Папк 28 август 2025

Хьайбаха

Хьо - м лаьтташ ю Хьайбаха!
Ца беш хам цу мостаг1ийн...
Кхуьуш, хазлуш, хьайн шуьне,
Боьхуш, мерза доттаг1ий...

Айхьа лайна баланаш,
Йайна аьрчо, къизалла,
Ахь лечкъорах замано,
До бакъ долу тоьшалла...

Хьан доьзалех к1ожам беш,
Мостаг1аша багинчу...
Харц тоьшалла даржадеш,
Хьан сий дайъа г1иртинчух...

Уьш - м г1овттар бац хьо санна,
Денбелла кхин, Хьайбаха...
Я юьхь хир яц эхартахь,
Нуьре хьанчух къегина...

Кхин ма гойла Хьайбаха,
Цкъа а хьуна и бала!
Хьан ирс хуьлда заманца,
Маьрша, машарца яха!

28.04.2019.

Иорданерчу нохчийн б1евнах...

Дог доьлхуш хьоьжу со,
Белахь а сов хаза ларам.
Сан дагчохь тийжа - кха,
Йижарех бисина лазам...
1ийжа сан ойланехь,
Дайн дегнаш диъна сингаттам,
Цу б1евно денбо сан,
Юху а, вежарех тешам...

Бехкаш дац сан даха кххолламах,
Вай махках къаьстана...
Акхаллех цадулуш,
Даймахке сатуьйсуш дахарна...
Адамалла зуьйш Дала,
Даьккхина нохчийн къам пана,
Дуьненна йовзийта лерина
Нохчийн сийлалла!

Р.А.
Дала сий дойла хьан сий
динчу халкъан а, сан Нохчийн Къам!
*****

Сан хьоме ,,Нохчалла - Адамалла" тоба,
Ларам бу сан шуьца,
Ду дан дозалла.
Г1иллакхе, собаре,
Соьца хиларна,
Даггара баркалла
Боху ас шуна!
Делахь а вайн некъаш
Цхьана ца дог1у,
Амалаш йелахь а
Вовшашца йог1уш.
Доьху ас, шу суна къинт1ера довла!
Тидмаза, низаман
Терза дуохорна.
Со - м шуьца 1ийр йара,
Шуьца д1а ийна.
Делахь а, х1ун до ас,
Новкъарло йина??
Вайн некъан лехамаш
Цхьана ца дог1у.
Цундела даго шен
Лааме йоьху.
1одикайо ас шун,
Шу марша 1ойла!
Йуху а маршонца
Хуьлда вайн гойла!
Шаьш дагалаьцнач т1ехь,
Шун аьтто бойла!
Х1инца вайн къастар а,
Беркате дойла!

Ларамца, Резванова
Айза!
*****

Резванова Айза
Даьрг1а

Ма хьоме йу - кха, хьо,
Сан дагна Даьрг1а!
Йийцарехь бен гина йоццушехь б1аьрга.
Ца кхаьчнашехь м1аьрго,
Хьоьца хан йаккха.
Ас дагчохь безамца
хьан суьрташ хьоьсту.
Марзонца тхан дайша дехкинарш дагчу.
Ког биллал хьан латта, дешил а даздеш,
Тхан дайша лийрина,
Дайн безам, Даьрг1а!

Йиш хилча сан г1атта,
Аьрзунах т1ома,
Хьевзара йара со доггаха
хьан лекхчу лома.
Хьан сирла Яьсса хих
цкъа кийра 1абийна,
Дайн мерза марзонца
Хьан 1алам хьаьстина.
Дузур дара ас дахар,
Дог хьегначу ирсах.
Тхан дайша лийрина,
Дайн безам, Даьрг1а!
*****

Луохьа суна цхьа де серла даккхий,
Дуззуш доттий хьайн б1аьргийн нур чу.
Суо мел йеха, дахар ирсах кхала,
Сан са къагош, малх хир бар - кха и.

