2 дакъа Макка

               
1
Миладан хьалхарчу бIешерийн хенахь,
Кхузткъей итт чаккхарма86 ЦIен хIордал дехьахь,
Хьиджазан лаьмнийн, Тихаман тов87 хьийзехь
Шахьар Макка кхоллало кху Iарбийн махкахь.
2
Йокъанан хьарма ю Маккина гонехь,
Даьхни лелон дежийлаш ца кхуьу кхузахь.
Лаьмнаший, гIамарший ларъеш зуламех,
Iуьллура хIара меттиг махбархойн некъахь.

85 – оазисаш (оазис) – Iарбийн махкахь хинан къелла йоцуш, йуьйш – ерзош йолу меттигаш.
86 – чаккхарма – километр, 1000 метар.
87 – тов – маьлхан я цIеран йовхо хьийза меттиг.



                3
Кхузахь бу дика некъ ГIажаре кхача
Я къилба агIонца Шемехьа дIаверза,
Я Лаьттаюкъан хIорда тIе дIахьовза.
ТIе кхузахь ду Iарбийн юкъара Сийлахь ЦIа!88
4
Кху сийлахь массара лоручу метте,
Iибадат дан оьхура ахгIайрийн Iарбий.
Цаьрца мах лелорца бовлалуш хене,
Кхузахь баха буьйлира бахархой Маккин.
5
Коьртачех мехалниг ду кхузахь Маьждиг,
ЕакIов кеп хиларна Iарбаша аьлла:
«КаIбата – «Делан ЦIа» – ларарна доггах,
ТIе уллохь бухдуьйлуш ду комаьрша Замзам!89
6
Историн Iилманна хууш дац билггал,
Маккин сий маца дуьйна айдала доьлла.
Iарбашлахь дийцар ду  лаьтташ чIагIделла,
Замзам-хи ИсмаьIална (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) совгIат дарх Дала.
. 7
И совгIат до Дала, Ша доттагI вина
Iарбийн къоман денда винчу ИбрахIимна (Делера маршаллла хуьлийла цунна.).
Шен омра кхочуш деш и кхуза варна,
Ша муьтахь Делан лай хилар цо гайтарна.
8
Мисрара Палестине шаьш кхелхича,
Сарас90 ИбрахIиме (Делера маршаллла хуьлийла цунна.), шен бер цахиларна,
Керла лай ХIажар91 дола  яккхийтира,
Мисаран баьччас шена елча совгIатна.

88 – Сийлаллин ЦIа – Маккара КаIбатан маьждиг. 89 – Замзам – Маккара Сийлахь ЦIийнехь долу хи, Дала ИсмаьIална (Делера маршаллла хуьлийла цунна.), ХIажарна  дина совгIат. 90 – Сара – ИбрахIиман (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) дуьххьарлера зуда.
 91 – ХIажар – ИбрахIиман (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) шолгIа зуда, ИсмаьIалан ;нана.
 
9
ХIажара ца хьелуш ИсмаьIал (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) вира,
ТIаьхьа Сарица болу лерамах юхуш.
Делан лаамца Сарас Исхьакъ (Делера маршаллла хуьлийла цунна.)92 вича,
Наношна юкъара хьу93 кIаргъяла юлу.
10
Яцара ши эмгар вовшашца тарлуш,
Ши нана гамъеллера ца хедаш къовсам.
ХIажар шен кIантаца эккхор тIедожош,
БайIат94 дира Сарас ша коьрта хиларна.
11
Хала дара дена ИсмаьIалх (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) къаста,
Делера дара омра95 къастар тIедожош.
Кху махкахь цу Дала гайтинчу меттахь,
Вухавоьрзу ИбрахIим (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) к1ант, ХIажар дуьтуш.
12
Къеггинчу малха кIел, йоттучу арахь,
Хи чекхдаьлла, хьогалло хьавзийра пекъарш.
ХIажар ша уьдура хи лоьхуш гонехь,
БIарзъяларна деш Деле елхарца дехарш.
13
«Тхан Дела, Хьо гуш ву-кх тхоьгара бала,
КIел лачкъа IиндагIна дитта доцчу хьармахь96,
Хьох тешна дитна-кх тхо далийначо кхуза,
Хьо цхьаъ бен кхин да вац-кх тхуна орцах вала!»

92 – Исхьакъ (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) – ИбрахIиммна (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) Сарас вина кIант.
 93 – хьу – цабезам, юкъаметтиг шелъялар.
94 – байIат – хIума дар омранца тIедожор.   
95 – омра – гIуллакх кхочушдар тIедожар.
96 – хьармахь – билгалчу меттиган дозанна чохь долу хIума.

