Ма зама йу...

Резванова Айза
Ма зама йу - кха хьо, ма зама йу - кха,
Жима а, воккха а цамгарша 1уьйдуш.
,,Ъах1 - ух1" дар ца дезаш, Делан ц1е йохуш.
Лазаршна сатоха, шабаршца доьхуш.
Къайллаха йахь иэхьан куьзгана хьоьжуш.
Ден - ненан, йиш - вешин синойх бехк лоьцуш.
Ма зама йу - кха хьо, ма зама йу - кха,
Цамгарца воцчун а са маьрша доцуш.
202520 папк керл
Айза Резванова
Х1ун дер те, х1ай Дуьне, х1ун дер те хьуна?
Ма герга г1ерта - кх къастаран зама.
Безамца хьоьстуш сан са дохуш пана,
Ахьа - м со лелийра ойла къагийна.

Ткъа х1инца - м лаац - кха, хьох къаста суна.
Йа дагахь баллам бац  бехк билла хьуна.
Хала ду - кх хьох къаста,
Дуьне, сан сина,
Эхарт а хуьлийла сан сица ийна!
*****
Тевжича а набарна,
Йаьлча а со набарха,
Хе ша х1оттийча санна,
Бут чу хьоьжу корах сан.

Сахили сан дахарна,
Молла кхайкхи ламазна.
Самадели 1алам а,
Хастам бу - кха вайн Далла!
2023
*****
Иштта хуьлу дахарехь,
Дагахь доцуш дог1у 1а.
Марзонца итт - шерашкахь,
Ахь кхиийнарг долу д1а.

Т1аккха цхь'а а хан йоцуш,
Деган баьрче д1алоцуш,
Б1аьсте денло, зазза тосуш,
Дог ма ду чохь са долуш.

Кхолламо ша човхуорах,
Йа хьестина, 1ехорах.
Дужуш, г1оттуш,  цакъарлуш,
Дахар ду - кха  д1аоьхуш.
*****
Резванова Айза

Лекхчу лаьмнийн, къоьжа кортош,
Басар дина х1оттамо.
Духар хийца герга дигна,
Малхо 1алам хьестаро.

Кхана - лама къорза кузаш,
Д1адаржор ду аренгахь.
Олхазарша самукъне той,
Д1акхайкхор ду хьаннашкахь.

Кхаа баттахь 1ен йог1уш ю,
Хьаша б1аьсте вайн махка.
Самукъне вай цхьана 1ийр ду,
Кхаччалц аьхке къовсаршка.
*****
Бертаза, бертахь и делахь а,
Геналлехь беха сан махкахой.
Шун некъах дакъа ду суна,
Ас йоьху могшалла  шуна!

Диканиг, вониг шух далахь а,
Цу бахьнийна  декъахь йу со.
Дуьйлуш, йа доьлхуш  шун лазамах,
Дог лозуш, шу доьхуш йу со!

Самукъа, сингаттам шун боллу,
Сих хьерчаш, цу  декъахь йу со.
Генара, уллера  махкахой,
Шу дезаш, шу доьхуш йу со!
*****

Резванова Айза

Хьан ойланех со кхета.
Амал а дац ца кхета.
Цхьа йиш - ваша ма ду вай,
Кхиъна кхерчахь Даймехкан.
Биъна кхача нохчаллийн,
Дегнаш йаьхьах дуьзина.
Нохчий ду вай миччахь а,
Дика туоло г1евттина.
Бакъо йоцуш м1аьргонна,
Делан дикнах дог дилла.

Алхьамдулиллах1!.
*****
Тхо саттийча серех кеглуш хилча,
Йа т1о тоьхча пхьехех духуш хилча,
Тукар тесча тхан х1у хедаш хилча,
Тхо дагийча чим хилла довш хилча,
Тхан ломахь лам хир бацара,
Тхан къомах къам хир дацара.