Сан 1уьйренаш маьлхан з1аьнарш 1иэнаш,
Кхочур йара, денна сан даг чу.
Ткъа суьйренаш, йоь1ан беснех лепаш,
Лаьттар йара, малх ца бузуш чу.

Б1аьргаш маьлхан дог1а бен ца девзаш,
Къиэгар дара, дуьйлуш седарчех.
Буьйса сирла бетта сих са хьерчаш,
Сиэгар йара, бода д1а къехкош.

Хьан б1аьргийн нур, лоруш деза саг1а,
Йехар йара мел сабохуш хьан.
Массо сина кхачош цунах дакъа,
Массарца а доькъуш сирла са.
*****

Резванова Айза
1аьржа яг1у….

Шерашкахь  ц1ерга  х1иттина, даьгна, 1аржделла, доккха ялг1у хьалха диллира, несо, мардена. 
– Дада, ахь цу ялг1у чохь юуш, чомахь  хета юург олу дела, дилли-кх ас и хьуна хьалха, – элира т1аккха. Цул таьхьа, шен мардена х1ун тов хьоьжуш, сецира.
– Дела реза хуьлда хьуна!  Цу ялг1у чуьра кхечу пхьег1ий чу йиллича, чаммаза йолуш хета суна и  юург, – элира воккхачу стага. ТIаккха шега ладоьг1уш лаьттачу несе д1а а хьаьжина, – парг1ата хила хьо, х1инца,  –  аьлла, вистхилара. Ша, паднар т1ехь, хьала а хилла, чуччу когаш а боьхкина, д1а а нисвелла, х1ума яа хиира. Цул т1аьхьа, паднара йистехь хиина 1аш волчу,  ялх шо кхаьчначу, к1ентан к1анте, д1а а хьаьжина, элира цо:
– Ислам, схьавола, дадийца х1ума  яа хьайна.
– Ца еза суна Дада. Вуьзина ву со, – элира, жимачу к1анта. 
 Воккхастаг, Бисмалла а аьлла, цхьа безамехьа ялг1у чу а хьаьжина, х1ума яа волавелира. Цхьана куьйга схьалаьцначу хьокхаман юьхках, вукху куьйга жима-жимма схьа а боккхий, ялг1у чу а 1уттий, д1акхоллура цо.
Дуьххьара ша юург кхаьллича, леррина цу ялг1у чу а хьаьжина, байй корта ластийра цо.  Т1аккха к1еззига балда а озош, вела  къежира. Юха а кхаьллира, хьалха санна. Т1аккха, сих ца луш, б1аьргаш  ялг1у чу хьежа а дуьтуш, меллаша мочхалш меттах а хьедеш, ойланашка ваьлла, 1ара. Т1аккха а, б1аргаш цу ялг1у чу доьгIна дуьтуш, юург д1а а кхаьллина, ша 1аччохь техкира, ойланашка вахана. Шен тидам беш волу к1ант а ца гора цунна. Ц1еххьана, ялг1у чу хьоьжуш долу, цуьнан б1аьргаш, цхьана х1уманах тасаделча санна, цхьанаметтехь севцира, к1еззигчу ханна.  Т1аккха, г1ийла вела а къежна, шен буйнара  хьокхаман юьхк  охьата11ош, маь1-маь11ехула цу ялг1у чу а хьаькхина, и ерриге  а марзо ша схьагулйича санна, д1акхаьллира цо.
Ислам,  цуьнан тидам беш а 1ийна, цо юург марзъелла, хIума яа тIехилира. Жимма 1ийна, дедега д1ахьаьжча,  цуьнан  б1аьргаш чохь,  къегина хиш гира цунна.
Ислам ца кхийтира цуьнан велакъежарах а, ойлане вийларх а, б1аьргаш чохь къегинчу хих а. 
Цул т1аьхьа дуккха а хан-зама  д1аелира. Воккхалла, Исламе кхаьчнера. 

