Дуьсийла соьца безамца чагIар 601-700
Дахарехь шира чагIар дуста догIу стенца,
Сан куьйго айина кад бу маларх буьзна?
Кхин хIун ду там болуш, лараме къонахчуьнна,
Сийлахь чагIарца долу гергарло дуста?
602
Хезна суна селхана пхьар-куьпчин хIусамехь –
Поппаро шен массо къайленаш схьайуьйцуш.
«Со ма хьеша сел дера! – куьпчига олу цо. –
Со ма дара цхьа адам йаханчу хенахь».
603
Сан йуьхь йу-кх хIара – исбаьхьа алцIензIам санна,
Кипарисан гIад санна, сан дегI ду тайна.
ХIай поппарх кхоьллинарг, цхьаъ ду суна къастаза:
ХIун дагахь скульпторо делла и васт суна?
604
ДIабаханчу хьикматхойл хьо толахь бу тамаш,
Абаден къайленаш йасталахь бу тамаш.
Йалсамани йац те хIара бай баьлла майда?
Велча хьо цул дикачу кхачахь бу-кх тамаш…
605
Iамалш йеш даха бохуш, хьехамаш бо вайна.
Дуьненахь ма-даххара гIовттор ду, боху!
Со-м йезаргах, чагIарах цкъа ма вац къаьстина,
Цу суьртахь самавала дагахь ву цигахь.
606
Iуьйренца гIаттарций куьйгаш лаца вай вовшен,
Минотана йицйе вай йеана гIайгIа,
Дог Iаббош чуоза вай хIара хIо Iуьйренан,
Дийна долччул, бузош кийра, даIий вай са.
607
Сайн лаамехь дог доцуш со висахь къарвелла –
Даха меттиг буй цуьнан? Гонехь дац адмаш!
Декъаза хIора Iавдал, – хьаж готта энжада
Мелча хуьлу, ша майра Джамшид ву моьтташ.
608
Ма кхабалахь цатемаш, гIайгIанаш хьайн дагчохь,
Ахча хуьлу бохуш суждане ма гIо хьо.
Нагахь ахь хьайн доттагI ца вузавахь шен хеннахь, –
Дерриг дIакхоллур ду йамартчу верасо.
609
ЧIеро беде хаьттина: «ДогIур дуй хи йуха?
Селхана дIадахнарг? ДагIахь, мича хенахь?»
Бедо жоп ло шеггара: «Вай кхорзуш деттича,
Хьан массо хаттаршна жоп хир ду йалгIу чохь!»
610
ХIара дуьне ирс долчарна Лучо совгIатна,
Бисинчарна до тохарш йух-йуха денна.
ГIайгIане ма хила хазахетарш цагарна,
Воккхаве, нахана чул вон кIезиг гарна.
611
Маьждиге воьду со. Хан йаьлла, чохь ду тийна.
Инзаре дерг деха веъна вац доIица:
Мацах цкъа кху чуьра аса куз бадийнера,
Зарзлуш и тишбелла: беза хIинца хийца.
612
Зударийн ховха йухь-сибтах, сийначу бецех
Ирс оьцуш Iан волу со, мел ву со дийна!
ЧагIар ас мийли, муьйлу, кхин дIа мийла мега,
Чекхйаллалц кхолламо дIахецна хан сайна.
613
ЦIе йицлург хиларна хьайн, ма хилахь саготта.
Синтем байта хьайна вахочу маларе.
Хьайн дегIан хуттургаш йахкайала х1иттале, –
Самалха даккхахьа, хьоьстуьйтуш йезаре.
614
Мацца цкъа, и ченан хIур, са чохь хIума хилла,
Луьста Iаьржа чIаба йа цкъоцкъамаш деха.
ДIайоккхуш хьайн йуььхь тIера чан, экаме хила:
И чан-м хила там бай, Зухран йуьхьах хилла.
615
Жаннате, Жоьжахати хьоьца йу, хIай сан дог!
Эхартара йухавар доцуш ду, сан дог!
Ма хила сатийсамца догйовха, хIай сан дог!
Эрна кхоьруш хьо хила ца оьшу, сан дог!
616
ХьагI, ницкъ бар, т1емаш лаьтта дуьненан урхаллехь.
