Берийн киншка 25. 08. 2025

Берийн киншка
Айза Резванова
Дешар

Бераш,  бераш,  киншкаш  ешар,
Ирсе кхача бахьна ду.
Дешарах шу кхеташ  хилар,
Иза  коьрта  толам  бу.

1илма  довзар, 1алам  дезар,
Дахаре  хьан  безам  бу.
Сирла кхетам ларба  оьшург,
1илман - корта, собар  ду.

Ийман, Ислам  довза  деза,
И лоруш  верг  сийлахь  ву.
Оьзда  г1иллакх, хаза  г1уллакх,
Шун дешарца  доьзна ду.

Еша, яздан, 1амош  вверг,
Шен дахарах  кхеташ  ву.
Дешарна пе бетташ верг,
Шен  дахарах  леташ  ву.

2)
Ешаран мах…

Дуккха а зама ю, доккхачу ц1а чохь,
Айзана  кинишкашна дола до.
Жима а, йоккха а, цо ченех ларъеш,
Берашна, масал шен леларца ло.

Дуьххьара веана тахана Сурхо,
Т1елаца кинишкаш ешаран болх.
Цец ваьлла кинишкийн дуккхалех жимхо,
Б1аьрг бетташ ву ц1а чохь, кхин бахам ган.

Т1аккха шен нене цо, хаттар деш эли;
-Кинишкел сов бахам, мичхьа бу кхин?
Йижа мотт, сискал, я мала хи доцуш,
Х1унда - 1а  кинишкийн ц1а лардеш и?

И х1унда йоьлху те, кинишка йоьшуш?
Я хьаьсти те цхьамма, и-м йоьлуш ю?
Стенна йо церан чотт, хьанна уьш оьшу,
Яьхьча а царах дан, х1ун дезар ду?

-Кху бахамах кхета,  хьо жима хета,
Делахь а жоп дала хьожур ю со:
Элира Айзана, лууш к1ант кхета,
Ладоьг1уш,  лерина к1ант сецна го.

-Ла дог1а ахь соьга, ойла еш жимха,
Дахаран некъ къаго оьшург ирс ду.
Хилахь хьо,  кинишкаш ешарца говза,
И доза цу йуккъехь схьакарор ду.

Дешил а, детил а, механа деза,
Хьекъалаш кху ц1ачохь д1а дохки шайн.
Д1аоьху, дахаран орамах хаьдча,,
Эхартан, дуьненан, декъала дай.
 
Амма д1а ца боьлху, дуьне д1атесна,
Т1аьхьене хьекъале весеташ ду.
-«Ца буьтуш кортош чохь синкхетам беса,
Хьекъалаш дерзолаш, т1алам беш чу».

-Хьо жима ву тахна, хир ву хьо воккха,
И весет кхочуш дан, вайн декхар ду,
Хьажалаш, йозанан 1алашо йовза,
Кинишкаш ешаран мах беза бу.

3)
Нохчичоь…

Деза суна сирла де, еза б1аьсте къона,
Деза хьастар зезагаш, барташ дохуш х1ора.
Деза лаьмнаш даймехкан, юькъа хьаннаш сийна,
Деза мерза дахар хьо, ненан марзо ийна.

Еза суна буьйсанаш, бетта нур т1е 1енаш,
Кегий, даккхий седарчий, боданах чекх лепаш.
Еза суна нохчийчоь, беза мотт сайн къоман,
Деза ирсе дахар хьо, ненан марзо ийна.

Деза суна адамаш, ойланашца сирла,
Деза шийла шовданаш, кийра 1абош мийла.
Еза сийна стигланаш, беса, сирла некъаш,
Деза ирсе дахар хьо ненан, марзо ийна.

Къага ирсе нохчийн чоь,
Кху дуьненан седа.
Нана, Даймохк тхан марзо,
Шу декъала хилда!

4
Бераллийн г1ан…

Сан бералла самаели,
Д1о хи йисте хьаьжча.
Мацахлера ойла къеги,
Луьйчуш бераш дайча.

Малх баьржина бац цу стиглахь,
Х1азарчу  гулбелла.
Марта – хи чохь,  бераш юккъехь,
Суна со таръелла.

Берд а лаьтта, тхан бераллехь,
Ломал лекха хеттарг.
Бералла шен коьрте иййеш,
Тхо цуо хилла хьоьстуш.

Кегий, даккхий т1улгаш 1оьхку,
Сан бераллехь санна.
Ненан марзоне со кхехьна,
Бераллийн г1ан дайна.

5
,,Палла" аьлла и…

Со цкъа хьаьжчи беша яьлла,
Зезагашлахь парг1ат баьлла.
Ховха зезаг хаьржина,
Полла 1ара д1атаь1на.
Со меллаша куьг кховдийна,
Йоьлчи даккха зезаг сийна.
Полла хьала айбелла,
Соьга хьаьжи, эесала.

Басар, подар шена хьаькхна,
Беснех зезагийн д1а ийна.
«Палла», - аьлла, и баха,
Зезагашлахь, хелхар дан.

Цец - акъ яьлла, со йу лаьтташ,
Девли зезагаш а серла.
Полла хьийзаш, самукъне,
Со а ели, хелхаре.

Бели малх а тхоьца ловза,
Шакарш лекха дели хьоза.
Бераш хьоьжу гулделла,
Самукъне тхан хелхаршка.

7
Мархийн ч1ара

Цкъа со стигла хьоьжуш 1ара,
Суна гора мархийн ч1ара.
Ша т1е кхоччушехь цо малх,
«Хьапп», - аьлла д1а кxaьлли ах...
   
Т1аккха къеги стиглахь ч1ара,
Малхо багош, боттуш кийра.
«К1арс»,- аьлла, и кагбели,
Ткъа малх юху денбели.

8
Сама довла зезагаш ….

