьне кхолларга нисса – иштта мурст йу дахар,
ПIелгийн йаккъашкахь охьауьду гIум санна,!
183 Бажа – вай кертахь кхобуш долу даьхни.
184 Шай – ахча 5 –капек. 185 Дуьрстанаш – дуьрста (уздечка).
186 Жуларшца – жулар – говрана, виран а кортахь тосу г1ирс (недоуздок).
187 1ийдан Дезде – г1урба дуьйчу,.марха достучу хенан Далла 1ибадат до денош.
416
Дуьненан урх лелош ду: къизалла, та1зар, чIир.
Цул бакъ дерг дуй ала хIумма кху лаьтта тIехь?
Мичахь бу ирсе нах дарделлачу дуьненахь?
Белахь, уьш хир бац, багар балла п1елгаш т1ехь.
417
Шен мекхех нуй бина, чагIарне леллачунна,
Хьесап доцуш ахча охьатийсинчунна,
Сайраташ188 тIеттIа йетталуш, стигал чуйоьжча–
Де а бен дац царна, - наб кхеташ уьш бехна.
418
Мурстан хан бен йоцу дахар, мохо дIадIаьхьи
Уллошхула даха, марха санна кIуьран,
Хиллехь ас лайна бала, зовкхан чам бовзаза –
Кхоам бу-кх, хьакхалуш, дIатилла дахаран.
419
ЙоьIе болчу безамо хьо йийсар варх ларло,
Хазаллий, безаммий лору балин хьаста,
Иштта исбаьхьа и ши хьал дац дуьсуш вайца,
Дегнаш чу хьу хоьций, – кхинберш йулу хьеста.
420
Хьекъал тIаьхьа ца кхуьу абаден низамна–
Дог этIар эрна ду кIеззигчу питанна.
Цу стиглахь Дела ма ву, воцуш гал нийсонна –
Самукъне хилахьа хьайгахь цкъа долчунна.
188 Сайраташ – вай т1ехь дехарг санна долу дуьненаш (планеты).
421
БIаьрхиш леда, чов йарна цIеначу безамо,
ДоIанашца доьху ас дарба сайн дагна,
Безаман шовкъан метта лакхара стиглано,
Деган цIийх буьзна кад, сан бете охьарна.
422
Хьо сонта вацахь, хIокху хIуманан йе ойла,
Са йуй те, ша-шен дегI гIелдеш, марха кхабар?
Муьйлурш-м лийр бу, ткъа цамолурш буьсур буй дийна?
Башхо йац, хан кхачча, массарна ду далар.
423
Стоьмийн беш, деган йезар, чагIаран кад йуххехь –
И йу сан жанната. Ас кхинйерг ца лоьху.
Цхьанне иза гина ма йац шен бIаьрга стиглахь!
Йолчунах х1окху лаьттахь хам бей вай, доьху,!
424
Дукха йу тобанаш хIокху бусалба динехь,
Ас къастий безамца синкъерам магийнарг,
Кхоьллинарг! Йалсаманин зовкхаш суна лолахь.
Хьайн безамца Делах иэр, данне дац къилахь!
425
Хьо хIунда Iа тийжарца воьлхуш. Ца кхета со,
Айалой мала чагIар. Ду тийжар эрна.
Дукха Iийр буй те стиглахь малх, къагийна серло,
ГIайгIане йаххьашца боданехь Iачарна?
426
Аса совнаха харж йаро Хьо къен-м ца вина?
Хьуна хIун пайда бу теша азвелча со?
Ас муьтIахь доьху Хьоьга, къинхетам тхох бина,
Тарлахь, Iазапе цаийздар, наггахь бен тхо!
427
Пайдехь дац т1едог1учунна хьалха неI къовлар.
Пайдехь дац дика – вонна йуккъерниг хержар.
Стиглано вайн кхолламаш гIулгех189 дIасакхуьйсу, –
Кхаж190 болуш доьжначо хоуьйту цхьаъ иэшар.
428
ЧагIарча, доттал йоьIан балдех тера малар,
Беттан нур кхолийна йерг! Кад бете хьохьа, –
Хьан догу балдашца чагIаран маса асар,
ЦIе летош, маларций, – уьйр йузуш хиларна.
