Шу цкъа а дицлур дац
Кешнийн керт лаьтта,
Цу кертахь цхьабосса
Чартийн б1о лаьтта.
Сих сиха уьш гуче
Йуьйлу шен хьаьтта
Царна т1е нур хьоьрсу
Беттасан ах а.
Амал дац шуьгара
Хьал хаа, хатта,
Ойланехь тесна т1ай
Хьашаза лаьтта.
Д1алаьтта вайн йурт а,
Кхин хийцам боцуш,
Шу доцуш,х1умма а
Ца хилча санна.
Саламца доттаг1чо
Кхин г1иттор дац шу,
Хеттаршка доьзало
Кхин дохур дац шу.
Шун вастийн хьежаро
Кхулу тхан б1аьргаш,
Гурашка дерзаро
Къуьйлу тхан дегнаш.
Кхин хир вац цхьа а шух
Дуьненан хьаша,
Кхин хир йац таро а
Оьшучу кхача.
Шо-шаре ле1алуш,
Д1аэхарх зама,
Шу цкъа а дицлур дац
Шу дезначарна.
Кхолламийн дойшкара
Раг1 кхаьчнарш биссош,
1ожалла, човс хилла,
Вайн гуоне хьийза.
Тахна шу, кхана тхо,
Ца вуьтуш цхьа а,
Массарна кхочур йу
1ожаллин раг1 а...
Автор Алимхажи Италагов
Свидетельство о публикации №225082900699