Маьлхан з1аьнарш яьржина,
Серла даьлла де.
Бераш ловза даьхкина,
Маьлхан майдане.

Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Лепаш сийна бацалахь,
Шу ду,  самукъне.

Кечде 1алам басаршца,
Можа, сийна, к1ай.
Олхазарша  шакаршца,
Д1ах1оттийна той.

Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Хьовса ловза дуьйлучу,
Маьлхан дог1ане.

Лекха лаьмнаш хестадеш
Уьду шовданаш.
Вайн Даймехкан сий айдеш,
Лоькху эшараш.

Сама довла зезагаш,
Б1аьсте еъна т1е.
Серла яха ойланаш,
Хьаста нохчийн чоь.
9
Баиева Сацита

Со кхолламо йигарх гена,
Геналлехь мел яларх хан.
Сан дог-ойла шуьца еха,
Сийлахь Даймохк, Макаж лам.

Со ду нохчийн мехкан зезаг,
Деган йовхо, нохчийн къам.
Орам, ч1аг1о, сан дозалла,
Сийлахь Даймохк, Макаж лам.

10
Малх бу боьлуш
 
Б1аьсте еъна,1алам ден деш,
Шен зезагийн совг1ат даржош.
Зевне эшарш, лоькхуш уьдуш,
Хиш ду жовх1арш санна къегаш.

Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш серла буьйлуш.
Бошмаш а ю заза хоьцуш,
Хьозарчий ду, шакарш лоькхуш.

Бераш, лаца вовшен куьйгаш,
Машаре самукъне хоз беш.
Бертахь дахар, вайна марздеш,
Малх бу вайга з1енарш кхийдош.
 
Хьовсал бераш, малх бу боьлуш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймохк бу денна хазлуш,
Ирсе некъаш ду схьадоьлуш.

Бераш, бераш, тоха т1араш,
Хелхарш вайн, самукъа гойтуш.
Шун синкъерам, ловзар, делар,
Ду даймехкан ирсе хилар.

Малх бу боьлуш, хьовсал бераш,
Сакъералуш, серла буьйлуш.
Вайн даймахкахь маьрша дехаш,
Бутт, седарчий серладуьйлу.

11
Йинчу денца….

Б1аьсте  еъча, дуьне серла долий,
Зезагашца 1алам делало.
Хьо схьагича сан са маьрша долий,
Ойланаш самукъне екхало.

Х1ора де а, ас сайн ирсе лору,
Массо де а хьоьца декъал го.
Ткъа тахана,
- сан ирсан де,- Нана,
Йинчу денца ас хьо декъал йо!

Малхо хьоьстуш, серла яла б1аьсте,
Дуьне,1алам, хаздеш дахар хьан.
Безачех ца къаьсташ, яха ирсе,
Хьо сан деган зезаг, Нана сан!

12
Ас нанина….

Ас нанина зезаг дели,
Хаза зезаг хаьржина.
Цо барт боккхуш соьга эли,
-Хьо ду зезаг,  сан хаза.

Ас нанина эшар лекхи,
Хаза дешнаш хаьржина.
Цо баркалла суна эли,
Барт а боккхуш, лерина.

Со нанина ела къежи,
Седа санна къегина.
Цо со хьостуш, мара къевли,
Марзо луш сан дахарна.

13
Схьагулло…

Схьагулло  х1ай,  кегий  бераш,
Зевне  аьзнаш  декадеш.
Лоькхур  ю  вай,  нохчийн  эшарш,
Вайн  Даймехкан  сий  айдеш.

Схьагулло  х1ай,  кегий  бераш,
Б1аьргаш  суйнех  къегадеш.
Гойтур  ду  вай  нохчийн  хелхарш,
Нанойн  дегнаш  деладеш.

Схьагулло  х1ай,  кегий  бераш,
Оьздачу дайн  лерам  беш.
Вовшен  деза,  ирсах  теша,
Вай  1аморна,  хастам  беш.

Схьагулло  х1ай  кегий  бераш,
Ирсе  некъ  аш  лаца  схьа.
Кхане  еъча  диц  ма  лолаш,
Т1аьхьенга и кховдо  д1а.

14
Со малхаца….

Со малхаца г1аьттина,
Г1уллакхаш дан х1оьттина,
Ж1ала бай т1е даьккхина,
Мимша кхарста лаьллина.

Пису бун чу доьллина,
Бедаш яжа лаьхкина.
Котам а шен к1орнешца,
Хи т1ехь ловза яьккхина.

-Баба, ас хьо тахана,
Г1улкхех мукъа яьккхина.

Баба г1ертарх, лаца схьа,
Мимша уьду, генна д1а,
Ж1ала лета дарделла,
Шен х1усаман хьешана.

Бедаш йохку г1адъяхна
З1ийдиг юууш кертара,
Орца доьху котамо,
Хино к1орнеш идадо.

Баба уьду ца ларош,
Дерзо дисна г1уллакхаш.

15
Писуй, к1езий

Мяу-в, мяу-в, сан са хьийза,
Арахь ж1алийн к1еза ц1ийза.
Суна лиъча, шеца ловза,
Иза, девне долий, хьевза.

Мяу-в, мяу-в, дац и реза,
Со дитта т1е дала деза.
Со лаккхара хьоьжуш  чу,
К1еза гонах уьдуш ду.

Мяу-в, мяу-в, со ду говза,
Суна ж1алийн амал евза.
Ас сайн маттахь мяу-в бохуш,
К1еза ч1ог1а карзаха доху.

Вац кхин цхьа а, цуьнца ловза,
Тхоша х1инца вовшен девза.
Уьдуш, бохуш, - мяу-в, г1ав,
Тхойшинни д1адолу дов.
 

16
Дашо  месаш

Вижа  жима  Сурхо  д1а,
1аьржа  баьргаш  къовла  т1е.
1уьйре  еъча  борг1ало,
Кхойкхуш,  сама  воккхур  ву.

