I дакъа Iарбийн ахгIайреI

1
Iарбийн мохк цу къоман дахарца цхьаьна,
Генарчу шираллера дохку вай бийца.
ТIелаца-м беха некъ бу иза цхьанна, –
Цу балха тIехь Дела ву вай ГIоьнча сица.
2
Европин доьалгIа  декъехь – ахгIайре,
Кхаа агIор иза хьоьстуш ду хIордийн хиш.
Ткъа мохк ша – цу маьлхан лаьмнаш, гIум-ареш,
Тов айина, мох хьийза, гарманан панеш. 2
                3
Эзар сов чаккхарма3 Хьиджазан4 лаьмнаш,
Бохь лекха ЦIен-хIордан5 агIонца дахделла.
Цу хIордан бердаца Iуьллу и аса, –
Беркате Тихама6 ю ялтица гIаръяьлла.
4
Бурани-хица7 бу Неджд8 олуш хилла тIаплам9,
ГIажарийн аймин10 берд дIалаьцна баьржина.
Къилбазехь11 ю Йеман,12 Хьидрмаут13, Оман14,
Уьш хилла ялтин рицкъа латтош махкана.

1 – ахгIайре – кхаа агоIрхьа хи гонаха долу латта (полуостров)
2 – гарманан панеш – йист йоцу еса аренаш.
3 – чаккхарма – яхаллин барам 1000 метар (километр).
4 –Хьиджазан лаьмнаш – Iарбийн махкара лаьмнийн цIе.
5 – ЦIен хIорд – Iарбийн мехкан боккха хIорд (Красное море).
6 – Тихама – ЦIен хIордан бердаца йолу жима лаьттан аса.
7 – Бурани – хи – ЦIен хIорда чудужуш долу доккха хи (река Евфрат).
8 – Неджд – Бурани хин бердаца – тепанго кхоьллина лам.
9 – тIаплам – латтана бухара йогучу цIарца ара кхийсннчу маьIданех хилла лам (вулканическая гора).
10 – ГIажарийн Iам – (Персидский залив).
11 – Къилбазе – Къилба седин агIо (север).
12 – Йеман, 13 – Хьидрамаут, 14 – Оман – Iарбийн пачхьалкхаш.


                5
Ялта дер хилла ду кхузахь тIех хала,
И даьхни лелорал кара доьрзу хьалха.
Амма ницкъ дебначу цу даьхнин дайша,
Ахархойн мехкаш хийла шайн дола даьхна.
                6
Iарбийн къам ду Нохан (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) Шиман15 тIаьхьенаш,
Оцу дешан маьна ду кхелхина леларш.
Кху махка кхаьчна уьш даьхнешца кхелхаш,
Цара лучу сурсатех16 шаьш хене бовлуш
7
Цу Шиман тIахьенех схьабевлла жуьгтий,
Шина къоме уьш берзарх дац хаьдда доза.
Цу къаьмнийн бух бу ИбрахIиман (Делера маршаллла хуьлийла цунна.)17 кIентий,
Бабилехь18 дуьйна шаьш дIасабевлла гIоза.
8
Адамах19 даьржина дуьненчу къаьмнаш,
Вай цец дийла хIумма дац хиллачух кхузахь.
Алсамчийн цIийх иэеш Къабилан20 амалш,
Иблисо даржадо «ас - со» царна юкъахь.

15 – Шима (Сим) – Нохьан (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) кIант: жуьгтий, Iарбий цунах схьабевлла боху Iилманчаша.
16 – сурсаташ – дахарехь дааршна дезарш до хIумнаш (продукты). 
17 – ИбрахIим пайхамар (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) – ИсмаьIалан (Делера маршаллла хуьлийла цунна.),  Исхьакъан (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) да.
18 – Бабиль – дуьххьара дуьненчохь адмаша йиллина пачхьалкх – гIала (Вавилон).
19 – Адам (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) – адамийн зуьретан да, дуьххьара Дала кхоьллина адам, пайхамар а.
20 – Къабил – Адам – пайхамаран (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) кIант, дуьххьара шен ваша (ХIабил) вуьйш цIий Iанина (Каин).



