Незаконное потребление наркотических средств, психотропных веществ и их аналогов причиняет вред здоровью, их незаконный оборот запрещен и влечет установленную законодательством ответственность.

Дуьсийла соьца безамца чагIар 501-600

                501
Жималлехь моьтту дахаран къайленех кхиъна,
Иза суна хеташ дара. Гал хилла со!
Хьекъало боху соьга: «Дац хьо кхетта хIумма,
Дахар дIадаьлла хьан пайда боцуш, деса..».
502
Безаман шовк-марзо хьаьрчи сох къаналлехь.
Иштта бахьна доцуш, хир варий со муьйлуш?
Бехкамаш дIатесира ца къаста безамах,
ХIетте со воьлхуш ву, 1ехорна, хIуй кхайкхош.
503
ДIаихна вайл хьалха бутт батто хуьйцуш зама,
Хьалхенгахь ма хилла хьикматхой хийцалуш.
Вай хьоьшу и тIулгаш хилла цхьана заманахь,
Цу исбаьхьчу мехкарийн, са гуш, йоIбIаьргаш.
504
Iажаллех кхерар ас сайна гена даьккхина:
Вахарал хала кхин, хIун лур ду кхолламо?
Суна са а, цхьана ханна, духа лург делла,
Деза и дIадала дIадехча Кхоьллинчо.
505
Ирчаниг, й хазаниг къеставац безамо,
Жоьжахата гIур ма ву цуьнан хьу кхеттарг.
ТIе дуьйхинчу духарна церан тидам артло,
Бен дIа йац лаьтта тосург, гIевланга йуьллург.
 
506
Набарна тем боцуш лийхи ас Джамшидан кад.
И леха воьлча ас дуьненна го тийси.
Хьикмат долу цхьана стага сацийра сан йорт.
Хоуьйтуш, ас лоьху кад буй дагах ийна.
507
«Со беш къагийна Юсуп ву, – олу соь розас.
ЦIен дешех, жовх1арех догуш ду сан балдаш».
«Хьо Юсуп хиларан тешам гайта»,– олу ас.
«ЦIарулла цIен духар ду-кх»,– олу цо, жоп луш.
508
Розин кучан йух йатIош мох хьаьвзи гонаха.
Iуьйренций гIадъоьхуш, дека зарзар бешахь.
Т1ех боца бу розин мур, оьмар хедаш сихха, –
Шабарш до цо: «Со дожале, марзо эцахь..».
509
Энжаде, хIай нах! ХIумма йац вайн дегIан сибташ,
Йа маьлхан дуьне ша йац хьесапна хIумма.
Сакъера, х1ай дахкалур долчу мурстан йийсарш,
ХIокху готта кIари чохь – йац мурсташ хIумма!
510
Х1ай шайна чохь ойланаш, синлаамаш кхехкарш,–
Шу дерриш дуьненчохь долчух кхета гIерта.
Йуха чагIаран кад молий, кхетамах хиэдаш,
Iажаллин марахь дуьсу, хилла иэс дедда.
 