Кхин дуй, бакъ долуш, кху Лаьттан букъ тIехь дийца?
Мичахь бу ирсе нах – дарделлачу дуьненахь?
Уьш белахь – пIелгаш тIехь багарбалла а бац.
617
Ас хаьттира хьикматхога: «ХIун даьккхира ахь
Кегийна тептарш чуьра?» Цо олу жопехь:
«Ирс долуш ву хьуна, ховха йезарган марахь,
Тептарийн кхетамашна буса вериг генахь».
618
Дахар мурст бен йац. ЧагIар гIайгIа йуьйш ду молха.
ГIайгIанза де додахь – хастам бе стиглана!
Кхолламо хьайна лучуьнца хилалахь ховха,
Ма гIерта долуш дерг хийца хьо нуьцкъала.
619
Къизаллица бухдаьккхича дахаран маргIал,
Чан хила гуттаренна дегI ийча лаьттахь –
Куьпчичо оцу ченах йахь цхьа кхийра пхьегIа,–
Денлур ду адам – пхьег1а чагIарх йузийтахь:.
620
Дукха хан йу стигланийн хьийзавар аса лов.
Там бар-кха ас садеттарна совгIатна цо,
Нисйан суна: самукъне амалш йолу йоIстаг, –
Цуьнца цхьаьна чагIарах йуьззина гуьмалг.216
216 Г1умалг – жима кхийра кхаба санна пхьег1а, готта ц1узам долуш (кувшин с тонким горлышком) .
621
Г1аттал! Бодин кеда Малхбалено тIулг кхоьсси:
Седарчийн къепало некъ би, бода г1елбеш.
Нуьцкъала паччахьан кура бIов мара къевли
Таллархо – малхо, цIеран речIанах217 хьарчош.
622
Со лийр ву , хIунда аьлча, кху балийн хIусамехь
Даима, дийна лаьтташ, чIогIа дац хIумма.
Дуьнечуьра дIавоьдучух йу таро кхарда,
Кечвеллачун эзар шо кхин кхузахь даккха.
623
Йаккхийчу даржийн т1ег1анаш дIалецна болчийн,
Дахаран синтем бац гIайгIанийн дукхалла.
Ткъа хьовсал: дегнаш церан хьаьнга хьог1ах дуьзна –
Кхаъ оьцу нIаьна сих кхетаза болчаьрга!?
624
ДIогара кIант гой хьуна, хIай къена хьикматхо?
ГIамарх са къералуш, йугIуш ву и баьвнаш.
Хьехар дехьа, олуш: «Тийна ловза, кхиазхо,
Гумца-м дай: вайн беллачу дайн кортош, дегнаш!»
625
Розин меттана – декъаниг кIохцал ду мегаш.
Жоьжахатин цIе мега, Жаннатан метта.
ТIекхача йуххехь йа молла, йа маьждиг дацахь –
Мегаш ву-кха мозгIар, хийра динца цхьаьна.
626
Жайнийн харц хьехамашна вадий вала гена,
Йезарца сийна бай тIехь йаккха хан цхьаьна,
Iажалло, чан йан, дегI хьайн цу коша дахьале –
КIад ца луш хилахь, кад бассош чагIаран.
627
Сахьт йа минот йац йолуш беллачарна башхо:
Йа хи, йа чагIар, г1ала БагIдад, йа Шираз.
Буьзна баьлла, къегина бутт, хуьйцур бу керлачо –
Вай делла дIадевлча эзарнийн оьзарза.
628
Нагахь ахь дахарехь лехнехь самукъадаккхар:
ЧагIаре, пондаре, зударшка хьо марзлуш –
Оцу дерригенах хьоь кхочур ду цкъа хадар.
Дахар ду гIан. Даима наб йойла доцуш!
629
Массарна ирс лоьхуш, ца хьоьгуш эрна бала –
Ирсе вар гIолехь ду гергарниг, цхьаъ вина.
Диканашца хьайца доттагI дIаэйтар тоьла,
Дохучул адамаш дерш буржалех мукъа.
630
Кхоьллинчун буйнахь вай йу муьтIахь тайнигаш!
Иза аьлла дац аса дош алархьамма.