9
Орам шайн къилбера21 я къилбазера22
Хиларна, бекъалуш бу тахана Iарбий.
Лардан23 хьост24 цхьаъ ма ду жуьгташца церан,
Шеконца харц дойла ца хиларна адмийн.
                10
АхгIайре – бух хилла дахарехь Iарбийн
Генарчу пачхьалкхашца даим уьйр йолуш.
Мисара,25 Бабила, хеттийн мохк, желтойн26
Гезбо27 цара, лелош мах, бIаьхалла28 дIахьош.
11
Лулахойх талор деш29 хIорш тийсабелла,
Кхечара хIорш бохура аренгахь чIана30.
Кху мехкан куц-сибат – гIамаран пане31,
Цхьана суьртахь сацо ницкъ бацара цхьаьнне.
12
ГIажарийн32, Хьабашийн33, Византийн34 бIоно35
Дозанехь кхарна маршо йоьхкура хийла.
Барт боьхна шайлахь лаьттачу гамоно
Хоуьйту – барт боцу къам хуьлуш дуй гIийла.

21 – Къилбера – бусалба нах ламазна боьрзу агIо (юг). 22 – къилбазера – бусалбнийн ламазехь букъ боьрзу агIо (север).  23 – лард – бух (основа, фундамент).  24 – хьост – хи я кхин хIума схьадолуш йолу меттиг ( исток).
25 – Мисара – Iарбийн пачхьалкх, (Египет). 26 – желтой – къам (греки). 27 – гезбо – кхелхаш, буьйлабелла лелаш долу дахар (перемещение, странствие. кочевой образ жизни).  28 – бIаьхалла – тIемало хилла лелар (исполнение воинских обязанностей).
29 – талор – некъахошна, мехала хIумнаш схьайохуш, ницкъаш бар.
30 – чIана даккхар – адам долахь мел долчу хIумнахь доккхуш, дIацIандар (разорение). 31 – пане – еса меттиг. 32 – гIажарий – къам, фарасий олу цунах (персы, иранцы).
33 – хьабаший – къам (эфиопы). 34 – Византи – ширачу заманан пачхьалкх; 35– бIо – тIеман тоба, эскар. 


                13
Юккъерчу Азин пачхьалкхийн бIон некхахь
Яьржина Iуьллура и Iарбийн ахгIайре,
ЧIагIонан турс36 хилла  Малхбалин къаьмнийн,
Уьш лардеш тIамца тIе богIуш болу бIонех.
.                14
Мах баран некъаш ду кху махках довлуш,
Лаьттаюкъан хIорд37 Гена-Малбалех38 хуттуш,
Йоьттина къепалаш39 деши тIехь долуш,
ЖовхIаршца кIаденаш лелла дIасакхоьхьуш.
15
Чам-бецийн сурсаташ,40 кечдина герзаш,
Пийлан даьIахк, даьттанаш, дуьйш кхио ялташ.
Бухкуш бара йийсарш41 – кханенийн гIарбаш42,
Цу хьоло кху махкахь кхуллу Iарбийн ярташ.
16
Кхелхачу Iарбашна дезало махбар,
Цундела царна махкахь оьшура машар.
Iадатийн низамца нисдеш шайн дахар,
Тайпанийн къаношца цара доьхку талор.
                17
Хьесапна алсамо нуьцкалчу горах43
Хоржура куьйгалле хьикмате44 волу шайх.
Цуьнгахь ду жоьпаллин сацам тIелацар:
ТIом кхайкхорца машар бар, йийсарш дIахецар.

36 – турс – тIемало тIетухучу герзах ларвеш йолу аьчкан дуьхало (щит). 37 – Лаьттаюкъан хIорд – (Средиземное море). 38 – Гена – Малхбале – (Дальный Восток).  39 – къепалш – хьайбанашна тIехь гена мехкашкахула мах беш лела тобанаш (торговый карован).  40 – чам-бецийн сурсаташ – даарий тайп-тайпана чам тобеш йолу бецаш (пряности).  41 – йийсарш – тIамехь карадаьхкина адамаш (пленники).  42 – гIарбаш – дацо эциа, я йийсар дина адам (раб). 43 – гар, горах – цхьана тайпанах дIакъаьсташ шена яьлла, шича – маьхчалла гена даьлла тоба.  44 – хьикмате – синкхетаме, хьекъале хилар (мудрый).
               
