Незаконное потребление наркотических средств, психотропных веществ и их аналогов причиняет вред здоровью, их незаконный оборот запрещен и влечет установленную законодательством ответственность.
Дуьсийла соьца безамца чагIар 701-797
Сонтачунна ма делахь хьошалла чагIар луш,
Хьайна ларвала лаахь чам бовчу хьолах.
Вуьтур вац цо хьо вижа, кеп хилча мохь хьоькхуш, –
Iуьйранна-м кIордор ву гIерташ вала бехках.
702
Жимма къаьсташ серлонца де айделча корехь,
Сирлачу чагIарна тIе хьаьвза сан лаам.
Бакъдерг къаьхьа хилар чIагIделла вайна йукъахь,.
ЖамI ди ас цунах – бакъ хилар чагIарна чохь.
703
Со ванне бехкен ма вац тIе мухIар таIдарна,
Ца ваьлла сайн деган къайленийн тептар тIе:
ТIоьхла 1илма Iамийнарш бевзинера суна,
Цундела ч1аг1о йи дог царна ца даста.
704
Муьйлу ас, хIун эр ду, ванне вац мелча девне;
Сутар ву, ткъа стенна? Дуьзначу стакина.
Шеко йац, дийна мел ву, дийр ду сий чагIаран, –
Со сий дан хуттур вац айса-сайн, хьо санна.
705
Хьекъална тIаьхьавозург – сту оза хIоьттина,
Шеко йац, хьекъал дерг хуьлуш ву иэшамехь!
Вайн заманахь Iовдал ву моттийтар ду санехь, –
Хьекъал ду тахана саьмарсекхан мехехь.
706
Соьх шуна тарделла зинаца тайна экха?
Доцург ду! Йуьхьдагалхой, шу дуй те цIена?
Со-м маларча, кхахьпа, паспас йер аш йеккъа, –
Кхин долчунна т1ехь-м ву шари1атца тайна.
707
Ас совнаха дечу хIумнех – Хьо къе-м ца велла?
ХIун са йолу теша, со азвелча Хьуна?
ХIай Кинхетамениг, ас дехар до эсала,
Хала таIзарш к1езиг деш, гечдехьа тхуна.
708
Дог! Мекара х1илланчийн барт хилла хилийтахь,
Йемал деш чагIар, иза зене ду бохуш.
Нагахь сица дегI хьайн цIандала лууш велахь –
Байташка ла дегIа, чагIаран чам боккхуш.
709
Мотт хууш йолу кхаба эцар нисло сан цкъа,
«Со паччахь ма вара!» – ца соцуш боху цо. –
Лаьтте вирзира со. Куьпчичо ваьккхира схьа, –
Сох кхийра кхаба йи маларчийн дегI дахо.
710
Со тован ойланехь къедий, муфтий тохало,
Синтем карабайта, нийса некъа воккхуш,.
И алссам хуурш жимма хан йаьлча, кхийти со, –
Ца хиллий, сан доттагI, суна хуург хууш.
711
Дахарехь хилла вац малаза со. Барт хотте,
Далла дуьхьала, со хьур ву, вехна волуш!
Сатассалц могашаллин кад латтийна бетехь,
Маракъевлина хьомсара кхаба хьоьстуш.
712
ХIуьрлаIанех мехкарша хьуна барташ дахарх,
ТIе хьан 1умсталхо – хьекъале – Iийса (1.с.) велахь,
Стиглан Зухралла тоьлла, хьан пондарча хиларх –
Дог хьоьстуш дац уьш – эхь цIена хьан дацахь!
713
Iалашонга кхочур вац, вон доьхург нахана,
Цо зен дойла – цунах шех йухакхета вон.
Ас хьуна дехча дика – ахь сардамаш суна;
Хаалахь, ас лорург, – сох латар дац хьан вон.
714
Нагахь бIаьрзе вацахь кошан бода гуш хила!
Ченашлахь, девнехь дуьзна латта гуш хила!
Гуо: дуненан нуьцкъалчаш зингатийн мочхалшлахь,
Тезетех дуьзна долу дуьне гуш хила!