Лаьтта тIехь Нуьцкъалчо вай тешца доьзна дуьгу –
Чаккхене дIакхаьчча, лаьттах дохкархьамма.
631
Бераллехь бакъдерг лооху хьехархойн хьехамехь,
Цул тIаьхьа бакъ лоьхурш богIу вайн нIаьIаре!
Бакъдериг мичахь ду? Схьадевлла вай тIадамах, –
Т1аьхьа мохах дар ду, Хайям, туьйран маьIна,!
632
Шал шийла долчу дагехь бу тIех беза бала,
И безам бовзале хиллехь – чохь цIе йогуш.
Безамо лаьцначу даго дIатилла цхьа де,
Йезарца доцуш, ду доьза дайна лоруш.
633
Къа леттехь жоьжахатица ма гIерта кхеро,
Айхьа къинош леттор дац ма баха, Хайям.
Къинхетаме Дала къинош доцчух дан хIун до?
Къинош дерг ма оьшу Далла – гечдархьамма.
634
Къийвалар, меца лелар, къола дар ду гIоле,
Сийсаза моттхьоькхучийн йузучул тоба.
ДаьIахкаш йажалахь, ца Iеха луш марзаллех,
Хьаькаман даржехь боьха хIуманийн хьойдех.
635
Тамехь дац мухха кхача гIертар нехан шуьне,
Рицкъанна тебаш лела мозанах тера.
ГIолехь ду, Хайям, цкъа кхалла, цуьрг доцуш висар,
Сийдайначо кхобучул, вусто дош делла.
636
Ойланийн тIемаша гена вуьгург лаьттана,
Кара кхаьчна похIмаллин дуьрстанан гаьллаш:
Ур-аттал и ву-кх, Iаш корта аркъал сеттина,
Делан духана217 хьалха, гIорийна лаьтташ.
637
ХIай цIена са, боьхачу пхьегIи чохь даллий хьо,
ДегI делча хьо стигла дIакхачор ду, бах, 1ан.
Хьо-м цигахь цIахь ду, кхузахь ду дегIан йийсар хьо,
Эхь дуссий йоккху ахь, кху лаьттахь токху хан.
638
Дахаран ойланашна ас шераш дIаделла.
Батта кIел со кхетаза дисна дац хIума.
Суна билггал хиъна, ца хиъний сайна хIумма –
ТIаьххьара и бакъдерг ду къаьстина суна.
639
Башха - башха до Далла Iибадат хIораммо,
Дала дага лаьцначух кхеттац цхьа хьикматхо:
Жаннатна реза бу – жоьжахати йемалйо.
Жоьжахатих кхерац, – жаннатих баккхий бец.
640
Безаман эшарш лекха зарзарша йолийча –
Айхьа мала, – йезарге чагIар малийта.
Хьажал: дIетIи розин заз безамах хьаьгча?218
Безамо лаьцнарг, хьайн лаамаш Iабийта!
217 Делан духана – дух (сущность) – Делан дух (сущность Бога).
218 Хьаьгча – хьегар – ч1ог1а деган лаам совбаьлла мур, хан.
641
Мурстан дахар, цу мохо хьош санна, дIадаха,
Там чехка мархийн ковра санна д1атили.
Хилийтахь бала лайна, мур ца гуш зовкхаха, –
Кхоам йа1-кх, дахаран – чекхдели уллошха!
642
Самукъа долуш вехна Iар, ду сийлахь суна.
Кхин дин йа Iесалла ца девзина суна.
Ас хаьттира кхолламе: «Хьан безам хьанга бу?»
Цо олу: «Даге – синкъерамна диллина!»
643
Хазахетар мах лахара болуш ду вайлахь,
Цхьа Iавдал бен ца хуьлу вайлахь саттийна –
Сайн бисна кхетам ас чагIарна чутаIабахь:
Там ма бу, кхоллам суна тIеберза тайна!
644
Куьпчичун пхьегIийн го санна хьийза заманан
МаьIна схьадоьллу, шен кхетам меттахь болчо
Йа вехначо, хьийзарах воларна дуьненан,–
Цунах цхьа х1умма схьаделлаза кхетамо.!