 
                18
Хьаша шаьш тIеэцар дара Iарбийн чIогIа:
Кхиънехь церан четарх45 хьакхавала мостагI,
Iадато ларвойту и – кхачош бен уьстагI,
ДIаойуш кхерамашца сингаттам, гIайгIа.
19
Сийлахь яра  хьаша тIевогIу  хIусам, –
Дуьнен чохь лелачун хаам бара хьаша.
Хааршкахь сов волчун хуьлура ларам,
Вара и тайпанна санехь, дика ваша.
20
ЧIир екхар парз дара Iарбашна юкъахь,
Талораш дарехь цара бац вовшен бойуш.
БIо алссам берриг вара гуш гIаролехь,
Къепалшна дина зенаш дуьззина токхуш.
21
Доза лардечийн ду долахь дежийлаш,
Хьалхе ю дезар дарна хиш долчу гIушна.
Тайпанан боьрша нах бу кхузахь маьрша,
Бахамца шаьш лардайта, Iамалш ян цIушна.46
22
Шен дегIан маршо яц кхаралахь йоьхкуш,
Тайпанан Iадатех вара массо возуш.
Цул ара кхевдинарг вара дIавоккхуш,
Вуьсура и цхьалха ша, вала да воцуш.
23
Тайпанах дIахаьдда стаг бакъо яра
Йийсар ван, дIавохка я вийна дIаваккха, –
Кху мехкан орцанах и  хаьдда вара,
Да вацарна жоп деха, цуьнан чIир екха.

45 – четар – гатанах йина хIусам (палатка).   
46 – цIушна (цIуш) – хIуьппалгашна Iибадат дечеран хьехамчаш – молланаш (священники).
                24
ДегIана маьрша – тайпанан йийсарехь –
Аренийн Iарбашлахь лаьтташ дара дахар.
Адмалла дайна тайпанал арахьа,
Царалахь чIагIделлера дуьненахь лелар.
                25
Тайпанан сий лардар коьрта ду царна,
Тасадалар нисделчахь майралла гайтар.
Халонехь шайгара ца гойтуш кхардам,
Дахарехь берахь дуьйна юьхькIай чекхвалар.
26
Iажалле бирзинчу дайшкара царна
Кхочу церан бахамца эхь-бехкан дакъа.
Дайн силсил47 шайн иэсехь латтош леранна,
ЦIераш цара йохура кхаччалц бархI дега.
27
Аренийн Iарбийн зудчун мах бай бара,–
Бераш, кхерч ларбан бен охIла48 цахиларна.
КIентий дебча, цу цIийнан ницкъ толора,–
Цара тIом бой гулдо, оьшуш дерг дахарна.
28
ЙоI, маре дале, ден куьйга кIел яра,
Маре яхча хуьлу и майрачун долахь.
Майра лахь цуьнан верасе 49 йоьрзура –
Ткъа дуьненчу йоI ялар-м – эхь дара доккха.
                29
Зудчо йоI йича стаг, юьхьIаьржа хIуттий,
ДIалечкъара, нахалахь гучувалар доцуш.
Цхьаволчо-м эхь дойуш – йоI лаьттах юллий,
Йоьра, шен кийра цхьа къинхетам ца буссуш.

