Ноьйцо леладан дезаш долу г1иллакхаш
Кест-кеста, йа дикане, йа г1уоне, шиен г1иллакхах ца вуг1уш сан Да-Нана а, сан вежарий а, йижарий а болчу вохуш тхан йижарийн баханчарехь цхьа нуц вара (Массала олур вай цунах Ваха).
Ваха цкъа а тхан ковне машен х1оттийна вацар, геннахьа 6-7 ц1а а дуьтий, машен д1а а х1оттайой, г1аш т1и вохуш 1едал дара цуьна, ишта иза г1иллакх Вахас леладора Соьлж-г1алахь 1аш болчу сан шоллаг1а йишийца а.
Цхьана хазачу дийнахь ша Соьлжа-г1ала ваханчара Ваха хьошалха воьссийна хиллера тхан йиша йолчу х1усамие.
Юъчух а кхетта, чай а мелла д1аваха араваьллачу Вахи машен хиллера тхан йиши х1усамен коьвнаьлла ши-кхоъ ц1а геннахь х1оттийна.
1адика а йина, шиен машен чу а хиъна Ваха новкъа ваьллачу т1аьхьа тхан шоллаг1а ноьвцо элира боху: «Йа-рабанна ма докх х1ума ду хьо. Х1окх массийта шарахь вай х1усамие хьошалха х1уттуш волчу Вахийна, нисса вайн коьвне ван ца 1емакх». Оцу хабарие ладуг1уш, уллехь лаьтташ йолчу тхан йишас шен ц1ийна да къамел дина валлалца собар а, дина аьлла хиллера: «Валлах1и Вахийна вай коьвние а, х1усамие а, ван ма хаа, амма хьом вац и нохчийн г1иллакх хьайн 1амадийра долуш».
Нохчийн г1иллакхе кхочуш цхьа х1ума бен дац х1окха дуьненчохь.
Иза х1ун ду?
Иза дера ду кхин цкъакха а - Нохчийн г1иллакх.
Свидетельство о публикации №225082901394