645
Ленверг, хьайн кхиэра цхьа аг1о бацахь – къийслахь,
Ткъа белахь – хьо кхоьлана муьтIахь сацалахь.
Амма и, пхьегIаш санна, поппарх кхоьллинаверг,
Йуха лаьттах г1урверг – къарван ма гIерталахь.
646
Дераллин, хIай стигал, бекхам бар долахь Дела!
Ахьа гIо дича бен, цхьа балех ца ваьлла.
Дог хьайна хааделча г1аг1ано чахчийна, –
Ахь дагар, хьем ца беш, дайдолуьйту цунна.
647
Сакъоьруш йаккха хан! Сахьийзош хьекъалх телха.
Абаден стигла йу седарчашца къиэгаш.
Муха вола веза те, кхеташ хилла догIмех,
Йийриг хилча, ценош доттан кибарчигаш?
648
Дуьненчохь уггаре хьекъал долчу адмаша
Эккхийна бац дахаран гонера бода.
Буьйсанан набарна масех туьйра дийцина –
Уьш вай санна дIабахна набаре кховда.
649
ТIадамех буьзна Iапказ бу Iаламат боккха.
Ченан х1уьрах денло дийна лаьттан мехкаш.
Ма маьIне дац-кха хьан дуьненчу вар, дIаваккхар –
Моза корах чубаьлла, бахначул бекаш.
650
Дуьненчу вале хьуна ца оьшура хIумма,
Амма веъча хьашт хуьлу мел долу хIума.
Ницкъ боцчу дегIан азат219 хьан сино дIатесча,
Хир ву хьо тIаккха маьрша, ца оьшуш бахам.
219 Азат – лай вина, наха вацор (рабство), дагца лай хилар ду уггар кхераме.
651
ЖовхIар кхиа буьззина бода биэзаре терра, –
Иштта оьшу хьекъална, сина баланаш.
Мел долчух ваьлча хьайн, са – хуьлий теша дера?
Шек ма вала, и пхьегIа-м лаьтта т1ехъ1енаш!
652
Делан некъахь сагIадоьхург220 кхочу сийлалле.
Алссам хьан дог этIахь, кхочу, бах, сийлалле.
Лахка беса лаамаш, воьхурш берш кхиаме!
Дег1ан дола дIалург бен – кхачац толаме!
653
Розанийн заз доьллу хьикъийна Iаьржа латта
Ду, маццах паччахьийн бIонан цIий хуьйдина, –
Амма буьйдачу тобалкхан221жаззаш222т1ехь даьтт1ар
Ду, йоь1ан бесни тIера тIеданах хилла.
654
ХIай, къизаллашна шайн чаккхе ганне гуш йоцурш,
Къемат-дийнахь Дала геч дийр ма дац шуна!
Гечдахь Везчу Дала, ца динчарна диканаш,
Геч дийр дац – зуламаш деш лелла кIиллошна.
655
Шун накъост кхелхинехь цу эхарта дIавоьрзуш –
Дагалаца и цIена чагIар дIамолуш.
Гонехь чекхболу кад Хайямана тIекхочуш,
И бертал тохалаш, бух тIехула болуш!
220 Саг1адоьхург – дахарна букътоьхна леларг (дервиш). 221 Тобалкх – орамат, зезаг (ромашка) 222 Жаз –жаззаш – зезаган делладелла нег1арш (лепестки)
656
Со воцуш шу гуллахь сакъоьруш цхьана шуьнехь,
ГIиллакхехь лелаш, гIарадовла хьовсалаш.
Шун кедаш чагIарчас хи ма хIутту дIадуьзнехь –
Гулахь каш тIе дуьйла, цIена чагIар молуш.
657
ДегI кипариса чух, йуьхь жовхIарх терачунна,
Безаман беша гIой, чагIарах кад буза.
Кийчачу кхолламо, сутарчу барзо санна,
Хьайна тIера даккхале дилха, коч санна!
658
Дог карзах хиларна, ша чу гIерта гурана,
Цкъа къила дужу йа т1едоьрзу Iамалшна.
Маьждиган низамах волаза са гатдечул,–
ГIолехь ду, Хайям, чагIарнехь г1арваьлла 1ар.