47 – силсил – дайн орам бовзар вахI дега, цул дехьа кхаччалц (родословная).
48 – охIла – хIуманна говзалла йолуш хилар (способность).
49 – верас – шеретан декъахо хила йишъерг (правопреемник).               
                30
Нислора кху Iарбийн мехкашкахь наггахь,
Коьрталла шайн зударшка дерзийна хьелаш.
Майра лахь, даьхнин да зуда ю цигахь, –
Эццехь зуда яцара марзошка ерзош.
31
Ша маре дале, йоIстаг цIена хилар,
Iарбаша зудчуьнан лору коьрта декхар.
Марехь шен цIийнадена и муьтахь елахь,
Бакъо ю леладан шена луъу духар.
32
Лай-зудчо Iарбочух боьрша во150 винехь,
Иза хуьлура бакъонца тайпанан стаг.
Антара51 боху кIант хиллера ишттачех,
Iарбашлахь гIараваьллачу илланчех цхьаъ.
33
Тайпанийн шайн бу деланаш Iамал ян,
Уьш царна тIехь базаро барт латтош юкъахь.
ХIуьппалгех52 тешар даларна цIармата,
Цара АллахI лорура цу делийн коьртехь.
34
АллахIан цIе яхар доьхкура цара,
Цундела уьш кхойкху сипаташка53 Цуьнан:
«Воккханиг», «Везаниг», «Къинхетаман Да»,
«Кхолламхо», бохуш, – ларам беш шайн хIуьппалгийн.
                35
 ХIуьппалгех АллахIан  бIо бина цара
Я Цуьнан хьадалчаш-м лоруш бу уьш, тешна?
АллахI дуьне лардан гIорасиз хетта, –
Тайпанийн хьашташ дар, тIедохку гIоьнчашна.
50 – воI – доьзхо, кIант.  51 –Антара – Iарбочунна гIарбашо вина хилла кIант, гIарваьлла поэт. 52 – хIуьппалгаш, хIуьппалгех – тIулгех, дечигех дина суьрташ, Далла до бохуш, Iибадат деш царна.
53 – сипаташ – хIуманан билгалонаш, АллахIан (99) сипат ду билгалдеш.
36
Тайпа я цхьа стаг ша, къастош дан дола,
Хетта царна кIезга болх Коьртачу Далла54.
Цул сов яц войла, там беш реза хIора, –
Цхьаболчийн толамо кхечарна бо бала.
37
Цхьана Делехь шайн оьмар йита уьш тигац,
Тайпанийн хьаштел сов нийсо ца лехарна.
Мел долу адамаш бакъон тIе нислац, –
Шен тайпана боцу нах бу кхузахь хийра.
38
Цу Iарбийн коьртехь ю хьийзаш цхьа ойла:
«Тайпанан нахана яр токхонан шорто,
Кхинберш бу шайчеран алссам деш дола,
Массо гIерта шен дахар кхечарел толо».
39
Дела цхьаъ веш нах бара нислуш кхузахь,
Хьанифаш55 олу царах, ткъа бац уьш дукха,
ХIуьппагийн дин харц деш, тешош эхартахь,
Оцу дахарх дерг дуьйцу цара сих–сиха.
                40
Уьш дика, дан кийча хиларна денна,
Тайпанан вежарша сий дора хьанифийн.
Мах беш я тIемашкахь къаьмнаш довзарна,
Iарбашлахь бу кхетам кхечу динийн кепийн56.

54 – Коьрта Дела – Iарбийн кхетамехь АллахI коьрта Дела хилла, Шен куьйга кIел кхара Iамалш еш болу, хIуппалг-деланаш болуш.
55 – Хьанифаш – Дела цхьаъ веш болу яхIудех (жуьгтех), насарех нах.
56 – динийн кепаш : яхIудийн, насарийн, хIиндойн, сабиинийн, хIуьппалгахойн, хьалхара шиъ Делера жайнаш диссинчийн дин ду, вуьйш – шайтIано Iехийначу нахера ду.



                41
ЯхIудаш57, насариш58, сабиинаш59 тIехь,
Кху Iарбийн ахгIайрина бу гондхьа бехаш.
Дин къуьйсуш хамталлаш60 яц кхарна юкъахь,
Уьш даржош болчарна ца йо дуьхьалонаш. 
42
Цу динийн тIеIаткъам61 кIезга бу кхузахь,
Iаьрбий шайн хIуьппалгашна хиларна реза.
Схьагарехь кху къоман дахаран хьолехь,
Хилла хийра цу динийн Iамалийн терза62.
43
Тайпанийн Iадатийн низаман гураш
Гатло, адмаш бахамо долийча декъа.    
Хьал долчо нах лоху байта шен белхаш,
Оцу хьоло, кху махка, и кхо дин дохьу.
                44
Сабиинаш бара Бахрейнан63 Iарбий,
Тешнера уьш вон, дикий, серлонца бода –
Дуьненахь хиларх къийсалуш даима,
Цундела адам деза серлоне кхийда.
                45
Малхаца го царна бакъонан рамза,64
Кхерчахь цкъа ца йойтуш шаьш ягочу цIарца.
Малхо тов, серло ло боданца къовса,
Адмашна гIо хилийта, зулам ден хьовса.