 
14
ИсмаьIал (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) воьлху, когашца гIум кегош,
ХIажар дIахьажалац, хи доьхучу кIанте.
Iажаллин сурт ца ган, нана дегI дегош,
Ас-Сафа97 лам тIе йолу, дог хилла хьере98!
15
Юха едда йолу ал-Марват – лам99 тIе,
ВорхIазза дIасауьду лаьмнашна юкъахь.
Эххара олу цо, куьг дуьллий даг тIе:
«Везан Дела, Хьайх тешна тхо, дIа ма таслахь!»
16
БIарлагIа100я инзар!101 ГIан ду те хIара!
ИсмаьIалс (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) когашца баьккхинчу кIаг чуьра,
Ирх кхийса долало хих дуьзна хьоста!
Комаьрша Делан болх, бевли хIорш лечуьра!
17
ХIажар дIахьаьдира ИсмаьIал (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) волчу,
Канаш чохь кIантана хи малийра хьалха.
Цул тIаьхьа хих шена там бина яьлча,
Цо тIулгийн берд102 баьхьира шовданна гонах.
18
АллахIна хастамаш бан юлу ХIажар,
Къинхетам шайх барна, цIена шовда доьллуш.
Iарбашлахь иштта ду Замзам-хих дийцар,
Амма бакъдерг, ма-дарра, АллахI ву хууш.

97 – Ас – Сафа – КаIбатан хьармера лам. 98 – хьере – холча хIоьттина, сингаттаме, бIаьрзе, воьхна хилар. 99 – ал-Марват – КаIбатан хьармера шолгIа лам. 
100 – бIарлагIа – адмана есачу гарманан аренгахь дуьхьала хIуьттуш долу цхьацца сарташ (мираж).  101 – инзар – тамашийна хIума (чудо).
102 – берд – хи дIаса ца даржийта еш йолу дуьхьало, хи гулдан. 

 
19
Зудчун сий лах ца до доьзалехь Дала,
Шираллехь-м103 зуда кхузахь хилла ю коьрта.
Жоп Сарин дехарна Дала даларна,
Шен кIантах ИбрахIим (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) дог реза дой къаьста.
20
ИбрахIимна (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) Дала нисъйо дахарехь,
Доьзал кхолла кхо зуда, Сарица коьртехь.
Ткъа ХIажар, Кинтура104 яц Сарин даржехь,
Цундела уьш берашца баьхнера юьстах.
21
ИбрахIимна ;Сарас вина волу Исхьакъ (Делера маршаллла хуьлийла цунна.)
Дений, нанний хьалха берахь дуьйна кхиъна.
Вукха зударийн бераш ца хилла-те хьакъ105,
Ден марзонца ирс оьцуш, дахарх чам баккха!?
22
Исхьакъан (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) хьоме сте106 Риваки107 хилла,
Цо цунна шала вина Якъубца (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) Айса (Делера маршаллла хуьлийла цунна.)
Амма нанас озабезам Якъубехьа (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) бина,
Далла лиъна Исхьакъ (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) Iехавайта говза.
                23
ИбрахIимна (Делера маршаллла хуьлийла цунна.), са тедеш, бо хаам Дала,
ХIажарца ИсмаьIал (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) даккхале махках:
Iуналлехь во1 108 кхио, сийлахь дарж делла,
Латтош цуьнан тIаьхьенехь ийманан дакъа.

103 – шираллехь – генна хьалхарчу заманахь бохург ду. 
104 – Кентури – ИбрахIиман (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) зуда.
105 – хьакъ – хIума хила догIуш стаг я зуда хилар. 
106 – сте – зуда, боьрша йоцу садолу хIума.
107 – Риваки – Исхьакъан (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) хьоме зуда, Айсин (Делера маршаллла хуьлийла цунна.), Якъубан (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) нана.   
108 – воI – доьзалхо, кIант. 

 
24
Башха къам хир ду ИсмаьIалан (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) тIаьхье,
Дела цхьаъ варан дин даржадарна тIера.
Нислур ду чекхдийлар халачу зерех109,
Ийманан некъана уьш ца бовлуш хера.   
25
ХIажара хи хьостуш, ирх кхийсар тедеш,
Аьлла долу: «Зам-зам!» – меллаша, меллаша.
(Шовданан цIе хилла ду лелаш дешнаш);
Ца хьелуш кхуза гулло са долу хIумнаш.
26
Кхаьршинна дуьххьара тIекхаьчна адмаш,–
Йеманера схьадогIу джурхуман тайпа.
Барт хилла джурхумийн, хих кхарна ял луш,
Кху лулахь туп 110 тоьхна шайн даьхнешца совца.
27
Дийцарехь ХIажарх дерг кхин дIа дац хазош,
Билгалдо КаIбатан хьармехь и дIайоллар.
Иза йолуш ИбрахIим (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) вогIура кхуза, –
Доцуш воссар говрара я буьйса яккхар.
                28
ХIажар дIакхалхале ялийра зуда
ИсмаьIална (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) джурхуман тайпанах йоI.
Ден цIера зовкхан хьал дацара марехь,
Цундела цо ялхайора кийрара къахь11I.
29
Цу хенахь кхуза кхаьчнера ИбрахIим (Делера маршаллла хуьлийла цунна.)
КIентан метта кхунна тIе деара нускал.
Ца воьхуш хьаша чу я ца беш лерам,
Цо ялхий гIуда хилла, шайх хьерча къелла.

