Незаконное потребление наркотических средств, психотропных веществ и их аналогов причиняет вред здоровью, их незаконный оборот запрещен и влечет установленную законодательством ответственность.
Омар Хайяман рубайашна дошам
I. Бахрам – сасанидийн паччахь Варахран – V (420 – 438 хIиджрийн шераш), гIараваьлла таллархо (аренан акха варашна толлуш хилла), литературан, фольклоран турпалхо ву иза гIажарийн холкъалахь.
2. Джамшид (Джам) – гIажарийн шира дийца
рийн, барта кхоллараллин турпалхо, паччахь.
Поэт Фирдоусин «Шахь – наме» поэмин турпалхо. Иза паччахь волчу хенахь «дашо бIешо», «дашо за-ма» олуш хилла. Джамшидан долахь хилла боху боз-буунчаллин кад, цунна чухула дуьненчохь мел хуьлуш лелаш долу хIумнаш цунна гуш хила. Ур – атталла хиндерг довзуьйтуш хилла цу кедо. «Джам-шидан кад» - хьикматаллин рамза (символ) хилла. Дагчу куралла йоьссинчу Джамшида шен пачхь-алкхера нахана тIедожийна, Делан санна шен лара-маш бар. Йуххера цуьнан го дIахьаьвзина цунах. Ца-ра шаьш долчу паччахь хила схьакхайкхина Iаьрбийн паччахьан кIант Заххака. Цо Джамшид йийсаре лаьцна, херхаца шина декъе векъийтина. Цундела гIажарийн поэзехь майраллин, деналлин паччахь хиларца билгала во иза, амма куралло дакъа-за ваьккхина.
3. Зухра – Сахуьлу седа цIе йолу сайрат. Иза ис
бахьа, хаза зуда хилла, цундела чIогIа йезаелла
Хьарут, Марут цIе йолчу шина маликана. Цара
Делан къайлах йолу цIе йовзийтина цунна. Оцу
Делан царца луьйцар деш, Зухран аьтто баьлла
сайрат хуьлуш стиглахь йиса, боху гIажарийн
фольклоро.
4. Мисрара Юсуп – Якъуб пайхамаран (I.с.) кIант,
Юсуп-пайхамар (I.с.).
5. Кей – гIажарийн дукхах болчу паччахьашна
иштта цIе туьллуш хилла, йа цIарна хьалха и дош
далош хилла.
6. Хосров – гIажарийн турпаллин барта кхолла
раллин турпалхо. Фирдоусис шен «Шахь–наме»
поэмехь вуьйцу иза.
7. Калам – оьрзах (цуьнан гIодах) йина йозанан
пиэро.
8. Лал – рубин (мехала тIулг), поэзин рамза (сии
вол) – хазачу йоьIан балдийн куц гойтуш.
9 . Марем – Iийса пайхамаран (I. с.) нана.
10. Махьмуд – Мохьмад Гезневид (990 – 1030),
нуьцкъала султаний, буьрса паччаххьий,
гIараваьлла талорийн тIемаш бархо хилла, къаь
сттина Индин махкахь.
11. Стигланан эса – стиглара седарчийн тоба (со
звездие Тельца).
12. Ринд – маршо йезаш волу, цIе-кIур доцуш,
ваьлла лелаш волу, сакъоьру стаг.
13. Симург – халкъан бартан кхоллараллехь ми
фийн, туьйранийн олхазар, дуьненан йисттехь
Каф – лам тIехь Iаш. Адмашна ган йиш йолуш
дац иза, цундела иза поэзехь довза, тIаьхьакхиа
таро йоцчу
хIуманийн рамза ду.
14. Фаридун – гIажарийн паччахь.
15. Тараз – гIажарийн шира гIала, хIинца Казах
станехь йу иза.
16. Хайям – баннашна (палаткашна) оьшу гата
наш деш волу пхьар.
17. Харабат – чагIар духкуш, иза мала нах чугул
луш йолу тоьла йа гIалин херцорашлахь малар
дохка, мийла адмаш гуллуш меттиг.
18. Хоросан – гIажарийн пачхьалкхан къилба-
малхбалера цхьа мохк.
19. Чанг – мерзаш долу пондар.
20. Шейх – лараме, сийлахь къано, хьехархо.
21. Сайрат – вайн Латта санна кхин дуьне (плане
та).
22. Деаммо – Iаламан диъ кепара хийцадалар
(бIаьсте, аьхке, гуьйре, Iа).