Т1улг оьккхийтуш, орам тхан ца хилча,
Лам башош тхан хорамаш ца хилча.
Тхан мостаг1чуьн йуьхь ца йевзаш хилча,
Доттаг1чуьнан букъ ца ларбеш хилча.
Тхо нохчий а хир ма дацара,
Нохчичоь тхан хир ма йацара.
*****
Айза Резванова
*****
Моя душа вселилась в мир другой,
где звёздное сияние пирует.
На дне реки и вечно молодой,
герой любовь свою тебе дарует.

Моя душа вселилась в мир другой,
Где радуга судьбу мою балует,
оттенками не виданных цветов,
Волшебными лучами жизнь рисует.

Моя душа вселилась в мир другой,
Где вечно благо словно вспоминают.
И торжествует доброта над злом,
Поэзия ведь смерти и не знает.
*****
Айза Резванова

Сайн дагца ниет а дина,
Бераллехь яьллера новкъа.
Поэзий, хьан махках ийна,
Хьох хьерчаш, ирс декъа хьоьца.

Жималлехь цу некъах тилла,
Кхолламо яьккхира гена.
Лаамах сатийсам хилла,
Кхебира хьо дагчохь тийна.

Беха некъ дахарехь барах,
Хьоьца бен сайн ирс ца гина.
Исбаьхьа хьан дуьне тайна,
Йоьсси со хьан махка сирла.

Седарчех йоьттина б1аьвнаш,
Хи буххлахь забаре лепаш.
Цу маьлхан з1аьнарш а лоьцуш,
Юьйцина керташ го къегаш.

Туьйранахь юьйцу ца хезна,
Исбаьхьчу хазалле кхаьчна.
Поэзий, ахь ирсах дуьзна,
Саци дог карийна дезнарг.
*****

Резванов 1аьрбин Айза
Илли а, Хелхар а адамна шен дег1ан меженаш санна оьшуш, ца хилча йиш йоцуш, къоман меженаш  йу.

Цу иллешкахь дуьйцуш  дерг къоман синх1оттамах а,  синхьолах а, синбахамах а, нохчийн къоман массо заманахь хиллачу мерза а, къаьхьа а лазамех а ду. Хелхарехь х1оттош дерг доьналлийн сурт ду. Эшарехь мехкарша буьйцуш берг дахаре безам бу. Доцца аьлча. Ас бехк ца биллар доьху! Цхьаммо шен дог доьхначахь аьлла дош къоман фарз лара ца деза. Адамашна аьхна долу г1иллакхаш а, 1адаташ а ду вайн дайша вайна йукъа дехкина вайна. Уьш лелош верг йуьхь1аьржа х1уттур вац. Шен къоман синбахаман генаш ца кходуш хила деза олуш долу дош а, беш болу хьехам а.
Дала т1аьхье беркате йойла вайн!
Ларамца!

Ткъа х1инца и бала бирзина буха,
Буобераш йуха а диси сатийса.
Деден йа, денвешин, марзоне

Хьан леларах къуьйлуш хьайн безаман уьйраш.
*****
Резванова Айза
***

Даге

Дакъаза ма дала, кийрара хьо дог сан!
Х1унда хьо г1елделла, некъ юккъе баланза?
Ойланийн архаш а  йесалле хецна д1а,
Самукъне хилла аз, къарделла хеза схьа.

Г1о-накъосталлийна ма кийча дара хьо,
Г1ийланиг, мисканиг гергара вара хьан.
Ниет а хьан ц1ена, х1ун бахьна ду дохо,
Х1унда хьо къардели, эший хьо замано!??

Делла ма дала хьо, буо берах тарделла.
Сел миска хьо хилча, мила хир сан эла?
Хьох накъост тарвина, балхийна къа-бала,
Мила ву тешаме, сан сина кхин хьол а?!

Балано 1овжорах, дахар д1ахедаш дац.
Вон-дика ца херца  заманан бакъо яц.
Дакъаза ма даларг, сан дехар ду хьоьга.
Г1елделла дисарх а, дуоха ма дуохалахь!
2009
*****
Ма генахь дисна и бераллийн некъаш,
Мерза са доьду сан уьш йуху талла.
Амма уьш деса ду, дац цигахь бераш,
Бераллехь марзонца диина стоьмаш.