109 – зер (зераш) – халонех чекхваккхар, испытание с преодолением препятствий. 
110 –туп – цхьана ханна адамаш гулахь даха охьахевшина меттиг;
111 – къахь – халоно бохийна чам.

                30
ИбрахIим (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) ладоьгIуш дикка Iа цуьнга,
Майрчуьнга ала олу, шен сибташ дийций:
«Хьайн цIийнан неIсагIе катоххий хийца,
Дахаран хьелаш тIаккха толур ду цуьнца».
31
Да къайла ваьлча ИсмаьIал (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) кхочу цIа,
Зудчо дуьйцу шехь хьешо дитина къамел.
КIант кхетта, дас аьллий, захало хийца,
ТIаккха цо шен зуда юьту, боцуш кхин хьем112.
32
Джурхумийн баьччийн113 йоI ялийра шолгIа,
ИбрахIим (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) иза йолуш веара кхуза.
Керла нус самукъне чувоьхуш чIогIа,
Хьошалла дан хIоьттира, дош олуш говза.
33
Веана къано говрара воссавой,
Леранна цавевзачу хьешан маж юьлий,
Шурий, жижиг, хурманаш хьалха йохкий,
Бепиг шайн цахиларна бехкала йоьду.
34
Шега хьал-де хоьттуш долчу хаттаршна,
Шен реза яцарш дийца ца юлу иза.
Дац арз114 майрчунна, ю реза дахарна,
ИбрахIим (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) вара цунна Iаламат реза.
35
Шен кIанте дIаала кост115 дуьтуш несехь,
ИбрахIима (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) аьллера: «НеIсагIе ларъе,
Леранна беркате дай хьешан весет»,
И хIинца нисъяларна Iаламат тамехь!
112 – хьем боцуш – сихха деш долу хIума (наспех, неотлагая).
113 – баьччин – тIеман бIонан куьйгалхо, тхьамда (командир, вождь). 
114 – арз – реза цазиларан латкъам (жалоба).
115 – кост – дехарца хIума кхочуш дан тIедожор (наказ, совет)

                36
Цунах Iама еза мел йолу зуда,
Хьешаций, цIийндеций гIиллакхехь нисъяла.
ИсмаьIална (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) шийтта кIант вина зуда,–
Къилбазера Iарбийн хIу долийна яра.
37
ХIажар дIакхелхинчул тIаьхьа ИбрахIим (Делера маршаллла хуьлийла цунна.)
Маккин хьармахь хьошалхахь Iа шераш дохуш.
Делера кхузахь хуьлу цуьнга хаам,
КаIбатан маьждиг  юхадендар тIедожош.
38
Дала Адам-пайхамарна (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) кху лаьттахь
Iамал яйта стиглара доссийна маьждиг,
Джибрила116 хилла бух билгалбой Маккахь,
Замзам-хица хотталуш лаьттина меттиг.
                39
Маьждиган куц, барам Джибрила хьоьхуш,
ИсмаьIалца (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) ИбрахIима (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) доьттира и.
КIанта тIулг тIекхоьхьуш, дас уьш дIадуттуш,
Стигларчу маьждиган сибатах117 тардира.
40
Шира Iарбийн дийцаршкахь дуьйцу: Адам (Делера маршаллла хуьлийла цунна.),
Хьавай ялсаманера даккхар – деш къаста,–
Адам (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) кхочу Цейлон118 олу гIайре тIе,
Ткъа Хьава – ЦIен-хIордехь Джидда119 олу метта.

116 –Джибрил – Делан геланча, пайхамаршна вахьишца Дала тIехьажош долу малик. 117 – сибатах (сибат) – тIехуле таръеш кхоьллина хIума. 118 – Цейлон– ХIиндойн Iапказ чуьра гIайре, Адам (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) ялсамане чуьра араваькккхича воссийна меттиг. 119 – Джидда – Iарбийн гIала, адамийн зуьретан нана Хьава дIайоьллина меттиг лоруш йолу.               
                41
Ала дашна, Джиддехь нахана гойту,
Хьаван каш ду бохуш, дIайоьллина меттиг.
Ши бIе шо даьлла цара вовшен лоьхуш,
Цхьаьнакхетар нисделла Iарафат-лам120 тIехь.
42
Сагатлуш, воьлхуш Iа Адам (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) кху лаьттахь,
Ялсаманера маьждигах ша валарна.
Къинхетам бо Дала ЦIа доссош лаьтта,
Iамалш ярца Адаман (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) са малха даккха.
43
Адам (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) дIакхелхина вирзича Деле,
АллахIа юха стигла даьккхира иза.
Цул тIаьхьа и дендар дирзира Шисе (Делера маршаллла хуьлийла цунна.)121,
Дала пайхамар винчу Адаман (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) кIанте.
                44
Дуьненчу хIорд хецна дIаяьлча зама,
Маьждиг дендан хоьттинера Нохь-пайхамар (Делера маршаллла хуьлийла цунна.).
Цуьнан кIанта Шимас (Делера маршаллла хуьлийла цунна.)122 чекхдоккху дина,
Иштта ю КаIбатах дийцаршкахь йогIу лар.
45
Джабраил дара цаьршинца гIо лоцуш,
ХIаваэхь лаьтташ тIулг123 беара цо царна.
Аьтто беш дIадотта маьждиган пенаш,–
Когийн лар тIехь иза бу кхузахь тахана.