429
Сийлаллехь гIарваьлчух олуш ду: «Кура ване!»
Эсалчу Делан лайх: «Воцург хила гIерта…»
Дика дара ваха велча, вовзаза цхьанне,
Тоьлларг ду, шена вевзаш, цахилар цхьа да.
430
Къинхетамениг, Хьан таIазарех кхерац со,
Ву бахарх ца кхоьру наха Iеса некъахь.
Хаьа: Ахь махьшарехь гIаттор вуй бехказа со.
Къинхетамах дог диллац, къинош тIехь велахь,!
187 Г1улгех – г1улг – бежанийн,уьстаг1ийн т1ехьарчу когийн хуттурган д1аь1ахкаш. Бераша, баккхийчара цхьацца ловзаршна дезар деш хилла.
188 Кхаж – ловзар д1адоло дезарг къастош т1ехь билгало йолу х1ума лахар.
431
Ойланехь лаьттах дIакъаьсташ ваьллариг гена,
ПохIмаллин динан урх, куьйга йуха уьйзуш,
Х1етте а иза, корта аркъал саттийна,
Делан Духна189 хьалха, лаьтташ ву гIорийна!
432
Хьикматхо! Дала хьайна деллехь цхьана ханна
Пондарча, йезар, чагIар, шовда, маьркIаже –
Сонта ойланаш ма кхаба даг чохь кхоьлина.
Уьш хьайн делахь – хаалахь, хьо кхаьчний ирсе!
433
ХIай чагIар! Хьо хилла-кх са чохь долу хинан хьаст
ПохIмаллин ирс кхачош, винарг соьх илланча.
Ас хьо хестадо цу Къуръанца болуш барт:
Жаннатахь, Цо бах, хир дац къилахь и мелча!
434
Бай тIехь лаьтта вайшиъ, циркулах190 хета тера:
ДIаийна догIмашлахь – къаьсталуш ши корта,
Гонаш дохуш хьаьвзаш го, цхьана ч1уна тIера,
Кортош тIетт1а товжий, йуха цхьаьна кхета.
435
Ца 1ебаш жайнаш доьшуш 1ар ма дац сан дахар ,
Хастаман доIица ас дIамолу чагIар.
Малале кхетам къовламе191 хиллехь хьехархо,
Ла ма дегIа кхетаме: и-м бай сан дешархо!
189 Духна –дух – х1ума хиларан йуьхьаг (сущность). И йуьхьаг –Аллах1 ву.
190 Циркулах –циркуль – школехь го хьокхуш лелон дешархойн дешаран г1ирс. 191 Къовламе – нийса доцург ца могуьйтуш хилар (строгий ).
436
1амалш йеш дIахьо ахь хIара доца вайн дахар,
Даим сакъералуш хилча товш ду дахар.
Гонаха йолчу буьрса херцорашна йукъахь,
Товш дара – йезарца молуш Iийча бай тIехь!
437
Къанвеллачу шерашкахь байтамалх192 со вуьзна.
Гечдайта йало йац цхьа тайпа бехказло.
Сонтачу ас Дала бохуриг цхьа дац дина –
Мел динарг дина бехкамаш193 Цуьнан буохош!
438
ХIай чагIарча! Юсуп пайхамарал хазаниг!
Хьан метта валар бен – бац кхин тоьлла лаам,
Сан бIаьргийн нур – хьан когийн чан йу, диканиг!
Лийр боцу малх бай хьо-м – боданехь даима!
439
Ас малар дитича, балано дуу сан са.
Хьехамаш бо массара, молханаш кхоьхьу.
Оцу бахьнех бай ца ло кийрара бала сан–
Хайямна дарба маларан кедаца ду.
440
Вайшиъ ший ижу ду, боьгIна гур –х1ара дуне.
Таллархо ву говза, т1елоьхкуш вай кошна.
Дуьненахь мел хуьлург ду Цуьнан пурбанца,
Х1етте бехке-м вай до, хиллачу къиношна.
192 Байттамалх – байттамал – дохковалр ша лелийначу харцонашна, къиношна. 193 Бехкамаш – лардан дезаш долу т1едехкина декхарш. (ограничения, обязанности)..