715
Мел лелар ву те хьо акхарошна хьесталуш?
Мозано бен ца ло кхачанах дIа шен са!
Хьайн деган цийх напха дай, маьрша хила хьажа.
Хьайн бIаьрхих г1етакх де, дIакхийсарш ца йажа.
716
Безаман асартехь,– хила шийла ша санна,
Даржахойн тойнехь – хила хьажа вахаза.
Хьайн лергаш, бIаьргаш, мотт а лаахь диса дийна, –
Къора, бIаьрзе, т1е мотт сецна хила веза.
717
ДоттагI лаьцна хьакъ волчуьнца хаалахь ваза,
Сийдоцчаьрца вазий, хьо йуьхьIаьржа ма ве,
Йамартчо молха доттахь, – дIаIанаде иза!
Хьикматхочо хьоь дIовш лахь, мала сихо йе!
718
Аренан бацала, марханех сирла-сийна
Тов диттан232 зезагийн кIайн жаззаш ду Iенаш.
Самалха даьлла ас пели чу дутту цIенна,
Тоьллачех чагIар, цIарулла цIен бос лепаш.
719
Марзвелла со хьежа розех лепа йаххьашка,
Марзвелла исбаьхьчу хорханийн233 мутте со.
Мел долчух гIерта сайна догIу дакъа даккха,
Лацале и дакъош цхьаьнаийна хьоло.
720
Ма декъаза ваьхна хьо, къиношла са хьекхош,
Ваьхна цхьа ца везаш, дохковалар доцуш,
Эххара, хила дезачу, коша хьайн кхочуш,
Там бу лахьта дIахьовза – хьо чу ца оьцуш!
232 Тов диттан – тов – теш – дитта шена т1е теш олу стоьмаш латош (кизил).
233 Хорханийн – хорха – кемсийн таьллингана т1е латош болу кан (гроздь).
721
Iаламан биъ ницкъ бу, синхаамаш – лору пхиъ.
Кхин дIа бIе хIетал-метал. Дагардан оьший?
Мерзпондар лакхалахь. Аьхна ду цуьнан бекар,
Дахаран хIо ду цуьнца, вахон чот йолуш.
722
Хьо-м бой карахь таллархо вай. Схьалеца ижуш,
ЧагIаран кхабица диттийн IиндагIе гIой.
Шовдано боху: «Лийр ву хьо, хьайх поппар хуьлуш.
Дуьне дита хьажахьа ирсан дакъа гой».
723
Мохо дололе дIаидо безамах суйнаш,
Йезарг мера йаккха кемсийн муттаца.
Хиллачу синкхерчахь IиндагI мукъана диснехь,
Даста, цуьнан хIо аьхна, чIабанийн шаддаш!
724
Латта гина-кх хьуна. ХIун йу иза? Йац хIумма!
Йа Iилма – и бу-кх десачу дешнийн цаца.
Iаламан ворхI кепе хийцадалар – дац кIадда.
Iабазчу ойланийн кхерстарш – дац хIумма!
725
Самукъане хилахь. Далур дац шовда йийсар?
Цо туьйсучу кIежо дог эсала хьоьсту.
Дахарехь зударшкахь дац тешаме хьал латтар –
Амма, хьоьга церан хьал кхочуш рагI-м йогIу!
726
Маьлхан серлонца цIен жовхIар хIоьттира къега,
Малар чохь зар летта. Сандал234 схьаэцийта.
Цхьана декъах аз зевне мерзпондар хьоь байта,
Вукхунах цIе тесна чомехь к1ур баккхийта.
727
Маларца, эхь дойуш, той х1оттийна тахана
Сан зудчо – стом ца кхуллу хьикматан йоIа –
Накъостий, ас йуьту и, воккхавеш ву цунна,–
Маре йалош сайна къона кемсийн хорха.
727
Хьайна хьакъ долу совгIат цадалар, дицделахь.
МогIа бина дIауьду денош, дицделахь.
Челакха мох: Азаллера Дахаран Жайнахь
Лаамаза кхиъна те кхин агIо листа?