120 – Арафат – лам, лаьттахь Адам (Делера маршаллла хуьлийла цунна.), Хьавай цхьаьнакхета меттиг. 
121 – Шис (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) – Адаман (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) кIант шега Делера хьерчораш (свитки) диссина.
122 – Шима (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) – Нохьан (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) кIант.  123 – хIаваэхь латтина тIулг – ИбрахIима (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) КаIбатан маьждиг дуттуш, цунна Джабраила беана тIулг, ИбрахIим (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) пене терра айина латтош хилла. Цуьнан когийн лар тIехь бу и тахана Маккахь.
 
46
«ИбрахIиман макъам»124 – цу тIулгах аьлла,
Iарбийн къоман деден лар цунна тIехь йисна.
Пенах боьллина бу,  тIавап125 долорна
Билгало еш, кхин кIайн тIулг126  Джабраилс беъна. 
47
Маликашца Адама (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) ялсаманехь127
ВорхIазза го боккхура маьждигна гонах.
ИбрахIимна (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) и дан лиънера лаьттахь,
ТIавап дар долош пенара тIулга тIера.
                48
Юьхьанца кIайн хилла пенахь боллуш гург,
Къинош долчу нехан куьйгаша Iаржбина.
Адамна (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) хехь хилла маликах беш тIулг,
Дала Iазап делла и Iеха вайтарна.
49
Iилмано лору тIулг тIепанган128 маьIда129,
Цхьаболчара стиглара чубоьжна седа.
Шадерриг хууш ву Кхоьллинарг дуьне,
Мел лелачу къайленийн Ша хиларна Да.

124 – «ИбрахIиман макъам» – хьажцIахь ИбрахIим (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) КаIбатан маьждиг дуттуш, пене терра хIаваэхь иза айина латтийна тIулг, тIавап дечу майданахь. 
125 – тIавап – хьажцIенна ворхIаза го баккхар. 
126 – кIайн тIулг – КаIбатан пенах боьллина тIулг, шена тIера ворхI го баккха болош болу, юьхьанца, Джабраила стиглара кхуза схьакхачош, иза кIайн хилла. Амма цул тIаьхьа даккхий къинош долу нах хьекхабалар бахьанехь, иза Iаржбелла.
127 – жаннатахь – ялсаманехь. йолуш иза тахана болуш бу КаIбатан хьармехь, «ИбрахIиман макъам» аьлла цIе йолуш.
128 – тепанг – (вулкан).
129 – маьIда – лаьттан бухара схьадолу металлаш, нефть, газ, кхиндолу сурсаташ а.
 