Доьзална вукъвеллера Ислам.
Гон генаш а тийсина, шорделла, ирахдаг1ана,  лаьттара цуьнан хенара кхуоран- дитт а.Вехха 1ийра Ислам цу дитт к1елахь, ойланаш йеш.
- Дада, х1ума йаа чу вог1ий хьо? – аьлла, вистхилира Исламан к1ента к1ант.
-Х1аъ, д1авог1у. чу г1уо хьо,элира, востага.
Ислам чу кхаьчча цуьнан доьзалаш а, доьзалийн доьзалаш а х1ума яа стоьла гонаха гулбеллера. 
Т1аьхьарчу заманахь аттачу даьллера дахар. Х1ума юуш йолу чоь, нускал санна д1акечйина лаьттара. Юккъе х1оттийна куьзга санна къегина, еха стол яра. Керла, цакаглучу аьнгалийн, пхьегIаш яра, стол т1е  х1иттийна. Мичча хенахь а бес-бесарчу юургех юьзина лаьтташ яра стол. Хьалха санна ц1ерга яй, ялг1у а х1иттош, кечбеш бацара кхача. 
Кедахь, я бошхепахь, шен-шенна товчу чомехь, цхьанна я шинна яъъал, тоькаца йолчу духовки чохь йохъеш, буйна 1айг, м1арий а лоций, юучух хьакхабелча п1елг бехбаларна кхоьруш санна, шен-шенна хьалха лаьттачу бошхепа а юьллуш, юуура, х1орамма. Цу кхачанех чам кхеташ вацара Ислам. Цунна кест-кеста дагадог1ура, х1етахьлера  доккха ялг1у. Т1аккха, меллаша волавелла, цхьаннига  х1ума ца олуш, лелош йоцу сал-пал д1айиллиначу  уоти чу вахана, пхьег1аш кего вуьйлира иза. Шерашкахь т1е-к1ел йохкуш гулъеллачу пхьег1ашна буххахь карийра цунна, ша лоьхург. «Керла юкъаевлла пхьегIаш дукхаелахь а, хьоьга кхочуш пхьегIа  яцар-кх, соьга хаьттича», – бохуш, цунах воккхвеш, ялг1у дохьуш, чувеъначу воккхастага, элира:
– Зуда, х1окху ялг1у чохь жижигца картолаш кхарзахьа, ас ламаз дешшехь. Ма чомахь хуьлур-кх цу чохь кечбина кхача. Мацах, лулахой хьошалг1а а кхойкхура цу кхачанан хьожано,-аьлла, дехьа велира иза. 
Цуьнан х1усамананас, мало ца еш, сихха ялг1у ченех ц1андеш, хица дила а дилина, ц1ийдеш жижигца картолаш кхерзира, т1ехула хох а тосуш. Ислама ма-бохху, цхьа хазчу чомехь, схьаелира юург. Шен дедас аьлларг дагдеъча санна:
– И ялг1у схьадалахь, суна хьалха. Кхечу пхьег1ий чохь чам кхетар бац суна, – олуш, стоьла йисте вахара иза. Доьзалаш хьала г1евттира, жима а, воккха а. Ислам даима ша охьхуучу, стоьлан коьртехь охьа хиира, доьзалшка,- охьаховша олуш. Т1аккха, и даьгна, 1аржделла, доккха  ялг1у, цу къегинчу стоьла т1е, Исламана хьалха диллира х1усамнанас. Доьзалаш цхьабоьсса д1а хьевсира цуьнга. Б1аьргашца, цхьа мерза, цу ялг1у чу хьаьжира Ислам. Т1аккха, шен даг чохь воккхавер долуш, Бисмилла а аьлла, х1ума яа волавелира, цу юуучуьнан чам боцург, дерриге  диц а дина. 