441
Адам кхолла Дала поппар кечбечу хенахь,
Лаам хоьттуш соьца бац цхьа бартбар бина.
Ас къинош дина кхолламехь йаздинчу хьолехь, -
Жаннатах со воккху кхел нийса-м ца йина!
442
Мискачу стагана, мелча, ша паччахь хета.
Цхьогалах, лом хуьлу, маларо дахийча.
Мелча ханна воккханиг лела жимхин метта, -
Вехна жимха – къаночун хьекъалах хьерча.
443
Ч1аг1велла бакъонча, эца ца ло кхоьлахо!
Вехаралла зенехь ду хьан маззакъволар.
Со чагIар – Iенорхо, хьо –адмийн ц1ий 1енорхо.
Мила ву вайшиннах – доцуриг цIийх Iабар?
444
ХIай хьикматхо! Нагахь, цхьана Iовдалчу наха
Буьйсанан йукъх, садаьржа хан йу алахь,
Ца къуьйсуш цаьрца, сонта ву моттийта ахьа,
Хьекъал дерг лору цара: мостагI, зуламхо!
445
Безамах ун ди суна йамартчу йезарго.
Со везарна йац иза сел хьере хилла!
Мила ву безамо дагна чов йанза къасто,-
Вайшинан лор ша тIехь цу лазарца хилча?
446
Ирс дайна, боьха стаг, ма ву со – сайна хууш.
Вац воьлхуш йа таIазарх стигланан кхоьруш.
Мел йогIу 1уьирейнца мийларо хиларх вуьйш,
Кад буззий д1амолу, 1амалш йан ца х1уттуш!
447
Ма кIордийна суна, Дела, сайн вахар къеллехь,
Собар дац-кх, лууш дерг хиларе сатийса.
Хьайн тарлахь, таронца суна кхин дахар гайтахь!
Х1инца долчул гIоле хир дацар те иза.
448
Нагахь сайн кхолламан да со тарделча хила,
И йуха нисбеш ас тбийр бара цIенна:
ГIайгIане могIанаш цунна чуьра дIадаьхна,
Самаьлхан тIемаш тIехь кхочур вара стигла.
449
Хьикматхо ву бохуш, сий до сан сонтачара.
Гуш ду вайн Далла: со воций хетарг царна.
Йа сайх, йа дуьненах дац хууш хIумма суна,
Лоруш сан байташ йоьшучарна чул дукха.
450
ЧагIарна хьалха ас охьатаIабо корта.
Колламо кхел къайкхина и вайх д1алаккха.
Куьг ду сан кIадделла, кедаш ийарна шорта,
Ткъа кхабин дисте194 кхача са ду тIехьаьдда.*
194Дисте –дист – чу х1ума таса, йотта мегачу х1уманан бертиган йист.
*ХIара, кхунна тIаьхьа йогIу ялх рубаи Камаладдин Ис-фаханис (1172 – 1237) язйина бохуш дуьцу.
451
Синкъерам вайна луш, латточу кху чагIарна,
Вайх лечкъина Iар тIедожийна кхолламо,
Ма хьежа со кедаца ларалучу хьоле,
Хьовса, ас мелча, сан дегI карара долий.
452
Кховдабел соьга и кад – синкъерам дахаран,
Исбаьхьа, сан деган йезар санна, хаза.
ЧагIарна чохь хIазарш къега, лоппаргаш кхехкош,
Сема кад сихха схьало,– дог даьлла ловза!
453
Вай мел Iе дохку те, дахаран Тептар иэтIош,
Мел делхарх лусталуш хилча баланийн б1о?
Майраллех, синкъерамах буьзна кад дIабота,
Хадорхьамма къизачу сингаттамийн го!
454
Чаккхе шен йоцуш хIара дуьне долун дера,
Къинхетамза хIара дуьне долун дера –
Эрна ойла ма йехьа эхартан дахарна,
Вайшиннах нахах санна, дуьсур ду хIара.
455
Стиглане, доттагIе хьо орцанна ма кхайкха.
Хьайна хьо каро хьажа, чекхвала молха.
Бохамехь чIагIлолахь ца гIерташ ара кхайкха.
Мел хало хьайна хилахь, бала ла айхьа.*
*Ткъа тIаьххьара йолхалгIаниг – Санаиас (1081 -1141) йазйина боху.
