Къематде...
Мохь-орца,де долош иккхинарг.
Мохк бара,
Доьстунан тачи т1е чов хилларг.
Къам дара...
Г1аттийнарг,хьерчабеш некъа-шад.
Къам дара,
Йуха а доккхуш дерг ц1ера шен.
Мохь бара...
Мохк ма-ббу,буьйлуш берг кийрара.
Мохь бара,
Лайх ийна,б1аьргах схьа 1ийдалург...
Шалонан
Чкъургаша аннийн ботт техкайеш,
Малхбале
Текхира...И къема-къематде...
Автор Алимхажи Италагов
Свидетельство о публикации №225090201846