28 август 05
Йезарна б1ьаьстенан хазна.
Гаур и, ца 1а - кха зама,
Ца кходуш къуоналлийн заза.
*****
Х1ун ду хилларг, хьо вехачу кертахь,
Х1унда виси хьо дош доцуш ала??
Соьца деккъал дацара те вай бертахь,
Йа сецна те дог шийла кхаъ хезна?
*****
Хеттарш хуьтту, коьртехь
Хеттарш хуьтту,
Хеттарш хуьтту, маца гур - те вай?
Зама уьду, некъаш, денош хедош,
Бахьна, хьисап дац - кха,
Вайша гар.
*****
Некъаш хуьтту, хьалха некъаш хуьтту,
Хьуна т1е дан некъаш хуьтту ас,
Денош дохку, денна хенаш луьстуш,
Денош дохку, хьоьца йаккха хан.
*****
Карзах дуьйлу, дог сан карзах дуьйлу,
Ойланашца карзахадуьйлу хьох.
Самадуьйлу, б1аьргаш самадуьйлу,
Серла дуьйлу, ган сатуьйсуш хьо.
*****
Могур дац суна хьо йиц йан,
Могур дац хьуна со виц ва.
Дуьнен чохь йисинчу хенах,
Йиц лур йац суна а хьо.
Ма гlертах йустаха йала,
Хьаттахьа хьай даги ъахь.
Дистхуьлуш хезар ду хьуна,
Дитахь со безамац даха.
Хьал дакхахь кирара дог сан,
Хьайнига соьг дакх лура дац.
Лаарах мел чьогlа хьуна,
Йиц лур йац суна а хьо.
10.02.2025 ш.
*****
Творческие люди любят только один раз а влюбляються вечно. У них души как цветочные поля. И любовь одна единственная сопровождает, и в дохновляет его вечно.
*****
И долу хьума соьца хилла. Фбукехь волчу хенахь,со хьоьца перепискаьхь хуьлар,цу чур блокировать вира со. Хьо йиц цалуракх суна,хьо гуч йели тобанехь ас хьа номер дlа йаз йира. Тьакх смска йаитар аса хоьга лара луш.
Телпо йикар,хьаьжич РАА йукх,къамел дула дич хьо мила ву аьл соьга ахь хаьтира. Ас элира вай гергара дара цхьан хенахь фбуке. Ъахь элира хьума уьши хьуна,цомгуш волчун гlо дура ъайх,цу таьхь дирзира къамел. Тобанехь гуч йелира хьо и дlа хьоьйзира беркате ойланаш. Со хьа оазе ладихь велира .............кхи хьума дага ца догlу;;;;;
*****
Цу хенахь са чьогlа хьийзаш вара со,хьинца а атта дац.
Чоьгlа лиир хьо ган,цуьн дела со Мартан тье веара. Ас хеттира цхьан йоlе Резванова Айза мичахь lаш йу хаи хьуна аьлла. Цуо элира кхузахь генахь йоцуш lаш йу . Школа хьаьтича герга веара со.;
*****
Суна - м даздели хьо вовзар,
Хало ланза йолуш санна.
Ма къахьдели хьан ц1е йахар,
Мулкалмалкан ц1арах тера.
Кху дуьненан сирла ц1а чохь,
Ас хьо лехарх чиркх латийна,
Х1унда хилла хьо сов генахь,
Тахханалц стен ца карийна?
Сан жималла, йоьлхуш лела,
Йиси цхьанхьа, цхьаллица,
Сан къуоналла, доьналлица,
Йирзи амале берзан.
Дериг дахар ас д1а дуьсти,
Хьо цхьаъ лоьхуш, амалца,
Ткъа хьо х1инца, некъ кхачочахь,
Кхечи ц1ен зезагашца.
Ас х1ун ала деза хьоьга,
Даго хийла вехнариг,
Муьлха ойла йийца аса,
Сан б1аьргаша лаьхнариг.
Ма дукха ду сан хьоьх доьзна,
Со де иэшча хьегнариг,
Ас х1ун алий хьаста сайн дог,
Даг чохь 1ашехь, генахь верг.
*****
,,Нохчалла" тобанера
Тхан до1а!
Ма йиш йацара, тхан диканиг, Лоьма,
Цомгуш хилла, хьо аз доцуш, 1илла.
Хьан самукъа, г1иллакхаш хьан лоьруш,
Тхо - м ца довлу дозалла хьох дина.
Делера и цамгар: къинойн бала -
Хьоьгара д1а оьцуш тоьхна хуьлда.
Декъала, цу цамгар керара ваьлла,
Хьо ,,Нохчалла" тобанах схьа оьйла.
Т1е йог1учу цу б1аьстенан биэшахь,
Керла досту заза - патарш санна,
Э'нех, уьнех, цамгарех ц1анвелла,
Маьрша, могуш вог1ийла хьо, Лоьма!
*****
Айза,хьан къамелах кхитира со. Хьуна хаъа,хьайна ху мегар ду.
