28 август. 2 папк
Къуонахалла уоза терза а дац.
Ладег1арх, нохчалла шен дагца йоцчахь,
Йохка, йа иэца а йахь карор йац.
Резванова А.
Ларамца!
*****
Х1ора а шух доккха дакъа долуш ву (ю) 1илманан аг1онгахь, литературехь, журналистикехь, музыкехь. Мел боккха ницкъ хилла хазчу дешнашкахь, г1илкх-лерам хиларехь. Шуьца долу гергарло а, уьйр-марзо а йацахьара, айса хьоьгаш долу къа хьоьгар доцийла хаьа суна. Нохчийн интелегенцийн карахь йаккхийн таронаш йацахь а, - ондда ницкъ бу цуьнгахь - иза лаккхара кхетам бу! Дела реза хуьйла шуна массарна Шерипах, сох а довха дош аларна, Дала саг1а дина, къобал дина т1еоьцийла шун ният!
Х1ора а шух доккха дакъа долуш ву (ю) 1илманан аг1онгахь, литературехь, журналистикехь, музыкехь. Мел боккха ницкъ хилла хазчу дешнашкахь, г1илкх-лерам хиларехь. Шуьца долу гергарло а, уьйр-марзо а йацахьара, айса хьоьгаш долу къа хьоьгар доцийла хаьа суна. Нохчийн интелегенцийн карахь йаккхийн таронаш йацахь а, - ондда ницкъ бу цуьнгахь - иза лаккхара кхетам бу! Дела реза хуьйла шуна массарна Шерипах, сох а довха дош аларна, Дала саг1а дина, къобал дина т1еоьцийла шун ният!
*****
Рамзан Даудов ву жоп делларг.
*****
Шарип, иштта говза, даггара, коьртаниг-нийса дош Даудовх аларна баркалла хьуна!!! ;;;;
Шерип, марша вог1ийла хьо!
Рамзанан корматалла а, пох1ма а ахь дика довзийти, цу заманахь хилла иллешкахь цуьнан аз лиэха ойла кхуллуш. Делахь а шен къомана совг1аташ дан лериначу адамана карадо шен - шен заманчохь, къомана пайденна дерг. Х1етахь иллеш аларал а мехала хета суна цул т1аьхьа Рамзана бина белхаш. Рамзана масех гулар йаьккхира ара нохчийн халкъан мукъамаш т1ехь болуш а, нохчийн авторийн мукъамаш т1ехь болуш а. Шена хааре терра мукъамийн аьзнаш, муьлххачу а пондаран аьзнаш девзаш волчу пондарчана, цу киншки т1е хьежча, нохчийн мукъам пондаран аьзнашка баккха таро хир йолуш, т1алам бина цуо. Иза иллеш олуш хиллехьара цуьнан и мехала белхаш бан хан хир йарий хаац.
Шерип, ахь Рамзанах аьллачу хазачу дешнашна, к1еззига сайна хетарг а т1е туоха лиъна йазди ас и. Суо цу балхах йоккхайеш хиларна. Дела реза хуьлда Шерип, хьуна а, Рамзанна а. Шу ду Нохчийн къоман онди гаьннаш, адамашна мерза мутт дуьйлу стоьмаш луш долу.
Дала сий дойла шун!
Йишин ларамца, Айза!
*****
Гулделлачу шерех некъ буцуш,
Къаналлехьа г1ад г1ерта.
,,Къаналла шеца ца йог1у",
Бохуш дог йуху г1ерта.
Ткъа зама йуху ца йолу,
И кхин д1а шерех хьерча,
Кхузткъа шо к1езиг хан лоруш,
Сан ойла дахаре лаьтта.
*****
Аьхке йу рог1ехь йерг,
Заманан некъехь,
Дериг а беркат ду - кх,
Лаьтта т1ехь хьиэкъаш.
Малхо шен йовхонца,
Хьоьстуш, и диэба,
МашаАллах1! Адамаш
Ца дита меца.
