28 август 04
Йуха а т1е кхечи б1аьсте,
,,Заббарий"- зазанаш оьхкина.
Йунехь чекх йуьйлучу маьлхан,
З1аьнарех зезагаш доьхкина.
Полларчий мехашца ловзуш,
Зезагийн жаззаш т1е лета.
Д1о мархаш маьлхан нур лечкъош,
Дешичу кирхьанех къега.
Ткъа шовда, даима санна,
Эсала йиш лоькхуш доьду.
,,Ц1ар - ц1ир" деш б1аьстенан хьоза,
Бецах шен бен буцуш доллу.
Б1аьсте йу самукъне, сирла,
Массо а сица са доькъуш,
Б1аьстенан маьлхаца ийна,
Даймехкан 1алам ду доьлуш.
*****
Цхьа самукъне чиркх сайн сина латийта,
Х1ун дар - те со къегича нур - малхах.
И мискъазараттал кхаьчна дегнашка,
Хир дарий те сан ирсах цхьаъ кхалар.
Хуьлда иза 1аламах цхьаъ муьлхха а,
Цхьа са хьастар, синтем бара сан сина.
Кху дуьненан 1алам ирсе хилча,
Бен ца кхочу ирс сан деган ц1илга.
*****
*****
Йуха а т1е кхечи б1аьсте,
Заббарий, зазанаш оьхкина.
Чу кхозу з1аьнарех маьлхан,
Бес - бесара зезагаш доьхкина.
Полларчий махах д1а лечкъаш,
Зезагийн жаззаш т1е лета.
Д1о мархаш маьлхан нур лечкъош,
Дешичу кирхьанех лепа.
Ткъа шовда, даима санна,
Эсала йиш лоькхуш дог1у.
,,Ц1ар - ц1ир" деш, б1аьстенан хьоза,
Бен буца, буц ийзош доллу.
Б1аьсте йу самукъне, сирла,
Массо а сица са доькъуш,
Б1аьстенан маьлхаца ийна,
Даймехкан 1алам ду доьлуш.
*****
Цхьа самукъне чиркх сайн сина латийта,
Х1ун дар - те со къегича нур - малхах.
И мискъазараттал кхаьчна дегнашка,
Хир дарий те сан ирсах цхьаъ кхалар.
Хуьлда иза 1аламах цхьаъ муьлхха а,
Цхьа са хьастар, синтем бара сан сина.
Кху дуьненан 1алам ирсе хилча,
Бен ца кхочу ирс сан деган ц1илга.
*****
*****
Йуха а т1е кхечи б1аьсте,
Заббарий, зазанаш оьхкина.
Чу кхозу з1аьнарех маьлхан,
Бес - бесара зезагаш доьхкина.
Полларчий махах д1а лечкъаш,
Зезагийн жаззаш т1е лета.
Д1о мархаш маьлхан нур лечкъош,
Дешичу кирхьанех лепа.
Ткъа шовда, даима санна,
Эсала йиш лоькхуш дог1у.
,,Ц1ар - ц1ир" деш, б1аьстенан хьоза,
Бен буца, буц ийзош доллу.
Б1аьсте йу, б1аьсте йу сирла,
Массо а сица са доькъуш,
Б1аьстенан маьлхаца ийна,
Даймехкан 1алам денлуш.
*****
Сайтиев Бувайсарна,
боккхачу ларамца.
Сарралц, са хиллалц,
Йа велла д1а валлалц,
1ийр вар - кха, ца к1ордош,
Лоьруш хьан г1иллакхаш.
Хьекъале, кхетаме,
дуьззинчу маь1ане.
долчу хьан къамеле,
Цовкх дар - кха ладег1ар.
Хьоьгарчу адамаллийн,
Дарже суо ца кхачарх,
Лаьар - кха сий диначех,
Хила хьо къуонахчун.
Адаман хьиэсапехь,
Хьо малек хилла - кха.
Доссийна вайн Дала,
Адамалла самадаккха.
Дуьненна хьо вовза,
Хилла цхьа бахьана,
Масалца хьо гайта,
Вайн Далла лаарна.
*****
Хаза чомехь даарш дайтина, гергара, лулара а, шен гуо чу кхайкхина, вовшах самукъа долуш, мовлид доьшуш, назманаш олуш болчу кхеран той сацош, раг1у к1ел веара, йуьртартахь дика вевзаш волчу, Бесланан шопар.
- Суьйре дика йойла шун! Кхин вист хуьлуш 1ен йиш йац. Бехк ца биллар доьху ас шуьга! Сиха, сихо йелахь, Сулим. Хьо сихха схьа валаве аьлла ваийтина со, Беслана, олуш.
- Вай, со миска стенна дагавена шуна х1инца? Кхайкхаман кехат ца хилча, не1аре а ца вуьтуш ма йу и шун меттигаш. Со чу вуьтур вуй ца хаа д1а веъча а.