 
50
ИсмаьIалан (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) доьзалш Iажалло бигча,
КаIбатан дола дар Джурхумашка даьлла.
Миладан терахьца кхоалгIа бIешарахь
ТIамца бану Хузааш Джурхумел тоьлла.
51
Эшна Джурхумаша дIатосуш Макка,
Йохийна Замзам-хьоста лаьттина меттиг.
Массо тIулг ша боккхуш маьждиг дIахьаькхна,
Амма Хузааша юха дира маьждиг.
52
ИсмаьIалан (I. с.) берех Iаднан130 ву къонах,
Цо ялийна Хузаайн тхьамдин йоI маре.
Маккахь ваха стунцахой болчу и кхелха,
Лараме кху меттахь яхийта шен тIаьхье.
                53
Фир131 олу Iаднанан кIента кIентан кIант,
Шозлаг1а ц1е д1аяхнарг – Къурайша132 олуш,
И ву, бах, къурайшин доллинарг зуьрет, –
Маккахь цуьнан бераш чIагIдаларна дебаш.
54
Фиран ворхIалгIа чкъурах Кусай133 волу,
Ши бIе шарахь сов дебначу шен тайпанца.
Цо лохку, Iаьржа уьно134 хьаьшна болу
Маккара Хузааш, бух бохуш орамца.
130 – Iаднан – ИсмаьIалан (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) кIентан, кIентан кIант, цо сий лакха даьккхина ИсмаьIалан тIаьхьенийн. 131 – Фир – Iаднанан борхIалгIачу чкъуран кIентан кIант. Цунна туьллу шолгIа цIе – Къурайш.  132 – Къурайшина тIера, сийлаллехь чIагIлуш, яьржа Макки чохь къурайшийн цIе.133 – Кусай – Фиран (Къурайшин) ворхIалгIачу тIаьхьенан чкъурах билгала ваьлла къонах ву. Цо лоллу Маккара Хузаайн тайпа, хьалха джурхумаш лаькина чIагIбелла кхузахь Iаш болу. Хузааш цу хенахь Iаьржачу уьно (чума) хьовзийна гIелбелла хиллера. Цундела Кусайс уьш кхин денбала ца буьтуш лаьхкина, шайн тайпанан кара дерзийра Макка-гIалина, КаIбатна тIехь долу куьйгалла. Иза хилла ИсмаьIалан (Делера маршаллла хуьлийла цунна.) ткъолагIчу тIаьхьенан чкъурах кIант. 134 – Iаьржа ун – оьрсаша (чума) олу ун.
                55
Iарбашлахь лелачу дийцарша чIагIдо,
Къурайшашка дерзар Маккахь долу хIума,
Мухьаммад ;ван долуш цхьа бIе ах бIе шо,–
Эццера схьа ю Маккин бакъ долчун зама.
                56
БIешерийн замано, шен тача135 юьллуш,
Адамийн иэс хено иэдолуьйту дузуш.
Хьалхарниг, тIаьхьарниг, доьжнарг, тIекхеттарг –
Цхьаьна гулдой бо цунах историйн уьйриг136.
                57
Къурайшаша шайн коьртехь Кусай волуш,
Маккел сов, Хьиджаз дикка шайн дола йоккху.
Кусай вара, мелла, дукха даьхни долуш, –
Къурайшаша цуьнан цIе эла веш йоккхуш.
58
Валале бина цо хийцамаш дуккха,
Макки чохь, и хазъеш, керла гIишлош югIуш.
Цо Маккин хьарман го цIанбира диттех,
Дуьххьарлера дитт хадор шена тIелоцуш.
59
КаIбатан хьарман го тIулгийн гIишлоша,
Ши-кхо гIат хьалайовлуш инзаре кхолу.
Цхьа майда йоцуриг Iамалшна йитна…
Деланашна Iамалш ян нах кхуза богIу.
                60
КаIбатан хьарма ерг хIуьппалгех юьзна,
Миладийн терахьца пхоьалгIа бIешарахь.
Муьлхха дин леладар ду кхузахь магийна,
Маккин сий даржар къурайшашна ду пайдехь.

135 – тача – муьлхха хIуманна тIехула замано лоцуьйтуш долу пардо, цIеначун куц-сибат хуьйцуш.
136 – уьйриг – юьхьаг, чаккхе а ца къаьсташ иэделла хьаьрчина хIума (клубок).

61
Маккех йо Кусайс Iарбийн мехкан шахьар137,
АхгIайрен халкъ кхуза схьахьоду Iамалшна.
Цул сов доьрзу шуьйра кхуза мах лелор, –
Дахаран хьал толо къурайшин элашна.
62
Кусайл тIаьхьа цхьа кIентан кIант волу гIара –
ХIашим, хир волчу Мухьаммадан ;деден да.
Цо хьежайора аьхка, Iай Маккара
Ялта дан шозза къепал Йемане, Шема.
                63
ХIашим ву дуьххьара миска нах бузор
Маккахь юкъадаьккхинарг, ларарна мелехь.
ГIала-Г1азехь138 нисло цуьнан дIакхалхар,
Шема иза къепалца ваханчу муьрехь.
64
Байлахь волу цуьнан жима кIант Шайбу139
Бераллехь ненахошца Ясрибехь140 кхиъна.
Кхиъча шен девашас Макка дIавуьгу,–
МутIалибан141 лай ву мотталуш нахана.
                65
Оцу моттаро Шайбун цIе хийцира,
МутIалибан лай боху маьIне ерзийна.
Iабд аль МутIалиб142 – цунна тIехь йисира,
Цо динчу диканийн сийлалле йирзина.

137 – шахьар – йоккха гIала я пачхьалкхан коьрта гIала (столица).
138 – Г1аза – гIала Палестинин гIала.
139 – Шайбу (IабдалмутIалиб) – Мухьаммадан ;дедена, жимчохь дуьйна тиллина, бакъ йолу цIе.
140 – Ясриб – Медина – гIалин шира цIе. 
141 – МутIалаб – ХIашиман ваша, Шайбун да, ХIашим, велча, иза кхаба т1елаьцна волу               
               

                66
ХIашиман вежарий дIакхелха кестта,
Йеманахь вужу МутIалиб, Iабд-Шамс143– Маккахь.
Науфал144 ле гена Иракъан145 лаьттахь,
Шайн тайпанан цIе цара ларйора сийлахь.
67
МутIалиб кхелхича къурайшийн коьртехь
Висар тIедуьйжира Iабд аль МутIалибна.
Маккара даржаш ду карахь цу хенахь,
Кусайх дебна болу алсамо доьзалшкахь.
                68
КаIбатан догIанаш лардора цара,
(Уьш детта дезара чохь къола ца дайта);
ГIунаш тIехь терго, Iотта-баккхамаш къастор,
Арахьара мехкашца уьйрийн зIе лелор.146
69
Уьш дара коьртачех Маккара даржаш,
ХIоранна билгал ваьлла цхьацца стаг волуш.
Iабд аль МутIалибан дацара хьелаш,–
И велча ши бIе шо даьлча хиллехь дуьйцуш.
                70
Джурхумаша маццах дIадуькъна Замзам,
Дийцаршкахь ду Iабд аль МутIалибах доьзна.
Беш хилча кхин долчу хиша шайх кхачам,
Замзам-хих дерг дицделла Маккин нах Iарна.