23. ВархIаммо – астрономехь дагардеш долу сай
раташ (семь планет).
24. Хьолада – Делан сипатех йолу цхьа ц1е.
25. ХIела-хIуьла – хIумма йоцу хIума (ничтоже
26. КIайн латта – туьха ийна латта (солончак).
27. Хьасане – хаза, самукъне.
28. Мурст – бIаьрган негIар туху хан (мгновение,
миг).
29. Балур – мехала аьнгали (хрусталь).
30. Тассам – искусство.
31. КIуркIамане – бух боцу меттиг (бездна).
32. АлцIензIам – зезаг (тюльпан).
33. Дух (дуьхьа) –хIума хиларан йуьхьаг (сущ
ность).
34. Жанната – йалсамани.
35. Йалсаманин эмгар – Жоьжахатих аьлла кху
захь.
36. ХIуьрлаIа (хIуьрлаIанаш) – йалсаманин мех
карий.
37. Сандал – диттийн тайпа, Йуххерчу Малхба
лехь кхуьуш долу, йогуш чам тайна к1ур болуш.
38. Харцлер – кхетам чохь воцуш йа гIенах деш
долу къамел.
39. Бабил – шира гIала Вавилон.
40. Ферзь, бIаьвнаш, эпсарш, дой – шахматехь
ловзош йолу жIаьккийн (фигурийн) цIераш.
41. ГIажарий – Иран пачхьалкхахь дехаш долу
къам, фарасой (персаш).
42. Гата – стома, догIа, мох чекх ца болуш долу
кIаде, баннашна дулуш т1етухуш долу.
43. Четар – кхелхаш лелачу нехан хIусам, палат
ка.
44. Хьукмат – адамийн хьашташ кхочуш деш йо
лу Iедалан меттиг (учреждени).
45. Желто, желтой – къам (грекаш).
46. Абсерватори – стиглара седарчий, сайраташ
(планеташ) тергалйеш, Iамош меттиг.
47. Гедонизм – эхартан дахар бакцадаран харц
кхетаман теории (харц хьехам).
48. Формула – хьесап дан дезачу дахаран хила
мийн доцца жамIа дIайаздар (Н2О).
49. Васт – дуьззина сурт – сибат адаман йа кхечу
садолчу хIуманан.
50. Бустам – йечу хIуманан барамца кепйаккхар.
51. Тикма – тайп-тайпана басахьчу тешца куьцеш
дахар бедарна, кузана, кхинйолчу х1умнашна
тIехь.
52. Тир – кIаденан йистошна гонаха тоьгана дар.
53. Уровнени – математикехь хьесапна лелош йо
лу кеп.
54. БIостанехьа – хьарцахьа доьрзуш дина хIума.
55. Галморзхаллаш – цхьана хIуманах лаьцна во
вшашна дуьхь-дуьхьала бирзина болу хьежам.
56. Кирхьа – цхьана хIуманна дуьхьала оьзна
шаршо, кIаде, кхин йолу хIума.
57. Ижу – таллархочунна йа кхечу акхароша, ол
хазаршна карайеана са долу хIума.
58. Оьмар – дуьненахь дахарна массо хIуманна
Дала йаккха йелла хан.
59. Атйокх – олхазар, шена бен ца беш, кхечу ол
хазарийн бенахь хIоаш деш.
60. Хьукма – Дала дахарехь хила йаздинарг.
61. Энжада – бодане, дешна доцу, кхетамна леда
ра адам.
62.ЖехIала – харц делахь, ширачу хIуманна тIера
дIацаволург.
63. Абаде – чаккхе йоцу гуттаре.
64. Зовкхаш – дахар диканаша хьоьстуш
дIадоьдуш хилар.
65. Ношдалар – стоьмаш, йалта йа кхин долу
хIума кхиъна долучу хьоле дерзар.
66. Сайрат – тIурненера (космосера) планета
(Марс, Сатурн, Уран и. дI. кх.).
67. Хьикматхо – кхетам, хьекъал лакхара долу
адам.
68. Куьпчи – кхийра пхьегIаш йеш волу пхьар.
69. Санахо – совдегархо, йохка-эцарца са йокк-хуш верг.
70. Iапказ – океан, масийтта хIорд цхьаьнакхетта гулделлачу хинан аре.
71. Мурст – бIаьрган негIар тухучу хенан мур.
72. Синлехамаш – деган лаамаш, сино тIевоьху хьашташ.
73. Урх – куьйгаллин бакъо, шен куьйга йа ом-ранца хIуъа дайтар карахь хилар.