- Кхайкхаман кехат ца оьшу хьуна. Йеса деша стаг оьшу цигахь. Сихо ахь ца йахь, йуьхь1аьржо йу.
- Шен х1усамехь болчу гергарчу нахе:
- Со схьа вог1у шуна, олуш, ваг1ара Сулим. Х1оршиъ д1а кхаьччи, бакъхьа верзийна, 1уьллуш стаг шена вайча, Сулима шен костом кисанара йеса т1ехь долу, жайна буйна лаьцна, деша вуолавелира.
Шозза дешна, кхозлаг1а доьшучу заманчохь, мелла а метта веара лазархо. Х1инца лоьраш а схьакхечира. Лоьраша лазархо болнице вигира.
Сулима элира:
- Ладуог1ал соьга. Беслан, хьоьга хьалха боху ас и... Хьо даржехь стаг ву. Цул т1аьхьа шуьга массарга а боху.
Вайн дайша хьаша - да шен х1усамехь т1е оьцура. Цу х1усаме веанчу хьешана, хьошалла дуора, вуху ван а йуккъехь марзо йуьтуш. Тезет а шен кертахь х1оттадора. Тахана вай дайн лорах тилла дог1у. Ткъа 1ожалло даржаш ца къестадо. Шун дикане х1иттинарг бен,вуоне вог1ур вац, Ресторан даархой!
Шайн тезета ван магош, шаьш сакъоьручу метте ма кхайккхара, ,,кхайкхаман кехаташ" кечделаш, аьлла, ц1ехьа ваг1ара Сулим.
Дахьийна, кортош охкийна зезагаш санна, ойлане бевлла, латта бисира, Ресторан даархой.
*****
Бекарг баттахь дог
Молург гуч йолу,
Садуург дог хьошург,
цуьнци а йу.
Лазам хьо дlа балац,
Балита ца леа.
Дlа баьлчи йалац
Хьо, даг чура дlа.
*****
Керла баьккхина т1уо - берамца, цхьа хаза куьркахь деттина, к1еда хьокхамаш а, ц1иййеш йеттина ахьарах сискал а, мижаргаш а, сийна хох, наьрс - памидор, массо а кепара сийна бецаш чохь шун стол т1е х1оттина. Москалаш, куотамаш а, уьстаг1 жижиг а кертара куьркарчу ц1ергахь деттина, д1а кечдина. Къуоначу шинаран жижигца чомехь хир йу аьлла, боккха йай чохь и кхехкийна, ахьаран - деман галнаш йахийтина, шен кертарчу бешара, керла стоьмаш гулдина, х1инца, куьркахь ц1иййеш хьаьжк1аш йоттуш воллура Сулима.
Кхеран к1етахула т1ех ца волуш, дехьа урамера кхуьнан гергара стаг, Муслим уьйт1а велира, мохь тухуш:
- Ассаламу - 1алейкум! В'о Сулийма, х1окху мерзачу хьожано кху керта валий - кха со, олуш.
- Ва 1алейкум - вас - салам! Схьа вуола. Марша вог1ийла хьо, Муслим! Дика веана... бакъ веана хьо, - олуш, дуьхьал вист хилла, хьаша т1е ийцира, Сулийма.
- Х1ун деш ву хьо? Мовлид дешийта кечлуш - м вац - те хьо?
- Дера мовлид дешар а новкъа хир дац. Делахь а, тахана Бесланан хьеший бу бахка безаш.
Цунна йуьхьк1омана, вайн нохчийн даарш чомехь хуьлу дела, цуьнан самукъа даккха воллура со, лерам бина.
Бесланна товр ду - кх х1ара г1уллакх бохуш, элира, Сулийма.
Тапп аьлла, д1а тийна, Сулиме дикка д1а хьежира, Муслим.
Т1аккха цуо хаьттира:
- Вай, ресторане ца баг1ана уьш? Царна д1а кечйеш йу бохуш, д1а къевлина, даарш кечдеш ма бара уьш тахана, 1уьйраннадуьйна а, Аминатан ресторанехь.
Сулима цец ваьлла, элира:
- Суна хезна х1ума - м дац цунах. Хьажа веза со. Х1ей! Хезий хьуна! Хьада йало, Залубера уьйт1а а г1ой, Бесланан хьеший схьа бог1уш буй - те, хьажий йуолал, элира цуьо шен х1усамнене.
Кех йала ца йезаш, уьйт1арчу ринжех йаьлла, йахана йеара, Раяна. Т1аккха, Муслимах б1аьрг кхетчи, цуьнга маршалла хаьттина, х1усамдега хаам бира.
- Уьш ресторанехь бу боху цара.
- Х1а, мегар ду, т1аккха, аьлла(шен дагара ца хоийтуш, сецира,Сулийма).