142 – Iабд аль МутIалиб – Элчанан ;деда (МутIалибан лай иза ву моьтташ, наха цунна тиллина ц1е, дIаяхана цуьнан). 
143 – Iабд – Шамс – ХIашиман ваша. 
144 – Науфал – ХIашиман ваша. 
145 – Иракъ –кху заманахьлера пачхьалкх Ирак
146 – зIе лелор – уьйр латтор (связь).



                71
Адамаш тIеоьхуш гIала стамъелча,
Хинан къелла хаалуш хьал хIутту Маккахь.
Маьждигна хехь147(дийцарехь Iелас (Далла къинхетам бойла цунна.) – наб кхетча,
Шен дедега малико аьллариг гIенах:
72
«Вижина ца Iуьллуш, схьаахка Тиба148!»
ТIаккха дедас хотту: «ХIун ю теша Тиба?»
Кхунна жоп ца луш, малик долу къайла.
ШолгIачу буса олу: «Барру149  схьаахка!»
73
И хIун ду хаац Iабд аль МутIалибна.
Малико олу деъча кхозлагчу буса:
«Ахка сихонца Замзам!» – деда воьхна,
Амма и кхетаво малико уьшаршца:
74
Дуьйцу: хи дара хьаж дечарна оьшуш,
Кху кертахь бежнаш дойу. Амма хIинца –
Наьнаша, зингаташа сийсочу меттахь
Хьулдина хи хилла, лууш дала малха. 150
                75
Iабд аль МутIалиб воьду шолгIа дийнахь,
СагIийна наха бежнаш дойучу метте.
Кьийгаш, зингатий го кхузахь кхаьллеш тIехь,
Асафца Найла151 олу ши хIуьппалг лаьтта.

147 – Iела – Мухьаммадан девешин кIант, шича, Абу Т1алибан кIант. 
148 – Тиба – малико гIенах Iабд аль МутIалибе ахка аьлла меттиг.
149 – Барру – шозлагIа а малико гIенан кхоьахь ахка аьлла меттиг IабдалмутIалибе. 
150 – лууш дала малха – лаьттана бухара маьлхан дунена дала лаар.
151 – Асафца Найла – хIуьппалгийн цIераш цу КаIбатан хьармехь.
               


                76
Стаг, зудий хилла боху и ши хIуьппалг,
Безаман шайн хьашташна КаIбата деъна.
Бекхам беш Дала цаьршиннах бо ши тIулг, –
Го кхузахь царматлош хилар хьалха мегна.
77
Iабд аль Муталиб цхьаъ бен воцчу воIца
ХIуьппалгийн юккъера меттиг ахка хIутту,–
ГIуна доьттина тулгашна тIекхочу,–
Кхаа дийнахь гIу кхоччуш цIанйина йолу.
                78
Маьждиган хьармехь иштта ахкарш дарна,
Къурайшех резабоцурш бара еш гIовгIа.
ГIун бухахь карийра дешин ши газа,
Шемарчу пхьераша дина таррашца гIагI.152
79
ТIехьоьжуш Iийнарш, кхарна яппарш етташ,153
Къовсаме бовлу, и хIумнаш екъа бохуш.
И къовсам къасто кхаж154 таса дийзира,
Кхожо кхачийнчарна дIакхачо совгIат деш.
80
Кхожана кечбира цхьатерра ялх пха:
Шиъ можа басахь (дашо гезарий кхачош),
Шиъ Iаьржа басахь (кхачош таррашца гIагI),
КIайн басахь кхин шиъ – баьсса – (хIумма ца кхачош).
                81
И пхерчий дехкира ХIубалан155 куьйга,
Лараме, коьрта, хIуьппалг и хиларна.
Шемара, мацах цкъа, кхачийнарг кхуза,
Адаман суьртахь иза ю тIулгах йина.
152 – гIагI – аьчган хIазарех йина тIемалочун коч (кольчуга).
153 – яппарш еттар – реза боцу къамелаш дар.
154 – кхаж тасар – толамна билгалйина къовсаман барам (жеребёвка).
155 – ХIубал коьрта жIара (жаIар).
                82
Кхаж кхачош къастайо кхара кхоъ агIо:
Къурайшаш, КаIбат, Iабд аль МутIалиб тIехь ша.
Бос можа кхаьжнаш КаIбатна нисло,
Iаьржачу басахь дерш Iабд аль МутIалибна,–
                83
КIайн басахь кхаьжнаш дуьсу бисинчарна.
Къурайшашна цу хазнех156 ца кхочу хIумма.
Таррашца гезарий маьждиган неIарна
Куц деш тIетуьйхира Iабд аль МутIалиба.
84
Цу дашо герзашна тIера схьа дуьйна
КаIбатан дола йовлу юкъара хIумнаш.
Замзам-хи бахьанехь хилира хуьнаш,157
Алсамой, чомеххьий цуьнан хи хиларна.
85
Маьждигах хотталуш дара и хьоста,–
И сийлахь, деза хилар цу балхо гойту.
Цул тIахьа гинчу Iаламан косташа,
Цу хин дола Iабд аль МмутIалибе дойту.
86
Iадатийн низамо лац бакъо гIунаш,
Юкъара хьашт лелорна – шайн дола яха.
Замзам-хин доладар ду башха сий луш,
Къурайшийн тайпано деш хьешашна дакъа.
                87
Замзам-хих дийцинчо къеггина гойту,
Маккин ден, бахархошца уьйр муха лелла.
Iабд аль МутIалибан – Маккин Iу волчу,
ГIалахойн бертаза сацам бойла ца хилла.