Дац цигахь да - нана, миска са хьаста,
Деанарг шайгарчу марзонах хьарча.
Д'ависарг, комаран дитт а дац хьажа,
Дененан мерзачу марзонах дийца.

И дагалоьцуш тхо дуккха а деха,
Дийца а ду цунах, муьлхачу беран.
Дуьххьара со шена белшаш т1е иэцна,
Мерзачу стоьмашца хьошалла дина.

Иштта ду тхан йуккъехь кхиинчу берин,
Комарех, марзонех денанах дийца.
Цхьа комар дитт дара марзо луш тхуна.
Цхьа Баба а йара массо берийн.
*****
Резванова Айза

Адамалла йоцуш верг,
Сийлаллехь къегар вац.
Адамалла лелош верг,
Сий дайна вуьсур вац.
*****
Резванова Айза

*****
Гена вели, селханал а гена,
Даго вицви, бицбеш лазам шен.
Вай девзина де а диси деса,
Мелан кховдо х1умма доцуш шех.

Д1о стиглара седа нуьре къега,
Тов и цуьнгахь, даге кхийдош кхаъ.
Амма безам ахь кхин цкъа ма бийца,
Тешам боцчо хьехо бац и хьакъ.
*****
Резванова Айза

Адамалла д1адаьлла бохуш, цунна т1е ченаш ца хьокхуш, х1орамма а  шеца дендан деза иза! Цамгарна санна дарба лохуш, ламазца карла дохуш. Делан дуьхьа, сайн ницкъ кхочучу барамехь адамаллийн хам а, сий а дан, бохучу ниетца!

Адамалла д1адаьлла бохург вай олу хезча, кхиазхоша а дита тарло иза, тесана.
Дала адамалла дийначарех ца лоруш, и дендиначарех дойла вай!
Дала ийманехь нисдойла вай!
2023
*****
Ма даар ду, жижиг - галнаш,
Шен чохь, арахь, хьошалг1ахь а.
Уьш схьа гича, мацло, йааза,
Ворх1 де - буьйса даьлча санна.

Цкъа а к1ордош дац уьш даарх,
Саццалц, даа к1адвелла,
Царал тоьлла хир дац даар,
Нохчийн амалх уьш ийна..

Жижиг - галнаш, думий, сискал,
Дууш воцург могуш вац.
Дайша чомехь къастийнарг бен,
Къуонахчунна кхача бац.
*****
Айза Резванова

Дай 1ийна-кх дуьненчохь,
Баланаш 1уьйшуш.
Доьлучу б1аьргаш чохь,
Г1айг1анаш къуьйлуш.
Лелла-кха, мерза са,
Б1аьрхиша хьулдеш,
Кхолламехь баьлла кхаж,
Дахарца эебеш.

Нах 1ийна-кх дуьненчохь,
Дика, вон дустуш.
Дахарна тайначух,
Г1иллакхаш кхуллуш.
Ца тайнарг д1адайа,
1адаташ ч1аг1деш.
Т1аьхьенаш декъалчу,
Некъа т1е нисъеш.

Вайн дай-м хьа-х ца 1ийна,
Лег та11ош тийна...
Цара-м хьа-х хьегна къа,
Ирс лоьхуш вайна..
Ларделаш адамаш,
Г1иллакхаш дайн,
Х1ора г1улч толаме,
Хилийта вайн!!!
*****

Айза Резванова

Генахь со велахь а, бац дагна хера,
Сингаттам, сан Даймохк, хьийзарг хьан кийра.
Ма мотта со веха, са парг1ат даьлла,
Хьан бала сан деган пхенаш чу баьлла.

Дага а ма далахь, геналлехь къайллаха,
Ойланца цхьана м1аьргонна хьох къаьстина 1ийна.
Маьршачу аренгахь сина маршо яйна,
Хьийзачу махах са хьан не1ре идда.

Тийналла х1оьттича, базлуш хьан бала,
Г1енашкахь сатуьйсуш хьох дагавала.
Сан Даймохк, со лелла къен-миска ваьлла,
Хьоьгуш хьан дозанах кошан барз балла...


Рецензии