456
Лара хьо сайратийн некъ хийца таро йолуш.
Ларахьа хIара дуьне – кхин дуьне долуш.
Догйовха хилахь: лаамаш хирг хиларх кхочуш.
Долуш дерг долуш лара, ткъа дацахь – доцуш.
457
Хьан дахарх мох хили, хьан сонталла бахьанехь,
Iажалла, энжада стаг, ахь тетти гена.
Хьайн дезаршна магийра ши бIе шо зама ахь,
Ца йоьхуш кхолламера бакъо цу ханна.
458
Гонаха вайна гушйерг йу йеккъа бIарлагIа.
Дуьненан тоьхлара бухе кхача ду гена.
Доцуш санна ахь лара гуш дериг бIаьргана,
Цуьнан маьIнин къайлен дух к1оргехь хиларна.
459
Молуш хила! БIаьстенан IалагIожин цIерга
Кхоссалахь зарзйоьлла Iай тишйина оба.
Боца бу деха некъ. Зама лара олхазар,
ТIемаш ду цуьнан. Хьалха берг бу беккъа бода.
460
ДIатасалахь са лоьху мохь, дозаллин бала,
Вонаша лаьцначу гура чуьра вала,
ЧагIар мала, йезачуьнга хьостуш дош ала:
Чот-хьесап денойн дайна, такхалахь зама!
461
Кхолламан Iалашо цуьнан башха маьIница
Вайх доьзна Дала дуьхье кхиа гертарца.
Дуненан горга го мухIар лара хаздина,
Адмех жовхIар дина – куц шена чу лаьцна.
462
Декъала ву бIаьстено бецийн куза баржош,
Стигланийн кхийсарех ийзавалар доцуш,
Дарбане кемсех даьлла мутт паргIат дIамолуш,
Iаш вериг шен йезарна месех куьг хьоькхуш.
463
Хьикматхо ги гIенах: «Вайга са къоьруьйту заз
ГIенах ца детIа,– олуш соьга,– наб марзлуш,
Ма верза гIенашка? Мала хорхийн мутта-моз,
Ткъа набарх хьо Iабо кийча Iаш ду лахьта!»
464
Дуьненахь ког мел боккху доьгIна вайна гураш,
Дахарехь сайн лаамехь ас цхьа де ца даьккхи.
Сан кхоллам стиглано ца йазбина соь хоьттуш,
Амма цуьнца леллахь со, тIаккха во-кх бехкен!
465
Дикалла йамартлонца, майраллица кIиллолла–
Дуьненчу дохушшехь вайн догIмех иэдина.
Кхин гIолехь йа эшна доцуш дIадевр ду делла,
Дуьсур ду вай Дала ма хиллара дина.
466
Мел мехала хир ду те вайн Iамал-Iибадат?
Жоьжахатех ларлахь кхочур ву Жанната.
Кхолламехь хIоранна къастош яздина ни1мат
Кхочур ду хилларна Кхоьллинчо чIагIдина.
467
Дукха ма Iе, сан доттагI, гIайгIанашка воьжий,
Тем боцу дахар карара долу бохуш,
Са декъа, вахош долу маларна тIетовжий,
Дахаран мур чекхбаккха самукъа долуш.
468
Гергахь бека шедаган мукъамах Iехалой,
Ц1ена чаг1арх буьзна кад хьайн бете лаций,
Хьикматхо, дIамала иза, дог зовкхах эйтий,
Ткъа ца молчу моллега тIулгаш Iийшийта!
469
Маларх кхетта мехкаршца сакъерар ду гIолехь,
ГIертачул доIанашца къинойх ц1анвала.
Безам, малар довзарна Жоьжахати йелахь,
Муьлаш бу те Жанната бита хьакъ хилла?
470
Зазашлахь стоьмийн беш, кад буьзна луш йезаро –
Сан Жаннати! Кхечанхьа кхача вац дагахь.
Цхьанне ма йац гина цу стиглара и г1ишло!
Цундела вай тоам бер йолчунах лаьттахь.
471
Ницкъ боцуш ду адам, шен кхолламца Iеса лай,
Дуьненна гIарваьлла, эхь-бехк шен дайна лай!