*****
Буьйсано кхехкий тхо,
Дуьненан йай чохь.
Сахиллачул т1аьхьа,
Лахйели товха.
Хуур ду - кх, йуху пеш
лато мега дийно,
К1еж йаккхийта, дог - пах,
Ца дуьтуш буьйда.
*****
Буьйсано кхехкий тхо,
Дуьненан йай чохь.
Сахиллачул т1аьхьа,
Лахйели товха.
Хуур ду - кх, йуху пеш
лато мега дийно,
К1еж йаккхийта, йалта
Ца дуьтуш буьйда.
Аьхке йу рог1ехь йерг,
Заманан некъехь,
Дериг а беркат ду - кх,
Лаьтта т1ехь хьиэкъаш.
Малхо шен йовхонца,
Хьоьстуш, и диэба,
МашаАллах1! Адамаш
Ца дита меца.
*****
[22.07, 08:56] Айза: Аьчкан г1оьмаш - кугашна тоьхна эчиган буржалаш.
Буолата буржалаш - набахтехь куьйгашна тоьхна эчиган х1азарш.
Набахтийн т1апа куй - набахтехь лелон куй.
*****
Жималла, жималла,
хьо гена мел йели,
Нур серла дуьйлу
хьан, къаналлийн
б1аьрг хьиэгош.
Жималла, жималла,
самукъа долу сан,
Хьох 1иэнна и дешийн
буьртигаш схьа лиэхьош.
Жималла, жималла,
ахь хилла 1иэхадеш,
Муттийтуш даима
самукъа лаьттар ду,
Амма хьо жималла,
Дахаран цхьа дакъа.
Да - висарг, хьо сацо,
Хьан т1емаш хедийна.
Жималла, жималла,
Дахаран чиркх сирла,
Къагалахь хьо иэсехь,
Къаналлийн са хьостуш.
Ахь лучу серлоно,
Г1адехь г1ор туоладеш,
Къаналла къегар йу,
Хьох олу дош хаздеш.
.....
Йаханчу ханна са ма гатде,
И йуху йоьрзур йац кхин.
Д1а ихна денош ма дагарде,
Царах кхин оьцур дац рицкъ.
Йог1учу заманна тергойе...
Т1алам беш х1ора м1аьрго,
Хьайн иэсан урчакх т1е хьовзайе,
Дахарах оьцуш марзо.
Дуьненахь денйели 1уьйре,
Нур даржош, малх а г1аьтти.
Самадаьлла 1алам а зевне,
Аьзнашца диэкадели.
Мерза ду, мерза ду дахар,
Дог хьостуш ду х1ора сирхат.
Ма биталаш ца беш т1алам,
Къагаде х1ора са ирсах.
08:25
19.06.2025
Резванова Айза Арбиевна писатель, поэт, прозаик, сказачник, песенник, композитор, публицист.
Родилась 14.10.1963 году в Урус - Мартановском р-не. Творчество Айзы началось в детстве. Писать стихи начала ещё в 6 - м классе, на чеченском и на русском языках. На страницах разных газет и журналов, в общих авторских книгах были напечатаны стихи, рассказы, сказки написанные Айзой Резвановой.
Её песни исполняют професиональные исполнители ЧР.
О творчестве Айзы можно говорить и слушать бесконечно.
Первая книга под названием ,,Сила любви" вышла в свет в 2011 - м году. Все эти годы Айза не переставала писать и радовать любителей своего творчества.
В скором времени Айза собирается выпустить сразу две книги: Детская книга, под названием ,,Самадовла зезагаш" на русском языке -
,,Просыпайтесь, цветочки", и книга ,,Меттан марзо" на русском языке - ,,Сладость языка".
Будем ждать выпуска её новых книг.
Ин Ша Аллах1!
Шерачу аренгахь,
Мехаш а лоьцуш.
Таьхкачу зезагийн
,,Ирс йа1 хьан" олуш,
Т1ех волу хийла а,
И зезаг хьостуш.