728
Нагахь кхоччуш меллехь, самукъне хила, Хайям!
Безамо дIалаьцнехь, воьлуш хила, Хайям!
ХIумма доцчо деана, совцор ду харцлераш.
Тахана дийна вуй – синкъераме хила, Хайям!
234 Сандал – диттийн тайна тайпа ду, догучу хенахь к1уьрах хаза хьожа йог1уш. Юххерчу Малхбален пачхьалкхашкахь кхуьуш дитта ду иза.
729
ДIатили жималла, бIаьстенах терра, уьдуш,
Эхартан пачхьалкхашка, г1ан хилла гIенийн.
Инзаре олхазарх тешнабехкаца хьоьстуш,
Ловзуш хьалха хьийзина – лар йоцуш яйна.
730
Хьо цхьаъ вац ирс дайна Iаш. ОьгIаз ма эхийта
Дуьхьалонаш йеш стигал. Ницкъ карла баккха.
Ховха – горга некха тIехь, хьайн йезарца къона
Воккхавер каро хьажа безамца боккха.
731
ЦIен хьармак235 ховха йу. Амма хьо йу цул ховха.
БIаьрла йу китайн хIуьппалг.236 Хьо – цулла хьолехь.
Паччахь хуьлу г1орасиз шен зудчунна хьалха.
Хьуна хьалха, йезар, со вац кхин гIоралахь.
732
Со йуха къонви ахь, хIай цIен бос болу чагIар!
Хазахетар лохьа суна. Цуьнца цхьаьна
Лохьа къаьхьа, бага шагйеш хIо тайна асар.
Дахар, хилла ахьа вахош, маларо санна!
733
Шовданна хехь дак санна, ву со хехь чагIарна.
Сан орамаш дузош, к1еж йу чопа тоьхна.
Дала и нисдина. Хаац мича бахьнина?
Амма малар дитахь, ас харцо йо-кх Цунна.
235 Хьармакх – кондаргийн тайпана орамат (шиповник). 236 Х1уьппалг – Дела
ву бохуш, 1амалашна йина ж1араш, цхьацца суьрташкахь (идолы)
734
Накъостийн гона йукъахь, самукъане тойнехь,
Мийра ду аса малар, вожжалц вахарна!
ДIамуьйлур ду исбаьхьа кечйинчу пхьегIаш чохь,
Сайх сурсат хилале пхьегIаш йан куьпчашна.
735
Стиглахь йогу шортта нур къагийна сайраташ
ТIеIаткъам беш йу вайна, гезйарна пане.
Хьикматхо! Шеконашка вужуш йа тилалуш, –
Некъ гойту хьекъалан тай ахь ма дайталахь!
736
Iажаллех со ца кхору, вац арз деш кхолламна,
Догйовха вац – йалсамане кхачарх тешна,
Лийр доцуш, сайна делла са кIеззигчу ханна,
Ца воьлхуш лур ду дIа, хан тIекхаьчча тоьхна.
737
Хьикматхо ша велахь – пис вац, хьал-бахам гулбеш.
Хьикматхой бахалац ахча шайгахь доцуш.
Керта уллохь тобалкх ду къоьллина мархаллуш,
Ткъа хьал долу роза ду даьржина хазлуш!
738
Дехна, беша кхаьчна зарзарна хьалха, къежаш,
Къиега, дуьзна стака, даьржина розашлахь.
ТIома гIоттий безаман илланчас соь олу:
«Кху мурстах пайда эца!» – бшха шен маттахь.
739
Вайн бIаьрг хьоьстуш гонаха гуш дериг – дац хIумма.
Вай тIекхача гIерташ, къуьйсуш дерг – дац хIумма.
ХIокху лаьттан лакхенаш, аренаш – дац хIумма.
ХIусмашка вай вешан идош дерг – дац хIумма.
740
Ма-луъу сакъоьруш хьайн дахарехь лелла хьо,
ДоттагIашца муьйлуш Iий, зударий хьоьстуш.
Эхарта дIавахале йуха хьаьжча хIун го? –
Дерриге гIан хиллар – вахар ду моттуьйтуш.