511
Дахаран заз дужу хан герга кхаьчна лаьтта.
Латта ч1ог1а тахкарций и гIур ду Iана.
ДIамалахь! Iаьржа мархийн гIовтал йатIий батто.
Вай делчий – абадехь бутт буьсу къега.
512
Онда пачхьалкх йа дешех дуьзна цуьнан тIорказ
Ма дуста механа чагIаран кедаца.
Хосровн коьртара таж, Фаридун т1ехиъна гIант –
Кхабин бертиг д1акъовлу тIуьсан мехе кхачац!
513
ЧагIар мала и адамийн хьаша хиларна,
КIадбелчарна йу и буьйса такха хIусам.
Хордах тера кхехкачу адамийн синошна,
Халонехь иза хуьлу хих волу бурам.
514
ХIунда ца лиъна вайн догIмаш кхоьллинчу Далла,
Лензалла вайна луш, дахийта вай даим?
Кхачаме вай динехь, хIунда деза вай дала?
Ткъа ца динехь, мила ву бинариг эшам?
515
Кху дуьненчу тIаьххьара де доьссинчу хенахь,
Стигланаш чуэгна, Чатакхийна Тача200 йайча,–
Ас, гIовталан тIам лаьцна, эр ду соь хаттийтахь:
«Кхоьллинарг, со вийра Ахь, ас хIун динчунна?»
200 Чатакхийна  тача – стмглара седарчийн гулар (сазвездие Млечный путь).
                516
«Кхечу дуьненахь хIун ду?» – хотту ас къанога,
ЧагIарах гIедакх201 деш Iаш волчу чагIарнехь.
«ДIамалахь!» – элира цо. Беха бу некъ цига.
Цхьа вуха ца веъна дIабаха кхиъначех».
517
Дала вай цец довла до хьакъ долу хIумнаш!
Къахьонах дузийна вайн кийрара дегнаш:
Вай хIара дуьне дуьтуш ле, цхьа хаар доцуш –
Доладаларх, чаккхенах къастаза маьIнаш.
518
Дездетташ202 дуьненан дайша зовкх хьегна кхузахь,
Говр йоьддучу боларехь геланчаш кхочуш.
И дерриг мичахь ду? Йисна хаьрцина бIов мохехь,
Атйокхан «Ку-ку-ку!» – ду чуьра схьахезаш
519
Бахьрама сакъийринчохь, кад буьззина молуш,
Цигахь даха хиъна цхьогаллий, чагIалккхий.
Хиъний хьуна, таллархо ваьлча доьгIна гураш,203
КIоргачу ура204 чу, пекъар, ша нисвеллий?
520
МIари тIера хецалуш, лар йоцуш, дахар дай,
Вехча йедда буьйсанах, бодашкахь дIадай.
Дахар-м ду дуьне ша кхолла делчхьана дуьйна,
Куьйгийн пIелгех гIум санна, чекхдуьйлуш тийна!
201  Г1едакх – шен тароне хьаьжжина там лахар шен дег1ана, долчух тоам бар.
202 Дездетташ – адамех ца бешаш кура лелар. 203 Гураш – дийнат лоцу г1ирс (капканы). 204 Ура – ор – к1орга аьхкина чувужийла (яма).
                521
Ораматашлахь дан ма дац сийлахь йа хьоме,
КIайн лилеллий, Iаьржа кипарисал хIумма!
БIе куьг долу кипарисо, тийсац уьш хьалха:
Хазош йац бIе мотт болу йа важа х1умма.
522
Олхазар ду гуш хиъна 1аш барол тIехь гIалин,
МIарашца сецош туьта, цо, тийжаш, боху:
«Сийлахь шахь! - дийцахь,- бIо мичахь байна,
Мичахь диси вотанийн, шатIлакхийн204 ц1ог1а?»
523
Кхолламийн и Тептар205 тIекхочехь хилча суна,
ТIехь дерг дIадайина кхин т1е йаздийр дара.
Дуьнен чуьра сингаттам сихонца эккхийна,
Стиглане кхаччалц синкъерам баржор бара.
524
Со ваха мел хьеваларх йа сихха дIакхалхарх,
Дуьне токхе хир дац йа кIелур дац жимма.
ГIеххьа ваха хьожур со гуш йолчу хIусамехь –
Къаьстар велахь со кхунахь – довзаза хIумма.
525
Букъ сеттош Iан везар деха ду те, дац теша,
СадоIу хан гергахь йу, йа йу те генахь –
Эрна дуй те сагатдар, кIорга синош дохуш,
Са даккхалц хьевала йиш йу, йац ца хууш?
204 Шат1лакхаш – толаман йа дезачу деношкахь стиглахь ракеташ лоьлхуьйтуш синкъерам латтор. 205  Кхолламийн Тептар  – Дала адамийн кхоллаш т1ебаьхна жайна.   
                526
Кхача ца луш, малх санна, богуш хуьлу безам,
Тома лела олхазарх тера бу безам.
Бац кхочуш безаме зарзарийн мерза латкъам,
Тийжамза, цуьнан хьуца, валар бу безам!
527
Хьикматхо, 1овдалчарах цхьаммо хьайга, нагахь
Сатасар ду алахь, 1уьйкъенан боданах, –
Хьо сонта ву моттийта, цуьнца ма къийсалахь.
Къуьйсург цо туху мунепикъах, мостагIах .
528
Ирс дайна, боьха со хеташ ву айса - сайна,
Вац чIеIаш йа стигланийн таIзарех ийзалуш.
Мел догIучу деношлахь «похмелан» уьнах206 леш,
Буьззина кад лоьху ас, Iамал йарх уьдуш!
529
Къечунна ша паччахь хета, чагIар д1амелча,
Цхьогалах лом хуьлу, маларо дахийча.
Кеп хилла къаналла, беран хьесапе кхочу, –
Йехна къоналлин кхетам къаналле керча.
530
Вац бIаьрга гинарг йалсамани, жоьжахати:
Вирзинарг вуй цигара йуха кху лаьтта?
ДегI доцу бIарлагIаш207 хир йу вайна даим,–
Кхерамий, сатийсамийн хьаст хилла лаьтташ.
206 «Похмалан» уьнах – ч1аг1аро вахийча долуш долу д1овш, дег1 дохар, кхин йолу халонаш кхачаран хьал.  207 Б1арлаг1аш – кхерамца бодашкахь дуьхьалатуьйсу буьрса суьрташ.
                531
Дуткъачу даренах йина чалба йу йухкур,
Меллачохь паччахьан таж йу маларх йухкур.
Суьпачийн долахь долу мехала суьлханаш
Ду чагIаран кедах лур, доцуш мах кьийсар.
532
Хаза йо1ах 1еха ма лолахь, доттагIа!
Безаммий, хазаллий – ши хьаст ду луш г1айг1а,
ХIунда аьлча мерза хьал латташ дац гуттара:
Дагна чохь чевнаш йеш, долуш ду карара.
533
Ислам-динехь дукха йу хьесапна тобанаш.
Царалахь ас хаьржи безамна муьтIахь йерш.
Кхоьллинарг! СовгIат дехьа жаннатан зовкхаш.
Къилахь ма дац Хьох д1аиэр – безамна вогуш!
534
Хьекъалан да лоруш цIе йахна хьан. ХIун ду и?
Ийманан хьехам бо нахана. И хIун ду? 
 БIешо кхаччалц дагахь ву ваха. Могуьйту и.
Там бу хьо-м кхин сов ваха. ТIаккха, и хIун ду?
535
Дуненан йуьххьехь хиллий теша долоран хьаст?
ХIетал-метал ду и, пхьа боккхуш,208 хIоттийна.
Хьикматхоша хеттарг дуьйцу,– и ца луш къаста
Цуьнан маьIна доьгIна дац вайн цергахь209 даста!