156 – хазна – механа еза хIумнаш латта охкуш карийна.
157 – хуьнаш – резабацаршца къовсаман къамелаш, кхиссарш

88
Тайпанан деналлех, бахамах боьзна,
Шегахь долчу гIиллакхийн хазнех тIехь цхьаьна,
Iабд аль Муталиб лоруьйту мах бара,–
Цундела цо кхоьле ло са ерг массарна.
                89
Кхин дийцар ду лелаш Iарбашна юкъахь,
Цхьаъ бен шен кIант воцчу Iабд аль МутIалиба
Ярх чIагIо – Дала шен итт воI кхиийтахь,–
Царах цхьаъ сагIийна вен кхайкхор пхьоьханахь158.
90
Цул тIаьхьа болийна Iабд аль МутIалибна,
Хаза кIентий бан зударша, онддий болуш.
Кхолламо159 шийтта кIант шена кхачийча,
Шен чIагIо кхочушъяр тIедуьйжира цунна.
91
Шена кIентий беллачу деланашна
Хала дацарх тешна – уьш лаххьош дIабаха.
ТIаккха шен чIагIо дIаюьйций кIенташна,
ХIоранга кечбойту цо шен-шен цIе тIехь пха.
92
Цул тIаьхьа и пхерчий ХIубале дIало,
Цхьацца уьш схьабохуьйту бIаьрзечу160 стаге.
Хьоме, жима IабдаллахIан кхаж болу –
Бежнаш сагIийна дойучу вуьгу и вен.

158 – пхьоьханахь – (пхьоьха) – цхьацца хаамашца нах цхьаьнакхета меттиг.
159 – кхолламо – (кхоллам) – дуьненан дахарехь хIоранна тIехь лелаш долу Дала яздинарг.
160 – бIаьрзе стаг – бIаьргашна са гуш воцург.




                93
И сурт гуш лаьттачу Маккин охIлано,
КIентан дега дехарш до, и ма ве бохуш.
Цу кIентан ненахойх МугIирас161 аьлла:
«Сих ца луш, пал тосчу зудчух162 дагадовла!»               
                94
«Стигланца зIе юза163 хуучу зудчо»
КIентан да делашна лиънарг хатта веъча,
Олу: «Итт-итт корта эмкалийн тоба
Гойтуш, ХIубале хатта, цхьацца пха озош.
95
Жоп тIехь долу кхожан пха гучубаьлча
Шайна, цу кхожан терахьца Iанор ду цIий» –
УьтталгIа пханехь жоьпан кхаж белира,
БIе эмкал йийзира ХIубална кIентан цIийх.
96
Адаман цIийн мах бIе эмкал баккхар,
Iадат хилла дисна ду Iарбашна юкъахь.
Атта дац оьшуш долу низам чIагIдар,
И хийца дезарна лаамашца делийн
97
Вен кхаж баьлла кIант хьалакхиъна ваьлча,
Оьзда нехан йоI ялийра дас кIантана.
IабдаллахI дийцарехь хаза стаг хилла, –
Ши бIе йоI елла, 164 бах, цо зуда ялийча.

161 – МугIира – Элчанан ;ден, IабдаалахIан ненахо.
162 – пал тосчу зудчух (палтосург) – шен бозбуунчаллица холча хIиттинчу нахана дан дезарг хьоьхуш болу  нах.               
163 – стигалца зIе юзар – палтосчара шаьш Делах дагадовлу моттийтар нахана
164 – ши б1е йо1 елла – 1абдаллах1е маре яха лиъна 200 йоь1ан ялар хилла, цо зуда ялор ца лайна (бохуш дийцар дисина нахалахь) .   