74. Iазат – цхьана нехан лоллехь, вацош хилар.
75. АлцIензIам – зезаг (тюльпан).
76. Ловцарш – адамана, берана хила лууш долу диканаш кхайкхор (Дала ийманехь дозалхо войла).
77. Сурийла – хи йа кхин коча хIума чуйуттуш лелийна кхаба (туьта-гIабакхах йина).
78. Хьаст – хи лаьттара хьаладолу меттиг ша шовда.
79. Iийса – Мареман кIант Iийса пайхамар (I. с.).
80. Йилбазамох – шайтанан мох, дIаьндаргах, го туьйсуш, хьийзаш болу мох.
81. ХIайталла – масса, чехка, каден хилар.
82. Тутмакх – набахтехь цхьана хатIина чудоьли-на адам.
83. Хьакъберш – цхьана гIулкхана йукъаозо мега-дерш йа диканна, йа вонна.
84. Латкъам – цхьа хIума шен бIо булуче далха-дар.
85. ЦIелиг – жима цIа, оти.
86. КIайлатта – туьха ийна латта.
87. Хьасане – синтеме, синкъераме, гIайгIа-бала генахь.
88. ЧагIарне – чагар духкуш, молуш а адам гулло меттиг.
89. Хорха – кемсийн канн.
90. ГIарбаш – цхьаьнан долахь лай.
91. Беркъа – духарца я кхиндолчуьнца ледара хи-лар.
92. Йийсарш – тIамехь карадаьхкина адамаш.
93. ТIекIавар – йуххеозавар, хьошалла тасар.
94. Буржалш – лаьцна адам дада ца далийта когех туху гIирс.
95. Тобалкх – орамат, зезаг ( ромашка).
96. Пис, пислакх – ледара, бIаьрмецига, тешам боцу адам.
97. УьнтIапхьид – дийнат (черепаха).
98. Йехк – корта шарбеш лелош болу г1ирс (рас-чёска).
99. Мархалдалар – гIора дIадалар, малдалар ора-мат, дийнат, адам а.
100. Шога – шера доцу хума, шийла йукъаметтиг вовшашца.
101. Iабабе, Iабар, 1абор – дагна кхачо йолуш х1ума кхочуш хилар.
102. Бехкамаш – мегачунна, ца магочунна доза тоьхна билгалонаш (ограничения).
103. Барташ, барт баккхар – обанаш йахар.
104. ЧIаба – зударийн коьрта тIера месех йина кIажар.
105. Ир-кара хIоттор – цхьана гIулкхана адаман лаам самабаккхар, дог даийтар.
106. Тача – цхьана хIуманна тIехь йа лаьттахь лар йитар (отметина).
107. ОхIла, охIланаш – цхьа меттиг йа говзалла дола йаьлла адмаш, кхин хIумнаш (способность).
108. Латкъар, латкъамаш – ша реза воцуш долу хIума хьаькаме йа гергарчуьнга далхор.
109. Кхелхинарг – ша вехаш волчуьра кхечу мет-те дIаваханарг йа велла эхарта вирзинарг.
110. ХьагI – цабезам, нахаца Iоттавелла, гIоьртина хилар.
111. ХатI – хIоранан дегIан, бечу белхан, йозанан сурт-кеп, башхалла.
112. Ваза, вазар – шена гонаха болчаьрца уьйр латтош хилар.
113. Йуьхьдагалла – ши йуьхь йолуш, багахь хаза – дагахь вон хилар.
114. Сендаргаш – орамат, зезаг, василёк.
115. Хамталла – реза вацарца дуьхьало йар дан дезачу х1уманна тIехь.
116. Шедаг – чу хIуп олуш локхуш долу цуз (сви-рель).
117. Токх, токхо –тIе оьшуш хIума доцуш, дерри-генна кхачо хила х1ума.
118. Iаткъа, Iеткъа – дахаран хьолано биначу бо-хамашна, хийцамашна дагахьбаллам хилар.
119. Жерахь – хенал хьалха, ца моьттачу муьрехь хила хIума.
120. ГIоьмаш – Iедало лаьцначу адмана куьйгех йа когех туху гIирс (кандалы, наручники).
121. БухIа – буьйсанан олхазар (сова).
122. Махмар – кIаденан тайпа (парча).
123. Вас, весаш – халахетар дар, цатам баккхар (обида).
124. Таза – хаза, куьцех, тайна бохург ду.