Малх  г1аттале  г1отту  и,
Кхайкхадо  цо,  сирла  де.
Нагахь  даг1ахь  йочане,
Аз  хуьйцу  цо,  шен  зевне.

Массо  х1уман  хаам  бо,
Дашо  месаш, йолчу  цо.
Хьаша  вог1уш  и  хир  ю,
Кхаьънаш  дог1уш  йоьрзий  чу.

Шен  х1усам  а  ца  йицйо,
Котамашна  дола  до.
Ву  и  кертахь  дика  1у,
Цунах  теша  мегар  ду.

Цундела…

Дашо месаш озийна,
Малх ас сама баьккхина.
Цундела ду тахана,
Дуьне сирла, къегина.

Малхо з1аьнарш кховдийна,
Зезагаш а г1евттина.
Цундела ю самукъне,
Б1аьсте сирла, къегина.

Зезагаша хьаьстина,
Полларчий ду айделла.
Цундела ду уьдуш сан,
Б1аьргаш сирла, къегина.

18)
1аьнан 1уьйре

Дашо  з1аьнарш  лай  т1е  1енош,
Малхо  шен  кеп  х1иттайо.
Шан  куьзганах  тулг1еш  къегош,
Хиш  карзахе  ловзуш  го.

Дато  мархех  к1ажарш  юцуш,
Ц1аста  санна,  ц1ийелла.
1аламе  шен  къайле  юьйцуш,
1аьнан  1уьйре  хазъелла.

Баххьаш  т1ехь,  лайн  к1ужалш  хьийзош,
Ламанаш  го  самукъне.
Генаш  ийзош,  г1ура  ц1ийзош,
Хьаннаш  хьоьжу  цу  суьрте.

Сан  Даймохк,  хьох  хьоьгуш  г1ийла,
Ас  геналлехь  яьккхи  хан.
Сатийсина-м  ахь  а  хилла.
Совг1ат   дели,  1уьйре  хьайн.

19)
Цец  даьлла  пису

1аьнан  х1ур  хьийза  беш,
К1айн  ло  ду  дуьллуш.
Бераш  ду  даккхийдеш,
Самукъне,  уьдуш.

Пису  ду  цец  даьлла,
Корехул  хьоьжуш.
Тарделла  полларчех,
Цунна  лайн  чимаш.

«Кегий  уьш  делахь а,
Ду  уьш  сов  шорта.
-Царам  со  дуур  ду,
Доллушехь  уьйт1а.

Цхьаннах  а  цакхоьруш,
Сел  майра  долу.
Ж1ала  а  лечкъина,
Шен  бунчохь 1уьллу».

Бохуш,- йо  ойланаш,
Писуно  жима.
Б1аьстенан   юккъерчу,
Баттахь  и  дина.

Писуна  гина  дац,
1аьнан  к1айн  туьйра.
Цундела  цец  даьлла,
И  кхераделла.

21)
Керла  шо

Рог1е  деъна  шийла 1а,
Хиш  д1алоьцуш  бина  ша.
Мохо боху, «Сихха же,
Кечло хьаша эца т1е».

Лайн  куз  тесна  арахь  д1а,
Хьаша  веъна  кхечи  схьа.
К1айн  к1урз  буьллуш  корашка,
Хуьтту  хьаша  массо  ган.

Кхаьънаш  дог1уш  вовшашка,
Дуьхьал  уьду  бераша.
Лайн  куз  сиха  къарз  бина,
Мара  хьерчаш  хьешана.

Марша  да  хьо  керла  шо!
Хьо  ду  деза  хьаша  тхан.
Оха  хьуна  кечдина,
Совг1аташ  ду  эшаран.

23)
 Х1етал – метал
Жима а, воккха а шена т1ехь
Хохку,  к1айн говр.
(ло)

24)
Лайн чимаш

Лайн чимаш хьошалг1а диссина тховса,
Д1аихна шераш т1е, шо дуьллуш хьовса.
Ткъа бераш  гулделла, керла шо довза,
Ловзарш а кечдина, говзалла къовса.

Ц1еххьана къегина, седарчех ийна,
Дато нур стиглара т1е 1енаш дайна.
Самукъне аз дели, ткъесс тоьхча санна:
- Керла шо, керла шо, седарчех ийна.

Лайн йо1 а ялаеш и Г1ура –дада,
Кхечира берашна совг1аташ декъа.
Бераша самукъне, ловзаршка девлла,
Базалган б1аьргаш а дехира серла.

Керла шо, керла шо, дог1ийла марша!-
Мохь бета бераша, сакъераделла.
Беркате, ирсе ахь тхан дахар дойла,
Иманехь, барт болуш, даха ницкъ лойла.
25)               
Сахьтан цхьамза   

Хьалха  баларх  къуьйсуш  уьду,
Сахьтан  цхьамза  заманца.
Зама  генна  яьлла  йоьду,
Меллаша  шен  боларца.

Цхьамза  уьдуш,  де  д1адели,
Кхечи  1аьржа  буьйса  т1е.
Замано  болар  ца  хуьйцуш,
Кхана  деа  сирла  де.

Эх1-х1ар  а,  г1елбелла  кхоччуш,
Цхьамза  сеци,  гойтуш  шийтта.
Замано  к1айн  духар  духуш,
Хийци бедарш 1аламан  а.

Керла шо…

1а ду шийла,
Аренаш к1айъелла,
Адамаш ду,  к1айн полларчех,
Ойланаш айелла.
Базалг лаьтта,
Нускалах кечъелла,
Керла шо ду, массо коре
Шех хаамаш бетташ.

Чиркхаш сега,
Кху дуьненан стиглахь,
Бетта нур т1е 1енаш, лаьттахь,
Лайн седарчий къега.
Г1ура - дада,
Веъна к1айчу говрахь,
К1айчу говрах самукъдаьлла,
Берийн делар къекъа.