659
Синлазамаш бицбалар лоьхурш чагIарна чохь,
Далла 1амал йеш берш буьйсанийн тийналлехь, –
Уьш бу-кх, гIан гуш санна, бух боцчу Iинан йистехь,
Цкъан-цкъа дIатевжаш вац-кха цхьа Дела лакхахь!
660
Хесторашка хьо товжа ма вайта набарна,
Кхолламан тур коьртехь ду айдина лаьтташ.
Сий мел мерза делахь, дIовш ма ду кийча кхоьлан,–
Хилалахь хьавланах дIовш даларна кхоьруш!
661
Ма дукха йу ойланаш сан коьрта чохь хьийзаш,
Амма уьш гучу йахахь ларлур бац корта!
ХIара деккъа цхьа кехат бен, дац тешам болуш,
ДоттагIий, шуьца йац-кха тешаман гIортор!
662
ХIума довзарх йина ас сайн белхан говзалла,
Девзи лаккхара бакъдериг, зуламийн лард.
Даьсти ас дуьненчуьра дукха чолхе шаддаш,
Цхьа валарца боцург, – Iажаллин Ден шад.
663
ТIоьхлахь долчу сибташца чухлахь дерг гучунна,
Вон, дика го цунна дети, деши санна.
ХIунда аьлча: и мехаллаш луш йу цхьана ханна,
Доцца аьлча, вон, дикий – довр ду ший кестта.
664
Ханна долчу дуьненан дух ду д1адар доьза,
Ладам боцчу хIуманийн йийсар ма хила.
Кху дуненан дух лара Массанхьа Кхуьу Са,
Хиларна хийра и хийцамийн белхашна.
665
Декачу шовданашца кху мехкан беркатехь–
Хир йолчу жаннател хIун ду те долуш, эшна?
Хьайна ма-тов керча, дарех тера бацалахь,
ЧагIар мийла, маьхкаршна йеш биэза аьшна!
666
ХIай хьикматхо! Вайн Дала делла хилча хьайна:
Пондарча, чагIар, шовда, малх дIабузу хан –
Ма кхиабеха даг чохь кхин лаамаш сонта, –
И дерриг делахь – барам бац хьан бахаман!
667
Башхо йац: цхьаъ йа эзар баланашна йукъахь.
Дийначаьрца къиза ду стиглахь ВорхI сайрат.223
ТIе цаьрцанна къиза бу Iаламан Биъ хийцам.224
ЧагIаран кад боцург – синтемна дац хьурмат.225
668
Моьтташ берш стиглахь йу Жоьжахати, Жаннате,
Сайн дагчу хьаьжча – суна иза харц карий:
Жоьжахатин, Жаннатан гонашца дац дуьне, –
Хьалхарниг, шозлагIниг йу ши ах вайн дегнийн.
669
Деккъа жайнаш дешар тIехь сецна дац сан дахар,
ЧагIаран кад бете доIица хастош хьо.
Кеп йале кхетам, къовламиэ ву хьан хьехархо,
Цуьнга ла ма дIегIа: и-м бай сан – дешархо.
670
Жаннатан йа Жоьжахатин да веш со вина
Хаац суна, и-м хаар оьшуш дац суна:
Сан малик, чагIар, пондар т1ехь ду соца цхьаьна,
Вуьйш-м эхартахь совгIат деш лур дай, дег1, хьуна.
223 Ворх1 сайрат – космосера (т1урненера) дуьненаш (плпнеташ). 223 Биъ хийцам 1аламан – шарахь хийцалуш йолу йиъ зама: б1аьсте, 1аьхке, гуьйре, 1а.
225 Хьурмат – ларам бар, сий дар (почтение, уважение)
671
Маьлхан метта дуьне дерг къагалур дац соьга.
Къайленан бакъ духан йеллалац неI суна.
Духан маьIне жовхIар-м карийнера ойлангахь,
Бакъду, кхоьруш, ца ваьхьа Iуьрг даккха цунна.
672
Сан хIусаме мох санна кхечи Хьо, Кхоьллинарг,
Кад бертал тухуш цIена чагIарах буьзна!
Со-м вирзина маларе. Дойла йуй Ахь вониг?
Ткъес кхетта лойла со, Хьох вацарий вехна!
