Дешахьалхе

БисмиллахIи ррахьмани ррахьим.
Хастам бу АллахIна стигланаш, латтанаш кхоьлина волчу. Цахааран  акхаллин бодашкара адамаш серлоне дохуш, нийсо дIахIотто Iамош, Шен пайхамарш бахкийтинчу, дуьненахь, эхартахь цхьаъ бен воцчу Паччахьна. Оцу Паччахьера салам-маршалла хуьлийла тешаме, бакълуьйш хилла волчу, Цуьнан элчанна, Мухьаммад ;пайхамарна, цуьнан цIийнан охIланна, доьзалшна, церан тIаьхьенашна, Делан некъахь цуьнан накъостий хилла, бакъо, харцо къастош схьабаьхкинчу асхьабашна, табиинашна. АллахI-Дела цхьаъ веш, Цуьнан элча Мухьаммад ;пайхамар бакъ веш болчу массо бусалбнийн декхар ду,  Дала тIедиллина дин довзар, Iамадар, цунах болу кхетам, мелла буьззина хилийтар а. Цу юкъахь ду Дала бахкийтина пайхамарш (Делера салам-маршалла хилийла царна) безар, царах тешар. Церан дахарх хаза масалш схьаэца гIортар, къаьсттина бIе ткъе виъ эзар пайхамарийн (Делера салам-маршалла хилийла царна) мухIар деш ваийтинчу вайн Мухьаммад ;пайхамаран гIиллакх-оьздингаллин вастах. Делан дуьхьа долчу нигатца мелла шуьйра, чулацаме, заманийн кIоргера кхетам хилийта, вайн элча Мухьаммад (Делера салам-маршалла хилийла цунна) схьаваьлла махках, иза кхиъначу адамийн юкъараллех, оцу заманийн дахаран ламастех, адамийн дуьнене болчу хьежамех, йукъахь кхоллаеллачу синмехаллех дерг сайна довза, дешархошна довзийта Iалашо йолуш вовшах тоьхна ду хIара байтийн кепехь долу йозанаш. Къаьсттина хаа лаара оцу хала заманахь байлахь висинчу Мухьаммадан ;дахаран хьелашца боьзна кхоллабелла цуьнан синхаамаш бовза, коьрте хьийзина ойланаш йаста, царна тIаьхьакхиа. Цо лайна халонаш, тIехиттина бохамаш, дог Iавжош хилла иэшимаш – оцу массо халачу киртигех Далла луучу собарца чекхвуьйлуш, бусалба уммат кхолларан толаме кхача цо лелийна бахьанашна тIаьхьакхиа, Хастаме Делан пурбанца, дуьззина довза. Хууш ду, веккъа ша дIаволавелла бусалба уммат, цхьана стаге кхоллалур доций, цуьнан Дала, Цо нисбинчу накъосташа гIо деш ца хилча. Дала Шен къайлаха динна гIо деш долу орца латтийна ислам даржочу некъахь Элчанна (; .). Вайн элчанан, Мухьаммадан (; .), дахар довзар доккха Iилма ду массо бусалба нахана, къеггина масал ду иза массарна – цуьнца нисдала. Бакъду, цуьнан башхачу синмехаллашка: собаре, комаьршалле, хьекъале, къинхетаме, кхетаме, догдикалле, тешаме хиларе, бакълере, иймане, Iамал-Iибадат лелоре, Далла муьтIахь хиларе, кIеда-мерзалле, машаре, догцIеналле, маслаIате хиларе, меттан аьхналле, са мел долу хIума езаре, хьикматалле, дин толо муьлхха эшамна кийча хиларе – кхачалур вац вайх цхьа я цуьнан заманхой ца кхачабелла. Амма цуьнан оьздангаллин мехаллех вай масеханга мукъа,  нисдала ницкъ кхаьчча – иза боккха кхиам бара вайна Далла гергахь. Элчанан ; уммат дуьненчу даьржина дейтта бIе шовзткей уьтталгIа шерашка гIоьртина дIадоьдуш ду. Дукха жайнаш, книгаш, кхин долу йозанаш яздина бусалба, кхечу динийн къаьмнийн векалша Мухьаммад ;пайхамарх, цуьнан дахарх, цо дуьне нийсачу динан некъа доккхуш хьегначу къих лаьцна. Амма кхин эзар шерашкахь дуьнено къахьегча, цо диначун буьззина мах хадоре цхьа кхочур вац, цхьа АллахI воцуриг. Ас Кхоьллинчу Деле сайна гечдар доьху сайгара дийлина хила тарлучу гIалаташна. Бакъду, уьш дийлинехь, ца дийлина уьш сан кхетам я Iалашо вочу агIор хьаьвзина. Уьш дийлина хила тарло, дуьйцучух лаьцна долу сан хаарш заьIап я дуьззина цахиларна. Ишттачу галаташна ас Деле гечдар доьху, ткъа дешархошка доьху уьш билгалдахар, суна доккха вешийла хуьлуш хиларна, уьш нисдеш, царна тIехь болх бан. ХIокху балхана тIехь къахьоьгуш аса пайда эцна:
1 «Бусалба динан историх, пайхамарийн (Делера салам-маршалла хилийла царна) дахаран масалшца» цIе йолу, Магамадов Рахьманан Сулеймана 2010 шарахь, Гумс-гIалахь, Кадыров А. Х. цIарах «Некъ» зорбанан-хаамийн хIукматехь арахецначу жайнах.
2  Ибн Касиран «Къасасуль – Анбияи» жайнах.
3 «Делан элча Мухьаммад (; .)» 2010 шарахь Дагестанан бусалба динан урхалло арахецначу жайнах.
4 «Мухьаммад (АллахIера къинхетам, маршала хуьлда цунна) – дахаран масал (дин, гIиллакх, оьздангалла) 2007 шарахь Муртазаев Сайдмохьмада хоттийна жайнах.   
        5 Кхиндолчу къаьмнийн авторийн жайнашна т1ера эцна оьшуш болу пайда.
    


Рецензии