Буьйса сирла,
Дийшина дац б1аьргаш,
Жима-воккха, сакъералуш,
Д1ах1оттийна ловзар.
Кхаьънаш дог1уш,
Уьду сахьтан цхьамза,
Беркате хьо хуьлда хьаша,
Кху дуьненан лаьттахь.

Марша да хьо керла шо!
Кху дуьненан хьаша.
Ду хьо деза совг1ат тхан,
Ду, сан ирсан дакъа.

26
Шу мА хьежа сан куьйгашка,
Я беснешка юьзинчу.
Даккхий йоьхьаш ду сан кийрахь,
Кегий йоьхьаш хьерчош чу.

27
Вакаев Минкаил

Со-м мацвелла ,
Чуьйраш къекъаш.
Гучу яла,
Церг яц туьгуш.

К1арс - к1ирс, бохуш ю цхьа цуьрг,
Ахьа г1ерташ аьчка 1айг.
Нана, лохьа  худар кад,
Лар1м1р яр-кха, жима церг.

28
Сурхона

Сом хьан доьхьа велало,
Лууш хьо, самукъне ган.

Ахь со хьостий, 1ехавой,
Туьллу суна йовлакх хьайн.

Нана, йовлакх хьоьгахь тов,
Лаац лело хьоьца дов.

Тиллахьа суна дадин куй,
Хаийтахьа со, къонах вуй.

29
Сингаттаман цамгар

Цомгаш хилла воьжна паччахь,
Ца г1атталуш меттара.
Безарш, бевзарш гонах бевлла,
Хиллачух ца кхетара.

Де д1адолуш, буьйса хорцуш,
Цамгар ели баттенга.
Лоьраш, дарбанчаш, молланаш,
Толлуш цамгар лерина.

Амма паччахь г1атта ца луш,
Корта пене берзийна.
Цхьа дош ала, мотт ца керчаш,
1уьллу б1аьргаш къевлина.

Генара а, уллера а,
Т1е х1уьттура хьолан дай.
Кхин д1адийца лазар доцуш,
1уьллу паччахь «ъах1» деш, дай.

Цхьана юьртахь, ши бутт хьалха.
Ша т1ех волуш берашна.
Цу паччахьо кховдийнера,
К1еззига  х1онц томана.

Паччахьера шена кхаьчнарг,
Совг1ат деза, лерина.
Цу берех, цхьа жимчу к1анта,
Лардинера  безамна.

Т1аккха ловзуш, бераш юккъехь,
Цунна лерах кхеттера.
Паччахь воьжна, дарба доцуш,
Ца евзачу цамгарца.

Са гатделла хьевзина к1ант,
Г1аш вахна д1а кхечира.
Паччахь вехачу цу кет1ахь,
И ладоьг1уш сецира.

Цу бахамах тамаш ца беш,
Сингаттамца, хьаьжна д1а.
Меллаша цо улле таь1на,
Хешка паччахь хаьттира.

И т1е хьаьжна жима хетта,
Саха дала буьйлира.
К1анта корта ластош церан,
Сом а, схьа ца ийцира.

Т1аккха хехочо цец ваьлла,
К1анте оьшург хаьттира.
К1анта дагахь дерг шен аьлча,
И ца вешаш хьаьжира.

-Д1а вала к1ант, д1а г1о,- олуш,
Хехо вела къежира:
- Б1аьрг схьа баьллал могуш воцу,
Хьо ганне гур вац, цунна.

К1ант д1а - м тешна ца вахара,
И г1айг1ане вуьйжира.
Т1аккха денна кет1е ларъеш,
Схьах1итта а вуьйлира.

Эх1-х1ар а, цкъа, цхьаъ чу воьдуш,
Кхечо юха хаьттира.
Хьена хьо, мичхьара, х1унда,
Лаьтта кхузахь х1оьттина?

Х1унда хьийза хьо кху кет1а,
Хьо х1ун оьшуш веана?
Сингаттамна б1аьргаш эгаш,
Х1ун бала хьоь боьссина?

К1анта цунна жоп делира:
-Лула юьртахо ву ша.
Ша жимха ву, цо лерина,
И ган лууш веана.

Т1аккха хьодалча хьажийра,
Паччахье и хабар дан.
Схьа ца хьожуш волчу цунна,
К1антах дериг дийца д1а.

Цу берах сакъераделла,
Корта сехьа берзийна.
Уьш цец бохуш, бакъо елла,
Чу цо иза вийхира.

К1ант не1арах чоьхьа вели,
Г1ийла хьожуш паччахье.
Киснара куьг хьала доккхуш,
Совг1ат к1анта кховдади.

Цу жимачу беро дина,
Совг1ат доккха хетарна.
Вела къежна, вистхилира,
Цу к1антана томана.

Т1аккха к1анта самукъдаьлла,
Эли цуьнга:
- Г1аттахьа,
Тхан ловзарш а севцца лаьтта,
Тхо сагатдеш ду хьуна.

Шен визире, цу паччахьо,
Т1е кхайкхина элира:
- Воккха хьаша ву т1е веънарг,
Х1оттае стол лерина.

К1анта цуьнга т1аккха эли:
- Цхьа цуьриг а кхоллур дац.
Ахь ца кхоллуш делахь ялта,
Цуьнан чам а хетар бац.

Цу берана там бан лууш,
Паччахь хьала айвелла,
Стоьла йисте г1ента хууш,
Массо вара кхаъ хилла.

К1анта цуьнга д1а а хьожуш,
Цуьнан буйна 1айг бели.
Бисмалла а олуш т1аккха,
Юург йолор т1е дилли.

Самукъдаьлла паччахь хии,
Цу берана там берг дан.
Цо схьаэцна ялта долий
1овша, молуш чорпа т1е.