Ткъа зезаг ма лаьтта,
Малхо жазз хиэбош,
Дог1ане сатуьйсуш,
Г1ад мархал иэгаш.
Т1аьххьара дисина
Син - г1ораца лиэпаш,
К1айн полла, шен цергахь,
Цкъа ган сатуьйсуш.
Резванова Айза
Ахьмад - хьаьжина лерина.
Хазаза-м дацара, цу маьлхан бенах,
Я газа дацара, беркатан дебар.
Къера ю хьогамна, б1аьрг хьаста лиънера,
Сина герга марзонга сатийсам хиллера!
Цу юьртахь кхиънера къонаха мехкан,
Во1, ваша, дика да, вайн нохчийн къоман.
Ца хеташ шен халкъан маршонан меха,
Цо са д1а деллера, ца кхоош дег1ан.
Къийсамехь толамах ойланаш тешош,
И дага вийлинчу лаьмнех б1аьрг тоха.
Сил мерза и безам даймахке кхуллуш,
Цуьнан дог дузийна, марзонаш йовза.
Ахьмад -Хьаьжа жималлехь хьистина латта,
Доггаха сий дина, куьг хьокхуш, хьаста.
И къонах кхиинчу гуонах б1аьрг тоьхна,
Мохь тухуш, сайн деган хорамаш баста.
Даймехкан сий динчу къонахийн хьаьттахь,
Ахьмад -Хьаьжа хьалхарчу мог1арехь лаьтта.
Декхар ду, цуьнан ц1е яькхинчахь халкъ а,
Цуьнан сий-ларам беш, х1олламех латта.
*****
Резванова Айза
Ахь х1ун дуьйцу?
Къаста деза бохург?
Деган безам…!
Са чохь доллург…!
Муха…?
Сел гергара…,
Гена яьлла хьега…,
Мичахь леха беза даго ницкъ а?
Гиний хьуна, къаьсташ
1уьйре малхах,
Ц1ергахь йогуш,
Мархех 1енош хи.
Ткъа айделла,
Ша хьоьстуш де леларх а,
Cихлой суьйренга д1акерча и.
Дехарш деш,
З1аьнаршца когех хьаьрчаш,
Суьйре сецош,
Ц1елла керчарх малх.
Суьйре йоьду,
Буьйсанах д1аэелой,
Кхоллам боцчу
Безамах тарлой.
***
Резванова Айза
Ахь х1ун дуьйцу?
Къаста деза бохург?
Деган безам…!
Са чохь доллург…!
Муха…?
Сел гергара…,
Гена яьлла хьега…,
Мичахь леха беза даго ницкъ а?
Гиний хьуна, къаьсташ
1уьйре малхах,
Ц1ергахь йогуш,
Мархех 1енош хи.
Ткъа айделла,
Ша хьоьстуш де леларх а,
Cихлой суьйренга д1акерча и.
Дехарш деш,
З1аьнаршца когех хьаьрчаш,
Суьйре сецош,
Ц1елла керчарх малх.
Суьйре йоьду,
Буьйсанах д1аэелой,
Кхоллам боцчу
Безамах тарлой.
***
Сирла бутт ма къега...
Буьйса хьоьстуш,
Седарчий д1аухку,
Кечъеш и.
И-м безам бай,
Хиларх к1ай я 1аьржа,
Даго къастийнарг бен,
Ца гуш кхин.
***
Гена вели, селханал а гена,
Даго вицви, бицбеш лазам шен.
Вай девзина де а, диси деса,
Мелан кховдо х1умма доцуш шех.
Д1о стиглара, седа нуьре къега,
Тов и цуьнгахь, даге кхийдош кхаъ.
Амма безам, ахь кхин цкъа ма бийца,
Тешам боцчо хьехо бац и хьакъ.
***
Собаре, оьздачух,
Лам санна, собаре,- олу,
Зоьрттала, тоьллачух,
Лам санна куц долуш,- олу.