Дахаран некъ шерий ниссий ца хьуьлу,и хьойзина бу ша тайпан. Суна дала дик дина хьо а йовза,йаз дина хилла. Хьан оазану,хьан къамелу,хьуна мах хада бора. Иштта даьстира ъахь хьай догlан цани са дог,цу чур меттаг дlалецира. Ъахь дlалаьцна меттаг хьогахь йусар йу.
Суо сайна керла тептар дуло валлар,йакх йисин хьан мел йу хаац. Доьзаллан хьума ийшо дагахь вацар,уьш шайна lаш бу церан дикан вуонна а со льаьтар вара. Марем доьзалашна а лаьттар йар,со а уьшуч хена волаш хир ву. Вовшех довла йиш йац,суна вуха леанири товхараьхь воьхна хир вара,коьрта ниг ший лоам дlа теттин доьзала бу стаги.
Сан доьзал лар бинар Аллахl ву,тьакха со ву цун пурбан цани. Суна коьртаниг доьзала бар,хало лейчи дикани кхочу.
Тхан дас олура диканиг хало хуьлу, атта хьуьлуш дац дика. Цунахь со чекх ваьлла дала мукх лахь. Зудчунах хусум нана йа хаа деза и суна хиира,дала мукх лахь. Марем ша тайпан дика адам ду,са аьтто хилар иза ас йалорна.
Тхан йишин дика хетара из,ас загlало дийцира кхаъ шеран герга. Йуха цавелара со и хьа йеара,доьзалаш гуш букх.;Долу хьума атт дацара,халонаш гира дала делчун реза ву.;;
*****
[05.02, 16:42] Айза:
Царна ахь йазйе.
Генахь къиэга седарчий,
Герга дуьйла Дадина.
Веха со шух дог хьегна,
Марзо иэца сатесна.
Барташ дохуш доггара,
Цергаш хьокхуш, цхьа к1еда.
Уллехь суна шу диэза,
Берза к1езий, шу кхета.
Кхиъна йевлчи Берзалой,
Хьестар товр дац, дегнашна.
Синтем боцуш со лела,
Дагца лелош шу безам.
Сан кегирий седарчий,
Шу ду б1аьргаш чохь дадин.
Дуьйла сихха Даймахка,
Лаьа къовла шу мара.
[05.02, 16:53]
Абдулла, Зайд, Амира,
Хаза ду тхан седарчий.
Жиманиг къиэгарг, Сумаййа
Сирла зезаг, сан деган.
Маьлхан з1аьнарш б1аьстенан,
Лепа шух, цхьа самукъане.
Биэшахь хьозарчий диэкаш,
Шун мотт буьйцуш уьш хиэта.
МашаАллах1! Дахарехь,
Марзо йу - кха аш луш йерг.
Даха г1уоза, декъала,
Шу ду тхан дегнийн маьлхаш !
;;;;;
,,Нохчалла" тобанера
Тхан до1а!
Ма йиш йацара, тхан диканиг, Лоьма,
Цомгуш хилла, хьо аз доцуш, 1илла.
Хьан самукъа, г1иллакхаш хьан лоьруш,
Тхо - м ца довлу дозалла хьох дина.
Делера и цамгар: къинойн бала -
Хьоьгара д1а оьцуш тоьхна хуьлда.
Декъала, цу цамгар керара ваьлла,
Хьо ,,Нохчалла" тобанах схьа оьйла.
Т1е йог1учу цу б1аьстенан биэшахь,
Керла досту заза - патарш санна,
Э'нех, уьнех, цамгарех ц1анвелла,
Маьрша, могуш вог1ийла хьо, Лоьма!
****
Аллах1ан къинхетамца,
Беркатца, хазачу кхаьънашца дог1ийла вайна х1ора де а!
Дала могуш - маьрша леладойла шу ,,Меттан Марзо" тобан декъашхой!
*****
Болх Делехь бу!
,,Йайна т1аьхье" цхьамма забарийна аьлла, делахь а и бакъ дина, т1елаца ца деза аьлла хета суна. Вайн т1аьхье йайъа къахьоьгуш, дукха баланаш тийсина вайна коча, даима а. Нохчийн къам ца иэшаделла. Ца къарделла. Нохчийн орам даймехкан лаьттан к1оргехь бу. Х1унда аьлчи вайн дайн дилхах ийна долчу лаьттан ц1инц а, вешан дай, наной санна вайна хьоме ду, хилла ду, хир а ду, даимна а. ,,Вай йайна т1аьхье" бохуш 1иттаршца ца кхиийна. ,,Шу ду тхан метта дай, наной хила дезаш" бохучу хьиэхамашца кхиийна. 1иттарш а, бехкаш дахарш а, дойнаш дар а дитина, оьздачу, к1едачу нохчийн, ненан маттаца бан биэза: ийманехь, кхиэташ, кхиоран болх т1аьхьенца. Хаза аьлларг зезагех кхуьу, к1оршаменарг ба1 санна 1иттало дагах. Дала нохчийн оьздачу дайн, мерзачу наной маттаца, нохчаллехь нохчийн бусулба т1аьхье кхио пурба лойла вайна!
*****
Свидетельство о публикации №225082801561