Цу г1аттарах кхин ца вужуш,
Т1аккха эли  паччахьа:
- Хезаш берийн г1овг1а йоцург,
Цамгар ю, сингаттаман.

30
Еха ма яхарг….

Бабас, бераш а гулдой белхи бо, хасстоьмаш а, стоьмаш а, чу берзо.
Бераш  тасалой болх беш хуьлу. Царех цхьаъ, дика д1анисвелла, дитта д1ахадийна йисинчу юьхк т1ехь, хиина 1аш хуьлу. Д1ахьаьжначу бабас, иза шена гича олу:

Баба:
- Ва к1ант, хьо г1улкхана т1ег1уртуш ма вац? Хьо х1ун деш 1аш ву цигахь, Дика д1а нисвелла охьахиина?  Х1умма  лозуш, са гатдеш - м вац хьо?- хотту бабас:

Т1аккха к1еззига вела а къежаш, к1анта жоп ло:
Беслан:
- Эх1 - х1ай, Баба, х1умма  лозуш - м вацара со, тахана ч1ог1а некъ ца нисбелла - кха сан.

Баба:
- Дийцал, х1ун хилла хьуна? Х1ун ду хьан юххьа даьлларг? Куьйгаш цахь дисна хьан, я болх д1абахана хьо т1аьхьа ца кхуьуш?

Беслан:
-Кхин х1ума - м  ца хиллера суна, тахана схьавог1уш некъаца дуьхьал  вайн лулара Табарик кхеттера суна. Цундела некъ ца нисбелла - кх сан.

Баба:
-Ткъа х1ун ду хьуна хилларг,  х1ун юххьа даьлла хьан, и бахьана долуш?

Стигал ирх а вирзина, 1ачу Беслана, олу;      

Беслан:
- Болх бан масть яц - кх сан.

Баба:
-Ткъа  Табарк мисканна х1ун бехк бу, хьан болх бан маска ца хилча?

Беслан:
-Иза дуьхьал кхаьтча некъ ца нисло олу, массара а. Суна тахана новкъа воллушехь иза кхийтира дуьхьал. Цундела ву - кх со болх бан карх ца долуш.

Баба:
- Иза - м хьаха яц, цхьанна а х1уманна бехке. Наха а ахь санна къамел до-кха. Бисмалла а аьлла,  болх Далла т1е а биллина, шайн г1уллакх ца деш, шайт1а  ги а хаадой, куьйгашца иза охьа цадожийта д1а а лоций, шу дуьйлало, т1аккха бехке Табарик миска йо. Хабар а ца дуьйцуш хьала  г1атта. Х1окху дохкучу берех эхь ца хета хьуна, хьох кхарна а масалл  гойтуш хила везаш ву,-олу бабас:

Иштта к1ант яхье ваккха г1ертарх,  кхин г1уллакх ца хуьлуш, суьйре т1ейог1у. Буьйса д1аяьлча, йоккхастаг а, бераш а дисина г1уллакх кхочуш дан д1ах1уьтту. Сихха делкъа хан хуьлу.  Бериш а х1ума яа, бабин жимачу стоьла йисте гулло. Беслан, балхат1ера схьа цаволуш воллу. Бабас олу:

Баба:
- К1ант хьо тахана мА т1е т1аь1на цу балхана? Схьавола, оха мерзаниг д1а а йиина вуьсур ву хьо.

Беслан, шен куьйгаш а дилина, стоьла йисте охьахуу. Т1аккха, г1арг1улийн г1овг1а хезий, стигала хьала хьожу.
Цец  волий,  цо стигал п1елг хьажош, олу:

Беслан:
- Хьажахьа, Баба, селхана  со хиина 1ачу хенахь, и г1арг1улеш иштта, малх бузехьа д1айоьлхуш яра. Тахана юхайог1уш  ю-кх уьш. И х1ун ду теша?

Елалуш  баба хьаьжт1е куьг а дуьллий, стигал хьала йоьрзу,т1аккха олу:
Баба:
- Селхана, и еха ма яхарг, Табарк дуьхьал кхетта хир ю-кх царна а, некъ юххьа баьлла,  юха йирзина хир ю-кх, уьш а.

Бераш дуьйлуш суьйренга доьлху.            

Резванова Айза

31
Болх бича луш ду ахча?