Ницкъ болуш, майрачух,
Лам санна доьналлехь,- олу,
И дериг хилчи хьох,
«ламан к1ант» х1унда ца олу?
****
Жималла, жималла,
хьо гена мел йели,
Нур серла дуьйлу
хьан, къаналлийн
б1аьрг хьиэгош.
Жималла, жималла,
самукъа долу сан,
Хьох 1иэнна и дешийн
буьртигаш схьа лиэхьош.
Жималла, жималла,
ахь хилла 1иэхадеш,
Муттийтуш даима
самукъа лаьттар ду,
Амма хьо жималла,
Дахаран цхьа дакъа.
Да - висарг, хьо сацо,
Хьан т1емаш хедийна.
Жималла, жималла,
Дахаран чиркх сирла,
Къагалахь хьо иэсехь,
Къаналлийн са хьостуш.
Ахь лучу серлоно,
Г1адехь г1ор туоладеш,
Къаналла къегар йу,
Хьох олу дош хаздеш.
.....
Йаханчу ханна са ма гатде,
И йуху йоьрзур йац кхин.
Д1а ихна денош ма дагарде,
Царах кхин оьцур дац рицкъ.
Йог1учу заманна тергойе...
Т1алам беш х1ора м1аьрго,
Хьайн иэсан урчакх т1е хьовзайе,
Дахарах оьцуш марзо.
Дуьненахь денйели 1уьйре,
Нур даржош, малх а г1аьтти.
Самадаьлла 1алам а зевне,
Аьзнашца диэкадели.
Мерза ду, мерза ду дахар,
Дог хьостуш ду х1ора сирхат.
Ма биталаш ца беш т1алам,
Къагаде х1ора са ирсах.
08:25
19.06.2025
*****
Маьлхан бен
Айза Резванова
Хазаза-м дацара, цу маьлхан бенах,
Я газа дацара, беркатан дебар.
Къера ю хьогамна, б1аьрг хьаста лиънера,
Сина герга марзонга, сатийсам хиллера!
Цу юьртахь кхиънера, къонаха мехкан,
Во1, ваша, дика да, вайн нохчийн къоман.
Ца хеташ шен халкъан, маршонан меха,
Цо са д1а деллера, ца кхоош дег1ан.
Къийсамехь, толамах ойланаш тешош,
И дага вийлинчу лаьмнех б1аьрг тоха.
Сил мерза, и безам Даймахке кхуллуш,
Цуьнан дог дузийна, марзонаш йовза...
Ахьмад -Хьаьжа жималлехь хьистина латта,
Доггаха сий дина, куьг хьокхуш, хьаста.
И къонах кхиинчу гонах б1аьрг тоьхна,
Мохь тухуш, сайн деган хорамаш баста...
Даймехкан сий динчу къонахийн хьаьттахь,
Ахьмад -Хьаьжа хьалхарчу мог1арехь лаьтта.
Декхар ду, цуьнан ц1е яьккхинчахь халкъ а,
Цуьнан сий-ларам беш, х1олламех латта.
Ткъа тахна Ахьмадан во1 малхах г1аьтти,
Дикчу ден даггара, нохчийчоь хьаьсти...
Ден лаам кхочуш беш, сий лаккха айди...
Дуьненна вайн къоман сий-ларам гайти.
Делаца гергарло Рамзана ч1аг1ди,
Маьждигаш тадина, хаздеш, д1ах1иттий.
Берийн дог хьастар а, шоллаг1аниг лерий...
Уьш ирсах кхелина, седарчех къагий.
Самукъне ду махкахь, б1аьстенах сирла...
Полларчех айделла, адамаш лела.
Делера къинхетам, совг1ат цо делла...
Рамзан, вайн Дала Ша, хьо 1алаш войла!
Сан Даймохк, ирс бухах дуьйлу хьост мехкан,
Дебийла хьан беркат,
са дуьйлуш денна...
Ийманехь кхуьийла,
яхь йолу доьзал,
Нохчийчохь, машаре малх бог1уш серла.