125. Ховха – кIеда, тамехь, дог хьостуш долу хIума.
126. Хьаьрси – дуьйди, даржий, дIасатеси серло, хи, хIаваъ.
127. Жирга – боьха, йуххехь Iен тамехь доцу сак-хте х1ума.
128. Оти – жима, лоха хIусам, цIелиг.
129. Асар – дегI гIулкхана, балхана чуьхьадда хи-лар.
130. Дездеттар – ша-шех тоам бина, кура
вийлар, шех дозалла дар.
131. Балор – деза, цIена, башха аьнгали (хру-сталь).
132. ЭтмаьIаг – сагалмат (улитка).
133. ЭргIада – урх йоцуш оьгIазе хилар, чамбоц-чу валар.
134. Чолакха – заьIап хилар, дегIан меже галъйаьлла хилар.
135. Тийжар – маьхарца йа хозуьйтуш багахь цхьаъ дуьйцуш велхар.
136. Эс – лелла хIумнаш дагахь латтар (память).
137. Сурсат – йуучунна оьшу хIумнаш (продук-ты).
138. ХIонц – тIамехь тоьлча йа йохка-эцарехь ка-ра йеана хIума, йаьлла са (прибыль или трофей).
139. Хазна – лаьтта бухара йохуш йолу мехала хIумнаш: деши, дети, нефть и. кх. дI.
140. ДIаьндарг – берийн хийзош самукъадолу ловзораг (юла). Шолг1а маь1на-долучу герзан па-тармина йуьххьера даш (пуля).
141. Пхьоьха – йуьртахь нах сакъера гуллуш хил-ла меттиг.
142. Кхахьпа – зина деш лела зуда йа стаг, хьарам некъ лелон адам.
143. Кула – ша кIордавойтуш, нахана цатам бар, нахана хьахар, бIагор баийтар.
144. Таьжгенаш – къайлах хIилланаш, харцонаш, мотт-эладита лелор.
145. Хьашто – цхьа хIума оьшуш, хьашт йолуш хилар.
146. Хьайналла – стен, боьрша садолу хIумнаш шайн тIаьхье хилийта оре йахкар (прийти в охоту.
147. Зарзар – хаза эшарш лоькху олхазар, бIаьстенан илланча (соловей).
148. Таьлланг – кемс-ораматан орамера дуьйна хьаладоьду дегIан гIодах олу и (лоза винограда).
149. Кхолламийн Тептар – Дала вайх хIоранна дуненахь дендерг дIайаздина тептар.
150. Зуьрет – адамийн тIаьхьенийн зIе: Адаман (I.с.) зуьрет.
151. Зил – хьаькхна сиз, доза, шу.
152. Мокхаз – онда тIулг, вовшах тоьхча цIеран суй тосуш (кремень).
153. Тарх – йоккха тIулган экъа йа акъаре ламан-ца йолу (каменная глыба).
154. Пела – кхийра жима кад, чай молуш лелош, (пиялка).
155. Талор, талорхой – новкъа дIасалелачу нахера мехала хIумнаш схьайохуш лела къуй (разбойники).
156. Хьалдерш – бахам болу нах.
157. ЗIийдиг – латта дIайийначу хIумано дуьххьара гучудоккху сийна маргIал.
158. Пхьар – цхьа хIума дан говзалла йолу стаг (мастер).
159. Азаллехь – йолайаларан йуьхьаг йоцу гутта-ре (вечность без начала).
160. Шовкъ – дог-ойла ловзайаьлла, дегI тIема дала кийча хилар.
161. Тешха – кхоьруш, даима гонаха ладоьгIуш, ийзалуш хилар.
162. Дин – къовсамех хохкуш, къонахчо тIехууш кхобуш йолу говр.
163. Нуьйр – говран букъ тIехь дIабихкина мин-дар, стаг тIехаа кечбина.
164. Стиглан марс – кхузахь адамийн са оьцу мулкалмовт бохург ду.
165. Лензалла – элчанаш, эвлаяаш, цхьацца болу дика нах, гIазоташ леш бац маь1нехь (бессмертие).
166. Барамза – барам баккхаза, йуьстина, йерина йоцуш хилар хIума.
167. Къовламе – ледара х1ума шена, нахана цамо-гуьйтуш стаг хилар (строгий человек).
168. Мазакъвоьлла – массо халонех чекхваьлла чIагIвелла хилар (закалённый).
169. ТIуртIузвалар – малар мийлина вехна, хьекъ-ална галвалар, ша хIун леладо ца хууш вожар.