                98
Цхьана зудчо-м новкъахь дуьхьала кхетча,
Аьлла боху, делашна хьох елла эмкалш
Лур яр-кха ша, ахьа ша маре йигча.
Там беш жоп деллера цо, и зуда хастош.
99
IабдаллахI– Делан лай, маьIна ду цIеран, –
Ялийначу зудчун цIе, Аминат – «тешам берг».
Хазаллий, дикаллий, оьздаллий йолуш
Кхоьллина и ши адам кхийтира цхьаьна.
                100
Оцу башха адамех дуьненчу веъна,
Цхьаболчара дийцарех «пийлан шо»165 долуш.
Iаламашна гечдан Дала къастийна
Мухьаммад (; .), Шен цIена дин даржор тIе дуьллуш.
101
Цу шарахь чIагIло, бах, махбечийн къовсам
Маккарий, Йеманан совдегаршна166 юкъахь.
Некъан ял167 тIех язйо ГIажаре, Шема –
Маккахоша, йеманхошна, бовлуш шайн махках.               
102
Некъан харж яр, я дорах шайн кир дохка,
Дезара йеманхойн къурайшашна новкъахь.
И хьал хийца тIелоцу АбрахIата,168
Йеманан баьччас,169 хьажцIа дерзош шен махка.

165 – «пийлан шо» – дукхахболчара Мухьаммад  пайхамар ;дуьненчу ваьлла лоруш долу шо ду иза
166 – совдегарш – йохка-иэцаран мах лелош болу нах.
167 – некъан ял – нехан махка тIехула болучу некъах чекхволург мах балар.
168 – АбрахIат – Йеман пачхьалкхан сардал (куьйгалхо), Маккара КаIбат йохо Iалашо йолуш, эскарца араваьлла, шеца тIамна кечйина пийл (слон) йолуш (570 – 571 шерахь).
169 – баьчча – тхьамда, эскаран куьйгалхо. 

                103
АбрахIат дагахь вара КаIбат дохо,
Сийлахь и дозалла кхузара бух доккхуш.
Йеманехь хьаждаран динан бух боло,
Чекхвала кху Маккин айелла цIе хьошуш.
                104
Гулбо АбрахIата боккха ницкъ тIамна,
Хьабашийн тIемалошца бIонан пийл170 шайца.
Цу буьрса шарна «пийлан» цIе тиллина
Iарбаша, хьалхенгахь бIоца пийл цагарна.
                105
Маккина го лаьцна бIо бара боккха,
Къурайшаш доьзалшца лаьмнашкахь хьулло171.
Гуш ницкъ бац мостагIна дуьхьала баккха,
АбрахIат маьрша ву Маккина кхел кхайкхо.
106
Маккех дог диллина къурайшаш болуш,
МостагIашна тIехула хьаьвза олхазарш,
КIегийн тIо царна тIе цара Iанийра,
Цу диттийн гIа санна, мостагIий иэгош.
107
Макка яккхар дицлой мостагIий бовду,
Ткъа эгнарш догIанан Iовраша бара хьош –
ЦIен хIордан чIерашна, кхузахь лар йойуш;
МорзгIал ун172 Iилмано ду цунна бехке деш…
108
Дуьйцу, пхи бIе кхузткъей уьтталгIа шарахь,
Хьабашийн бIона юкъахь морзгIал ун даржар,
Изза ун кхачар Iарбийн махка цу шарахь,
Цу хенахь Йеман ша гIажархоша173 яккхар.
170 – бIонан пийл – тIамна кечйина пийл (боевой слон).          
171 – хьулло – дIаловчкъу, къайла бовлу тIеман кхерамах.
172 – морзг1ал ун – адаман дегIана тIехь даьIнийн сурх тухий, адам дуьйш йолу цамгар (оспа).173 – гIажархоша (гIажарий) – парасой, иранхой (персы).   
                109
И берриг белхаш цхьана шарахь лелла,
Iарбийн къилба ахгIайре ГIажарех тухуш.
Макка маьрша юьсу, ирсе кхаж баьлла,
Къурайшаша, и ирс, хIуьппалгийн болх лоруш.
                110
Къурайшийн тайпанан гарашна юкъахь,
Санехь мах лелоран хьал къевссина дара.
Цхьаберш бара кийча, маршо мел езахь,–
И дицдеш, са леха, мостагIашца тайна.
111
Къурайшийн шичошний, маьхчошний юкъахь,
Цу хенахь хьаьгIнаш яра тхьамдалла куьйсуш.
Цо бо уьш тоьллачу мостагIца бертахь,
Коьрталла шайг-шайгахь дисарга са туьйсуш.
112
Кхелхачу дахарах очбевла Iарбий,
Мах лелош, гIаланашка боьрзучу муьрехь,
Хийцалуш дахаран Iадаташ, гIилккхий,
Мухьаммад ;гучуволу  халкъ нисдан динехь.


Рецензии