*****
@m.alievw Ирсе ву - кх, Делаца гергарло дерг. Алхьамдулиллах1! Дела Ахь деллачунна а, лундолучунна а олуш, болх доггуха Далла т1е буьллуш верг, Дала саготта вуьтур вац. Дала Ша реза волчу тобанах дойла вай! Да - Нана Дала дукху дахадойла долучарна! Доцчарна Дала собал лойла!
***
Две стол.лож.луковая шилуха и две стакан воды. кипятить 5 мин.
***
Резванова Айза
Воьвзара вара
Воьвзар ву хьо суна,
Эзара шо даьлча а.
Йуьхь - сибат ца довззал,
Б1аьрса галдаьлча а.
Дериг а дицделла,
Иэс сан зарзделча а,
Хьан амат ца дицлуш,
Ас дагчохь кхаьбна.
Воьвзар ву хьо суна,
Б1еннашна йуккъехь а.
Генарчу бераллийн,
Мерзачу озехь а.
Дахаран мехаллаш,
Дахкарлахь йисча а.
Хьан амат ца дицлуш,
Ас дагчохь кхаьбна.
Воьвзар ву хьо суна,
Абаде кхаьчча а.
Седарчех къегина,
1аьршашкахь вайча а.
Безамо самадохуш,
Б1аьргийн нур денна.
Хьан амат ца дицлуш,
Ас дагчохь кхаьбна.
Хьан амат ца дицлуш,
Ас дагчохь кхабар,
Ма дара, безаман
Уьйрах ца хадар.
2025
***
Рабик фирли,
Рабик фирли.
*****
Вархьамми, вах1дини, ваджбурни, ва 1афини, варзукъни, варфахьни.
***
Хьан сибат цагуша тхьовсар.
Дlагlур йу рогlар буьйс.
Йехар йу дели хьо сайна
Йаитар гlенахьа хьо.
Резван Акиев
.................;
***
Хьо йоцчу воьду со,
Дlа вахча хьо хуьлу соьца.
Хьо йоцче воьду со,
Дlа кхаьччи хьо хуьлу дагчохь.
Хьо йоцуш ца мегаш,
Со хьуна сагатдеш лела.
Хилахьа хьо дика,
Доьху хоьга хьоме Айза.
Р.Акиев
***
Мисарбуолато т1е оьцу муьлхха,
Мекха лаьцна хьостам д1а ца хоьцуш.
Цунах тера ма хилахьа дог хьан,
Безам боцчахь йоцу йовхо лоьхуш.
***
Хьо йоцчу воьду со,
Дlа кхаьччи хьо хуьлу соьца.
Хьо йоцче воьду со,
Дlа воьдуш хьо йуьгу сайца.
Хьо йоцуш ца мегаш,
Со хьуна сагатдеш лела.
Хилахьа хьо дика,
Доьху хоьга хьоме Айза.
Р.Акиев
***
***
Прибывает река и водою
На вершинах становится лёд.
Как положено ранней весною,
Соловей в ветках терна поёт.
Травы злаками тонкими всходят,
Зеленея на глади земли.
Умирают одни и уходят,
Чтоб другие за ними пришли.
Потому, что такая работа
У крылатых посланцев небес,
Чтоб законами круговорота
Мироздание зиждилось здесь.
От верхушки дворовой сирени,
Распускающей почки к весне,
Видишь, как расплетенные тени
Отступают к кирпичной стене.
Потому что сквозь тучи седые
Смотрит солнце в расщелины глаз,
Чтобы снова лучи золотые
Обманули сиянием нас.
И не жаль, что они обманули,
Только горько, что с каждой весной
Годы жизни, как медные пули,
Догоняя, свистят за спиной.
Распускаются почки весною
И сирень молодая цветёт.
Прибывает вода и рекою
На вершинах становится лёд.
***
На один желток тритаб.асперина и одну ч.ложку соды пиш. И нанести на кожу.
***
Свидетельство о публикации №225082801234