208  Пхьа боккхуш – пхьа – х1етал–металан барамехь чолхе хаттар дар (загадку).  209  Вайн цергахь – вай дуьненчохь дийна мел ду.


.               
                536
Деса хабарш дац безаман бозбуунчалла,
Шелделла кIегаш санна, алон тов дайна.
Ц1ена безам хуьлуш бу вагавеш цIералла,
СадаIар, де-буьйса, берриг тем шен байна.
537
Нагахь къа латийнехь сайггара ма дац иза.
Дуьнен чохь бина некъ, сайггара бац ас беш.
Со мила ву? Мичара веъна? Бодашкахь лелла,
Кхоллинчо азаллехь йаздиннарг кхочуш деш.
538
Кху дененан дахарехь тоьлларг ду малар,
Ховхачу хIуьрлIанийн эшаршка ладегIар,
Хьайн маьрша кхехкачу ойланашца хьо висар,
Мел болу бехкамаш бицбина мур такхар.
539
ЧагIар! Безаман, синтеман метта дIахIоттахь.
ЧагIарни! Ас  дина хьох ца къаста тоба.
ДIамер ду чутарлург, бисийта хаттаршкахь
Хьоьгурш: «Мичара йог1у,– бохуш,– и кхаба?»
540
Генара, йуххера ахь эшийна пачхьалкхаш
ГIорасиз ченашлахь сауьйзуш шаьш йисча –
Вуьсур ма вац хьо ца леш, хIай нуьцкъала паччахь!
Хьуна кхочу дакъа ду-кх: кхоъ аьршан латта.
               