673
БоргIалаш226 шайн кхайкхарехь хIун г1ертате ала?
Бохий теша цара белларш кхин гIовттор бац?
ХIара йоьду буьса, йуха ца йан, чекхйаьлла,
Ткъа дийна берш цунах кхета дагах а бац?
674
Сайна белла кхоллам хийца со хилча маьрша,
Ас буххера дуьйна луьстур бара йуха.
Кхоъмаза дIадохуш бала бохьу могIанаш,
ХьаьгIнех227 нах къастор бара, доккхуш самалха.
675
Цалелларг ирсе ву йездареш тIедуьйхина,
Латтахь сий ойу жайна Iийнарг ца луьстуш,
Олхазар, Симург228 санна, букъ тоьхнарг дуьненна,
Хайям санна, бухIанах229виснарг ца тарлуш.
226 Борг1алаш – борг1ал –котамийн наьна (петух). 227 Хьаьг1нех – хьаг1 – цабезам, ачо, мостаг1алла. 228 Симург – адмашна ган йиш йоцуш туьйранийн олхазар. 229 Бух1анах – бух1а – буьйсанна ижуна арадолу олхазар (сова).
676
Дуьненан хазалло Хайям шен йийсар вина,
Беснашца, хьожанийн аьхналло вахийна.
Дахаран шовда ду лакъа герга г1оьртина,
И лардан мел гIертарх, кхоам беш, леранна.
677
Буьртигех машта йуьзна, Кхоллархо ву толлуш,
Маштина чулелхачу ижушка хьоьжуш.
Оцу ижушна Цо техки адамийн цIераш,
Ша йаздинчуу вонашна уьш бехкен лоруш.
678
1овдалчара хьикматхо хетта ву со лоруш,
Далла го: цара моьттуш лоруш верг вац со.
Вац сайх, дуьненах лаьцна, царна чул сов хууш,
Оцу оьцуш болчарех сан байтех марзо.
679
Вехна чохь велавалар доцуш дерг, вахар дуй?
Лерг хьоьсту пондаран аз декаш доцург – дуй?
Хьуна малха т1ехь гуш мел долчун, мах кIезиг бу,–
Тойнехь цIе йагахь – хаьа, дахар ирсе дуй!
680
Зудчун корта къагийна таж, йездарин чалба –
Деригге дIало ас, паччахь, хьан Iедалца,
Цаьрцанна тIе ло ас суьлхьанашца харц молла,
ЧагIаран пеланах шедаган мукъамца.
681
Дала кхоьллина седарчашца сийна гене,
Говзаллехь сов волуш гIайгIа-бала кхуллуш.
Iажалло хьошуш йу ховха чIабанийн тулг1е.
Лаьттах йузу хаза батт, цхьа кхоам боцуш.
682
Хьикматехь хьан вахарна хаарш деза дуккха,
Коьрта ши хIума дага лаца йуьхьанца:
Мацалла лан хьажалахь, йуучул хIуъ-хIуъа,
Хьо цхьаъ виса хьажалахь, ца Iаш хьаьнц-хьаьнца.
683
Тахана вай таро йац кханенна чухьажа,
Цу бахьанехь дог хуьлу сагатдеш хийла.
Хьанна хаьа денош хьуна мел дисна ваха?
Уьш эрна ца дахийтуа, хьекъалехь хила.
684
Мел долчу хIуманел йуьххьехь лаьтташ бу безам,
Жималлехь иллин йуьхь йолош хуьлу безам,
Дуьненахь, хIай, безам бовзаза волу пекъар,
Хаалахь, вайн дахаран бух буйла безам!
685
Хьо саца кхиале, цу тIаьххьара хьайн шу тIехь,
Хьайн сих лацна ойлане вала кхиалахь,
ХIумма карахь доцуш цига, нагахь хьо кхачахь,
Хьо хIумма тIаьхьакхио кхуьур вац цигахь.
686
Сой, хьой дале дукха хилла малх кхетарш, бузарш,
Эрна дац го бохуш дашо Iад цу стиглан.
Дукха леранна биллалахь ког хьошуш лаьтта, –
Там бу и йоьIбIаьрг хила 230 хазачу йоьIан.
687
Ас чагIар молуш дац иза дукха дезарна.