741
Дагадохар доьссинчо лаамаш гоьбаха,
Iажаллин марахь уьш бовр бу лар йоцуш кхин.
Тхоьх хилла довлале синойх къаьстина декъий, –
ЧагIарча, малийтахьа са дендо и хи!
742
Парз-весет ас лаьцна безам, ца лаьцна жайна!
Со эсала зингат ду, Сулейман (1.с.) ма вац.
Сан чохь шуна карор йу ши чIишталг бос байна,
ТIелхагийн духар – дари, тIаьрсиг карор дац.
743
Дала кхолламна Шен поппар кечбинчу хенахь,
Цо суна луучух дац хаьттина хIумма.
Ас къинош летийна Цо йеллачу таронехь,–
Нийсо йуй, т1аккха со йалсаманех ваккхар?
744
БIаьсте йолу. Кхехкаш сийса керла лаамаш.
К1айн ховха аьхналла йолало урамехь,
Зазашлахь луьйчу дитташ – Мусан (1.с.) Iаламаташ!
Iийсан (1.с.) мерза садаIар лаьтта цу хенехь.
745
Маржа, хIора денна оьшу бепиг делхьара,
ТIоьхула тхов, дIатовжа бег1ийла кIаже,
Цхьанхьа лай, элий боцуш зама йаг1ахьара
Стиглара беркатца кху лаьтта ирс даьржаш
746
Х1ай, Латта Кхоьллинарг, таж коьртахь седарчийн,
Уьш лоруш кхоччуш чот йалур йац генара:
Цу Стиглан четара къеггинчу къайленийн,
Йа бодане ницкъийн Лаьттан киснаш чуьра.
747
ЧагIар мелча, мел лекха лам бер бара хелха.
Вониг бен чагIарх дийца доцург ву сонта.
Ма бахийша, вай чагIарна беза букъ тоха?–
Йахьана вайн дог г1атто цо ницкъ ло-кх ондда!
748
ДоттагI хилла Iац чагIар, хьикматхо ду иза.
Цуьнца хеда харц туьду, Iеса къамелаш,
ЧагIар ду алхимик: хенехь – йалале маь1аьрго,
Дахар хадочу дашах – дешин чан кхуллуш.
749
«ЧагIар малар къилахь ду». – Сих ца луш ойла йе,
Гуш дахарна пурх воьрзуш ма хила хат1е.
ЧагIар бахьнехь бигахь зударий жоьжахате?
Хетарехь, тIаккха-м цхьа да гIур вац жаннате.
750
ХIокху сийлахь кеда чохь розин хIох вахор ду.
Дохаде сийлаллин ойланийн аьнгали!
Сагатдарш, ларамаш, сатийсарш стена оьшу!
Хезаш – кежан зов, гуш – месийн ховха дари.
751
ЧагIар, и бен ас сайна ца доьху кхин хIумма.
Безам, иза бен суна кхин хьашт дац хIумма.
«Амма стигланаша геч дийр дуй теша хьуна…»
Дог кхоийна дац хIинца – шек вац со цунна!
752
ЧагIаро дахаран боларе йорт оьцуьйту,
Маларх ца кхеташ верг бу ша-шена бала.
ЧагIар лол ломана – хелха бийла хуттур бу,
Маларо-м къаношна чуйутту къоналла!
753
Киса г1елдо чагIарой, йезаран балдаший.
Декхаршна тIеийзош Кхоьллинчун кредит т1ехь.
Чеха ма ве, кхерам бац. Дийцал, хьуна гиний
Жаннати – йа буьрса йуьйцу жоьжахати?
754
Дуьненан пачхьалкхаш дIало ас: стака чагIарх,
Массо жайнийн чулацам – чагIаран чомах,
Мел болу ларамаш – цуьнан башхачу хьожнах,
Мукъамийн дукхалла – Iенаш йуьйлу булкъех.
755
1аь тамехь хьожанаш сутара чуийзина.
ЗIаьнарш а хуьйдина. Зударий тIехбезна.
Дахар хIун йу? Татол ду, цкъа малхехь къегина,
Цхьана Iаьржачу Iинехь тIаьхьо дIадайна.