                541
Цхьа вуй теша дунен тIехь къинош шеца доцуш?
Къинош ца деш болу некъ вайна боьгIна бац.
Нийса-м тхо ца лела, до Ахьа тхуна зенаш,
ТIаккха вайна йукъахь цхьа башхалла ма йац.
542
КIадлур вац харц йолчу театран IиндагIашлахь,
Кхачаме дерг леха со виллалц цу коша.
ЧIагIдо ас: хьо малхал тайна хилар мехкаршлахь,
Хьан дегI гина кипарис хуьлуш йу пошма.
543
ЧагIар лол! Бац кхузахь меттиг деса хабаршна.
Хьомечун барташа бо суна кхачин тем.
Йезарган хьасартехь, алох догу балдаша,
ЧIабанийн тулгIено – байтац асарна хьем.
544
ХIай стигал, ахь-м къамкъарг схьалоций ирсе волчун,
Ахь-м иза дуьненчу ваьлла коч тIехь йатIайой.
Мохца ойий алу, хи, ченан хIур тIехоьций,
Са даккха, хих къурд бан ца вуьтуш, хьовзавой.
545
Дала сайна схьахаржа йеллачу бакъонца, –
Ас къастий Iаьржа бепиг, беркъа цхьа тоьла,
Сайн са лардархьама бала лай мацаллица.
Кхоччуш къевелча, хьоладел вехаш хила.
               
 
546
Далла лиънарг къасто хала ду вайна, ваши,
Йан ма йац йа лакхе, йа бухе кху стиглан.
КIеззигчух тоам беш,  д1атарло кIаже лахий,
Хьайна жимма гуш йуьтуш майда хиламийн.
547
Сан кхетам ца хилла нуьцкъала кIорге йолуш,
Делан лаамийн уьйриг баста ницкъ болуш.
Iамал йо аса къайленех кхиа ца туьгуш,
Шен духе кхиа Дела Ша ву ницкъ болуш!
548
Синтемза латта го суна, – баланийн хIусам,
Ленбериш го суна, – сихабелларш коша.
Сийлахьа паччахьашца, мехкарий тIех хаза,
Базбинарш мацца – хилла 1а нIаьнийн кхача.
549
Вехна ву эр ду суна, и бакъ ду, йац шеко!
Сийдоцуш, карзахе ву эр ду, и бакъду!
Со-м со вай! Шайна луъург дийца йу шун бакъо!
Со-м Хайям хила везий, бакъ дериг и ду!
550
Бехкен во Хайям бийцарна сов синкъерамаш,
Цамолуш берш чагIар балабеш масална.
Сан малар санна гахьара, нехан кхин сакхташ –
Хуур дара: моттаргIнех мила ву цIена.
 
551
Дика ду хьан духарна йацахь йома лаьцна,
Къилахь дац гIайгIа бича баьпкан йуьхк йаккха,
Амма кхин дерг оьшуш дац иштнехьа луш хилча, –
Хьолан сийлалел, дахаран мах бу лекха.
552
Нисделира куьпчичун тоьли чу сан воссар,
Кад бан дагахь и холмачалла210 деш вара,
Суна къайле йеллало: цо кад бина поппар –
Сан дех хилла лаьттах – бара цо кечбина!
553
Лийрволчо ца баьккхина стигланера толам.
Къестабар доцуш дуу лаьтто адамаш.
Хьо дийна вуй хIинца? Дозаллица бе хастам?
Ма сихло: хир бу хьоьх кхача зингаташна.   
554
Сийдеш массанхьа лору Къуръанан айаташ.
Ткъа муха доьшу уьш? Наггахь йа бен доцуш.
Амма боьттинчу кедан йистте летта байташ,
Малархой Iа йоьшуш – схьакхетта малх бузуш.
555
Дуьнечу дахкар, дIадахар хала ду даста,
Ларалац хьикматхой маьIна цуьнан къасто.
Йуьхьйолор йа чаккхе мичахь ду оцу гонан,
Мичара даьхкина схьа, доьрзуш ду мича?