Моллин не1 туху, жимчу зудчо:
- Мила ву? Схьа чу вола, милла велахь а,-олу моллас, ша 1ачура метах а ца волуш. Не1 йоьллий, чу йоху жима зуда.
-Де дика дойла хьан,- олу цо:
-Далла езийла. Схьадийцал, х1ун бахьана долуш еана хьо? Х1ун оьшура хьуна? – Хотту моллас:
-Со, сайна аьттонна жайна даккхийта еанера,-олу зудчо:
-Жайна доккхуш дац, яздеш ду. Охьахаа, д1о г1анта т1е. Цхьа бахьана лелор ду вай,-олу моллас.
Зуда охьахуу, дехьа лаьттачу г1анта т1е.
Т1аккха д1а кхевдий шена хьалхарчу стоьла т1ехь 1оьхкуш долу, т1ехь 1аьрбойн йоза  яздина долу кехаташ схьа а оьций, царна т1е  хьожу молла. Шена оьшуш долу кехат схьа а оьций, хотту, зудчуьнга.
-Ц1ераш яхал хьайн а, хьайн ненан а?-олу моллас:
-Сан ц1е Малика ю, сан ненан ц1е Малкан ю,-олу зудчо:
-Дика хир ду,-олуш ручка схьа а оьций, ша схьа эецначу кехатана т1е 1аьрбойн йоза яздо моллас. Цул т1аьхьа зудчуьнга д1ало и кехат.
Т1аккха олу:
-Х1ара даима шен дег1аца лелийча аьтто хуьлу, ахчанах а ца хеда.
-Дела реза хуьлда хьуна,- олий, жайна схьа а оьций, моллина ша дала лерина ахча, цуьнан стоьла т1е охьа а дуьллий, ара йолий, ц1а йоьду зуда.
Шен жайна буйна а лаьцна, йоккхаерца лелаш йолчу ненан буйнарчу кехатах б1аьрг кхета, чохь ловзуш лелачу, пхи шо долчу к1ентан. Цо шеен нене хотту:
- Нана, иза х1ун кехат ду хьоьгахь дерг?
Нанас жоп ло:
- Жайна ду-кх, моллига ас даккхийтина.
- Цунах х1ун до? – Юха а хотту к1анта:
- Х1ара жайна шеца лелош волчунна, дуккха а ахча дог1у кисана.
Шен нанас бохучуьнан дикка ойла а йой к1анта, нанас и жайна охьа дуьллу меттиг  ларйой, схьаоьций и жайна, шен кисана дуьллу.
Т1аккха ша шега воккхаверца олу, шен кисана т1е куьг а тухуш:
-Х1инца суна кисана, дуккха а ахча дог1ур ду-кх.
Иштта, цу жимчу к1анта и жайна кисанахь лелош масех де долу. Амма,  цхьанхьара а т1е дог1уш ахча  ца хаало. Цхьана суьйранна балхара чу веанчу шен дега хотту к1анта:
- Дада, хьуна балха т1ехь ахча схьа деллий?
- Ца делла. Сайна схьа ма делланехь хьуна ахча лур ду ас, - олу дас. Т1аккха ойла а йой, да дехьачу ваьлча, шегара жайна ден кисана дуьллу  к1анта, мелла а сиха дена ахча даийта.
Цул т1аьхьа цхьа-ши де долу. Амма дас ахча хьаг1а цадо.
Юха а хотту дега, к1анта:
- Дада хьуна кера ахча деъний х1инца а?
- Ца деана, сайна кера деъча, ас хьуна лур ду мА аьлла. Со цунна виц ма цавелла,-олу дас:
Цул т1аьхьа, цхьа – ши де даьлча, к1ентан ден ваша вог1у, шен ваша волчу. К1ант водий мара эеккха. Денвашас олу к1анте:
- Эе-ей, мел воккха хилла Ваши к1ант. Валол, куршки чохь мала хи дал, Вашина.
К1анта мала хи ло, ден вешина, стоьла йисте схьа а узий, г1ант а х1оттадо:
- Ваши охьхаа, г1анта т1е, - олуш.
Цу г1анта т1е охьа а хоий, шен вешийца кхача а боий, цхьана – шина сахьтехь кхаьрца марзо оьцуш а 1ай, д1аваха хьалаг1отту хьошалг1а веанарг. Гонаха хьаьвза к1ант. Т1аккха девешига, хотту:
- Д1аваха воллу хьо, Ваши?
-Дика 1ий со. Х1инца д1авоьду со, - олу денвашас:
Схьайохьий, цуьнан мачаш хьалха х1иттайо, г1иллакхе волий жимачу к1анта.
Цунах сакъералой, кисанара схьадоккхий, к1антана ахча ло денвашас:
- Х1оккхулл  болх бича, хьуна ахча дог1у, - олий, коьрта т1е куьг а хьокху.
Т1аккха юха воьрзий, шен вешига олу:
- Болх а бина, дика ахча деана суна кера. Хьуна оьший?
К1ентан дас, забаре а доккхуш, олу, жимачу к1антана томана:
- Дала беркат дойла хьуна цунах. Болх бича бен луш  дац ахча. Ас х1окхо санна болх ма ца бина.
Шен дас бохучуьнан  дика ойла а йой, воддий воьдий, шен ден киснара жайна схьа а дохьий, нене д1акховдадо  к1анта.
Т1аккха олу:
- Х1а, Нана, х1ара жайна хьайна деллачу моллига д1аала, жайна кисанахь лелийча  хуьлуш дац ахча. Ахча болх бича луш ду.
Цо дуьйцучух кхаьтта волу да а, деваша а г1аддвоьдий  велало, схьадоккхий цу шимма а кхин т1е ахча ло к1антана. Т1аккха олу девашас:
- Э - х1ей,  Дала дог дика де хьан дела1,  хьан коьрто оццул дика болх барна, хьуна-м дуккха а дог1ура и ахча,-  болхуш, воьлуш, д1а вахара и.

Резванова Айза

Х1ун дича хуьлуш ду ахча?