57 – яхIудаш – Мусана (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) тIаьхьабозуш берш.
58 – насареш – Iийсана (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) тIаьхьа бозуш берш. 
59 – сабиинаш – малхана, седарчашна, цIарана Iамалш еш берш.
 60 – хамталлаш – резабацарш, дуьхьалонаш яр.
 61 – тIеIаткъам – ойланехь бина хийцам, влияние, воздействие.
 62 – Iамалийн терза – Далла дечуIибадатан барам гойтуш долу     гIулкхаш къастор.
63 – Бахрейн – Iарбийн пачхьалкх.
64 – рамза – юкъараллин къеггинчу барамна билгало елла хьаьркаш, (символика, символ) 
                46
Къилбеххьий, къилбзеххьий насариш баьхна
ХIокху махкахь бIешерийн дахаллехь маьрша.
Набатин65, Йеманан элашца цхьаьна,
ГIажаршца доза дарна Византис мах луш.
47
БIе йолхалгIа шо миладийн66 терахьца
Набати Трояна 67 хьашна Римах туху:
«Iарбийн мохк» аьлла керла цIе туьллуш,
Ткъа цул тIаьхьа Византис шеха схьатуху.
48
Лахьмадойн68 шахьаран цIе яра ХIира,69
Цигара Iарбий бара гIажаршца тайна.
Талор деш Византих уьш тасалора,
Ларочулла ка тухий, бовлура къайла.
49
Желтошций,70 румашций зIе йозуш бара
Къилбанан агIонехь бехаш болу Iарбий.
Бозуш бара уьш Хьабашийн, Византийн
Пачхьалкхашца лараме доттагIий хилла.

65 – Набати – хьалхалера Iарбийн пачхьалкх.
66 – миладийн – Iийса пайхамар (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) дуьненчу ваьлчхьана дан долийна дуьненахь шерийн хьесап. 
67 – Троян – римлянийн паччахь, цо 106 –гIа шарахь Римах дIатуьйхира Iарбийн пачхьалкх Набати.
68 – 69 – Лахьмадойн гIала ХIира – Iарбийн пачхьалкх, цуьнан коьрта гIала, оцу хьоло таро йо Iарбийн зIе латто.
70 – желтошца – (грекашца), румашца (римлянашца).

 
50
Iарбийн ахгIайренан кегий пачхьалкхаш,
Шайн махкахь деш бара желтойн, румойн ахча,
Маьрша Iаш, царна кога кIел ца боьлхуш,
Ца юллуш гамо юкъа вовшашна баьхна.
51
Миладан терахьца кхо бIе шо дузуш
Кху махкахь баржа буллу насарийн хьехам.
Наджранехь,71 йолхалгIа бIешераш доьлхуш
Килс хилла, Iамал хьеха шайн мозгIар72 волуш.
52
Iийса (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) дуненчу ван дуккха хан хьалха
Йеманан Палестинца73 зIе хилла йозуш,
Цундела яхIудийн дин дара  бухахь, –
Маьрша дара муьлхха дин леладан кхузахь.
53
Миладан терахь. ЙолхалгIа бIешарахь,
Йеманера хьабашиш лаьхкира гIажарша.
ХIуьппалгхой,74 яхIудаш толабеш динехь, –
Мехкан дахаран хьал яхIудийн чух тардеш.
54
Дуненчу Iийса (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) ван кхо бIе шо долуш,
Кхузахь цхьа нах бара даржадеш хIиндойн дин.75
Хийрачу цу мехкийн и чолхе динаш,
Ца денло т1ех яккхий гIаланаш йолчохь бен. 

71 – Наджранехь – Iарбийн кIошт.
72 – мозгIар керистанийн хьехамча (священник).
73 – Палестина – Iарбийн декъаза пачхьалкх. 
74 – хIуппалгахой – дечигех, тIулгех кхечу гIирсех йиначу хIумнашна Iамалш еш болу нах (язычники)
75 – хIиндойн дин – адмаша шайна хетарехь шаьш кхоьллина Iибадат даран кеп(индуизм).