Къаьсттина безамехь, уггар хьалха со ма вай,
Даима гIорасиз – зударшна дог дIалой.
472
Сакъерахь! Вайга хIумма ца хоттуш селхана,
ХIара худар, вай доцуш, шайлахь кегийна.
Хилла дац вай мийларца къинош деш селхана–
Стиглано ша нисди вай дендерг селхана.
473
Гуттарлера сингаттамо витац садекъа,
ГIайгIане узарша гIелбина сан кийра.
Со хIунда ву дуьненахь – со хилча, ца хилча–
Лаьцна некъ цо беш хилча кхетамна хийра?
474
Вахочу таьллингах къаьстина дерг дац дахар,
Мукъам аьхна мерзех къаьстош дерг вахар дац.
Батта кIел хьийзачу дахаран къайлене кхачар:
Зовкх хьегар ду – цул дехьа дерг, данне дош дац.
475
ХIокху бIаьста догIано ца г1елйира йовхо,
Зезагаш кхоьлина го, амма цхьа зарзар,
Шен башхачу маттахь, дулу розе дог далхо:
«ХIай, хазаниг, дIамалахь цIен басахь чагIар!»
476
Хьайн деган ойланашна паргIато йиталахь,
Лаамийн беш кхиийта кIадвалар доцуш,
Седарчий къегачу буса зовкх хьега бай тIехь:
Малх бузуш – вижа, хила гIаттий – сахуьлуш.
477
Iажаллин тIаьххьара кад мала кхиъле хьалха,
Кхин кад мала хьовсий вай, сан йезар, цхьаьна.
Къизачу стиглано тIаьххьара къурд ца байта,
Садалар тарло даккха, вайшинан хьалха.
478
Кхолламан тептар чуьра хуьйцила йац цхьа дош,
Хьакъ ма бац гечдарна Iазапе лаьцна берш.
Дахаро кхачийна стим дIамер бу хIораммо:
Цахиларна оьмаран хан хьейан бакъо.
479
Бос лепаш, бIаьрг хьостуш гуш долу хIора зезаг
Мехкарех хиллачу лаьттах хьаладаьлла.
Когаш кIел вай хьоьшу и массо бецан хелиг
Даьлла цкъа лаамех дуьзначу даг чуьра.
480
Дуьненна урхалла деш лелачу тобанна,
Шаьш массо адамел хьекъале хетарна,
Девне ма вийлалахь. Цара воцург шаьш санна,
Воккхур ву нахала, Делан мостагI вина.
481
ЧагIарни цIанйо аса сайн мекхех нуй бина,
Диканца вон къасторна йац само синан.
Дуьне чухарцахь – эр ду ас вахаран гIенах:
«Хетарехь, керчина боьду буьртиг к1енан».
482
ДIабайалур ма бац лакхара малх мархашка,
Иэшор дац гIайгIано синкъерамах дуьзна дог.
Оьший те вай г1ерта йовзазчу Iалашонга,
ГIолехь дар-кха кху лаьттахь хьегча вай зовкх.
483
Цкъа дустуш вайна Дала кхачийнарг, накъостий,
Таро йац барамехь иэшо й тIетоха.
Деллачух ваьшна пайдехь таро йан хьовса вай,
Ца хьега нехачух, йухалург ца деха.
484
Таронца ницкъ болчух хила эшац хьо хьоьгуш,
Малх схьакхетарна тIаьххье догIуш ду бузар.
Хьайга лело йелла хIума санна, деш пусар,
Хилахь лардеш, цкъа са оззал долу, дахар.
485
Пондаре ладогIа, стиглан марзо йу цуьнца,
ЧагIар мала, дегIан самукъа ду цуьнца.
Т1ейоьжна гIагIа садекъадаларх ахь хийца–
Цуьнан Iалашонан маьIнех вац кхиъна цхьа.
486
ГIайгIано лацнарш бахьанехь, йуьхьIаьржа ду дахар,
Весашна вай геч ца деш, дицдарна зовкхаш.
Иллеш ала, мерзаш хедда сацале пондар!
Маларх кхета, тIулгаш тIехь атале пхьегаш!
487
Вайн дахар-м бIарлагIа йай – самукъне хилахь хьо.