Моллин не1 туху жимчу зудчо:
- Мила ву, схьа чу вола, милла велахь а,-олу моллас, ша 1ачигара метах а ца волуш.
Чоьхьа йолу жима зуда.
- Х1ун бахьана долуш еана хьо? Х1ун оьшура хьуна?-хотту моллас:
-Со, аьттонна жайна даккхийта еана.
-Жайна доккхуш дац, яздеш ду. Охьахаа, д1о г1анта т1е. Цхьа бахьана лелор ду вай,-олу моллас.
Зуда охьахуу, дехьа лаьттачу г1анта т1е.
Т1аккха д1а кхевдий шена хьалхарчу стоьла т1ехь 1оьхкуш долу, т1ехь 1аьрбийн йоза  яздина долу кехаташ схьа а оьций, уьш кегадой, шена оьшуш долу кехат схьа а оьций, олу, зудчуьнга.
-Ц1ераш яхал хьайн а, хьайн ненан а.
-Сан ц1е Малика ю, сан ненан ц1е Малкан ю,-жоп ло зудчо:
-Дика хир ду,-олуш ручка схьа а оьций, ша схьа эецначу кехатана т1е 1аьрбийн йоза яздо моллас. Цул т1аьхьа зудчуьнга д1ало и кехат.
-Х1ара даима шен дег1аца лелийча аьтто хуьлу, ахчанах а ца хеда,-олуш:
Зудчо жайна схьа а оьций, моллина ша дала лерина ахча цуьнан стол т1е охьа а дуьллий, олу:
-Дела реза хуьлда хьуна,-  т1аккха, ара йолий, ц1а йоьду.
Шена аьттонна аьлла ша даккхийтина жайна буйна а лаьцна, йоккхаерца лелаш йолчу ненан буйнарчу кехатах б1аьрг кхета, чохь ловзуш лелаш волчу, пхи шо долчу к1ентан.
Цо хотту:
- Нана, иза х1ун кехат ду хьоьгахь дерг?
Нанас жоп ло:
- Жайна ду-кх, моллига ас даккхийтина.
- Цунах х1ун до? – Юха а хотту к1анта:
- Х1ара жайна шеца лелош волчунна т1е, дуккха а ахча дог1у.
Шен нанас бохучуьнан дикка ойла а йой к1анта, нанас и жайна охьа дуьллу меттиг  ларйой, схьаоьций и жайна, шен кисана дуьллу.
Т1аккха ша шега воккхаверца олу, шен кисана т1е куьг а тухуш:
-Х1инца суна дуккха а ахча хир ду-кх.
Иштта, цу жимчу к1анта и жайна кисанахь лелош масех де долу. Амма, цхьанхьара а т1е дог1уш ахча  ца хаало.Т1аккха цец а волий ша шега къамел до к1анта:
-Ва-х1ай, х1ара х1ун ду даъ. Нанас х1ара жайна шеца лелийча дуккха а ахча дог1у мА бохура, суна т1е дог1уш ахча а мА дац. К1ант цец ваьлла лелаш,
К1ентан да чу вог1у. Т1аккха,дега хотту хотту к1анта:
- Дада, хьуна балха т1ехь ахча схьа деллий?
- Ца делла. Сайна схьа ма делланехь хьуна ахча лур ду ас, - олу дас. Т1аккха ойла а йой, да дехьа ваьлча, шегара жайна ден кисана дуьллу  к1анта, мелла а сиха, дена ахча даийта. Т1аккха цо шена а лур ду бохург дагахь.
Цул т1аьхьа цхьа-ши де долу. Амма дас ахча хьаг1а цадо.
Т1аккха а, цец волий, дега хотту к1анта:
- Дада хьуна кера ахча деъний, х1инца а?
- Ца деана, сайна кера деъча, ас хьуна лур ду мА аьлла. Со цунна виц ма цавелла.
К1антана жайна кисанахь доллушехь, ахча кера ца дог1уш д1аоьху хан тамашийна хета. Иштта ойлане ваьлла к1ант а лелаш, к1ентан ден ваша вог1у, шен ваша волчу. К1ант водий мара эеккха.
Денвашас олу:
- Эе-ей, мел воккха хилла и. Ваши бож. Валол, куршки чохь мала хи дал, Вашина.
К1анта мала хи а ло, цул т1аьхьа девешина, стоьла йисте схьа а узий, г1ант а х1оттадой олу:
- Ваши охьхаа, г1анта т1е.
Цу г1анта т1е охьа а хоий, шен вешийца кхача а бууш, цхьана – шина сахьтехь кхаьрца марзо оьцуш а 1ай, д1аваха хьалаг1отту хьошалг1а веанарг. Гонаха хьаьвза к1ант. Т1аккха хотту:
- Д1аваха воллу хьо, Ваши?
-Дика 1ий со. Х1инца д1авоьду со, - олу денвашас:
Схьайохьий, цуьнан мачаш хьалха х1иттайо, г1иллакхе волий жимачу к1анта.
Цунах сакъералой, кисанара схьадоккхий, к1антана ахча ло денвашас:
- Х1оккхулл  болх бича, хьуна ахча дог1у, - олий, коьрта т1е куьг а хьокху.
Т1аккха юха воьрзий, шен вешига олу:
- Болх а бина, дика ахча деана суна кера. Хьуна оьший?
К1ентан дас, забаре вела а къежаш, олу, жимачу к1антана томана:
- Дала беркат дойла хьуна цунах. Болх бича бен луш  мА дац ахча. Ас х1окхо санна болх мА ца бина.
Шен дас а, девашас а бохучуьнан  дика ойла йой, д1ахьоду к1ант, шен ден кисна ша диллина  жайна схьа а дохьий, нене дакховдадо  цо.
Т1аккха олу:
- Х1а, Нана, х1ара жайна д1аэца. Х1ара хьайна деллачу моллига д1аалалахь, жайна кисанахь лелийча  хуьлуш дац ахча. Ахча болх бича луш ду.
Цо лелочух кхетий, да а, денваша а г1аддвоьдий  велало, схьадоккхий цу шимма а кхин а, т1е ахча ло к1антана. Т1аккха денвашас воккхаверца шен вешин к1ант хьостуш, олу:
- Э - х1ей,  Дала дог дика де хьан дела1!  Хьан коьрто оццул дика болх барна, кхин а т1е дог1ура хьуна ахча, дуккха а.
Иза самукъне дийцар а хуьлий лела нахана юккъехь. «Болх бича луш ду ахча»,- бохуш.

