Хьенан б1аьрг хьожур-те...
Дуьсу цкъа,тесначохь,дахаран кес а.
Мел лаарх ца лаьтта оьмаран кхане,
Хьошалг1ахь вах ца ло-дуьне ду-кх х1ара...
Сан ц1арна даьллачу орцанан хьаьттахь:
Хьаьттан гуо ларбийр бу, со вевзинчара.
Вог1ург т1е-вог1ур ву,сан дахар луьттуш,
Г1ур ву д1а-воьдург а,литтинарг луьстуш.
Сох дисна дуьне а ца духур кепах,
Кхин цхьа чхар т1екхетарх,шен чартийн
Кертахь.
Цу кертахь д1айовр йу,ас йаьхьна лар а,
Кхочур ду цу керта-сан ц1еран хьаьрк а.
Кхин бийр бац,дуьнено,шена сох бала.
Кхин гур дац,гиначохь,сан лелла васт а.
Сан ц1арах ц1етоьхна,къегинарг хьуьллахь:
Д1абайна йог1ур йу,цхьа 1аьржа буьйса...
Лораза вуьгучу айбина хьала:
Ишттачохь дог1у дош-олучо аьлча,
Хьенан б1аьрг хьожур-те,ненан б1аьрг санна,
Со эцна йоьдучу тобанна т1аьхьа...
Автор Алимхажи Италагов
Свидетельство о публикации №225090201779