756
Шен челакхалло хьийзош верг безамо лаьцна.
Аьрхаллица къийсалуш кхаьчнарг бу безам.
Безам летта цIе йу. Йогуш 1адда тем байна.
Безам синан чов йу, молха доцуш йерза .
757
Iилманца дац маьIна йа шен чаккхенан доза.
Алсамо дерг бIаьрго къайлах тоьхча досту.
Мийла! Дахаран жайна чекхдалийта г1оза,
Листалун агIонашна чагIаран варкъ доккхуш.
758
Схьалучо дIадаккхина совгIат– оьшу стенна?
Доссарций довш долу хазахетар – стенна?
Кхоччуш къегар дIадайна, уггаре башха кад,
Отуш бохийна хилча, и – оьшу стенна?
759
ЧагIар кечдайталахь чов хиллачу безамна.
Мускат тайпа. ЦIий санна цIен басахь долуш.
ЦIе лагIйе дIамалий, сийсийта тийна йанза.
ЧIабанийн месашна йукъа хьайн йуьхь хьарчош.
760
ТIекхача-кх зезагал хаза цуьнан беснешна.
Кхачале дагчу доьду бIе эзар кIохцал.
Йехк кечйо-кх иштта: хедош кегий цергашка,
Хьоькхуш аьхна хилийта ховха месашлахь.
761
Вахалахь, кхетам боцург! Бахам болччул харж йе.
Хьуна хетахь, хьо ма йац мехала хазна.
Ахь сатийса оьшуш дац, богIур бац къуй барте –
Хьо йуханехьа схьаваккха кошара цкъа.
762
Паччахьан куьцехь майра тхьамда гича санна,
Къеггина лепа терс-маймал туьрах санна,
Бодане бIарлагIийн кхераме и Iаьржа ун,
МостагIийн сур доду чагIарна хьалхара.
763
Дахаран варшахь хин тIадамах къага кхиънарг –
Хьо йа со? Къагарций довр ду лар ца йуьсуш.
Ткъа дахарехь чагIарчас, дарба долу цинцаш –
Миллионаш Iенийна, Iийр ву кхин Iенош.
764
Безамна дIало дахар – мах безза совгIат деш.
Дагна чу доссадарца лазаме тохар…
Мурст бен йацахь са дIадала – схьалохьа балдаш!
ЭхI, хьо мерза, чомехь кад, ховхачу зовкхан…
765
Гой те И мурсташкахь? Дукха хьолахь-м ву къайлах!
Вайн дахар тергалдеш ву даим Иза Iаш.
Дела – вайга наб йойтуш, ву абаде токхуш,
Ша кхуллуш, дIахIоттош, тIехьоьжуш виллина.
766
Сатийсамаш чан йу! Меттиг бац царна Лаьттахь.
Цкъа кхочуш хила 1ехадаларш къоначийн?
ХIун хир дар те йоттучу гIум-арахь ло диллахь?
Малхалахь цхьа - ши сахьт – лар йовр йара чимийн!
767
Къорза говран Iаспарх тера ду хIара дуьне.
Цу тIе хиъна волу бери, мила ву теша?
Йа дийнах, йа буьйсанах, кхин долчух и тешац.
Ваха ницкъ цунна мичара болу теша?
768
Шахматийн у санна вайн дуьне хетта суна –
Хийцало де, буьйса. Ткъа жIаьккий?236 Ду вайша.
ДIасатоьтту, хьовзадо готте, амма эшча,
Тем байта, боданечу йаьшки чу кхуьйсу.
236 Ж1аьккий – шахматийн уьнна т1ехь ловзош йолу х1умнаш, лахара дарж долу ловзоргаш (пешки).
769
Розина тIехула дахкаран марха хьийза –
Йекхначу буса г1аттийна ламанан тарх.
Ткъа розин беснеш тIехь го чIабийн горга хIазарш.
Хьажар къагош, ховха балдаш т1ехь богу малх.
770
ХIара дуьне-м – розанийн урам бай, заз даьлла,
Зарзарийн иллеш, шайтIан дойн237 деса хабарш.