210  Холмачалла – бозбуунчалла, саьхьаралла, жинашца тайна х1умнаш леладар. .
                556
Бистхилира, дош олуш, стигланийн го соьга:
«ХIай адам, суна йу-кх ида кхел кхайкхийна.
ХIокху гонехь хьийзарна урх йелхьара соьгахь,
Ас хир дара и гуттаренна сацийна.
557
Хьикматхо, мел 1а воллу кхетаман йийсарехь?
Вайн оьмар йоца йу – аьршал сов ца йолуш.
Кестта хьох ма хир йу чагIар чу дутту кхаба, –
Жим-жимма дIамолуш, хила чагIарах вулуш.
558
Хьенан стоьл тIехь ду чагIар, пулоца212 марзаллаш?
Аьргачу энжадан. Хаъ, бу иштта кхоллам!
Туркошлахь мехкарийн уггаре хаза бIаьргаш, –
Долахь болуш хуьлу цхьа бен боцу гIарбаш.
559
Дуне-м харц ду, х1етте хьо ма вожа гIайгIане,
Валар тхуна далхадеш, ма тийжа воьлхуш.
Пела йуззуш доттина цIен чагIар дIамалий,
Накха кIайн хьайн йезарга Iе безам буьйцуш.
560
Баттал хаза йуьхь йериг! ЧагIаран къинойн кад
Молуш Iе – сатийсар ду эрна кханене.
Кхана къоначу батто лаьтта тухуш шен бIаьрг,
Гур дац цунна сан хилла сий йа йеша байт.

212  Пулца – пуло –нохчаша дуганахь биначу кхачанах  пуло олу (плов).. 
                561
Ца чIеIаш тIеэца ахь тIебогIу баланаш,
Цалеткъар – и тоьлла дарба ду лазаршна.
Хилийла хьо вехаш, ткъа къен дакъа кхачарна
Пусар де сайратийн иштта д1ахIиттарна .
562
Мичахь ву хьикматхо дуьне кхолларах кхиъна?
Дахаран маь1ана-м хьо валлалц лоьхуш Iе:
Мел лехарх бакъонан дац хIумма дух къастийна–
Цхьа марчо ду-кх билггал, дезарна хьарчо тIе.
563
Къинхетамза бу кхоллам, дохош вайн хьесапаш.
Шен сахьат тIекхаьчча, къаьстар ду дегIах са.
Сих ца луш баца тIехь хаий Iе, цунна кIел
Хьо виллале, воцуш сиха ваха дIаса.
564
Хастам бу-кх кху кедана кхайкхош сан кхетамо,
Йезарца барташ луш токхуьйту буьйса цо,
Исбаьхьа бина и кад говзачу куьпчичо –
ДIатухий лаьттах ша кхоъмаза бохабо,.
565
Кхахьпега бехк боккху моллас: «Тилар чу йужуш,
Лаам болчу нахана дегI духку ахьа!»
«Со-м, – жоп ло зудчо, – йу ахь ма йуьйццу, бакъ долуш, –
Хьо вуй теша хила гIертарг – суна хьалха?»
 
566
Ас малар дитина. ГIайгIа йу-кха са цIубдеш,
ХIора ву хьехаршца тIаьхьаваьлла дарбанна.
Йац цхьаммо суна царах паргIато хаъал йеш,–
ЧагIаран кедехь ду-кх орца Хайямана!    
567
Ма дохко ваьлла со къаналле дахча шераш.
Гечдойла йац суна, йац бехкех волийла.
Тилла со хьекъалах, ца ларди Делан декхарш –
Дихкинарг дохадеш, ма-хуьллу вон лелла.
568
Хиндолчунна хьалха неI ду эрна дIакъийлар.
МаьIнехь дац ахь диканийн, вонийн йукъ хержар.
БIаьргаш хьаббой туьйсуш ду стиглано шен кхаьжнаш.
Царна тIехь йаздинарг вайна тIехь ду лелар.
569
ЧагIарча! ДегI лалош дарба дахьа тIе сихха.
ХIай баттал хазайерг! Хьайн бете хьохьа кад,
ХIунда аьлча йезарган догу балдаш и кад,
Кхехкачу маларца уьйр йолуш ду 1адда.
570
Цамолчара буттучу пуьтех ма тешалахь,
Багор бу бохуш, муьйлушберш жоьжахатахь,
Жоьжахати чагIар, безам девзинчийн йелахь –
Жанната йиса там бу мохан йесаллехь .
               