Безамца веха мур – са доьлуш баккхалахь.
Цхьана мурстехь ду дахар – цул тIаьхьа леш ву хьо.
И кIеззиг мур мукъна ирсехь баккха хьажлахь.
488
Синкъерамийн хьост ду вайца – гIайгIанийн шовда,
Боьхаллин кит ду вайца – цIеналлин къулла.196
Дукха сибтехь ду адам, дуьне санна шортта,
ХIела-хIуьла197 ду иза, ду – сийлахь доккха.
489
ЧагIар дайша суна схьа – кIордийна хи суна!
Дахаран сан кад бу дIабузуш шераша.
Молуш вац моттийтар товш ма дац къаночунна,
ХIинццехь и ца мелча, маца мер алийша?
490
Соьца дуьсийла ца къаьсташ безамца чагIар!
Хирг хир ду-кх, бен дIа дац: дакъазло, хьервалар!
ТIех тир дац ца хуьлуш, кхолламна чу йаздинарг,
Цо билгал диначул, дац сов хIумма лелар.
196 Къулла – ламаройн диалектехь шовданах олу и дош. 197 Х1ела-х1уьла – паспас – х1умма йоцу х1ума, йаьсса бот.
491
Чаг1аран кад дIамелла, там лохуш дагана,
ДIайахна хан хестош вужучул гIайгIанна.
Кхетамой, хьекъалой буржал туху вайн сина.
Маларо уьш досту, дуьхьлонаш д1ахьаькхна.
492
Iамалех дIахаьдда къиношлахь ваха веза,
Сакъоьруш лета къинойх озалуш воцуш.
ТIех мехала хIара дахар кхачалуш хеда –
Жухурган,198 забарчин сурт-сибтехь чекхдолуш.
493
Гур чу хьоза санна, вай кху лаьтта нисделла,
СагIадехарх, лазамех, сатийсарх дуьзна.
Кху горга гура чу, йоьллуш неI йоцуш болу,
Дац вай вешан лаамехь кхуза далийна.
494
Хиллариг жимчохь дуьйна шен хьекъалх бIо булуш,
Бакъо лехарна 1умсталза, дера хуьлу,
Берахь дуьйна хиллариг дахар довза лууш,
Кемсан хорха хилале – кишмише воьрзу.
495
Дахарехь гуттара чагIар хьоьца хилийла!
Йезарца аш муьйлийла муьлхха кедара
Кемсех схьадолу цIий, – дегI хотте дерзийна,
Сийначу стиглано хьо нах буьгчу вигале.
198 Жухурган – жухург – ловзргахь шен забаршца нах беош лела стаг (клоун).
496
Селхенийн эшамашна, ленвериг, ма велха,
Ма лара тахане кханенан бустамца,
ДIайахна, тIейогIу минотех хьо ма теша,
Теша йоьду минотах, цунах ирс эца.
497
Тиларх хаьдда, Деле верза цхьа мурст хан тоьа!
Ноль терахь жамIе кхача цхьа мурст хан тоьа.
Ларйелахь сел мехала йолу и цхьа мурст хан –
Дахар мел хьесап дарх, йу тIаккха и мурст хан!
498
ХIай чагIарча, сан кад бу-кх бассабелла йуха.
Маларе сатесна Iаш ду декъа балдаш.
Висна кхин доттагI вац тхан цул жимма йуххера,
Шех масал иэца, иэхьана цIена волуш.
499
Лаьа суна сайн дегIах малар дола кхоччуш,
ЧагIаран хаза хьожа сан кошах йулуш.
Оцу хьожанах хIо кхетча, шу дехна оьгуш,
Коша йуххеш тIехбуьйлу маларан цIуьхIарш!199
500
Суна йевза и сийлаллехь йазйелла варраш:
Ватанах тера йеса, ткъа дашна зевне!
Берриге лайш бу уьш г1арайевллачу цIерийн
Уьш каде текхар бу царна хьалхха ченахь.
199 Ц1уьх1арш – х1уьжарехь керла деша баьхкинарш, цара хьалхедуьйна доьшуш болчу мута1еламашна хьалхара хьадалчаш хуьлий г1улкхаш до.
Свидетельство о публикации №225082401331