28 август 03

Ас хаьттарш до... - аьлла, 2007 - чу шарахь, сайн дагахь, дика байт йазйинера ас. Мухху делахь а, Гакаев 1аьрбис цу байтан амал хуьйцуш, забаре байт йазйинера ,,Айзига" аьлла. Цкъа а, сайн байтах и ца вашар санна хийтира суна.(Ма дарра дерг ду иза). Йуху а ойла йича, цуо забарна и йазйиний хууш, ойла серла йаьккхина, цу дуьхьал, забарийн байт йазйира ас. И кхоьа байт а ,,Маршо" газетехь зорбане йаьллера. И суна хаале, тхан ишколехь хиллачу хьехархоша йуьйцуш йара и байташ.
Боьлницера лоьраша баркалла даийтира и байташ бахьана долуш. Байташ шорта йара. Царна тайнарг, байташца дуьхь дуьхьал йахьийтина забарш йара.
Гакаев 1аьрбин а, Резванова Айзин а забаре байташ.

Ас хаьттарш до, беллачарга,
Кешнийн кертахь йолалуш.
Хьолах дуьзна, дуьне лаьтта,
Ткъа шу ма дац дист хуьлуш?

Делан кхелах ваьлла моьттуш,
Майрра дууш леллариг а.
Я хьарам дерг, шеха къаьстош,
Хьанал рицкъа лаьхнариг а?...

Цхьа воккха стаг, хьаставелла,
Телхина лела моьттуш со.
Хаттар деш, вист хили соьга,
Хьаьнца къамел деш ю хьо?

Ас меллаша, жоп делира,
Хоийтуш сайн дагахь дерг.
Ас къамел до, беллачарца,
Кхето лууш, са чохь верг.

Дуьненан да ша ву моьттуш,
Хиллачарах, дисна ду.
Ткъа дуьненах 1еха ца луш,
Леллачара, дитна ду.

*****
1аьби Гакаевс (забарийна)

,,Беллачарга ма де хаьттарш,
Ахь ма дийца хьайна хетарш.
Хьан х1ун дисна кешнийн кертахь,
Белла 1оьхкурш ден бан г1ерташ.

Цулла хилахь дийначарца,
Къастадехьа луург царца.
Велларг 1уьллу парг1ата ваьлла,
Царга хоьттург, хьера ваьлла.

Са даржале коше яьлла,
Йо1 хьо стена карзаха яьлла?
Г1уллакх доцчу метте х1уьттуш,
Са чохь мел дерг ахь д1а тоьтту.

Иймане хьо ян мп еза,
Белла нах ахь бита беза.
Талла еза теркан аре,
Ирсе хир ду керла мааре."

Забарца, Айзин жоп:

Теркан аре елахь тайна,
Марта дагна хьоме ю.
Ткъа йовхарш а, аьлла-кх дайша:
«Дена тайнарш дика ю».

Кешнийн керта ца г1он ярий,
Къамел беллачарца дан.
Соьгар балех кхетахьарий,
И дог дууш леларг сан.

Дийца, ала меттиг боцуш,
Йоьду кешнийн керта со.
Беллачарал башха йоцуш,
Санна лела иза-м д1а.

Х1инца, суна накъост хилла,
Юкъарло хьох хилахь тхан.
Ас ч1аг1о йо, маре дина,
Лоруш, ,,Хаз-к1ант" хьох баха.

Нагахь цунах г1улкх цахилахь,
Кешнийн керта со  д1ахьо.
Кху дуьненахь хетарг  хилла,
Кхочуш - м яц и парг1ато.
2013


Рецензии