 
571
ДIора ву г1оддаха хьоькхуш мохь: «Со ву хIара!»
Бохчи чохь ахчано боху: «Со ву хIара!»
Шен гIулкхаш д1анисдина, валарций иза г1ара213 –
Iажалло олу цуьнга: «Со йу-кха хIара!»
572
Нагахь дегIан хьаштана дохадахь ас марха –
Ма хетахь со ирс дайна, вайна 1есаллехь.
Мархийн денош ду тера 1аьржачу буьйсанех,
Ткъа буса зудчуьца Iар – данне дац къилахь!
573
Хилла суна чагIар хьоме хетарх дац кIадда,
Безамна къахьегар ду 1аьхна дагана.
Дохко воккху совгIат Дала дийр дац суна цкъа.
Долчунна къарвала дагахь со вац цкъан цкъа.
574
ЧагIар ца мала поэто мегар дац йан чIагIо.
Бехказа валалац йохийнарг и чIагIо.
Йиш халлалц зарзарш кIажъоьху, розаш деллало …
Мегий, безамах ирс ца эца, йан чIагIо?!
575
Йоьхна гаьргаш хьайна гахь, ма хьаша царах цхьа.
Ларлолахь! Уьш-м хьалха беллачийн туьтанаш йай.
Царах йо пхьегIаш  – йуха отуш уьш кхуьйсу дIа.
Диц ма де, ленвериг: хьан рагI йу кхочур тIе!

213 Гара валар – духхха гондахьара адамашна вовзар (стать известным).               
 
576
БIаьстенан латта йуха дили догIанаша,
Дог болх бан доладели дуьненан кийрахь.
Йезарца чагIар мийла баьццара цанашлахь,–
Самабаха белла Iохкурш лаьтта бухахь.
577
Куьцехь верг хазаллина, кIоргейерг хьекъална,
Стиглано лаьтте ло орамаш хедийна.
Кхоам йаI! Довзаза лийр ду дуьненан маьIна,
Дахарах чекхдевр ду, цуьнан чам к1ордоза.
578
Кху сонтачийн, йамартчийн, махбархойн дуьненахь,
Хьикматхо, тега бат, чIагIа къовллий лергаш,
БIаьргаш боьхкуш хьаббе. Бакъду, виса ойланехь,
Сакхт ца деш лардан хьажа: лергаш, мотт, бIаьргаш.
579
Кестта хир ду доккха Дезде, Далла бу хастам!
ХIара гIера йер йу кестта муьйлуш чIана:
Ламазан жулар, ца мала т1е тесна дуьрста
Цу Дездийно дIайоккхий, вир дуьту хецна!
580
Стиглахь Эса-седа лепа Лаьттана тIоьхлахь.
ШолгIа Эса ма1аш т1ехь ду Латта сецош.
ХIун го вайна Эсашна юккъера дежийлехь?
Эзарнаш хьекъал доцу уьстагIий, варраш!
 
581
Ларамна хьакъволчунна – лац хьакъ долу совгIат,
Ларамна хьакъволчун метта со-м лийр а ву.
Жоьжахатин Iазап довза лаьий те хьуна?
Лара хьакъ боцчаьрца Iар – Жоьжахати йу!
582
Сан хилла накъостех ах лаьтта дIабоьхкина.
Массарна кхолламо бу цхьа кхаж кечбина.
Дезденна цхьаьна гуллуш хиллаберш селхана
Вайл хьалха 1ажаллин кад мала ларийна.
583
ТIегIертарг бу бода, дахар даьлча карара,
ЭтIош дог, Iажалло дегI дожош ка туху.
Дуьненчу кхаьчна вац цхьа йуха эхартара,
Ас хьаьнга хоьттур те, цигахь хьал ду муха?
584
ГIад чуьра хих тера йа аренан мох санна,
Де дIадай, – иза кхин цкъа дац йуха догIур.
Карарчун пусар деш, йезар, дахий вай цхьаьна,
Эрна йахна ханна, байттамал, ца баха!
585
Хьо мел ларваларх, тур буйнахь бу кхоллам йуххехь:
ЧIогIа дера бу и адамийн берашца.
Цо хьайна, чам баьккхийта, пираьнга кховдайахь.
Ма кхалла –там бу ийна хила дIаьвшаца.
 