Амма гуьйре йеъча т1е – седарчийн тийналла
Йа бода охахецна хьан чIабийн месаш.
771
Сахуьла седина, 238 Баттана гина дац цкъа
Исбаьхьчу лаьттахь чагIарал тамехь хIумма.
Дезий те и дохка? Дешин сий хиларх доккха,
Цуьнан махбархой гал хилар ду-кх гуш хьанна.
772
Даима бу йуьхьанца безам кIеда-мерза.
Хуьлуш бу и дагалецамашкахь бовха.
Бахча – беккъа лазам, сутара т1ет1а озош.–
Балица хан йеза-кх амалш вовшен довза .
773
Буьса, со - со ву. ТIеттIа долхац бIаргийн негIарш.
Боданехь жаззаш оьгу розина тIера.
Хьо дIайахара. Сан къаьхьа вахаран гIенийн,
БIарлагIийн бIов харцош, йолуш суна гена.
237 Шайт1ан дойн – шайт1ан дой – сагалматийн тайпанан са долу х1ума (стрекоза). 238 Сахуьлу седа – стиглара седа (Венера).
774
Дауд (1.с.) д1акхелхича, Забуран тийжар сецна.
Шира хьиндойн маттахь зарзаро йиш лекхна:
«Схьадайша чагIар! ТIехьаьвзаш можа розина –
Муьйлуш, иза деган айамца къагийта»
775
«Хайям, ма мийла!» – бохурш, кхето беза муха,
Реза цахиларх боданехь Iаш со ваха.
ЧагIарца лу йезаран т1евоьху хьежар –
Тоьаш ду-кх и ши бахьана лаьттахь ваха.
776
Вай дIадевр ду. эшам бац и кху дуьненна цхьа.
Лар йовр йу вайн. ТIаккха хир бац эшам жимма.
Вай дахкале хиллий и-м долуш, хир ду кхин дIа!
Вай довр ду. Дуьне-м лаьттар ду, ша ма-дарра.
777
Цхьа байт йу сан хьикматаллин тIаьххьара олуш:
Дахар ма доца ду – маршо лохьа цунна;
Хьекалца ду бешара кхадар диттийн генаш,
Шен дахар кхадарал-м дац сонта цхьа хIумма.
778
Динца йолчу къобаллох д1ахада – тоьа мурст.
Бакъонера Къайлене йу йеккъа цхьа мурст.
Iаба гIорта мелла синкъерамех къоналлин.
Дахаран садеIар йу хьуна йайн цхьа мурст.
779
Сина хилла чевнех хьо чагIарца цIанлолахь...
Хиттадеш стоьла тIе тайп-тайпана маларш!
Сан са ду чевнаш хилла. Схьагулде аш кхузахь
Мел долу чагIарш, – йиталаш соьца чевнаш.
780
Бодане денойн хIоз бу вайн куьйгаш дихкина –
Къа латоза денош, лато дага данза …
БIаьрмециг Кхоьлан хено боккху царах буьззина
Мах, хила ма-дезза долчу денойх санна.
781
Денойн къегаргеш, мел чIогIа къийларх буйнашкахь,
Эцац царах цхьаммо къайле валарх гена.
Амма х1оккхахь – аьшпаш бу бакъдолчунна уллохь.
Тайх доьзча санна, дахар – гергахь Iажална.
782
Карзахе хьийзаш бу маьждигашкахь, килсашкахь
Жаннате догйовха, Жоьжахата – шийла.
Дуьненан къайле евзинарг ву паргIат сина,
Цу кхаххех долу гIенаш шех довш дIадевлла.
783
Буьйса. Седарчийн цинцаш. Ду уьш тIома лелаш,
Къегаш 1ена жаззаш санна бодане бешахь.
Делахь, беш сан башха ю: эгош дашо цинцаш –
Маларх кедаш дузуш – уьш кхехка дулуьйтуш.
784
ТIевогIалой сема ладогIа. Розе, мохе,
Зарзаран иллига седарчашка хьаьдда.