170. Iабар – массо агIорхьара оьшучунна тоам хилар, кхоччух дагна там хилар.
171. Дист – галин йа пхьегIин бертиган йист.
172. БIо – тIамна гулйина тIемалойн йоккха тоба.
173. БIарлагIаш – гIенах йа хьекъална галваьлла-чунна гуш долу галарташ (призраки, привидения).
174. Къайленан маьIнин дух – дуьне доладаларан йуьхь йовзаран бухе гIертар ( сущность, начало).
175. IалагIожа – низам доцуш, Iанадахана хIума.
176. Зарзйоьлла – тишйелла, йухуш дIайаьлла хIума.
177. ГIорасиз – ницкъ йа де доцуш, кIелйисна хIума.
178. ХIела-хIуьла – хIумма йоцу хIума, йаьсса хIума (ничтожество).
179. Жухург – нехан самукъадоккхуш Iавдала ле-ла адам (клоун).
180. ЦIуьхIарш – хьалхалера заманахь хьуьжарехь лахарчу классашкара дешархой, лакхарчу классийн мутаIеламийн хьашташ кхочуш деш, цара шайна хьоьхуш хилла.
181. ГIара – говгIа маьIнехь лела и дош; ГIара ваьлла аьлча – нахалахь вевзина бохург ду.
182. ХIуй кхайкхор – адамера даьлла зулам бахь-анехь, иза неIалт кхайкхош махках даккхар (шира 1адат).
183. ЙоIбIаьрг – адаман, кхин йолчу хIуманийн сагуш болу 1аьржа бIаьрг (зрачок).
184. Барол – гIаланашна гонаха хьалхалера зама-нахь йеш хила лекха кибарчигийн йа тIулгийн керт.
185. ПохIма – Дала башха дуьненан говзаллех делла диканан дакъа.
186. Тассам – дуьненан говзаллийн тайп-тайпана дакъош (искусство).
187. Ант – сакхт, кхачамбацар, дерт.
188. КIуркIамани – чехка догIуш долчу хино, бу-ро хьийзош, го боху меттиг, тIеман марсаллехь ала таро йу и дош(водоворот, схватка в бою).
189. Балоз – накхармозаша кечдеш долу сегIаз санна сурсат (воск).
190. Гуьмалг – кхийра кхабанан тайпанан пхьега, шена чу туьна, коча хIума йуттуш.
191. РечIа – олхазарш лоьцу гур.
192. Къепал – мехе лелош хилла эмкалийн, гов-рийн, бIарзийн, варрийн а тобанаш.
193. Гаьллаш – тIехуучу хьайбина бага йуллучу дуьрстанан ачкан маIарш (удила).
194. ХьегIа – сагатдар, дегIехь цатам болуш ладегIар, гIайгIане хилар.
195. Паналла – доза доцуш йеса меттиг, гонаха тIекхача цхьа билгало йоцуш.
196. Жуз, жаззаш – Къуръанан дакъош, Iелам наха иза 30 декъехь лерина.
197. Жаз, жеззаш – зезагана гонаха делладелла гIаш.
198. Ладам, ладаме – тоьар долуш, магийта мегар долуш гIуллакх хилар.
199. Зар – малх схьакхетаран дуьххьарлра серло-нан билгало (заря, зарница).
200. Хьармак – орамат (шиповник).
201. ХIуьппалг – жехIала наха Iибадат деш лелош долу суьрташ, жIараш: адамийн, акхаройн, олхаза-рийн, кхин йолчу хIуманийн васташкахь йолу х1умнаш.
202. Дак – диттан цхьа тайпа (верба).
203. Кхадар – диттийн, кемсийн, кондаргийн луь-ста гаьннаш, хедош, лелхадахар.
204. ХIоьънаш – зударийн лергашна тIеухку ме-хала дашон, датон хаздаргаш.
205. Полла – сагалмат (бабочка).
206. Нур-олхазар – туьйранийн башха корматал-лаш йолуш долу олхазар (жар-птица).
207. Туьта, туьнанаш – гIабакхах тера хасстом, иза шишана куьцех, бух шуьйра болуш, дегI шиша-нах тера дахлуш стом бу. Цунах деш хила хьалхарчу заманах шишанаш, кIеда йукъ схьайоккхий, стомма, онда чкъуьйриг йуьтуш дийна.
208. Суьрташ дохку лампа (волшебный фанарь).
Свидетельство о публикации №225082401351