Мел гуш дерг, ц1арматчух д1аэдан ца молу.
Молу, сайл арахь са де1а мурстана мукъна,.
Сайл арахь жимма хан йаккха, малар молу.
688
Нагахь хьо дегайовхонан зIаьнаршлахь велахь,
Хьайна сихонца шолгIа дог тIелахалахь.
Доттаг1чун гонехь 1аш цуьнан даг чу хьажалахь,
Хьайн къилба дIатасий, ц1ена дог лахалахь.
689
ГIайгIанца балин дитт хьайн дагчу ма догIалахь –
Самукъне жайнаш ахь дешалахь сих-сиха,
Син лаам бовзий, цуьнан кхайкхарна жоп лолахь,
Таьллинган мутт тайна мурстех катохалахь.
690
ЧагIарах буьзна кад ас бассийча дIамелла,
Цунна тIаьххье шолгIаниг баьккхича чоьхьа,
Сан кийрахь цIе йогу, тIулгIе уьйуш зIаьнаршлахь,
Вайн дуьне гойтуш эзара инзарашлахь,.
230 Йоь1аб1аьрг – адаман б1аьрган сагаран уггаре экама дакъа (зрачок).
691
Хин тIадам билхира: «Ма генахь бу-кх и Iапказ!»
ТIадаме ла доьгIуш, Iапказ техка, боьлуш.
«Хьоьца дац те тхо дерриш? – бист хуьлу Iапказ, –
Вай-м сизо бен декъац», – тебан тIетухуш.
692
Дуьне, лаьмнаш, тогIенаш, хIордаш тера хета –
Бозбуунчийн фанарах, – зар231 – богу чиркхах.
Хьан вахар-м сурт дай – аьнгалина тIехь диллина,
Чиркха чохь, лацаделла, ца долуш меттах.
693
ХIара цIен жовх1ар ду башха хьехахь карийна,
Оцу т1улгах йуьйлу къаьстина шен серло:
Безаман къайле йу – ца девза диканех йуьзна,
И йосту дагчуьра безаман алоно.
694
Къиза йу зама, гонаха сийса.кхерамаш
Бехвина вожий со, йан там бу кхин чевнаш.
Бешахь, цхьа роза санна, ву со хебна Iаш,
Дагах цIий 1ийдалуш алцIензIамах тарлуш.
695
Ахь-м дуьненна го теси, мел дайнарг дац хIумма.
БIаьрго схьа мел лаьцнарг йа хезнарг дац хIумма.
Дуьненна го бахарх, карийн хьуна цхьа хIумма?
Вирзи хьайн цIа чу, т1аьхьало йац – и хIумма.
231 Зар – 1уьйренца гучуйолуш йолу серлонан ц1оьллин з1аьнарш (заря)
696
Йкзаран сибташа безамах воьттина со,
Дийца-м шортта дара сан – мотт бац-кха к1еда!
Къилахь дуй те, Дела? Хийзош хилча хьогалло,
Iийдалуш хьалхха долу ца мелча шовда.
697
Пхьоьхано дика вийцахь хьо бехкен вац цунна.
Корта дегIах къастахь – хьо бехкен вац цунна.
Маржа йаI! Дика, йа вон а Iотталуш хилахь хьох,
И дешнаш диц ма де, хьо бехкен вац цунна.
698
Дуьненчохь со мел ву, бала хьега хьакъ хилла,
Де-дийне долуш сов бу хьан синкъерамаш.
Ларлолахь! Кхолламах теший паргIат ма вала:
Цуьнан дитна хIиллане дуккха ду хIумнаш.
699
Йалсаманера нур, жоьжахатахь йогу цIе –
Стиглахь гуш хетта суна дIайахна хенахь.
Ткъа Хьехамчас элира соь: «Хьайн дагчу хьажа –
Жанната, жоьжахати йу ший а хьоьца?»
700
Шен кхолламна там беш, хамталлаш йеза лагIйан,
Ткъа нахана там бан, хьесталуш мотт оьшу.
Со гIиртира сих-сиха мекарлой, хIилла дан, –
Аьххара, мел динарг, со йуьхьIаьржа доьрзуш.
Свидетельство о публикации №225082401343