ДIамала! Дерриг – дIадай: роза, илли, мархаш.
Шадерриг даржийнарг – гуш боцу мох бара.
785
Мел исбаьхьа хаза ду цуьнца цхьаьна говза,
Йезарган богу бос, баьццара бецийн куц.
Самукъне хила хьо: хиллачунна ма тийжа,
Ма баха: «Байттамал!», – меллачу ладарца.
786
Цамгар луш, вожий со йамартчуьнга безамо.
Хьомениг йац суна сагатдарна бIаьрза!
ХIай сан дог, вайн безамна хьангахь ду те дарба,
Вайшинан лор цомогаш, баланехь 1аш хилча?
787
Ахь хазаллица хьайн Китайн маьхкарий эший.
Ховхачу жасминал хьан йуьхь-м исбаьхьа йай!
Бабилан239 шахна тIехь, мацах хьан хьажар сецча,
Дола ахь йехи: ферзь, бIаьвнаш, эпсаршца дой.240
788
Ас сайн асар чухьарчий: хьан чIабийн хIазаршла,
Цу розин жаззашха догучу хьан балдашла,
ЧагIарах бос лепачу беснех т1ехь. Ткъа хIоьънаш –
Сан иэхьах Iиттало, уьш чевне дац суна.
439 Бабилан –Бабил – Юххерчу Малхбалехь дуьненчохь дуьххьара кхоллаелла шира пачхьалкх (Вавилон). 240 Ферзь, б1аьвнаш, эпсарш, дой – шахматийн фигураш: (ферзь, слоны, ладьи, кони)
789
Тхуна – чагIар, безам. Шуна – зийарт маьждигца.
Тхуна цIе кечйина. ХIуьрлаIанаш – шуна.
Тхан хIун бехк хилла теша, тхан болу кхолламаш
Кхоьллинчо тхо дале хилча билгал бина?
790
Хьехархойл хьо хьекъална сов валарх мел дуккха,
ХIилланза зовкхахо хилла хьо лелар ву.
Хьекъал вайн, хи санна, муьлхха кхаби чудутту.
КIур санна и, мох бетташ, йуьстаха лоьхку.
791
АгIо бац сан корта д1атовжо цхьана меттехь.
Байттамал! Йац тешийла эхартан вахарх.
Вахкавелла чул тIаьхьа, чан-дакъа гIиттадарх
Со теша-м луш вац, ур-аттал бецан сибтахь.
792
ХIай, хьо мел гездан волу теша хIара дуьне,
Вахар – вахар доцуш, цу дегIана воцуш?
Маца, мичахь, хьанна, хьомениг, атто баьлла,
Лаамаш шен чекхбовллалц, ваха зовкх хьоьгуш?
793
ТIаьхьа хир долчу жаннатан зовкхах хIун до ас?
Лойша хIинца, – чагIаран сурсат гуш 1енаш.
Кредитах со тешац, цу дешнех хIун до аса –
Уьш лергашна чохь хиларх вотанах декаш?
794
ГIаргIанал тайна куьцехь сан дегIан гIад дина,
Догу алцIензIам санна чIишталш кечйина,
Шен башха амалехь суртдиллархочо стенна,
Шен къорза цу бун чу сан IиндагI доссийна?
795
ХIун ду те Боданан шира кирхина тIехьа?
И къайле йаста гIерташ хьекъалчаш тилла.
Амма, цкъа мацца, и кирхьа татанца датIахь,
Гур ду-кх тIаккха вайна, ваьш мел гIалат хилла.
796
Мила ву лаьттахь къа ца деш ваьхна? Алахьа!
Цкъа къа ца латийнарг – ваьхний те? Алахьа!
Къинхетаме волу Хьо-м вац бекхамна хьаьгна, –
1азапаш кечдина-кх, Хьо цхьаъ ца винчарна!
797
Сан кхаба йохий-кха Хьан хьадалчаша, Дела.
Суна синтем ло дарба х1аллакди эрна,
Тулгаш т1е д1а1аний беза механ т1уналла –
Схьагарехь соьлла сов мелла хилла цара
Свидетельство о публикации №225082401346