Курбика

    Курбика

Дера ца хаьа Курбика суна-м,
шозза ткъеитнадцать шо кхаьчна волчу,
суна-м х1у хуар дара....
Коьртехь, хьекъал чу дилла меттаг боцаш,
кхоьхкуш, сийсош, т1ех 1енаш лаьтташ болчу,
хьа коьрта ца дог1арг, сан тхьуьтамаьждаг чохь-м
х1у хир дара схьа иэца....

Ша-шена дарба дан ца хуачуо хьехнарг,
ц1ийх кхетар дац аьлла хета суна-м....

Куьзгана хьаьжча адам ган дависа бохаш,
сайна мел воьвзачуьнца юкъара яхь д1айаккха г1ерташ,
массарах йиша-ваша дан г1ерташ,
массарах генара лулахой хилла виси со-м....
               
Сег1аз 1уьйша тайпана ма вацара со-м,
йе туьйнаш кхоьсуш  нах ца кхардинера аса,
со суо х1орстоъ вацахь а...

Дера Курбика,
хийла тоьлла къонаха вер ву хьуна йуххехула,
хьан йоьхь-сибата къоламашца,
хьан чорда леларца,
хьан б1аьрги къайленна,
хьо марехь йу моьттуш хьуна т1ех....

Ше кхолла-м шен карара д1ахецчунна,
д1о-о гуш дола ирс,
доле кхечунна д1а ма доьду,
схьа уохьа деллачхена
т1е  деха ца деза моьттуш...

Дависа Курбика,
х1ара соьгахь йола синпарг1ато
мукъа а йелара хоьгахь,
айхьа гулйина дохк меттана....

Саца а сецна, х1окха къуркъаманехь,
гуш йерг йалсамане йолчу жоьжахатахь,
харцдерг ловш 1аьчу бакъдергаца,
хазалла къарйинчу ирчаллех,
дага йала атта ма хир дац хьуна....

Мич-ча хена а шена хир ду моьттург,
шен карара даьлла 1ехавелла ша карийча,
т1ешара шиннах пхиъ хилла карийча,
ша техкийнарш хьалха бийла боьлча,
шен ирсах хьега а ца ларош,
багара чемо - б1аьрга нуьро,
шаьш белла тешам схьа изоче т1е даьлча,
йа Аллах1 оле, багахь хилла Дела,
дагчу ма вуссу...

Алхьамдулиллах1 матто бохаш,
кхоьллинчу Деле къинхетам беха
бакъонна цуьргаш вовшах ца кхеташ,
хуаш болчара ше хенна ца белла тешамна оьг1азе,
д1а йаьллачу хенах мера бер хилла,
шех буо-бер хилла ма караво....

Беа пено 1ийда воьлча,
адама къелло ваа воьлча,
кошан лахьта дага туьйсуш,
хилларг-лелларг башха доцаш,
йиънарг-лайнарг чомах даьлла,
меро шенаг дийца доьлча,
1аса сецо халчу даьлча,
жима нускалх котам хилча,
наьнех кхайкхарх там ца хуьлаш,
лергаш декхар шай д1а доьхуш,
доьзал-бераша хьийзо воьлча,
хьайгахь мел дерг мох карийча,
орцах валар Деле дехарх,
синпарг1ато лехарх йийцарх,
Дела эхарт гуш ца хилча,
хаац суна-м х1у хьоьхар ду...

ЛАИЛАХ1А  ИЛЛАЛЛАХ1
МОХЬАММАД   РАСУЛЛАХ1


Хасу Ибрех1ама
Исрудин Насруди


Рецензии