Т1аккха, жимма вела а къежаш, элира:
- Сан 1илма цхьана дог1уш ца хетта хир ду Бесланна, шен хьешашца. Муслим, схьа вуолахьа, х1ума кхалла вайшим, аьлла, стоьла йисте вахана, к1еззига х1ума кхоллуш 1ийна, Сулимин холчу х1оттарах кхеташ волу, Муслим, д1а вахара, кхеран 1одика йина. Цул т1аьхьа, ца 1иэвелла, машена а хиина, ресторане вахара Сулим, шен шичах кхета.
Ресторане д1а кхаьччи, не1аре вахача, хехь лаьтта ши к1ант дуьхьал х1оьттира.
- Ваша, суьйре дика йойла хьан! Хьо лаа варий? - олуш.
- Далла дезийла шу! Со тхайн шичах кхета везаш вара, кху чохь хьеший т1е иэцна 1аш волу.
- Ваша, бехк ма биллалахь! Кхайкхаман кехат дуй хьоьгахь? И керахь доцуш, цхьа а чу ваг1ийта бакъуо яц тхан, элира хеш.
- Суна ма ца оьшу кхайкхаман кехат! Сан шича ма ву кху чохь верг! - элира Сулима, цец волуш.
Хешша г1иллакхехь, кхетош элира:
- Ваша, тхо балхах дуохор ду, хьо оха чу ваг1ийтахь. Шаьш ма хьиэде аьлла, цуо тхоьга. Бехк ца буьллуш, ц1а г1уохьа, Ваша. И хьайн шича ц1а веъча, кхуьур ву хьо цуьнга вист хила, хеша аьлча. Сулим кхийтира.
- Дика ду. Со цхьанна буохам бан араваьлла вац. 1одика йойла шун! - олуш, ц1ехьа вахара иза. Ша чу воьддушехь, шайн йуккъера, шича - мохчалахь болчу гергархошка чу кхайкхира цуо.
Шен чохь даа, мала а х1оттина, хаза мовлид доьшуш, назманаш олуш болчу кхеран той сацош, раг1у к1ел веара, Бесланан шопар.
- Суьйре дика йойла шун! Кхин вист хуьлуш 1ен йиш йац. Бехк ца биллар доьху ас шуьга! Сиха, сихо йелахь, Сулим. Хьо сихха схьа валаве аьлла ваийтина со, Беслана, олуш.
- Вай, стенна дагавена шуна со х1инца. Кхайкхаман кехат ца хилча, цу не1арехь лаьттачу хеша чу ца ваийтина, вуху веана со. Х1инца а дац соьгахь кхайкхаман кехат. Со чу вуьтур вуй ца хаа д1а веъча а.
- Кхайкхаман кехат ца оьшу хьуна. Йеса деша сиаг оьшу цигахь. Сихо ахь ца йахь, йуьхь1аьржа х1итта там бу вай.
- Со схьа вог1у шуна, олуш, ваг1ара Сулим. Х1оршиъ д1а кхаьччи, бакъхьа верзийна, 1уьллуш хьаша шена вайча, Сулима шен костом кисанара йеса т1ехь долу, жайна буйна лаьцна, деша вуолавелира.
Шозза дешна, кхозлаг1а доьшучу заманчохь, хьаша мелла а метта веара. Кхайкхина лоьраш а схьакхечира. Лоьраша иза болнице вигира.
Сулима элира:
- Ладуог1ал соьга. Беслан, хьоьга хьалха бог1у ас и, цул т1аьхьа шуьга массарга а бог1у.
Вайн дайша хьаша - да шен х1усамехь т1е оьцура. Цу х1усаме веанчу хьешана, хьошалла дуора, вуху ван а йуккъехь марзо йуьтуш. Тезет а шен кертахь х1оттадора. Тахана вай дайн лорах тилла дог1у. Ткъа 1ожалло даржаш ца къестадо. Шун дикане х1иттинарг бен,вуоне вог1ур вац, Ресторан даархой!
Шайн тезета ван магош, ,,кхайкхаман кехаташ" кечделаш, аьлла, ц1ехьа ваг1ара Сулим.
Дахьийна, кортош охкийна зезагаш санна, ойлане бевлла, латта бисира, Ресторан даархой.
*****
Ахь дезаш хьистина дегнаш шайн лозуш,
Ахь делха ницкъ белла б1аьргаш ду доьлхуш.
Ахь мерза хьегам цу, хьайн Нене гойтуш,
Ладег1на к1ентий бу, масалца г1уьттуш.
*****
Йеза,йеза,йеза и йоl,
Йадо йеза.
Заза хаза Айза,
Хьо ас йадо йеза.
Наха луур дийцила,
Хьо са хила йеза.
Ларам бу са хьоца,
Дазо доцуш чьогlа.