586
Абаден бакъонаш йевзар йац вайн хьекъална –
Дог эт1ор эрна ду кегий дегбаъмашна.
Стиглара Дела, Комаьрша, Веккха хиларна –
Воккхавеш хастам бе карарчу мурсташна.
587
Кхийра пхьегIаш йар каре дирзинчу куьпчичо
Ша тIелаьцна балха т1ехь гайти шен похIма:
Дахаран шаршонна тIе ша бина кад хоттош,
Безаман цIе чу хеца хили и ох1ла.
588
Кхоьллинарг, доьху Хьоьга, ма хилахь оьг1азе 
Хьайн лешна ца лаг1деш тохарш деш йух-йуха.
Цхьа къинош доцчарна хьакъ йелахь йалсамани.
Хьокъан метта, суна совгIат делахь Ахьа!
589
Къиза ду хьийзарехь заманийн гонийн болар!
Царна цхьа а галморзхен шад бац магийна.
Ткъа адаман даг чохь гучуйалахь хамталла,
Кечдо цунна тIехеца кхин керла тохар.
590
Кхолламан жайна листина даьлла – маржа йаI!
БIаьстенех, синкъерамех йисна цхьа гIайгIа.
Дагахь дац: кхокха – къоналла, тIейеъна маца,
Йа шен байн тIам ластош, гена йели маца!
 
591
Безаман лай, вожий со гIайгIано– маржа йаI!
Вахаран сакхташна къера ву – маржа йаI!
Къинхетаме Алллах1а гечдахь, нагахь суна,
Цунна халха хIоттар – ма эхь ду-кх – маржа йаI!
592
Хаттаре вуьйлу хьо: хьенан сибтехь ду адам?
Делан востехь! Логика – Делан хьесап дац:
Цо схьадоккху адам мурстан кIуркIаманера213 –
ТIаккха гуттаренна цу чу кхоссар дац харц.
593
Ша лийр волу хан цхьаннен дIаса тоьттийла йац,
Стиглара йу схьагайтина дахаран лар,
Гуттаренна долу хIума балозах214 далац, –
Цундела вай оцунна эрна ду делхар.
594
Со ву, мохо божийна, къанбелла наж санна:
Макхъйаларца мажйелла цIен хилла беснеш,
Со хилар гойтуш хилла – бух, пенаш, бедана,215 –
Шайх саьлнаш216 хилла Iа, сан валар д1акхайкхош.   
595
Селхана ас тидам би куьпчичо го хьийзош,
Сих ца луш, ца къестош сийлаллашца даржаш,
Цо адмийн меженех мел леранна йо пхьегIаш,
ЦIе йаххана паччахьех, текхначех муьйлуш.
213  К1урк1амане – бух боцу к1орге. 214 Балозах – балоз – накхармозаша кечдеш долу башха сег1аз (воск).  215 Бедана – беда – х1усаман тхевнан  чоьхьара аг1о (потлок). 216 Саьлнаш – г1ишло йоьхна хаьрцина йаьлча буьсуш болу гу.
                596
Къечу стеган стоьла тIехь лаьтта тиша кхаба,
Шех мацах шерашкахь визиран дарж хилла.
ХIара, сан куьйго айина латтош йолу пела, –
Хазачу йоьIан бесни йа накха хилла.
597
Зуда йелла стагах тера йу тиша кхаба,
ПхьегIийн туьканахь лари тIера мохь оьхуш,
Бах цо: «Мичахь ву куьпчи, махбархо, эцархо?
Ма дукха хан д1айаьлла уьш лаьттахь бохкуш!»
598
Дахар – гIум-аре, цу тIехь лела вай дерзана.
Кураллех вуьзна, ленверг, беламе ву хьо!
Боккхучу когана кардо хьуна бахьана,   
Ахь дендерг къастийна тоххара стиглано.
599
Кху стигална кIел вахар, дог этIоран бу кхаж.
Вайх къа хетар дуй теша цунна? Дац цкъан-цкъа.
ХIай дуьненчу довлазниш! Тхоьгара балийн раж
Йевзича, шу кхуза догIур дацара цкъа.
600
Дала чагIар дихки, мала ца хуучарна,
Кхетамах бовлуш, хьаьнцций дIамуьйлучарна,
Ца доьхку шайн барам хуучу хьикматхошна,
Бехкамза йу бакъо мала хуучарна.


Рецензии