Ша дуьххьара д1акхаьллича, и чам тайна, г1ийла корта а лестош, д1асатехкара иза. Цунна дагавеара шен деда. Х1инца суна санна, чам тайна хилла-кх цунна х1етахь, аьлла, велакъежира иза. Юха а д1акхаьллира. Т1аккха, цу ялг1у чу а хьоьжуш, шен багахь ерг 1уьйшуш, генара жималла дагатесира цунна. Дагавеара шен деда юха а. Иштта дагалецамаш хилла-кх иза х1етахь ойлане вохуш хилларш. Цундела хилла-кх цуьнан велакъежар...  ойлане велира иза, х1етахьлера суьрташ дага а лоьцуш. Т1аккха, б1аргаш севцира цу ялг1у чохь, ц1ийелла бухлеттачу картол т1ехь. Лерина цу картоле хьоьжуш, 1ара иза, вела а къежаш. Цунна гора, шен жимачу вешин а, йишин а, кегий куьйгаш, цу ялг1у чохь бухалетта, ц1ийелла картолаш схьаяха тийсалуш. Т1аккха, охьта11ош, цу ялг1у чу а хьаькхана, цхьа мерза-марзонца,  д1акхаьллира  цо  шен буйнара бепиг- юьхк. Ц1еххьана, юьхь-сибат хийцаделира Исламан. Ненан к1ай ши куьг х1оьттира б1аьргашна дуьхьал, цу ялг1у чу летта йолу картолаш схьа йохуш, уьш шайна схьа кхийдош.
Б1аьргаш чу хи х1оьттира, легашка хораман шад а беана. Юха а шен деден б1аьргаш дагадаьхкира, хих дуьзина хилла. Т1аккха ялг1у чу а хьоьжуш, ойланашка вахара иза. Х1ара марзонаш хилла-кх, цо х1етахь, вела а къежаш, б1аьргашца цу ялг1у чуьра лехьош хилларш. Х1ара дагалецамаш хилла-кх иза ойлане вохуш, цунна хьалха х1иттинарш. Къастаран къахьо хилла-кх, х1етахь цуьнан б1аьргаш чохь, къегина хиш гулдинарг, бохучу ойланашца сацавелира иза, ялг1у чу а хьоьжуш. Юха, жимма балда а озош, доккха са а даьккхина, г1ийла мочхалаш метах хьедан волавелира. Мацах цкъа шен дедега хьоьжуш 1ийна Ислам санна, кхуьнан тидам беш 1ийна, к1ентан к1ант, шен г1ента т1ера хьала а г1аьттина, Исламна т1е а вахара. Цуо цу ялг1у чу а хьаьжина, хаьттира:
– Дада, хьо цу ялг1у чу а хьожуш, цкъа велакъежаш, т1аккха велха г1ерташ ма  хуьлу?   Х1ун ду цу чохь хьуна гуш дерг?- аьлла.
Вокхстаг к1анте д1а а хьаьжина, жима велакъежира.
Т1аккха элира:   
– Кху ялг1у чохь дуккха  а х1уманаш ду, дадина гуш. Хьуна гур дац цу чохь дерг, цкъачунна.Тохара со, хьо санна жима волчу хенахь, тхан дедена гора цу чохь дерг, суна ца гора. Кхано, хьо сан хене вахча, х1окху ялг1у чохь х1ума яа хьо хиича, хьуна а гур ду,  – элира Ислама, шен т1унделла б1аьргаш дела а къежош. Жимачу к1анта, цец а ваьлла, элира :
– Ва, х1ай! Оццул дукха 1ен веза теша со, цу чохь дерг х1ун ду ца гуш? 
Воккхачу стага ойла а йина, элира:
- Т1аккха а, хьуна кху ялг1у чохь и сан дог хьоьстуш, я б1аьрг белхош долу сарташ гур дуй  хаац, кху цхьана ялг1у чохь, доьзало вовшеха оьцуш йолчу мазонан чам бевзина ца хилча. 
Т1аккха дийхира к1анта:
- Нана, тхан дехар ду хьоьга, кечбехьа тхуна цу ялг1у чохь, марзонан кхача. Ма мерза бу-кх, цу дадин б1аьргаш чохь гуш болу дагалецамаш.


Рецензии