 
55
 Мах беш я лай бацош, говзаргаш76 ечохь,
Латта дуьйш я пхьерашна болх болчохь алсам,
Тайпанийн Iар-дахар херцачу меттехь
Я пачхьалкх денлучохь бара динийн орам.
56
ГIамарийн аренгахь кхелхина лела
Iарбочун рицкъа дара хьалхара даьхни.
Шаьш къастош, лардан, оьшу царна Дела,
Цундела уьш Iадатна ца бовлу хера.
57
Миладан терахьал эзар шо хьалха
Къилберчу Iарбашлахь гучудолу йоза.
Оцу Iарбийн маттахь ду тептарш77 церан, –
Ткъа тахана Къилбазхойн78 мотт буьйцу къомо.
58
Байташ79 яха, уьш ала, Iарбий бу говза,
Барта80 кхуллуш дара цара олу иллеш.
Маттана охIланчийн тоьлла нашидаш81
АхгIайрин махкахула лелара яьржаш.
59
Нашидийн хиламаш бара дахарх боьзна, –
Безаман, деналлин, синхаамийн ойла,
Наггахьчо хьахадора хилар Цхьа Дела,
Эхартахь хиндолчух хьакхалуш тIехь шийла.

76 -говзаргаш – пхьераша дешех, детех зударшна кечбала кечйина хIумнаш.
77 – тептарш – терхьаман (историн) адамийн дахарх лаьцна шира йозанаш.
78 – къилбазхой – къилбина букъ берзина агIонгара нах, северяне;
79 – байташ – илланчийн мукъамехь йозанаш;
80  – барта – йоза гучудалале наха дагахь латтош кхуллуш хилла са доькъу хIумнаш: эшарш, иллеш, туьйранаш, кицанаш и. дI. кхин;
81 – нашидаш – Iарбийн къоман иллеш. 

                60
Ца кхоьруш Iажаллех, иблисах, Делах,
Цара иллийн турпалхой гойтура майра.
Дац иза уьш кхоьруш цахилар Делах,
Амма дара эхартахь – кхоччух шекхилар.82
61
Iарбашлахь илланчийн дарж дара сийлахь,
Веза хьаша лоруш и муьххачу хIусмехь.
Илланчаш жинашца бо цара бертахь,
Царна кхиа гIо деш исбаьхьчу похIмаллехь83
62
Сийлахь ду Iарбашлахь мотт говза бийцар,
Къамелехь шен дешнийн чам бовзийта хууш.
Халачу хьелашкахь хиларх шайн дахар, –
Шайн меттан оьздалла хилла цара кхиош.
63
КIеззигчух беш тоам Iарбий бахчийна84,
Рицкъина халачу дахаран хьелаша.
Цу хьоло ницкъ болчу гонах ларбина,
Шайн кога кIел ца бухкуш, тIамца дIахьаьшна.
64
ГIум идон аренаш, тIулгийн лаьмнаш бен
ТIамца къуьйсуш схьабаккха Iарбийн бац бахам.
Эзарнаш лай бацош, хазаллаш кхолла,
Ца бирзира кху агIор лулахойн тидам.
65
Къинхьегам боккха бац дажорца даьхни,
Синмаршонца тидамашна ю шортта хан, –
Iаламан хийцамийн къайленех ийна,
Уьш кхиъна даьхнел чIогIа  кхиийта хьекъал.

82 – шек хилар – цатешар (сомневаться). 
83 – похIмалла – говзаллина охIла хилар (вдохновение).
84 – бахчийна – халонаша гIоралле валор, гIайгIа-бала лалуш хилар (закалённость).
                66
Миладан терахьан бIешерийн юьххьехь,
Дешаза, маьрша Iарбий деналлехь вара,
Гонера пачхьалкийн болх бечу нахал,
Дахаран халонех хьекъалца чекхвала.
67
ДоьалгIа бIешарахь – Iилмано чIагIдо
Миладан терахьехь, кху мехкан Iалам 
ТIуналлин йочано долорна толо, –
Кху махка схьакхалхош алсамо адам.
68
Оазисаш85 гIовттуш, гIаланаш дебча,
Тайпанийн Iадатийн дахаран кеп хаьрца.
Миладан йолхалгIа бIешо тIекхачча,
Iарбийн мохк болало дахаран кеп хийца.


Рецензии