Хьо дара...

Хьо дара... Сан эс т1е ца кхуьу къайле,
Даим сан садуу- буьйсанан цхьалле.
Хьо дара... Оьмаран долара тахне,
Даим ца лаьттачу кхолламан кхане...

Хьалха а дийли хьо, со вазош т1аьхьа,
Т1аьхьа а дези хьо, со вохуш хьалха.
Дахар, хиллера хьох- 1ехалуш атта,
Хьан дарах, дахарх д1а: хьалха йа т1аьхьа.

Сан г1овлехь г1а даьхна,и эгна г1ан а,
Шу-кертах схьахьежна, б1арлаг1а-г1ам а,
Ас лецна, лецаза лаамийн т1ам а,..
Уьш ца гар йо1б1аьргахь... Ма ч1ог1а дазло-кх.

Иштта го-кх, кхузара, хьоьгахьа хьаьжча,
Тахна хьан цигара, соьгахьа хьажар...
Диц ца ло-кх: мор йуха баккха вай,-аьлча,
Ахь сайга аьлларг а: т1аьхьа ду, ваша...

Автор Алимхажи Италагов


Рецензии