Хьохь сайн сурат,
Деша вула вал веза.
Реза хилахь Айза,
Хьайца болучу лараман.
*****
И дешнаш Абдул - Хьамид Хатуевн ду. Мукъам а биллина, илли д1а олуш 1усманов 1имран ву. И ший а цхьана йуьртара вацара. Вовшиэ тайпанна, гергар вацара. Амма синош церан хилла - кха гергарло долуш вовшашца. Синойн уьйрашца и хаза илли кхолладелла, цу шинна ц1ераш вовшашца хуьттуш. Сингергарлонаш синкхетаме хуьлу.
Дала геч дойла цу шинна а. Дала саг1а лорийла цу шимма вайн къомана битина нохчийн меттан синхьал айден, мехала бахамаш!
Де беркате дойла вайн!
*****
Поэт Акиев Резван
Сан дог мелир ъахь,
Дургал молуш сан.
Сан са диир ъахь,
Диин ца йолуш.
Малахь lаббалц хьуо,
Хьай дог дуза деш.
Сай дог хьуна ас,
Маьрша дитина.
Елла дала хьо,
Совгlат суна деш.
Хаьржин хилла цуо,
Ирсе вархьам со.
Реза муха ца хил,
Дала делла чун.
Ирсан совгlат деш,
Еллач суна хьо.
;;;;;;
Автор, Резванова Айза.
(Касаева Бирлантана
лерина байт)
Кхозлаг1 де ду тахна,
б1аьстенан беттан,
Хьо йеъна - кх цкъа мацах,
Кху дийнахь лаьтта.
Къегинчу цу маьлхан
З1аьнарех ийна.
Б1аьстенан дуьххьарчу
Зезагех хилла.
Зазашлахь къегина,
Мехкарех тайна,
Ойланаш йекхначу
1уьйренах ц1ена.
Шовданийн аьзнашца,
Лаьмнийн духарца,
Оьздачу буоларца,
Ненан марзонца.
Йиш - вешийн амалца,
Ховхачу дагца.
Дуьненан 1аламан
Йо1 хила т1е лаьцна.
Тхан Йиша, нохчийн йо1,
Совг1ат хьо, Делан.
Ирс долуш йаха хьо,
Нохчаллин эла.
Дуьне а, эхарт а,
Декъала хилла,
Бирлант хьо йехийла,
Седанах сирла!
*****
Автор, Резванова Айза.
(Касаева Бирлантана
лерина байт)
Кхозлаг1 де ду тахна,
б1аьстенан беттан,
Хьо йеъна - кх цкъа мацах,
Кху дийнахь лаьтта.
Къегинчу цу маьлхан
З1аьнарех ийна.
Б1аьстенан дуьххьарчу
Зезагех хилла.
Зазашлахь къегина,
Мехкарех тайна,
Ойланаш йекхначу
1уьйренах ц1ена.
Шовданийн аьзнашца,
Лаьмнийн духарца,
Оьздачу буоларца,
Ненан марзонца.
Йиш - вешийн амалца,
Ховхачу дагца.
Дуьненан 1аламан
Йо1 хила т1е лаьцна.
Тхан Йиша, нохчийн йо1,
Бирлиант, Делан.
Ирс долуш йаха хьо,
Нохчаллин эла.
Дуьне а, эхарт а,
Декъала хилла,
Бирлант хьо йехийла,
Седанах сирла!
*****
Автор, Резванова Айза.
(Касаева Бирлантана
лерина байт)
Кхозлаг1 де ду тахна,
б1аьстенан беттан,
Хьо йеъна - кх цкъа мацах,
Б1аьстенца лаьтта.
Къегинчу цу маьлхан
З1аьнарех ийна.
Б1аьстенан дуьххьарчу
Зезагех хилла.
Зазашлахь къегина,
Мехкарех тайна,
Ойланаш йекхначу
1уьйренах ц1ена.
Шовданийн аьзнашца,
Лаьмнийн духарца,
Оьздачу буоларца,
Ненан марзонца.
Йиш - вешийн амалца,
Ховхачу дагца.
Дуьненан 1аламан
Йо1 хила т1е лаьцна.
Тхан Йиша, нохчийн йо1,
Бирлиант, Делан.
Ирс долуш йаха хьо,
Нохчаллин эла.
Дуьне а, эхарт а,
Декъала хилла,
Хуьлда хьо седанах
къегина, сирла!
*****
Шийла ло хир дац хьо шалвеш,
Къегар ду седарчех и.
Безам сан хир бу хьо вохвеш,
Къегинп цу беттасих.
Нур 1иэнош, хьан некъаш къагош,
Марзонах дузуш хьан дог.
Хьан кийра йовхонах 1абош,
Хьуна ас лур ду сайн дог.
*****
Свидетельство о публикации №225082801546