Жимниг

Б1аьстенан юьххьехь котамо даьхна к1орнеш, кхиина дог1ура. Царах цхьаъ, Жимнаг ц1е йолуш дара.  Жимнаг кест кеста н1аьнех кхайкха х1уттура, керт боьххье а йолий,-  «1уь -1уь1, 1уь -1уь -1уь1, 1уь -1уь1», - бохуш, мохь беттара цо. Т1аккха ша шех йоккхаеш, ши т1ам тухура, хилла яьллачу котаман борг1ало санна. 1уьйранна д1ах1оьттина н1аьна- к1орни делкъенга яьллера кхайкха 1емаш. Т1аккха еъъана схьа х1оьттира,  делкъа хан кхайкхо еана борг1ал.
Цо хаьттира:
-Хьо х1ун деш ю, кху керт боьххьехь?
-Со кхойкхуш ю,- жоп делира, н1аьна-к1орнено.
-Кхойкхуш юуу…. Ткъа муьлха хан ю ахь кхайкхош  ерг ?- хаьттира борг1ало.
-Со, со,- аьлла, жоп дала ца хууш йисира н1аьнан к1орни.
Цу балхах кхеттачу борг1ало, юха а хаьттира:
-Хьан ц1е х1ун ю?
-Жимниг, ю.
-Жимниг, т1аккха цкъа а, хенаш кхайкхиний ахь ?
-Со тахана 1уьйранна д1а х1оьттина, делкъа хан хиллац кхойкхуш ю,- жоп делира Жимнига.
-Ха-ха-ха. Цундела ю-кх, йиш  хаьлла. Цхьаммо а ца хьехна хьуна муха, я маца кхайкха еза.
-Ца хьехна.
-И х1ун ду ткъа, ца хьехна бохург?  Делахь - х1ета, тахана дуьйна ас хьоьхур ду хьуна,  муха, я маца кхайкха еза. Ткъа ахь дика ла а дуг1уш схьалаца деза. Барт хиллий вайшинна?
-Хила. Со реза ю, - аьлла, т1емаш а тоьхна кхайкха г1оьртина, юха а 1уь1-1уь1,- аьлла, кхосса елира Жимниг.
Юха а, борг1ал елаелира, цу к1орнийн леларах сакъераделла:
-Ха-ха-ха. Ткъа х1инца ас делкъа хан кхайкхор ю. Ахь тидам беш, ла дог1а,- элира борг1ало.
- Дика ду,- аьлла, ладог1а х1оьттира к1орни, шеен хьехархочух йоккхаеш.
Т1аккха борг1ал кхоссаелла керт т1е хьала а яьлла, кертана боьг1начу хьокха боьххье а яьлла, «ах1а – ах1а», аьлла шен аз а тодина, корта хьала а берзийна, зевнечу озаца, кхайкха х1оьттира.
- 1уь11арий-1уьй1, 1уь11арий-1уьй1, 1уь11арий-1уьй1,- бохуш, юкъ-кара са а до1уш, кхузза кхайкхира иза.
Жимниг цуьнга хьоьжуш, корта а айбина лаьттара.
Т1аккха Борг1ал шен т1емаш  тоьхна,  дега а дина, цул т1аьхьа керт боьхьера чу кхоссаелира.
Цул т1аьхьа хаьттира н1анан к1орнега:
- Т1аккха, Жимниг,  реза юй хьо вайн балхана?
Жимниг кхоссаелира, т1емаш а тухуш:
- Реза ю. Хьан йиш елахь дешар х1инца д1адоло лууш ю со.
- Вайшимма дешар д1адолор ду, т1аккха. Хьалха ас хьуна хьоьхар ю хенаш. Денний, буьйсанний юккъехь моссаза кхайкха еза дуьйцуш. Т1аккха хьаша вог1уш, кхаъ кхайкхо хьоьхар ду. Х1инца ахь ла дог1а соьга лерина. Денний, буьйсанний юккъехь уьссаза кхайкха еза.
Уггара хьалха: Таханалера де-буьйса чекх а даьлла, кхане йолалуш шозза кхойкху, буьйсанна шийтта сахьат даьлча. Шолг1а кхойкху хьо, 1уьйкъанна кхо сахьт даьлча. Кхозлг1а кхойкху, 1уьйранна ялх сахьат  даьлча . Доьазлаг1а кхойкху, де делкъенга доьдуш, исс сахьт даьлчи. Пхоьазлаг1а,  делкъе кхайкхайо, шийтта сахьт даьлча. Ялхазлаг1а, делкъал  т1аьхье кхайкхайо, кхо сахьат даьлча. Ворх1алг1а, суьйранна ялх сахьат даьлча кхойкху. Барх1азлаг1а, исс сахьат даьлча, адам чу дирзиначул т1аьхьа.  Уьссалг1а,  буьйса юккъе яг1ар кхайкхадо, буьйсанна шийтта сахьт даьлчи.  Юха а шозза кхойкхуш, кхане йолайо.

Хенаш кхайкхош корта хьала берзо беза, х1инцца делкъе кхайкхош ас санна. Х1инца хьаша вог1уш  кхаъ кхайкхорах дерг дуьйцур ду ас хьуна. Хьаша варах хаам беш, керт боьххье яла ца оьшу. Цунах дерг х1усама чу а йоьрзий кхойкхуш хьо хилча, х1усаман да а, нана а кхета. Цул совнаха,  дика борг1ал ехачу  кертахь, кхечу керташкара борг1ал кхойкхур яц. Кхин борг1ал хьо ехачу кертахь кхайкхар, цо хьан кертахь дола дар ду. Кхин борг1ал хьайн котамашна а, кертана а дола дан а, улле хьийза а кертахь йита ца еза. Ша ехачу кертана а, шеен к1арийна а дола деш хила еза дика борг1ал. Иштта ца хилча, кхечу керташкара борг1ал ян а йог1ий, хьан кертахь олалла деш, к1ара д1а йоккху борг1алера. Т1аккха, «шеен к1арина а, котамашна а дола деш йоцчу борг1алах кхин бала пайда бац, яйчу тасар бен»,- олий, х1усаман да сиза яйчу тосу. Иштта бу вайн кхоллам а, дахар а. Реза юй хьо, цу балхана.
Жимнига сиха жоп делира:
- Со реза ю, вайн кхолламна а, кертана дола дан а, хенаш кхайкхо а, хьешах кхаьънаш даха а, нагахь сох к1иллуо н1аьна хилахь, со яйчу тасийта а!


Рецензии